Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

25.05.2017 10:31 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 35-36 от 25.05.2017 г.

Дешархоша концерт елира

Автор: С.БУЛАТОВ

Вайн республикехь тайп-тайпана чулацам а, 1алашо а йолуш цхьаьнакхетарш вовшахтуху берийн бошмашкахь, школашкахь, лакхарчу дешаран заведенешкахь. И дерриге а цхьаьнакхетарш т1ехьовсийна ду кегийчийн а, баккхийчийн а Даймахке, г1иллакх-оьздангалле, ламасташка безам кхолла, цахуург хаийта, цадевзарг довзийта, дицделларг карладаккха, къоман орамех ца хадийта. Оцу декъехь къаьсттана дукха къахьоьгу кхоллараллин адамаша а, хьехархоша а. Шайн дог-ойла, са лаьттачу тайп-тайпанчу кхоллараллин кружокашка, исбаьхьаллин школашка, ансамблашка д1аязло бераш. Церан пох1ма, корматалла гучуйоккху, кхиайо говзачу хьехархоша. Ишттачарех ю Гуьмсера Берийн исбаьхьаллин школа а (директор – Ш.М-Э.Хамзатов), дешархойн «Дечиг-пондар», «Вокал», «Театр», «Хореграфия», «Хоровое пение», «ИЗО» — классашкахь корматаллаш караерзо аьтто а болуш.
Нохчийчохь д1акхайкхийна цхьа а дезде ца дуьту школан хьехархоша а, дешархоша а, дика кечам а бина, билгал ца доккхуш. Школехь Даймахке, матте, халкъе безам кхуллуш, вовшашлахь уьйр-марзо ч1аг1ъеш, пох1ма, корматалла кхиош д1ахьо хьехархоша кхетош-кхиоран болх. Тахана Гуьмсера Культура кхиоран кхерчан зала чохь, дешаран шеран жам1 деш, концерт яла баьхкина БИШ-ан дешархой, шайца цхьаьна хьехархой, дай-наной а болуш.
Концерт д1ахьочу хьехархоша Асхабова Мадинас, Арцуева Элинас а дийцира дешаран шарахь школехь йинчу мероприятех, дешархойн а, хьехархойн а кхиамех. Хьехархочун Тужеев Хизирин дешархоша кхиамца дакъалаьцна школехь а, республикехь а д1аяьхьначу мероприятешкахь. «Синмехаллин» жюрин декъашхоша, лаккхара мах а хадош, балгалдаьккхира дешархойн пох1ма, дечиг-пондар лакхаран говзалла. Ткъа НР-хь 1.Димаевн ц1арах д1абаьхьначу «Ширцало мукъам» къовсамехь хьалхара меттиг яьккхира Х.Тужеевс 1амийначу дешархочо Тужеев Мохьмада.
Хьехархоша Ильясова Зараа, Висингириева Лимдас 1амийначу къоначу суртдашдахкархоша дакъалоцу к1оштахь а, республикехь а, Къилбаседа Кавказехь а д1ахьочу гайтамашкахь, къовсамашкахь. Хьовсархоша а, жюрин декъашхоша а лаккхара мах хадабо цара дехкинчу суьртийн. Тахана а бу ЦКР-н фойехь дешархойн белхийн а, цара дехкинчу суьртийн а гайтам. Дуккха а къахьегначул т1аьхьа кхаьчна хьехархойн Джабраилов Ахьмадан а, Дадагова Хедин а дешархой таханлерчу говзаллин лакхенашка. Къоначу хелхарчийн лаккхара мах хадийна хьовсархоша Гуьмсехь, Соьлжа-г1алахь, Уфахь, кхечу г1аланашкахь а. Сцени т1ехь говза сурт х1отто а, дешан чам бовза а, дош ладог1архойн а, хьовсархойн а лерсине д1акхачо а 1амийна шайн дешархой Моцуева Хьавас, Вашаева 1айнета. Церан дешархой говза ловзу тайп-тайпанчу спектаклашкахь, сценкашкахь. Дика йоьшу стихаш, говза до сцени т1ехь къамел.
Х1ора концерте, мероприяте, хьовсархой цецбохуш, керланиг дохьуш йог1у «Хоровое пение» классан хьехархо (Азамат-Юрт) Абубакарова 1айнаъ. Тахана а шайн духаршца а, пох1мица а къаьсташ бара цуьнан дешархой.
«Вокал» классан хьехархоша Цамхаева Каринас, Арцуева Элинас а берийн репертуар т1еюзу керлачу эшаршца, иллешца. Дешархоша нохчийн а, оьрсийн а метташкахь д1алокхучу эшаршка а, иллешка а хазахетарца ладуг1у хьовсархоша. Дешархоша х1иттийначу сценкийн, лекхначу эшарийн, д1ааьллачу иллийн, динчу хелхарийн, гайтамехь долчу суьртийн, нохчийн мукъамийн а мах хадийначул т1аьхьа вистхиллачу БИШ-ан директоро Ш.М-Э.Хамзатовс элира: «Таханлера концерт дешаран шеран жам1 дара. К1езиг бацара дешархошлахь дика кечам а бина, хьосархошна хьалха шайн корматалла д1агайта баьхкинарш. Баркалла шуна массарна а, концертехь дакъалацарна. Цхьаболчу дешархойн х1ара концерт т1аьххьара яра х1окху школехь, х1унда аьлча уьш школехь дешна а бевлла, шайн дахаран некъ къасто безаш бу. Царех корматаллин артисташ ца хилахь а, нохчийн иллеш, эшарш, хелхарш, мукъамаш безаш адамаш хирг хиларх, тешна ву со. Царна, уьш декъалбеш, школа чекхъяккхаран «Свидетельствош» д1алур ду вай».
БИШ-ан директоро Ш.М-Э.Хамзатовс дешархошна «Свидетельствош», хьехархошна а, дешархошна а Сийлаллин грамоташ д1аеллачул т1аьхьа къамел дира Гуьмсан к1оштан культуран урхаллин хьаькамо Р.П.Бабишевс. Цо шен къамелехь билгалдаьккхира, НР-хь берийн корматалла, пох1ма кхио хьелаш кхоьллина хилар, и г1уллакх НР-н Куьйгалхочун Р.А.Кадыровн хаддаза тергонехь хилар. «Культуран белхалошна а, культурина а т1е боккха тидам бахийтина хилар вайна гуш ду. Сих-сиха хуьлу вайн республикехь къовсамаш, гайтамаш, фестивалаш, концерташ. Къаьсттана боккха тидам т1ебохуьйту берийн, къоначийн корматалла, пох1ма кхиорна. Цунна тоьшалла таханлера шун концерт ю. Школа чекхъяьккхинарш декъалбан а, хьехархошна грамоташ яла лаьа суна тахана. Дала декъалдойла шу!»
Балхахь кхиамашца билгалбевллачу хьехархошна грамоташ елира Р.П.Бабишевс. НР-н Куьйгалхо Р.А.Кадыров волчохь культурехула йолчу юкъараллин Кхеташонан председателан заместитело, «Синмехаллийн» жюрин председатело Асхабов 1абдул-1азиза шен къамелехь элира: «Ч1ог1а дика ду, берийн шайн къоман маттахь иллеш, эшарш 1амо, г1иллакх-оьздангалла, мукъамаш бовза йиш-аьтто а болуш. Массо а к1ошташкахь ю Берийн исбаьхьаллин школаш. Массо а школашкахь 1амош бераш ду. Уьш берриге а культуран белхалой хир бацахь а, церан вайн культураца уьйр-марзо, з1е, шовкъ-безам хилар ду коьртаниг. Иза иштта хилар вайна таханлерчу концертехь юха а ги. Хууш ма-хиллара, вайн республикехь боккха тидам т1ебохуьйту культарина. Оцу декъехь йоккха меттиг д1алаьцна НР-н Куьйгалхочун Р.А.Кадыровн «Синмехаллаш» проекто. Оцу юкъахь дакъалоцурш кегийрхой бу. «Синмехаллашкахь» дакъалаьцначех цхьаболчара шайн дахар культурица а доьзна, уьш тахана НР-чу культуран кхерчашкахь белхаш беш бу. Иштта, берашна цхьа шатайпана майда, т1ег1а, терхи ю х1ара школа а. Дала аьтто бойла шун вайн къоман синмехаллаш кхиорехь!».
Хьехархоша Джабраилов Ахьмада а, Дадагова Хедас а 1амийначу дешархоша «Нохчийн хелхар» динчул т1аьхьа, безамна суьрташ а даьхна, д1аерзийра концерт.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

15