Аллах1-Дала бусалбанашна совг1атна баийтина парза мархин бутт чекхбели. Аш йина 1амалш, аш хьегна къа, аш дина 1ибадат Аллах1-Дала къолбалдойла шун!
Шун массо а къиношна гечдина, вон мел дерг д1адаьккхина, ирс а, беркат а, ийман а, ислам а шун доьзалшкахь а, вайн махкахь а ч1аг1деш, чекхбаьлла хуьлийла х1ара беза мархин бутт!
Дала массо а аьтто мел боцчуьнан аьтто беш, массо а могуш мел воцчунна г1оли еш, сингаттамо а, г1айг1ано а мел хьийзориг сингаттамах а, г1айг1анах а хьалхавоккхуш, д1абоьдуш хуьлийла х1ара беза мархин бутт!
Аллах1-Дала марханаш къобалдойла шун, аш хьегна къа меле яздойла шун!