Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

29.10.2015 15:15 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 81-82 от 29.10.2015 г.

Абузар Айдамировн - 82 шо. Даймехкан а, халкъан а дуьхьа къахьегнарг

Автор: СУМБУЛАТОВ Дени

Зама хала ярий,
атта ярий ца бохуш,
ша къонах верг даима а къонах хилла чекхваьлла.
Ткъа къонах воцчух
цхьана а замано къонах ца вина.
М.БЕКСУЛТАНОВ,
нохчийн халкъан яздархо

Эзарнаш халкъаш дехачу х1окху Дуьненахь кхетамца, цхьана маттаца, дика хьежамашца, лехамашца, мехаллашца кхиъначу адамийн тобан я къоман шена юкъахь ц1е йоккхуш къаставой, оцу къоман дика-вон шен сица кхобуш, дагца къуьйлуш, эхь-бехкан, доьналлин, собаран а масал хуьлий лаьтташ стаг-къонах хуьлу. И стаг-къонах, шегахь къоман эс лардийриг, эхь-бехкан хехо, замано ха харцарх шен юьхьан чкъор, амал, дог-ойла ца хуьйцуш веха, халкъан 1у-Да а хуьлий, самонехь. Цуьнан дахаран некъах а, цуьнан Дашах а хан-зама яларца къоман кхетамна къилба хуьлу. Адамаллин, къинхетаман, доттаг1аллин, стогаллин, собаран гечонах, некъах тиллачунна нисвала г1о дан ницкъ болу къилба.
Массо а къаьмнийн бу яздархой-хьехамчаш, къонахий, къаной, дешан ох1ланаш, са ц1ена нах. Церан ницкъ кхочу шайн исбаьхьчу Дашца шен къоман лазамах кхечу къамнийн дог лазийта, диканах кхин къаьмнаш даккхийдейта, дуьненахь а шайн дика г1иллакхаш, ламасташ довзийта. Цара шаьш бинчу кхоллараллин балхаца, къахьегарца, хьанал хиларца бакъо йоккху халкъе а, халкъан ц1арах а бакъдерг ала, мел къаьхьа иза делахь а. Ишттачарех вара 1933 шарахь Нажин-юьртан к1оштарчу Мескитахь вина, къона хан шен халкъаца цхьаьна Г1ум-Азин арахь (Г1ирг1азойн махкахь) д1аяхана волу Айдамиран 1абдулхьаькиман к1ант Абузар. Нохчийн къам Даймахка юхадирзича, шен дай баьхначу юьртарчу школехь хьехархо, еххачу хенахь директор болх беш ша волуш Абузара коьрта лорура эхь-ийман, эхь-бехк долуш, къоме, махке безам болуш, кхечу къаьмнашца уьйр-марзо йолуш къона чкъор кхетош-кхиор. Оцу декъехь дика ларош болх барна «Нохч-Г1алг1айн республикан сийлахь хьехархо», СССР-н, РФ-н дешаран серлонан отличник ц1ерш елира Абузарна.
А.Айдамировга кхаьчнарг, кхаж а баьлла, кхаьчна таж, дарж а дацара, ткъа къоман кхолламах: «Маршонан к1ентий», «Еха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц», «Лаьмнийн некъашкахула», «Кхолламан цхьа де», «Калугера йийсар», «Вайн амалш», «Нохч-Г1алг1айчоьнан историн хронологи» — статьяшкахь, дийцаршкахь, повесташкахь, романашкахь халкъан дахарх бакъдерг яздарна, дуьненахь йоккхучу хенахь д1асата1а йиш йоцу жоьпалла дара. И жоьпаллин деза къонахчун таж корта айббина лело хьекъал, кхетам, собар дара цуьнгахь. Цундела оьхура тайп-тайпана говзаллаш, корматаллаш, хьекъал, кхетам, амалш йолу адамаш цуьнах дагадовла, цуьнга шайн лазамаш бийца, цуьнан кхетамечу, хьекъалх дуьзначу Даше, к1еда-мерзачу матте ладог1а. Цо шен сица нохчийн къоман хазахетар, халахетар а ловш, хьанал къахьегарна, ас-со бахар, тхьамда, хьаькам хила г1ертар цуьнан ц1ийца доцу дела, дахарехь бакъо, нийсо а езаш хиларна хаьржира Абузар 1989 шарахь СССР-н Лакхарчу Советан депутат. Нохчийн литература, истори, культура, къона чкъор, дийнна къам кхетош-кхиорехь юкъадиллина беркате доккха дакъа тидаме а эцна, Абузарна елира «Нохч-Г1алг1айн халкъан яздархо» ц1е, Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан 1илман кхеташон декъашхоша елира цунна «Университетан сийлахь профессор»; НР-н 1илман Академин кхеташон декъашхоша — академик; НР-н Дешаран, 1илман министерствон коллегис – «НР-н халкъан хьехархо»; Культуран министерствон коллегис – «Нохч-Г1алг1айн республикан культуран сийлахь г1уллакххо» ц1ерш. Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институтан историко-фиологически факультет, Москвара литературан лаккхара курсаш чекхъяьхна волчу Абузара иттаннаш шерашкахь ша яздрахойн Союзан Правленин декъашхо волуш дукха а, говза а г1о дира литературехь хьалхара г1улчаш йохучу къоначарна. Яздархоша шайн гуламехь НР-н яздархойн Правленин куьйгалхо хаьржира (2004 шо, май бутт) Абузар, цуьнан кхетаман, собаран, къомана цо мел динчу г1уллакхийн лаккхара мах а хадийна, сий-ларам а бина.
Абузаран романаш, повесташ иттаннаш эзарнаш тираж а йолуш арайийлина нохчийн, г1алг1айн, оьрсийн, украинцийн, туркойн, 1аьрбийн а меттанашкахь. Оцу къаьмнийн дешархоша лаккхара мах хадийна церан, уьш нохчийн къоман дахаран селханенах дог лозуш, карзахечу таханенна орцахвуьйлуш, кханенга дегайовхонан т1ай а туьллуш, язйина йолу дела. А.Айдамировн произведенийн турпалхой халкъана юкъара бу. Халкъ а, цуьнан шех цхьа а хьега йиш йоцу декъаза кхоллам а бара историн бакъдолчун буха т1ехь цо гайтинарг, шен сих чекхдаьккхина, дешархочун тидаме, кхиэле диллинарг. Ц1еначу даггара яздинчун халкъо ц1еначу даггара лаккхара мах хадийра, цкъа а цхьа а ца ваьккхинчу сий-лараман лакхене а ваьккхина, Абузаран ц1арца цхьаьна олуш дара халкъо: «Халкъан яздархо», «къонах-яздархо», «халкъан тешаме к1ант», «мехкан къонах», — дешнаш.
Нохчийн къоман еххачу заманан историн галморзахе некъаш, хилла бохамаш, бина тешнабехкаш бевзачу Абузара шен статьяшкахь, интервьюшкахь дуьйцура, яздора: «Х1окху т1аьххьарчу шерашкахь нохчийн къомана т1ех1иттинчу бохамаша дукха а ойланаш йойту нахе. Оцу бохамийн хьостанаш, бахьанаш, бехкенаш лоьху. Бехке до оьрсийн паччахьийн, коммунистийн а 1едалш. Х1аъ, х1окху т1аьххьарчу кхаа б1е шарахь нохчийн къомана хиллачу бохамашна бехке ду иза а, важа а. Амма цаьрга и бохамаш шена байта шегара дуккха а бахьанаш, г1алаташ дийлийтина нохчийн къомо, оцу бохамех лардала хьекъал, кхетам а цатоарна. Керлачу бохамех, шен г1алатех нохчийн къам лардалийта 1алашо йолуш язйинера ас сайн исторически произведенеш…» Хьекъал, кхетам а болчу Абузара халкъ керлачу бохамех к1елхьарадаккха бинчу хьехаме ла ца дуьйг1ира ладог1а дезачара, халкъан кхоллам шайн буйна а лаьцна, халкъ йоккхачу политикана юкъакхоьссинчара… Сих-сиха вог1ура Абузар «Даймохк» газетан редакце. Тхан дехха къамелаш хуьлура юкъараллин-политически хьолах, къам а, мохк а хила тарлучу бохамех лардаран некъаш билгалдохуш. Ша х1инццалц яздинчуьнга, дийцинчуьнга а ладог1ар к1езиг дуйла хуучу Абузара 1994-чу шарахь «Даймохк» газетан аг1онашкахь зорбатуьйхира, коьртте х1ара дешнаш а яздина: «Нохчийн къоман ХХI-чу б1ешарахь т1ейог1учу т1ахьенна». – цхьамог1а статьяш. 2003-чу шарахь «Вайн амалш» — книга араяьккхира, (х1окху статьян автор редактор а волуш), нийсачу, нахана, махкана пайдечу новкъа вала луучо шен къилба лара мегар долу. Оцу книгехь санна бакъдерг цхьаммо ца яздинера халкъан цхьана декъан, тобанан амалех, 1едална, цуьнан т1е1аткъамца карзахдаьллачу халкъан цхьана декъан (тобанан) леламашна, амалшна а критика еш, уьш емалъеш. Цо тидамза ца дуьтура нохчийн къоман кхолламах доьзна цхьа х1ума, статья ца язъеш, интервьюхь ца хьахош, шен хьекъалца, кхетамца мах ца хадош…
Дагаоьху Абузара, лохха йовхарш тухуш, шен к1едачу къамелехь, т1е тидам а бохуьйтуш, аьлларг: «…вайх х1ораммо а дицдан ца деза адамийн а, къоман а бартбийриг нийсо хилар. И нийсо яр Дала т1едиллина вайна. Оцу т1ехь халкъана масал гайта декхар ду уггар хьалха пачхьалкхан куьйгалхойн, динадайн, шаьш ц1ена бусалбанаш ду бохуш лелачу нехан а. Уьш дог, ойла, куьйгаш ц1ена долуш хилахь, я цхьана дашца аьлча – уьш ийманехь хилахь, къоман барт хир бу, адамашна юкъахь нийсо хир ю, махкахь машар, беркат а хир ду». Къона волуш, махкана, халкъана диканиг дан ца кхиарна кхоьруш,
…Беза хьо, Нана-мохк –
Дай баьхна латта.
Хьоьца ду сан ирс а,
Ас мел ен ойла.
Хьан дуьхьа къахьега,
1ожал т1еэца
Ца луун долу к1ант
Дена ма войла!
дешнаш аьллачу нохчийн сийлахь-воккхачу яздархочо Айдамиров Абузара шен дахаран некъаца хаийтира ша халкъан, мехкан а тешаме к1ант хилар. Дуккха а диканиг динарг, халкъана хьанал хилларг терго йоцуш витча, дагахьбаллам буьсу. Цу хьокъехь дагахьбалламениг дукха дац. Делан г1оьнца Абузаран сийнна вовшахтуьйхира суьйренаш, юбилейш, цхьаьнакхетарш; араехира нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь цуьнан произведенеш. Къаьсттина дика а, хаза а хета 2004-2005 шерашкахь цуьнан произведенийн ялх том арахеца карахдаьлла (Москварчу бизнесмено Хь.Джабраиловс г1о а деш, «Центр гуманитарных исследований» цхьаьнакхетараллин куьйгалхочо Н.Эльсункаевс вовшахтоьхначу кхоллараллин интеллигенцин тобано), царна презентацеш ян ницкъ кхаьчна а, Абузарна хазахетар а деш. Т1аьххьарчу шерашкахь (Нохчийн яздархойн Союзан правленин председатель волуш) яздархойн Союзан кхеташонаш «Гумс» газетан редакцехь д1ахьора Абузара. Абузар редакце вог1у де хазачу кхоаца т1еоьцура редакцин белхалоша, цуьнгара керланиг, хьекъалениг, хазаниг а хезар дуйла тхайна хаарна. Тхан дехха къамелаш хуьлура литературах, историх, культурах, вайн къоман кхолламах. Муьлххачу а яздархочун керла ара мел яьлла произведени самукъадаларца т1еоьцура цо. Деган, синан а ц1еналла хаалора цуьнан х1ора а Дашехь. Шен могашалла дика йоццушехьа презентаце веанчу Абузара деган лазамца къамел дира, къам керлачу бохамех лардан а г1ерташ. Иза цуьнан халкъе дина т1аьххьара къамел хиллера (2005 шеран апрель беттан 9-г1а де). Делан 1ожалло д1авигира вайна юкъара 2005 шеран май беттан 27-чу 1уьйрана нохчийн халкъан к1ант. Д1авахара Абузар, ша дукхавезачу, шена дукхадезачу халкъе весет дина: «Динашна а, къаьмнашна а юккъе дозанаш деттар; европейцаш, азиаташ, Малхбале, Малхбузе, бохуш, деш долу къамелаш тидаме ца оьцуш, Дуьненахь даха лаьара суна вайн къам. Х1окху Дуьненахь кхайкхо безарг машар, доттаг1алла ду. Уьш долчохь бен зовкхе, ирсе дахар дац».
Итт шо сов хан ю Абузар вайца воцу. Г1иллакхан, оьздангаллин, хьекъалан, кхетаман, синан доьналлин масал хилла ваьхна волу, халкъан дуьхьа муха ваха веза шен дахарца гайтина волу къонах вайца воцу. Абузар вайца воцу денош алсам мел довлу, цо мел динчун ойла мел йо а ч1аг1ло нохчийн халкъан яздархочо М.Бексултановс аьлларг: «Зама хала ярий, атта ярий ца бохуш, ша къонах верг даима а къонах хилла чекхваьлла. Ткъа къонах воцчух цхьана а замано къонах ца вина…»
Массо заманахь а къонахаллица чекхвелира Абузар. Цундела цуьнан ц1е, цо шел т1аьхьа вайна мел йитина исбаьхьаллин произведенеш, цуьнан собарх дуьзна Дош а дехар ду нохчийн дог-ойла йолу адамаш мел деха.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

575