Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

07.10.2015 11:15 Среда
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 77-78 от 07.10.2015 г.

Хьехархой декъалбира

Автор: С.ДЕНИЕВ

Гуьмсера Берийн исбаьхьаллин школехь (директор Ш.Хамзатов) даздаран хьолехь билгалдаьккхира «Хьехархойн де». Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара хьехархой, дешархой, церан дай-наной а. Цхьаьнакхетар д1ахьочу дешархоша Сумбулатова Радимас, Висангериева Танзилас мероприятин 1алашо йовзийтинчул т1аьхьа йистхиллачу хьехархочо Юнусова Маликас элира: «Тахана вай уггаре а сий-лараме говзалла йолу адамаш декъалдан цхьаьнакхетта. Вайн дахарехь йоккха меттиг д1алаьцна хилла бу хьехархой. Цара 1амийна вай деша, яздан, г1иллакх-оьздангаллица уьйр-марзо йолуш даха. Сайн а, шун а ц1арах даггара декъалбан лаьа суна массо а хьехархой. Дала ирс-аьтто болуш дахар лойла шуна, тхан хьомсара хьехархой!»
Школан хьехархоша кечбинчу дешархоша жигара дакъалецира мероприятехь. «Къоман мукъамаш» кхочушбира хьехархочо Х.Тужиевс кечбинчу дешархоша, ткъа Абубакарова 1айнаан дешархоша «Учат в школе…» — эшар лекхира. Хьехархочун Оздиева Лианин дешархоша Саракаева Аминас, Шоипова 1айшата, Ганукаева Амната, Гайрбекова Раянас, Батаева Аминас а стихаш йийшира; хьехархочо Юнусова Маликас кечбинчу дешархоша: Садулаева Мархас, Каиева Индирас, Балиева Раянас, Османов Рамзана, Ибрагимов Тамерлана, Хаджиев Мансура, Махцаев Рамзана а «Кто добрее всех на свете» — эшар лекхира. Хьехархочо Дадагова Хедас 1амийначу дешархоша Бушуева Линдас, Мамуев Ахьмада а хелхар а деш д1аерзийра хьехархошна лерина вовшахтоьхна мероприяти.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

54