Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

05.11.2015 09:18 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 83-84 от 05.11.2015 г.

1исин-юьртахь гуьйре…

Автор: АТАМАЕВА Залина
1исин-Юьртахойн йишин йо1

Лаьмнашца йолчу ярташкахь къаьсттина хаза хуьлу гурахь. Суна дагайог1у 1исин-юьртахь т1ейог1уш хилла гуьйре. Оцу юьртан лекхачу гу т1е а яьлла, д1асахьаьжча гора: б1аьрго ма-лоццу аренаш, гунаш, хьаннаш, некъаш, ирзош, ярташ; даима баххьаш к1айн лаьтта, геннара схьаго лекха лаьмнаш… х1ора шарахь а 1аламо шен «духарна» цхьацца х1ума т1етоьхча санна хеталора суна. Гуьйре хаза хуьлура къаьсттина г1а мажлучу хенахь. Дагна хьаам беш, аьхна зама яра и сан дахарехь. Со жима йолуш а, йоккха хилча а цхьатерра бара сан и синхаам. Гу т1ера д1ахьажча: «Дависа, суртдиллархо елар-кх со, 1аламан х1ара хазалла лораза ма йойтур яцара аса!», — олий, хетара суна. Сурт дилла 1амо г1ертара со сайна… амма и шатайпа хазалла кехат т1е яккха пох1ма дезара. Т1аккха стихашкахь гуьйренан хазалла гайта г1оьртира. Халахеташ делахь а, цуьнах а суна ма-хетта г1уллакх ца хилира… Х1ора шарахь дара и кхоамхетар. И хазалла д1а ца яйта, цхьаммо а шен пох1мица бахьанаш леладой-те, олий, хетара. 1аламан сурт-м шатайпа хуьлура… Доккхачу дуьненахь иштта сурт кхин хир доций хаара суна.
Нажин-Юьртан к1оштарчу Сесана-юьртана т1еххула, гу т1ехь, 1уьллура жима 1исин-Юрт. Юьртахь дукха ц1енош дацара. Адамаш вовшашца мерза, чу-каре йолуш, г1иллакхе, оьзда дара. Кхечаьрца и уьйраш, и марзо ца тоьа суна тахана. Кхин а хьалахь ярташ яра: Т1ера 1исин-Юрт, Т1уртин-К1отар, Г1ансолча; сехьа – 1аллара, охьахь кхин ярташ а. Ткъа 1исин-Юрт шатайпанчу меттехь нисъелла яра: гу т1ера чухьаьжча, д1о-о-о лахахь гуш Шоьна боьду некъ бара; оцу некъаца б1останехьа хьалахьаьжча, д1о-о-о лакхахь – Г1оьрдала-дукъ, цхьа г1еххьа ц1енойн г1аларташ къаьсташ санна хетар доцург, кхин билгалдаьлла х1ума доцуш; Шоьна боьду некъ Шоьнахула, Г1оьрдалхула, Черин-Махкахула, Ялхойн-Махкахула лаьмнашка хьала бара. Ткъа цигахула хьала ца воьдуш, охьавеъча – Сесана. Сесанна юккъехула охьадоьдуш Яьсси – и юрт шина декъе йоькъуш.
Сесанна т1еххула, Шоьна боьдучу некъана дуьххьал, басошца йиллина яра Энгана. Йоккха хаза юрт яра и. 1исин-Юьртан гу т1ера д1ахьаьжча, ша ма-ярра, ц1енна гуш а йолуш. Наха шайн бошмаш ц1анъеш гулдина г1аш дагош баьллачу к1уьро цкъа ерриге а, мархано санна, д1ахьулйолра иза, т1аккха к1ур д1асабаьржий, юха ша хиллачу исбаьхьчу куьцехь д1ах1уттура. Хаза юрт яра Энгана, шена чохь дика адамаш дехаш. Энгана-юьртана юккъехула хьалабоьдучу новкъа хьалавахча, кхочура Бена, Хьочин-Ара, Зандакъ-ара, иштта кхийолчу ярташка а. Шоьнара охьабог1учу новкъа Сесанна т1ехваьлла, Нажин-Юьртехьа охьаволавелча, кхочура Бена-дукъ т1е. 1исин-Юьртара охьахьаьжча шера гора Бена-дукъ, сетташ цига т1ебоьду некъ а.
Жима йолуш и некъ дукха ларбора аса – сан нана ц1а йог1у некъ бара и. Суьйренца т1аьххьара хьалайог1у можа автобус йог1уш гича, ма ч1ог1а хазахетара! Т1ера б1аьрг ца боккхуш, ларйора аса и. Сесана хьалакхаьчча, ша даима соццучу меттехь и сецча, кхин а лерина б1аьрса ирдой, терго йора аса, сайн нана гой хьоьжуш. Нагахь халла гуш цхьа г1аларт Яьссина тиллинчу т1ай т1ехула схьадоладелча, дог тохалора… и сайн нана хуьлуьйтура ас. Т1аккха, йодий-йоьдий, лахарчу гу т1е йолура, ц1 йог1ург билггала сайн нана ю-яц хьажа.
Бена-дукъ т1ера, гена ца болуш, гучуьра д1абовра Нажин-Юьрта боьду некъ… Оцу некъаца, аьрру аг1ор д1ахьаьжча, 1аллара гора, шен мокхаза бердашца лаьтташ. 1алларна т1еххула хьала Г1ансолчу хьалабоьду некъ дукъ т1ехьа боьрзура, ткъа оцу некъах цхьа га Т1урт1ин-К1отара чудоьрзура… Иштта цхьа шатайпанчу хазчу меттехь яра 1исин-Юрт… Со йина яцахь а, со кхиъна юрт яра и… сан мерзачу ненахойн юрт. 1алам… деган ма хаза илли ду-кх и… къаьсттина бераллехь хьаьъна хета и. Дерриге дуьне а шен дуьхьа кхоьллина хета бераллехь. Бералла ша а ма ю синтеме, наггахь са карзахдалахь а. Жималла аьрха ю моьттуш хилла-кх и синтеме, сингаттамаш к1еззиг болу адаман дахарера цхьак1еззиг киртиг. Безамаш, г1евттина ойланаш, лаамаш… Ша-шен куьйга дуьне хуьйцур дара моьтту хан… шел хьалха д1абаханчара «дицдинарг я цахууш дитнарг» ша нисдийр дара моьтту хан… ирсе хан хилла-кх и, юй а ца хууш. Х1инца-м хаьа…
Оццу т1ера кхин аьрру аг1ор вирзича, Т1ера 1исин-Юьртарчу Чуьртт1е олучу гу т1ехь б1аьрг соцу. Кешнаш ду оцу гу т1е хьала ма-велли, чарташ доьг1на, цундела «Чуьртт1е» аьлла, ц1е тиллина оцу гуна. Чуьртт1е хьалаваьлла, юьрта чу ца воьрзуш, аьрру аг1ор хьалавирзича, Коьжалге кхочура. Иза меттиган ц1е ю.
1ай-м, гобаьккхина, шаршу тесча санна, к1айн хуьлура. Б1аьстенан юьххьехь сеналло чу са даладора 1аламна, амма гурахь… уггар 1аламан хаза зама гуьйре хета суна. Цхьа шатайпана хаза ойланаш ялуш, дуьненан — дахаран жам1 далуш а, шеца дагна хьааме аьхналла йолуш, мерза ойланаш ялуш зама ю гуьйре.
1исин-Юьртан гу т1ера чухьаьжча басошца гора дашочу басахь малхо кхин а серлайоху г1аш мажделлачу диттийн доза доцу паналлаш, юькъачу хьаннийн баххьаш мажлуш охьаэга дуьйладелла г1аш, лаьттахь барула можа мотт буьллуш. Хьаннашкара цхьадолу дитташ ц1ехуо бос бетталуш хуьлура гурахь, юха мажлора уьш а. Дитташ т1ера г1аш мажлуш, кхаш т1ера кан бакъалуш, т1аьхьахуьлу стоьмаш мадлуш, х1аваэхь хаза хьожа лаьттара.
Геннахь лекхачу диттийн баххьаш стигланах хьекъалуш санна хетара. Цара гилдигаш доху, мархаш маьлхан б1аьра хьаьвсича, б1аьргех хиш девлла, елаеллачохь йисча санна. Ма хаза хуьлура гурахь, суьйрана малх чубузуш… д1о-о-о, рег1ахь, сарралц некъ бина, к1адбелла малх меллаша сада1а охьабуьжуш. Ц1арула ц1ийелла анайист, эхь а хетта, охьатаь1начу йоь1ан беснех тарлора.
Давис-кх, сурт дилла ца хии-кх суна. Хилла ваьллачу говзанчина бен, мел дукха дийцича а, диллалур дац иштта исбаьхьчу 1аламан сурт… 1исин-Юьртарчу гуьйренан сурт. Иштта хаза сурт, сан б1аьрса хьостуш кхин цхьанххьа а х1уттур дац суна. Кхин Сесанна т1еххула йолчу 1исин-Юьртахь а х1уттур дац суна. Х1оттахь а, цуьнан тергам бан со а, юьртахой хир бац. Нохчийчу беанчу т1амо йохийра еххачу заманахь хиллачу дика-вонан теш а хилла лаьттина ширачех цхьа юрт. Цигахь вехаш-1аш цхьа а вац х1инца… Т1ееана хаза гуьйре ган цхьа а воцуш йисна-кх сан дагна оццул хьоме хилла 1исин-Юрт лаьттина мохк…

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

201