Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

05.11.2015 09:16 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 83-84 от 05.11.2015 г.

Халкъан поэтаца цхьаьнакхетар хилира

Автор: АБДУРЗАКОВ Шертбек

Вайн махкахь а, цул арахьа а дика вевзаш волчу нохчийн халкъан поэтаца Рашидов Шаидаца, цуьнан кхузткъе пхийтта шо кхачар даздеш, цхьаьнакхетар д1адаьхьира Гуьмсан к1оштан Комсомольски юьртан юккъерчу ишколехь. Шаиде маршалла хатта а, цуьнга ладог1а а, Шаидах хастаме дош ала а баьхкинера: юьртда Межиев Абубакар, шен белхан накъосташца цхьаьна юьртан оьздангаллин кхерчан директор Эскиева Марха, к1оштан Оьздангаллин кхерчан белхахо Баригова Роза а.
Цхьаьнакхетар д1ахьочо цуьнан декъашхошна бовзийтира гоьваьллачу поэтан дахаран а, кхоллараллин а некъ.
«Ницкъ болуш ву поэт, нагахь цунна шен дагца цхьаьна кхечеран дегнашка йиш, илли алийталахь. Ницкъ бу поэтан дашехь, мукъамехь, нагахь ладуг1учаьрга узам, мукъам байталахь…», – аьлла дешан говзанчо, журналиста Сумбулатов Денис. И ницкъ кхаьчнарг, и ницкъ шен поэзехь болуш, схьавог1ург:
- СССР-н, Россин яздархойн Бартан декъашхо,
- Россин халкъан дешаран отличник,
- Нохчийн Республикин халкъан яздархо,
- кхерамазаллин а, низам лардаран а Академин академик,
- кху заманан гуманитарни Академин сийлахь профессор,
- Нохчийн Республикин Академин коьрта 1илманан белхахо,
Нохчийн Республикин яздархойн Бартан поэзехула хьехамча Рашидов Шаид ву.
«Байташ язъян йолхалг1ачу классехь, сайн кхойтта шо долуш, волаваелла со, – дуьйцу шен дагалецамашкахь Шаида,– дуьххьара г1ирг1изойн маттахь. Сан дуьххьарлера байт зорбане яьлла Буденовски к1оштан газетан аг1он т1ехь. Суна поэзехь хьалхара г1улчаш яха Мамакаев Мохьмада хьехна… Нохчийн маттахь дуьххьарлера стихотворени зорбане елира 1958-чу шарахь. Хьалхара байтийн гулам арабелира «1уьйренан тхи» ц1е а йолуш. Цуьнан шен маь1на дара. Малх схьакхетча, 1аьнаре а доьрзий кхачалой, д1адолу тхи. Ц1ена а, экам а х1ума а ю иза. Иштта хетара суна сайн хьалхара гулар а…». Цул т1аьхьа мел ю уьш…. Ткъе цхьаалг1а книга ю х1окху деношкахь зорбанера арайолуш».
Дахарехь ирсе кхаж баьллачу Шаида шен хьалхара кхоллараллин г1улчаш яьхна вайн махкахь дика бевзачу прозаикашца, поэташца Сулейманов Ахьмадца, Окуев Шимица, Кибиев Мусбекаца, Сатуев Хьусайнаца, Гацаев Са1идаца, Дикаев Мохьмадца, Шайхиев 1алвадица.
Журналистана Сумбулатов Денина ша еллачу интервьюхь Рашидов Шаида элира: «Сан кхоллараллина т1е1аткъам бинарш бу Гадаев Мохьмад-Селахь, Мамакаев Мохьмад, Мамакаев 1аьрби, Есенин Сергей. Гадаев М-С. шен метта дош дилла 1амийна суна, М.Мамакаев къонахчун дош ала, ткъа 1.Мамакаев поэзин хазалла йовзийтина, С.Есенина дагахь дерг кхетош д1аала 1амийна со».
Дахарехь стагана кхин х1ун оьшу? Цо буьйцу къонахий шайн дахарехь а, кхоллараллин новкъахь а йоккха пох1маллин лар йитина, бакъдуьнене бахана нах бу. Халкъан поэт Рашидов Шаид бахам ца лоьхуш, доттаг1ий лехна къонаха ву. Цундела цуьнан, Шайхиев 1алвадис ма-аллара, д1авахханчохь ч1аг1о ю. Цунна нах беза, ша везийта а хаьа. Атта дац нахана юкъахь, дика ц1е йоккхуьйтуш, корта айъина, чекхвала. Шаидана карийна адамийн дегнашна т1ебоьду некъ. Къеначун самукъадаккха а, къоначун дог эца а корматалла ю цуьнгахь.
Халкъан поэтаца Ш.Рашидов цхьаьнакхетар д1адаьхьира къамелан, диалоган кепахь: дешархоша а, хьехархоша а хаттарш а луш, Шаида царна жоьпаш а луш. Авторо масех байт йийшира, масех поэмин чулацам бовзийтира цхьаьнакхетараллин декъашхошна.
Ишколан дешархоша Абдуразакова Хедас, Шовхалова Ровдас, Музаев Сайхана, Арсабиев Денис, Мусалипов 1абдул-Керима, Масхадов Мохьмада, Болтукаев Рабадана, Исламханов Лечас, Сайдаев Ибрех1има Шаидан байташ йийшира. Пох1мечу дешархочо Висингириева Марета, к1оштан Оьздангаллин кхерчан белхахочо Баригова Розас пондар а локхуш, Рашидовн байташ т1ехь яьхна «Гечделахь, нана», «Зама, ма сихло нанна т1екховда» эшарш лекхира. Баригова Розас ша а лекхира «Баркалла, адамаш» ц1е йолу эшар.
Поэтан Ш.Рашидовн гуларш, цуьнах лаьцна материалаш т1ехь йолу журналаш, газеташ дара гайтамна охьадехкина. Интерактивни уьн т1ехь гойтуш Шаидан кхоллараллах документальни фильмаш яра. Классийн векалша-дешархоша кечдина нохчийн прозаикех, поэтех пенагазеташ дара.
Лаккхарчу т1ег1ан т1ехь дешархошца кечам бинарг, иштта цхьаьнакхетаралла д1ахьош жигара дакъалаьцнарг ишколан классал арахьара болх вовшахтохархо Вачаева 1айшат а, классал арахьара болх д1абахьарехула директоран г1оьнча Гайсуркаева Вайдат яра.
Шен чаккхе йоцуш хуьлуш дац х1умма а. Цхьаьнакхетар дерзош, халкъан поэтах Ш.Рашидовх хастаме дош олуш, цунна баркалла олуш, къамел дира юьртдас Межиев Абубакара. Ша нохчийн поэзи езаш хиларе терра, цо лаккхара мах хадийра Шаидан поэтически кхоллараллин. Комсомольски юьртан администрацин белхахойн ц1арах Шаидана кхузткъе пхийтта шо кхачарца декъал а веш, совг1ат делира Абубакара. Юьртан Оьздангаллин кхерчан белхалойн ц1арах къамел дира юьртан библиотекан доладархочо Масхадова Ровзана. Цо шаьш шайн балха т1ехь ешархошца бечу балхах а дийцина, лаккхара мах хадийра Рашидов Шаидан поэзин. Шен белхан накъостийн ц1арах и декъал а веш, совг1ат дира Шаидана.
Шен хиллачу хьехархочуьнца, халкъан поэтаца д1адаьхьначу цхьаьнакхетараллехь бинчу белхан лаккхара мах хадош, хьешашна а, Ш.Рашидовна ишколан дешархошца а, хьехархошца а цхьаьнакхетаралле варна баркалла а олуш, къамел дира ишколан директора Исаходжиев Ризвана. Дешархойн а, шен белхан накъостийн а ц1арах Шаидана мехала совг1ат дира Ризвана. Ш.Рашидовн кхоллараллина лерина тхан ишколехь хилла цхьаьнакхетар дехха иэсехь лаьттар ду хьехархойн, дешархойн, хьешийн а, диканиг, хазаниг, ц1енаниг деба а, даржо а 1алашо йолуш иза вовшахтоьхна хилла дела.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

269