Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

06.07.2015 13:13 Понедельник
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 49-50 от 03.07.2015 г.

Журналийн аг1онаш хоьрцуш...

Автор: С.ДЕНИЕВ

«Вайнах» журналан х1окху шина номерехь еша йиш ю тайп-тайпанчу жанрашкахь язйина исбаьхьаллин поизведенеш, статьяш, хаамаш а. Август беттан 27-29-чу деношкахь Соьлжа-г1алахь д1аяьхьира Дуьненаюкъара исламан конференци «Суфизм – безопасность для человека и стабильность для государства» — темехула. Конференцин декъашхой бара Египтера, Йеменера, Сирера, Ливанера, Мароккера, Иорданера, Суданера, Кувейтера, Саудовски Аравера, Къилбаседа Кавказера 1еламнах. Оцу конференцехь динчу къамелех шиннан къамел: 1еламстеган, НР-н Куьйгалхочун хьехамчин, «Некъ» ТРК-н директоран Шахидов Адаман (НР), шейх 1ела Джифринан (Саудовски Арави) деша йиш ю х1окху номерехь.
«Нохчийн меттан де» рубрикехь д1анисйина бевзашболчу нохчийн яздархойн произведенеш. Х1окху рубрикехь еша таро ю нохчийн халкъан яздархочун М.Бексултановн «Мичахь, муха дицделла хууш» — дийцар; «Самавалале самавалар» — хьаьркаш; М.Шамсадовн стихаш; М.Ахмадовн «Зазадаьккхинчу бешахь к1айн ц1а» — барх1 суьртехь драма; 1ийса Окаровн «Хилларг-лайнарг диц ма лойла» — дийцар; С.Мусаевн «1ахарий» — дийцар а.
«Поэзия» рубрикехь еша йиш ю Р.Ахматован стихаш; Хь.Гагаеван «33 истории о боли», «Кали», «Ветра сестра», «Абориген», «Дивный лес», «Посвящение Джону»; Элдин Микаилан стихаш; А.Асхабовн «Вот мы и дома!» — стихаш; Ш.Ковраевн «Дог 1ийжа хьох, Нохчийчоь» — стихаш. Къаьсттана дешархойн тидам шайн т1ехь Элдин Микаилан стихаша а, сонеташа а сацор бу аьлла хета суна, х1унда аьлча, цаьралахь ойланийн ц1еналла, к1оргалла, синхаамийн шорто а хилла а ца 1аш, уьш йоьшучийн ойланна т1е1аткъам боккха бу. Шайн мукъамца, синхаамца а вайн поэзехь лакхе хета суна Элдин Микаилан сонеташкара, стихашкара а керла васташ.
«К 70-летию Великой Победы» рубрикехь дешархойн тидаме йиллина Алексей Олейникан «Бесстрашный пулеметчик» — СССР-н Турпалхочух Х.Нурадиловх очерк.
«Проза» рубрикехь еша аьтто бу Т1ауз Иссан «Очаг» — роман-дагардийцар; 1.Кусаевн «Рассказы Адаша» — циклера; М.Гелагаевн «Баянт» — дийцар а.
«Дебют» рубрикехь дешархойн кхиэле ехкина Б.Хизриевн «Во мне еще остался детский смех» — стихаш.
«Голоса друзей» рубрикехь еша аьтто бу Р.Дидигован «И вопрошают мысли», «Море печали», «Слой вечной чистоты», «Носит в небе звезда Ваше имя», «Бессмертный слог», «Стиха жемчужная нить», «Неизбывная боль» — стихаш; Файзуллин Романан «Маленький бультерьер», «Дно колодца», «Сквозь смех и камни стонущих пород», «Икона (М.М.)», «Во всеуслышание молчит палач», «Вени Д’ркину», «Прав был Рыжий Борис, что умер». «Сгоревшие», «Крестовый поход», «Скоро мы все узнаем», «Отпусти меня с миром из этого мира», «Ангел стреляет в воду» — стихаш а.
«Публицистика» рубрикехь еша йиш ю этнографан С-М.Хасиевн «Ценностная школа» — статья; поэтан, публицистан В.Итаевн «Что выпадет из сердца, выпадет и из рук» — статья а.
«История» рубрикехь дешархойн тидаме йиллина историкан Адмисиева Лизин «Некоторые сведения о занятиях виноградарством на прилинейных территориях». (Конец ХVIII – начало ХIХ в.в.) – 1илманан статья.
«Книжные новинки» рубрикехь Роза Межиевас хаам бо Т1ауз Иссан «Имя Родины» — книга араяларх.
«К нашим иллюстрациям» рубрикехь вовзуьйту суртдиллархо Рустам Яхиханов. Х1окху журналехь долчу дехкинчу суртийн автор Р.Яхиханов ву.
Г1оза доьшийла аша «Вайнах» журнал!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

186