Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

23.09.2015 10:34 Среда
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 75-76 от 23.09.2015 г.

Школехь цхьаьнакхетар д1адаьхьира

Автор: С.ДЕНИЕВ

НР-н Куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2009-чу шарахь шен Буьйраца сентябрь беттан кхоалг1а к1иранде «Нохчийн зудчун де» д1акхайкхичхьана, даздаран хьолехь билгалдоккхуш ду и пачхьалкхан т1ег1анехь. Къаьсттина культуран а, дешаран а хьаьрмашкахь д1ахьо мероприятеш хуьлу шайн 1алашонца а, чулацамца а дикачу аг1ор къаьсташ. Х1окху деношкахь Гуьмсера Берийн исбаьхьаллин школехь (директор Ш.Хамзатов) д1адаьхьна цхьаьнакхетар а дара оцу денна лерина.
Мероприяти д1ахьочу Эсханова Айдимас, Висангериева Танзилас «Нохчийн зудчун де» билгалдоккхуш доцца аьллачул т1аьхьа, дош делира БИШ-н директорна Ш.Хамзатовна. Цо шен къамелехь билгалдаьккхира: «2009-чу шарахь НР-н Президента Р.А.Кадыровс шен Буьйраца «Нохчийн зудчун де» д1акхайкхор ларамза дац. Массо хенахь а нохчийн зуда, нана, йиша къоман тешаме г1ортор хилла ца 1аш, доьзал кхиош, кхерч ларбеш, къоман сий лардеш яьхна.
Цара – зударша, йижарша, наноша – доьза ца дайтина вайн къам, мел къиза халонаш т1ех1иттарх. Цундела уьш хьакъ бара махкахь даздарехь хьолехь билгалдоккхуш шайн де хила. Ас даггара декъалбо нохчийн зударий. Дала ирс-аьтто болуш дахар хуьлийтийла шун!» Мероприятехь дакъалаьцначу дай-наношна а, кхечу хьовсархошна а хазахийтира хьехархошца цхьаьна дешархоша лекхна эшарш а, ешна стихаш а.
Школан театр-классан (хьехархо – Оздиева Лиана) дешархоша Саракаева Аминас, Авторбиева Мархас, Цукаева Хедас, Хамурзаева Аминас стихаш йийшира, хьехархочо Джунаидов Зеламхас «Нохчийн йо1», Умарова Тоитас (кхетош-кхиоран декъан доладархо) «Даймехкан аз» — эшарш лекхира.
Цхьаьнакхетар д1адерзийра, дай-наноша, хьехархоша, дешархоша а цхьаьна Нохчийн зудчун денна безамна синтарш а дуг1уш, чомехьчу кхачанах а кхеташ.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

141