Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

22.01.2016 15:26 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 1-2 от 21.01.2016 г.

Диканиг ч1аг1лур ду, вониг емалдахь

Автор: С.АБУАЛИЕВ

Карзахечу заманахь деха вай. Т1аьххьарчу итт-пхийтта шарахь дуккха а пачхьалкхаш йохийна, миллионаш адамаш дуьненахула, шайна 1ен-баха меттиг лоьхуш, даьржина. Б1еннаш, эзарнаш шерашкахь шайн дайн лаьттахь, махкахь шайн г1иллакх-оьздангаллица, динца даьхна адамаш шайн орамех а хедийна, хедда, кхечу къаьмнашна т1едахна, кхечу пачхьалкхашка д1акхелхина. Уьш безаш а, ца безаш а, оьшуш а, ца оьшуш а т1еоьцу оцу пачхьалкхашкарчу халкъаша. Шайн 1ер-дахарна хилла ца 1аш, бухарчеран 1ер-дахарна а т1е1аткъам бийр бу мух1ажарша, шайн хьежамашца, культурица. И дерриге а ваьшна т1ехь лайначу вайна (ХIХ б1ешо, 1944-1957 шераш, ХХ-чу б1ешеран чаккхе, ХХI-чу б1ешеран юьхь) дика хаьа, махках девллачу адамийн синкхетамехь, 1ер-дахарехь мел, муха хийцамаш хуьлу. Кхечу къаьмнашна юкъахь дехачу адамашна, уьш мел дукха делахь а, хала хуьлу шениг лардан, ларделларг шайн берашка д1адала. Цкъа-делахь, пачхьалкхан д1ах1оттамо новкъарлойо, шолаг1а-делахь – оцу пачхьалкхехь хьалха дуьйна даьхначу адамашна а ца лаьа шайн 1ер-дахарехь б1аьрла хийцамаш хила.
Итт д1а а вахана, цхьаъ бен ц1ахь ца виснехь а, оцу цхьанна аттахо ду шен къоманиг лардан, лело. И бакъо цунна пачхьалкхан законаша елла ца 1аш, шайн дайн махкахь вехаш хиларо а елла. Дала шена беллачу, цхьаъ бен боцчу махкахь а ца хилча, кхин муьлхачу махкахь хила еза цуьнан шен мотт бийца, г1иллакх-оьздангаллехь ваха бакъо? Дуьненахь къобалдинчу законашца ларъеш ю адаман а, халкъийн а маршо, бакъонаш. Делахь-х1ета, и бакъонаш йолчу халкъех цхьа халкъ ду нохчийн халкъ а. Бакъонаш хиларх ца тоьа, оцу бакъонех нийса, эца ма-безза пайдаэца синкхетам хила беза халкъан. Шен хеннахь эца ма-безза царех пайда ца эцча, иза я важа ладаме х1ума дац бохуш 1ийча, шениг а, неханиг а х1ун ду а ца хууш, шен орамех а хедий, доьза, т1епаза дов халкъ.
1илманчийн йозанашкахь бен доцуш, т1епаза дайна халкъаш к1езиг дац х1окху дуьненахь, шайн къоман мотт, 1ер-дахар цалардарна. Цундела деза вай вешан къоман мел дерг лардан, сов а, т1ех а болу хастамаш: «Вайн дай яхь йолуш хилла, доьналла долуш хилла… вай саннарш бан а бац х1окху дуьненахь… вайн санна хаза г1иллакхаш долуш цхьа а халкъ дац… вайниг санна хаза мотт бац…», — к1езиг беш я банне а ца беш. «Дукха т1ех сов шайн дай хесториг картолех тера ву», — олуш ду. Хууш ма-хиллара, картолаш лаьтта бухахь ю, ткъа церан яраш т1ехула ю. Шайх летта чхьаьвриг сих-сиха д1аяккха езаш а хуьлу уьш. Т1ех дерг, х1уъа делахь а, т1ех а, сов а ду, «дукха диъча, къахьло моз» санна. Нохчийн г1иллакхех, оьздангаллах дуьйцуш верг шен доьзалехь, лула-кулахь, куьпахь, юьртахь, махкахь а ша г1иллакхе, оьзда хиларца вевзаш, везаш хила веза. Шех масал эца хьакъ хила веза иза. Хезнарг, 1амийнарг шера дийцарх хьехамча ца хуьлу цуьнах, нагахь адамаша цуьнан къамеле, хьекъале сатесна дацахь, леррина цуьнга, цхьаъ хаа г1ерташ, хоьттуш адамаш дацахь.
Деха къамелаш деш, сиха нахана к1ордош адамаш хуьлу. Бахьана х1ун ду? Уггаре а хьалха билгалдаккха деза, церан нохчийн къоман 1ер-дахарх долу хаарш ледара хилар. Элирий, бахарий, моьттурий, хетарий – бохуш, кечдина къамел бухь лекха болуш, амма бух ледаро болуш хуьлу. 1илманан бух а болуш тоьшалла ца далийча, вуно атта хуьлу «къамелан г1ала» йохо. Вешан «г1аланаш» йоха ца яйта, уьш ондда латтийта лаам белахь, уьш къоман орамаш т1ехь хила еза. Ткъа цигахь вайна карор яц куралла, совдаьккхина «ас-со» бахар. Далла а ца езна куралла нохчийн халкъо кицане ерзийна: «Куралла-сонталла», — аьлла.
Цхьа а шеко йоцуш, яхь йолуш, къоман юьхь ларъеш, шайн ц1е а ларъеш баьхна нах к1езиг бац вайн халкъан. Церан доьналла ца хиллехь, цара къоман г1ад, лард ца лардинехь, таханлера нохчийн къам йолуш йолу синмехаллаш а йоцуш хир дара. Уьш хилла, церан яхь-юьхь хестийна вайн махкахь хиллачу, уьш бевзинчу кхечу къаьмнийн векалша (эпсарша, яздархоша, 1илманчаша), уьш цецбийлина царех цхьаболчийн майраллах, доьналлах, маьрша баха церан хиллачу лаамах а. Уьш берриге а ца хилла майра, доьналла долуш, комаьрша, хьанал-ц1ена. Уьш ишта хила лууш къонахий-м хилла царалахь, къоман г1иллакх-оьздангаллина гуттар а г1аролехь лаьтташ, шаьш, г1одаюкъ а яьстина, парг1ат ца бовлуш. Уьш бу хесто хьакъболуш, масал хилла латта безарш. Царех бу нохчашлахь бусалба дин даржийна, лардина эвлаяаш, иллешкахь, дийцаршкахь буьйцу къонахий, вайн къоман мотт, литература, истори йозанехь йитина дешан говзанчаш, 1илманчаш, халкъана а, махкана а шайн комаьрша куьг кховдийнарш, мехкан а, халкъан а дуьхьа баьхнарш, церан дуьхьа шайн мерза синош д1аделларш, набахтешкахь хенаш текхнарш. Уьш шайн ц1ерашца бевзина ца 1аш, церан дахаран некъа т1ехь кхио деза къона чкъор.
Вайн къоман кхетамера, иэсера д1адайалур дац: «Вийна карийна, т1епаза вайна, яйна, лачкъийна, вадийна… докъах х1оккхул ахча доьху… хьенехаг1ара ахчанах эцна шайн стеган дакъа, эрчадаьхна декъий…» — бохуш, мел хезнарг, мел хилларг. Нохчийчохь ши т1ом болуш, «Нохчийн пачхьалкх» йолуш вайна гинарш, хезнарш, лайнарш ду уьш. Оцу къизачу к1уркманехь шайн ц1ена синош лардинарш а бара, ахчанах, даржах, герзах шайн ас-со, ц1е а ца юхкуш, ца хуьйцуш. Дахаран къилба, 1алашо цхьаъ йолуш, доьналла долуш бара уьш. Цара, синош ц1еначара, гуттар лардина, 1алашдина къам, мохк, къоман г1иллакхаш, оьздангалла, сийлахь-еза мехаллаш лоруш, царех масал оьцуш баьхна дела. Цхьаболчарна ладаме, жима х1ума хетарг царна доккха х1ума хетта а ца 1аш, дахарехь шех масал эца хьакъ а долуш, сийлахь-дезаниг ду, нагахь къоман ц1еналла ларъеш делахь муххале а. Цхьана адамо шена магийнарг кхечу адамо шена а могуьйту, нагахь юкъаралло шен хеннахь вониг, боьханиг емал ца дахь. Магийначу к1еззигчех хан-зама яларца даккхий х1умнаш 1аь1а. Цара дохадо къоман къепе, низам латтийна гураш, дозанаш. «Нахана мегарг шена а х1унда ца мега?» — уггаре а кхераме хаттар ду. Ша-шена жоп делла, дихкинарг шена магийначул т1аьхьа х1оттийна хаттар ду иза. Цхьаъ, б1е, эзар – дийнна халкъ, берриге нах а боций ца хаьа цунна. Цхьаъ бен дацахь а, ц1ена хиллачу адамах масал эцийта лууш хилла вайн дай. Баккхийчара вовшашка, баккхийчара къоначаьрга дуьйцуш хилла ишттачу стеган амалехь дика дерг, ладоьг1ачаьрга цуьнах масал эцийта, цуьнах уьш 1амийта. Царех цхьаъ ду вайна дагаоьху шира дийцар а.
Дарц хьийзочу буса некъах а тилла вог1учу цхьамма х1усаман не1 тоьхна. Корехь лаьтта чиркх серла а баьккхина, не1 схьайиллина х1усамнанас.
- Буьйса дика хуьлда хьан! Некъах тиллера со, аша пурба лахь, шуьца шун х1усамехь буьйса йоккхур яра ас, — аьлла цавевзачу хьешо. Х1усамда ц1ахь воций хиъча, юхаваьлла хьаша, чохь пхийттараваьлла к1ант ву, марнана ю аьлча, чувеана.
Т1ера кетар д1а а яккхийтина, хьешан ц1а чохь хьаша парг1атвалийтина, х1усамнана шен доьзал болчу ц1а чу яхна. Х1усамда талла вахана, ц1ахь ца хилла. 1уьйрана шен кетар т1е а юьйхина, бехчалга юккъе хьарчийна цхьа х1ума х1усамнене а кховдош, хьешо аьлла:
- Хьайн х1усамдега соьгара доккха маршалла ло, х1ара х1ума цуьнга д1ало.
Масех де даьлча х1усамда ц1а веана. Иза ц1ахь воцуш юьртахь хилларг, лелларг дуьйцуш, х1усамнанас хьахийна шайга хьаша вар, ша цунна дина хьошалла, цо дитина «совг1ат» х1усамдега д1акховдош.
Бехчалг д1асаяржийча, куьйган нанап1елг гина х1усамдена.
Ойлане ваьллачу х1усамдас хаьттина шен х1усамнене:
- Цо шен кетар хьоьга кховдош, хьан куьйгах куьг кхийтирий цуьнан? – аьлла.
- Х1аъ, нанап1елг кхийтира, — аьлла, жоп делла х1усамнанас.
- Делахь-х1ета, и нанап1елг шаьлтанца хада а бина, вайн х1усамехь битина-кх цо. Дера, зуда, тешам болуш, оьзда а, ц1ена а стаг ма хилла ахь хьошалла динарг. Иза ца карийча, х1окху х1усаме воьрзур ма вац ша, аьлла, араваьлла, боху, и х1усамда. Тахана а ву, боху, и стаг, тешам болу, ямартло, тешнабехк шайн ц1ийца боцу нах лоьхуш. Уьш шех кхетча, цуьнах синна кхаъ хир болуш. Тешаме адамаш хила лууш кхоьллина ду и дийцар вайн наха. Цу хенахь ца хилла школаш, литература, кхийолу меттигаш, г1ирсаш а кхетош-кхиоран болх д1абахьа. Къанойн дош хилла.
Дийцаршкахь к1езиг ца дисна вайн нехан г1иллакхаш, ламасташ, амма лелош, дахарехь кхочушдеш наггахь бен ца го-кх уьш, халахеташ делахь а. Къомах доьзначу к1еззигчу х1уманан а тидам бан беза. Нагахь иза кхетамна новкъарло йийр йолуш делахь, юкъадаккха ца деза, ткъа ларамаза юкъадаьллехь, сихха д1адаккха деза. Советан 1едал долуш сих-сиха хезаш дара: русское поле, русская водка. Цхьана къоман а бен доцуш я 1а, я аре, я хи хуьлийла дац. Уьш Дала кхоьллинчу 1аламан ду, х1окху дуьненахь цхьа а адам, цхьа а халкъ хилале хьалха дуьйна. Оьрсашна т1аьххье вай а дуьйладелира ваьшна хастамаш бан. Вай а тиллира нохчийн а, г1алг1айн а къаьмнийн йоккху вайнах ц1е коньякана, «Вайнах» — аьлла. Г1алг1аша шайн дайн ширачу кхерчан ц1е «Эрзи» тиллира коньякана. Царна т1ехь седа, мидал сов мел йолу, куралло дог карзахдохуш, 1ийра вайх цхьаберш. Гуш ма-хиллара, вайн кураллин бахьнаш тайп-тайпана хилла. Ваьш кураллаш йинчу цхьадолчу х1уманех вай кхарда а кхаьрдаш, ц1андала, нисдала ца хьовсахь, нохчаллин амалх дерг к1езиг хир ду вайгахь. Нохчийн маттахь дешнаш ду: пуьташ, харцдерг, аьшпаш. «Захало дуьйцуш пуьташ ботта магийна», — олуш хеза. Пуьтийн бух т1ехь кхоьллина доьзал муха хир бу? Баккхийчу, зуламечу пуьташна некъ баккха бен аьлла дац иза. Йохка-эцар лелош а, пуьташ буьтту.
Хаза, ц1ена, оьзда шен доьзалца х1окху дуьненахь ваха а ваьхна, ден-ненан дог хьаьстина, йиша-вешица уьйр-марзо латтийна, лула-кулахь тарвелла, доттаг1ашна тешаме хиллачу цхьана Делан мисканна а, нехан дог т1ера а воьжна ваьхначунна а цхьатерра тоьшалла дар а ду (бармана т1е виллинчу хенахь) пуьташца доьзна. Велларг бармана т1ехь волуш мукъане а Далла хьалха харцтоьшалла х1унда деш ду, Далла а, нахана а вайх х1ора мила ву хууш хилча? Ала диканиг дацахь, х1умма а ца олуш, харцтоьшаллаш а ца деш, вахьа мегаш вац-те цхьаверг мукъане а кешнашка?
Гуш ма-хиллара, захало дуьйцуш ботта магийначу пуьташа йоккха хутал хецна, бакъдерг дийца г1ертачу цхьаболчийн маттах, когех а хьерчаш. Харцдерг а дуьйцуш баьхначарна цундела ца хаьа, мел атта ду х1окху дуьненахь бакъдерг бен ца дуьйцуш ваха. Массо х1уманан а тайп-тайпана мехаш бу. Адамаша, шайн кхетаме, хьежаме, синмехаллашка хьаьжжина, хедийна, х1иттийна мехаш бу уьш. Цхьаьнгге а мах хадалур боцуш, х1отталур а боцуш хилла стеган, къонахчун дош. Лаа олуш ма дац: «Цхьаболчийн ахча лелачохь дош лелаш вара хьенех». Кхин а ду олуш: «Шен дешан да ву иза». Бакъ дешан, масла1атан дешан дай дуккха а хуьлийла вайлахь!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

102