Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

22.01.2016 15:27 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 1-2 от 21.01.2016 г.

Хьехархочун «1адат»

Автор: 1аьрби ПАДАРОВ

Шен дерриге а дахар школах, берех доьзна ваьхна наггахь волу хьехархо а ца вуьсу шен говзалло кхетамна б1аьрла т1е1аткъам банза, цуьнах доьзна шатайпа ламасташ, «1адаташ» ца кхоллалуш. Цу хьокъехь ду тхан накъостан дас дийцина, дисина цхьа хилларг.
Нохчий Сибрехара ц1абаьхкина шераш хилла. Коьжалган дукъаца аренца йолчу цхьана юьртахь, х1етахь массанхьа санна, юьртан пхьоьг1а х1уттуш хилла. Цу пхьоьг1ане гуллора юьртара къаной, къонахий ала хьакъболу нах, иштта шайх беккъа божарий ала а бен хьакъбоцурш а. Баккхийчин пхьоьг1анна генадоццуш вовшахкхеташ хила кегийрхойн, кхиамзахойн тоба а. Доцца аьлча, шайн шерашка, хене хьаьжжина, цу шина тобанах цхьаннах кхеташ хила юьртара жима а, воккха а боршастаг.
Амма и б1ешерийн ламаст галдаьккхина юьртарчу г1еметтах1оьттинчу цхьана хьехархочо. Ша эвлаюккъе воллушехь, баккхийчаьрга салам а лой, хьоккхий, кегийрхойн тобанна т1е а воьдий, церан нийса накъост санна, тобанах д1ауьй, къамелаш а деш, наггахь къовсаме а волуш, ша школехь волчух – хьехархочун «1адат» д1акхоьхуьш хила говзаллин гураша лаьцна, шовкъехь волчо. Беламе хетахь а, беран амале ца воьдуш ца вуьсу-кх царех дукха веттавелларг, нагахь ц1еначу даггара лелла велахь муххале а, олий, хьекъале жам1 а дой, кхин чевне бехк ца боккхууш, дуьтуш хила юьртахоша цуьнан и шатайпа, керла «1адат».

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

95