Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

10.11.2016 14:14 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 75-76 от 10.11.2016 г.

Шен мог1а...

Автор: Перевод Хожбауди БОРХАДЖИЕВА

Ас, мукъамца
Ломан белшах туьйсуш,
Маьрша аьрзу
Кхузахь хелхадаьхна...
Цхьа мог1а я цхьа васт, цхьа суртх1оттор тоьа поэт вовза я иза художник ву-вац хаа:
Озае вайн пондар — левси,
Тоха куьйгаш, бог1а бохь!
Кху дуьненан кхехка кхевси
Юьсур ю вай деллачохь! -
цо дуьйцучух кхета а. Цхьа б1е я эзар arlo йолчу киншкехь поэзин ши-кхо жовх1ар карийча а, тохало дог синкъерамна, ткъа Дакаев Са1идбекан поэзехь дог хаддаза хелхадуьйлу цу зовкханна доккхадерца.
Хазалла я синкъерамаш — деган гилгаш дуьйцу вай — б1аьргашна гуш я дагна иэхьалуш хуьлу.
Кхузахь и ший а цхьаьна ду: кхузахь поэзи а ю, хаддаза бека деган мукъам а, кхузахь г1айг1а ю, сингаттамаш а, къестарш а...
Хьан суьйренаш!..
Хьан хазаллех тардала
Гергахь, генахь
Сан х1ун дара, Г1оьрдала?!
Лаьмнаш лоькхуш,
Мерзах дека юьртан зов
Малх а, техкий,
Беснеш ягош, орцах бов...
Экамалла – маццах хьегначу безаман экамалла — б1аьрла хаало кхузахь ч1ог1а:
Байттамал! — Б1аьргашна
Ган йиш ю шарахь я баттахь;
Тоуьйту къайллаха
Хьо еза дог хилар меттахь.

Сан бакъо кхачош ду
Хьо хилар кхечуьнан долахь...
Нахалахь цакхайкхарх,
Цхьа наггахь сан безам голахь -
цхьа а тийжар а я деза-даьсса дешнаш а доцуш, бакъйолу г1айг1а къинхетамца дагалецар а.
Художникаш тайп-тайпана, бен-бен хуьду, цхьаверг-цхьана некъан, цхьана мукъамна, цхьана иллина а нислуш, кхиверг — дерригечу дахарна, цуьнан вон-дика а, къаьхьа-мерза а шен даг чохь тардеш.
Са1идбекан поэзехь суна дерриг а го кхузара – Нохчийчуьра, вайн махкара, сайн юьртара, урамера, бераллера дуьйна схьа суо хене валлалц.
Сан б1аьрхиш ду кхузахь, сан воккхавераш а цхьаьна, дагалецамаш а бераллин:
Б1аьстено кхайкхина,
Генара далийна,
Маршалла хаьттина соьга,
Бертахь ши ч1ег1ардиг,
1аьржа мас къагийна,
Хьошалг1а доьссина тхоьга... -
я кхидолу денош а вайн шайн аматашца:
Де д1адели,
Сирник санна, даьгна.
Серло ешна,
Кхийдаш маьрк1аже:
вайн мехкан лазамаш а шайн моьнашца, доьналлийца бала лайначу кху къоман шехалла а:
Хьо — дорцехь шелделла,
Г1айг1анехь — г1елделла,
Пхьор доцуш — мацделла,
Хи доцуш — хьагделла,
Дуьненан къа доцуш,
Т1екховда г1o доцуш,
Шелг1ано 1овжийна,
Саготта хьовзийна.
Бехк гайта кхиэл йоцуш,
Шеретан шай доцуш,
1аршмайда гатйина,
Хьан бакъо харцийна.
Декхна деанчу цхьана дийно эза-эзар хазалла йохьу кху лаьттахь а, стиглахь а, бецан патаршца, диттан г1ашца, д1о-о мархийн цинцашца а...
Поэзи – и цинцаш, и къиэдарш, 1ай коран б1аьрга т1е г1урано дехкина детин к1айн суьрташ а ду, гина ялале йовшйолу цхьа генара м1аьргонош я моттарш, хиэтарш вайна -мотт боцчу дагна хазалло доху гилгаш.
Поэзи – екъаелла ю, цхьанхьа цкъа а сецна а йоцуш, массаьрца а к1ез-к1еззиг; цуьнан шорто иза а ю – массаьрца а я массо а меттехь даима иза хилар, 1ай-б1аьста я гурахь-аьхка бен а доцуш...
Гиний шуна, бегаш боцуш,
Цкъа а тидам биний аш,
Лаьттан ц1енкъахь сиз-лар йоцуш,
Когаш текхош 1индаг1аш?
Поэзи — бералла а ю, бераллийца лар яйначу вайн шерийн байттамалла а...
Сан бералла
Ловзуш лелла х1етахьлера.
Т1аьхьакхойкхуш:
«Марша г1ойла!» — соьга аьлла,
Новкъавоккхуш,
Иза-м генахь хераяьлла.
Хьаьжк1аш ятта
Алу кегош, мацах децас
Дуьйцурш хезна
Туьйранаш а дара дийца...
Нохчийчохь хилла а, болуш а болу бакъболу поэташ шайн лар йолуш хилар тов суна ч1ог1а, церан шайн-шайн мог1а хилар, хазалла а шайн-шайн.
Царех цхьаъ Дакаев Са1идбек а ву шен лазамца, дагалецамашца, Дег1аста бен, кхин мохк а боцуш, шен къам бен-г1ортор а,до1анаш а цу маттахь а долуш — шен къоман маттахь, Нохчийчоьнна аьлла бен, кхин бахам а, вахар а доцуш, шен «гуьйренан т!омах тесна, има-беркат декъа а веъна».
Дакаев Са1идбек нохчийн поэзехь, нохчийн дешан исскуствехь шен дош а, шен дешан мах а болуш, дикачу поэтех цхьаъ ву кху Нохчийчохь, шен хат1 а, шен мог1а а къаьсташ.
БЕКСУЛТАНОВ Муса,
нохчийн халкъан яздархо


Саид-Бек ДАКАЕВ
Ранено было сердце…
Не было умысла злого,
Вовсе не пуля сразила.
Вроде – случайное слово…
Сердце им ранено было.

Не было и возражения,
Не удалось удалиться.
Как бы ценою ранения
Цели сумел он добиться.

Горечь забуду едва ли,
Как наравне с облаками
Плакало небо в печали,
Плыла земля под ногами.

Горы надвинулись словно,
Горе мечты все разбило
Вроде – случайное слово…
Сердце им ранено было.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

77