Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

02.12.2016 11:45 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 79-80 от 02.12.2016 г.

Даима а лехамехь ву суртдиллархо

Автор: СУМБУЛАТОВ Дени

Шайн говзалла а, корматалла а, пох1ма а хиларна юкъараллехь шайн ц1арца девзаш а, сий-ларам беш а долу адамаш к1езиг дац. Цхьаъ аьчкапхьар я дечигпхьар ву, ткъа важа дечиг-пондар, кехат-пондар дика локхуш, илли олуш, эшар локхуш, шовкъе хелхарш деш ву, ткъа цхьаберш адамашна синкхача латтош бу шайн исбаьхьачу дашца, дика говзарш язъеш. Кхоллараллин адамашлахь к1езиг бац шайн б1аьрсинна гинарг ойланехь васте а дерзийна, говзачу суьртехь хьовсархошна д1агайта хуурш. Говза, хаза сурт дилла а, шен корматалла, пох1ма кхечарна д1ахьеха зиэделларг массеран а ца хуьлу. И говзалла дуккха а къахьегча бен амалх ца юлу, корматалле а ца йоьрзу. Шен амалх хьехархочун говзалла д1аийначех ву РФ-н суртдиллархойн союзан декъашхо, РФ-н культуран хьакъволу белхахо Ильясов Адам. Бераллехь кхоллабелира Адаман суртдилларе шовкъ-безам. Дас-нанас Г1ум-Азера ц1авалийна к1ант лерина хьоьжура, массо а х1уманан тидам беш, шена керлачу, амма дагна гергарчу, хьомечу 1аламе, шен дайша шега 1уьйрана малх схьакхеташ, суьйрана малх чубузуш, къаьсттина ч1ог1а сингаттамо ойла хьаьшча, сатийсинчу Даймахке.
Къоламца а, басаршца а кехат т1ехь гойтура к1анта шен са хьаьстинарг, ойланехь суьрте, васте дирзинарг. Цуьнан корматаллин мах хадийна хьалхара хьовсархой, «кхиэлхой» йиша-ваша, гергарнаш, накъостий бара. Царна суьрташкахь шайна х1ора дийнахь гушдерг гира Адама иэдинчу исбаьхьчу басаршкахь. Шайна х1инццалц цагинарг, шаьш тидамза дитинарг суьрташкахь кхечу басаршкахь гучуделира царна. Суртдиллархочун ницкъ кхечира хьовсархойн б1аьрса мелла а ирдан, 1аламехь хазаниг, исбаьхьниг пох1мица схьакъасто йиш юйла хаийта. Оцу хенахь корматаллин суртдиллархой нохчашлахь дукха бацара. Адам вехачу Ойсхарна гонд1арчу ярташкахь наггахь а вацара дагавала, хьехаре, хьехаме ладог1а корматаллин суртдиллархо. Гуьмсе суртдиллархо Асуханов 1аманди волчу, вог1ура Адам шен ойланаш йовзийта а, ша дехкина суьрташ гайта а. Цо дуккха а пайдениг хьоьхура, ша керла дехкина суьрташ гойтура къоначу суртдиллархочунна. Кхоллараллин адамашна шех а, ша дечух а кхеташ адамаш хилча, мелла а атта хуьлу къахьега. Делахь-х1ета, Адама къастийна говзалла, цуьнан корматалла, пох1ма къобалдийраш де-дийне мел долу алсамбовлуш бара.
Ша дийриг наха къобалдой а, хазахетий а хиъча, ойла кхоллаелира к1ентан корматаллина оьшу хаарш лаха а, уьш к1аргдеш, деша а. Махачкаларчу исбаьхьаллин училищехь кхиамца дешна а ваьлла ц1а веанчу Адама шена хьалха х1оттийнарг еккъа цхьа 1алашо яра: шен говзалла кхечарна 1амор, шен хаарш къоначарна д1адалар. Ойсхарахь исбаьхьаллин школа схьаелла болу шен лаам кхочушбан г1ерташ дуккха а къахьега дийзира Адаман. Атта дацара цкъа а хилла а йоцу школа схьаелла. Школа схьаелла г1ишло езара, цу чохь хьеха говза хьехархой оьшура. Ткъа школехь деша а, суртдиллархочун говзалла караерзо а лаам болу бераш дуккха а дара Ойсхарахь а, лула-куларчу ярташкахь а. Гуьмсера хьехархойн училищехь а, берийн исбаьхьаллин школехь а хьехначу белхан зиэделларг долчу Адаман нигат ц1ена хиларна аьтто хилира Ойсхарахь берийн исбаьхьаллин школа схьаелла. Ткъе кхойтта шарахь Берийн исбаьхьаллин школан директор болх бира (1979-2012 шераш) Адама, шен говзалла, корматалла, хаарш дешархошна, хьехархошна д1алуш. Цуьнан хиллачу цхьаболчу дешархойх хьехархой хилира. Уьш тахана а хьоьхуш бу Соьлжа-г1алахь, Гуьмсехь, Ойсхарахь, Нойбоьрахь, Хошкалдехь, и.д1.кх. меттигашкахь а берийн исбаьхьаллин школашкахь, лакхарчу дешаран заведенешкахь. Цара а, церан дешархоша а дехкина суьрташ дуккха а хьовсархойн ган аьтто хилла Нохчийчохь, Дег1астанехь, Г1алг1айчохь, Къилбаседа Кавказехь, Россехь а хиллачу гайтамашкахь.
Ша школан директор волуш а Адама цхьана дийнахь д1а ца тесира суртдилларан говзалла. Иштта цо караерзийра керла говзалла а – суртдаккхар. Нохчийчохь, Дег1астанехь, Г1алг1айчохь, Къарачойн-Чергезийн республикехь цо даьхна суьрташ «Нана», «Вайнах», «Орга» журналийн аг1онаш т1ехь а, Россин дуккха а г1аланашкахь а, дозанал арахьарчу пачхьалкхашкахь а д1абаьхьначу гайтамашкахь хьовсархошна гина. Кхечу къаьмнийн векалийн аьтто хилла Къилбаседа Кавказерчу хакъийн мохк а, 1ер-дахар а Ильясов Адаман сурташкахула ган а, бовза а. Коьртачу декъана лаьмнаш, хьаннаш, шовданаш, аренаш, хаза бина элан такхор, хола, дуо, юьйцина керт, б1ов, шира ц1енош – машаречу дахаран тешаш ду суьрташкахь схьагуш. Суьрташ дохкуш а, дохуш а, Даймехкан некъаш ша гездеш, шен сица кхоллаелла шовкъ стихашка ерзо а волавелла Адам. Цуьнан стихаш арайийлина журналийн а, газетийн а аг1онаш т1ехь. «Сирла суьйренаш» ц1е йолу цуьнан стихийн гулар араяьлла 2011-чу шарахь. Гуларан дешхьалхенехь журналиста Саралиева Табарка яздо: «Адаман поэтически мог1анаш к1орггера ойла йойтуш, хьо т1аьхьа ца кхуьуш йисинчу исбаьхьаллин чомана т1екхиош ю. Уьш дукхахъерш безамах ю. Ала тарло, безамах х1ун эр ду, д1аяьлла хан йисинчул к1езиг хилча, сирбелла корта, кхуьуш берийн бераш а хилча? Собар! Х1ан-х1а. Къоначун синтеман урх ца лацалун аьрха безам и бац, я дог диллина, шелбелла, къеначун байтамаллин безам, иза – г1еметтах1оьттинчу къонахчун тешаме безам бу. Цунна хаьа г1оттучу маьлхан, дог1анийн, бузучу беттан хама а, бинчу я банза бисинчу некъан мах а. Доцца аьлча, дуьненан хама а, мах а. Шен лирически турпалхочун схьадиллина экаме дог маьттазчу дашах, ойланах чов хилла, дожарна кхоьру автор:
Шун уьйт1ахь хьо гича, кхаъ хуьлу дагна,
Исбаьхьчу басаршца суртдилла х1утту.
Ша хьоьгучу безаман ирс оьцу цо шен езар ирсе хиларх а, цунна малх я седарчий деларх а. Ткъа муьлханиг ву вайх оццул догц1ена хилалур волуш? Схьахетарехь, к1езиг карор бу ишттанаш». Оцу к1еззигчарна юккъехь шен башхачу амалца, ц1еначу ойланашца, хьежамашца, коьртачунна т1ехь тидаме хиларца кхечарех къаьстина ца 1аш, лехамехь хиларца, шена девзинарг, карийнарг комаьршша кхечарна д1адала лууш хиларца къаьсташ а, вевзаш а ву Адам. Къоналла д1аяьлча, г1еметтах1оьттича, къаналла шен хеннахь еана схьах1оьттича, иэсехь карлаюьйлу бералла, дуьххьара когавахана, ненан маттахь дуьххьара дош аьлла меттигаш. Адаман хеначеран бералла дайн махкана генахь хилла, цундела цуьнан иэсехь дуьхьалх1уьтту геналла:
Дайн латта, нана-мохк, лаьмнаш,
Кхойтта шо даьккхи шух хьоьгуш,
Хьан массо коканан кондар,
Барт бохуш, хьесттал сатуьйсуш.

Маршалла ду шуьга, б1аьвнаш,
Дай-нанойн, доьзалийн кешнаш,
Харцонца тхо шуьха хьегош,
Яьккхи хан, де шарал дахлуш.
Нохчийн къоман кхолламца доьзнарг Адаман а, цуьнан хиллачу дешархойн а суьрташкахь гуш ду. Къоман синмехаллийн башхалла а, амал а ю церан кхоллараллехь. Адам хенан хама ца бечу нахах вац, цунна х1ора а минот пайденна ерзо лаьа. Иза цуьнан дика а нисло. Сентябрь баттахь Гуьмсен к1оштан культуран урхаллин хьаькам Р.П.Бабишев коьртехь а волуш, НР-ра векалш хилира Ставропольски махкарчу Курской станицехь д1аяьхьначу фестиваль-ярмаркехь – «Арбузник – 2016». Арбузникехь гайта д1ах1иттийнера Ильясов Адаман а, Ильясова Маккин а декоративно-прикладни белхаш. Адама говзаллин-класс елира акрил техникехула.
Соьлжа-г1аларчу В.В.Путинан ц1арахчу проспектехь д1абаьхьира «Пхьеран суй» — гайтам. Ойсхарарчу берийн исбаьхьаллин школан хьехархошца а, дешархошца а цхьаьна дакъалецира Адама а. Вежарий Абаевг1ар Леча а, Лоьма а Адама 1амош д1аволавелира суртдилла. Тахана и шиъ, И.Е.Репинан ц1арах йолу Академи чекхъяьккхина, дуккха а пачхьалкхашкахь шаьш дехкинчу суьрташца гайтамашкахь дакъалоцуш а, дика суртдиллархой бу аьлла, ц1е йоккхуш а бу. Дуьненахь а дика вевза суртдиллархо Ибрагимов Аюб Нюнбергехь шен мастерской а йолуш кхоллараллин болх беш ву Аюб. Ша ц1а веача, Ойсхарарчу исбаьхьаллин школехь шен говзалла берашна йовзуьйтуш мастер-класс яла вог1у Аюб, шен хиллачу хьехархочух дага а волуш, шен хазахетарш цуьнца декъа а доькъуш.
Адаман шен доьзалехь а йиъ суртдиллархо ю. Ильясова Зараъ Гуьмсера берийн исаьхьаллин школехь хьехархо ю. Цуьнца цхьаьна болх беш ю цуьнан йо1 Линда а. Зайнап Хошкалдерчу исбаьхьаллин школехь хьоьхуш ю. Макка Ойсхарарчу берийн исбаьхьаллин школан дешаран декъан доладархо ю, ткъа Мерем оццу школехь хьехархо ю. Ткъе вуьрх1итта шо хьалха Ойсхарахь схьайиллина, Адама ткъе кхойтта шарахь директор болх бина, шена чохь хазачуьнга, исбаьхьчуьнга безам кхуллуш иттаннаш, б1еннаш бераш, кегийрхой кхиийна берийн исбаьхьаллин школа Ильясов Адаман ц1е лелош ю.
2007-чу шеран 27 июнехь РФ-н Президентан №821 Буьйраца Адамна «Заслуженный работник культуры» сийлахь ц1е елла, ткъа 2012-чу шарахь «За развитие культуры ЧР» — сийлахь ц1арца билгалбаьккхина дуккха а шерашкахь хьанал бина болх. Тахана а шен говзалла а, хаарш а берашна д1алуш, суьрташ дохуш, суьрташ дохкуш, стихаш язъеш, В.Татаевн ц1арахчу Нохчийн пачхьалкхан культуран а, исбаьхьаллин а колледжехь болх беш, НР-чу берийн исбаьхьаллин школашкахь говзаллин-класс урокаш луш, каде а, кхиамца а болх беш ву А.Ильясов. Ишттачу урокех яра х1окху деношкахь Гуьмсера берийн исбаьхьаллин школехь Адама елларг а. Хьаьхамчах (клей) тайп-тайпана басарш а иэдой, мужалта т1е шена оьшшучул и басарш охьадуьттуш, нанас бер санна, лерина а мужалт меллаша д1асатахкош, д1асахьовзош, вовшехъуьйчу басарийн тидам беш, болх бора Адама. Берашна ган а гуш гучудолура сурт: сийна х1орд, чубузучу малхо ц1ейина анайист, бохь лекха лаьмнаш… Шех акрил, эбру олу суртдилларан керла хат1 (техника) ду иза.
Исбаьхьалчо Хадчукаева Миланас ИА «Грозный-информ» сайтехь аьлларг ма-дарра даладо вай: «В изобразительном искусстве известный чеченский художник Адам Ильясов проявил себя как профессионал, способный творить в разнообразных жанрах и техниках. Отдельные его работы напоминают росписи по ткани, своими плавными акварельными переходами красок. Художник активно использует насыщенные, яркие цвета палитры, которые воздействуют на зрителя на эмоциональном и эстетическом уровне».
Бераш-дешархой суртдилла а 1амош, къоначу хьехархошна шен белхан зиэделларг комаьршша д1алуш, шен стихашца, ша дехкинчу а, даьхначу а суьрташца хьовсархой ц1енаниг, хазаниг, исбаьхьниг ган а, церан хьакъ боллу мах а хадо а 1амош, хьанал-ц1ена къахьоьгучу Адаман кхоллараллехь кхин а кхиамаш хуьлийла!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

81