Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

02.12.2016 11:46 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 79-80 от 02.12.2016 г.

Наной декъалбира

Автор: С.ДЕНИЕВ

Гуьмсера Берийн исбаьхьаллин школехь тайп-тайпана чулацам а, 1алашо а йолу цхьаьнакхетарш, даздарш д1ахьо хьехархоша, дешархоша а. ноябрь беттан т1аьххьара к1иранде «Ненан де» ду аьлла РФ Президента 1998-чу шарахь д1акхайкхичхьана пачхьалкхан массо а хьаьрмашкахь даздаран хьолехь билгалдоккхуш ду. Берийн исбаьхьаллин школехь а тидамза ца дуьту и де хьехархоша а, дешархоша а, билгал ца доккхуш. Х1окху деношкахь хьехархоша а, дешархоша а школе хьошалг1а кхайкхинера наной, царна лерина шаьш кечйина концерт гайта. Цхьаьнакхетар д1ахьочу Абдулвагапова Тамилас а, Сайдулаева Марьяма а рог1ехь сцени т1е кхойкхура наношна шайн корматалла гайта кечамбинарш.
Хьехархочо Тужеев Хизарс 1амийначу дешархоша дечиг-пондарш т1ехь мукъамаш кхочушбинчул т1аьхьа «Нана» эшар д1алекхира хьехархочо Л.Висингириевас, ткъа иштта «Нана» эшар лекхира Ибрагимов Тамерлана а. Хазахеташ ладуьйг1ира хьехархочуьнан Цамхаева Каринин дешархоша Султанов Аслана, Нахаев 1азиза, Узуналова Регинас а, ткъа иштта Дучаева Хедин дешархочо а нанна лерина лекхна эшарш. Хьехархочо Моцуева Хьавас кечдинчу бераша «Доьзал» ц1е йолу сценка х1оттийра, хелхарш а дира; хьехархочо Абубакарова 1айнаа 1амийначу Азамат-юьртарчу дешархоша «Нана» эшар лекхира. Оздербиева Данас лекхна «Нана – зезаг» эшар халкъалахь олучу дешнашца: «Нана д1аяьлча, даг т1ера зезаг дужу», — дешнашца йог1уш хилла ца 1аш, дагах кхеташ а, шен мукъамца лерса хьостуш а яра.
Хьехархочо Асхабова Мадинас 1ама а бина, Лаха-Нойбоьрара балийначу дешархоша эшар лекхира, стихотворени, монолог а йийшира.
Берийн исбаьхьаллин школехь хьехархоша а, дешархоша а наношна лерина д1адаьхьна цхьаьнакхетар хьехархочо Дадагова Хедас 1амийначу бераша нохчийн хелхар а деш д1адерзийра.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

28