Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

10.03.2016 17:20 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 14-15 от 10.03.2016 г.

Дахаран некъ хьоьху книгаш

Автор: АТАМАЕВА Залина

Дукха хан йоццуш Гуьмсерачу йоккхачу библиотеке яхнера со, сайн балха т1ехь цхьацца книгаш хьашт а хилла. Книгийн терхешна т1ехула б1аьрг кхарстийча, Киндаров 1абдуллас язйина «Исповедь чеченца» ц1е йолу кхо книга гира суна. И фамили безам хийтира суна. Масех шо хьалха, тхан нана дуьнен чохь йолуш, цо ч1ог1а хеставора Киндаров Барон. Говза дарбанча волчу Бароне молханаш тодайта, цунна т1елелаш яра тхан нана х1етахь. Баронан амал тайнера тхан нанна. Цуьнан адамалла йийцина ца йолура иза, юха-юха а юьйцуш. «Ванах, тхан нанас вийцинчу Киндаровг1арах вуй-те х1ара книгаш язйинарг?», — аьлла, и кхо книга еша яьхьира ас. Хила а хиллера 1абдулла Киндаров Х1аронан а, Баронан а жимахволу ваша.
Ша кхеттал хилчахьана дуьйна тахханналц шена гинарг, хезнарг, лайнарг, лелийнарг дуьйцу 1абдуллас оцу кхаа книгехь. Шех цо дуьйцург дерриге а нохчийн къомах доьзна ду: ша жима волуш Сибрех вигар, цигахь лайнарг, цигара ц1авар, ц1ахь лайнарг, дешар, тайп-тайпанчу меттигашкахь белхаш бар. Уьш дерриш а нохчийн къомо лайнарш а, цунна гинарш а ду. Цо к1орггера таллам бо, маь1на до шена гинчун. Шена гинарг а, ша лайнарг а дицдина, аттачо 1еха ца во иза.
1абдуллас цкъа а диц ца до, г1орасиз волу шайн да меттахь а волуш, шийлачу (бежнаш д1асакхоьхьучу!) вагонахь шайца Казахстане д1авигар. И ца вигийта дуьхьалбевлла хиллера эпсарш, амма 1абдуллин нанас «ша берх1итта шарахь меттахь лелийна, х1инца оцу ж1аьлешка д1алур вац хьо»,-аьлла, шайца д1авигна хиллера доьзало шайн да.
Суна дагадог1уш а, «советан 1едал дика 1едал хиллера, и д1адаьлча, дерриг а дуьйхи», — олурш бара. И 1едал доьхча, хазахетарш а бара. Эзар исс б1е кхузткъе шийтталг1ачу шарахь дуьнен чу яьллачу суна билггала ца хаара и 1едал муха хилла. Тхан ненан нанас дуьйцура: «Тхо Сибрехара ц1а даьхкича, четахь кха т1ера пхи ж1онк деъна, аьлла, пхи шо хан тоьхна, чу йоьллира пхеа беран нана», — бохуш. И чуйоьллина зуда юьйцура цо цуьнан ден ц1арца, и чуйоллийтина стаг вуьйцура цо цуьнан ден ц1арца. Уьш хала заманаш хилла. Ткъа тахана 1абдуллас ма-ярра юьйцу и зама, аьлча а оцу заманан адамаш. Диканиг дика вара олу цо, амма вониг ца кхоаво. Бакъду, диканиг вуьйцуш, мелла а самукъадолу 1абдуллин.
Нажин-юьртан к1ошта ша балха хьажор а, цигара, дагахь шалхо йоцу, дика адамаш дуьйцу цо. Суна ч1ог1а хазахийтира цо нажи-юьртахойх дика, хастаме мел аьлла дош а. Оцу к1оштарчу 1исин-юьртахь со кхиъна йолу дела, суна дика евза оцу адамийн ц1ена, комаьрша амал. 1абдуллас хьахийна Т1урт1и-к1отарара школан директор Хатамаев 1ела тхан гергара ву. Цигахь школа чекхъяьккхира ас.
Гуш ду, цунна нохчийн къам тоьлла хила лаар, цунна шен къам дезар. Адамехь хила еза дика аг1онаш йийцина, ягарйина ваьлча, уггар коьртаниг 1илма 1амор лору цо. И деза хета цунна, х1унда аьлча 1илма к1орггера девзаш верг цхьаммо а 1ехор вац, зуламечу новкъа воккхур вац, шен къомана зиэн дийр дац, пайда бен. Иза коьртаниг лору Киндаровс.
Сайн дахаран зиэделларг доккха дацахь а, х1ара мог1анаш ца яздича 1ен ца елира со. Х1унда аьлча, и кхо книга йоьшуш, цецйийларан доза доцуш, оццул ларам хилира сан 1абдуллига. Цо шен дахаран некъаца пайде хьехам бо кегийрхошна. Цуьнан дахарехь масийтта 1едал хийцаделла. Оцу х1ора 1едалан дики-вон аг1онаш а, оцу 1едалийн коьртехь хиллачу нехан амалш а йовзуьйту цо.
Мацалла, г1ело ловш, цу т1е нохчо хиларна массо х1уманна «бехке» хилла, шен къоман ц1е ларъян г1ерташ, ша дешна а ваьлла, 1едалан белхашка нисвелча, кара х1ума ян аьтто болуш д1ах1оьттича, кура ца велира иза. Харц-бакъ ца хьехош, бахам гулбан ца г1иртира. Мискачу нехан хьакъ ца диира. Т1ек1елйина г1аланаш ца йира. Цундела тахана вайга эвххьаза ала дош ду-кх Киндаров 1абдуллин! Аллах1-Дала цунна дика доьзал, берийн бераш делла. Цул доккха совг1ат, цул боккха бахам а хуьлийла а дац.
Мел хьоме лелийна Киндаровг1ара шайн нана. Шаьш мел сихачу белхашкахь хиларх, «юха к1ирнах г1ур дара цига-м», — аьлла, ца 1аш, х1ора к1ирнах шайн нана йолчу Белг1ат-эвла буьйса яккха г1уш. Массеран а ца кхочу ишттаниг дан ницкъ. Т1ера да цомгуш а волуш (т1амехь лазийна хилла иза) доьзал кхиийначу нанна деза совг1ат ду бераш ийманехь хилар. Нахаца дика хилар царна т1едуьллуш хиллера нанас.
Иштта доггаха, вайн къомана т1ех1иттинчийн хилла бахьнаш достуш, книга язъян атта дац. И хала декхар шена т1елаьцна, кхоччуш дика къахьегна 1.Киндаровс. Даггара Дела реза хуьлда ала лаьа суна Киндаров 1абдуллина.
1абдулла-Хьаьжа, хьан чкъуро шен белш т1ехь д1акхийхьи вайн халкъан лазам. Х1етахь а, х1инца а. Тхуна шу деза ду, оха даггара лору шу. Тхаьш йоккхучу ханна шух масал эцар тхуна т1ехь ду.
Дала айхьа мел лайнарг, мел хьегнарг меле, йоле дуьллийла хьуна! Дуьненахь а, Эхартахь а юьхьк1ам ма эшабойла хьуна Веза-Кхоьллинчу Аллах1а! Амин!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

157