Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

13.05.2016 14:19 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 32-33 от 13.05.2016 г.

Халкъан а, мехкан а дуьхьа ваьхнарг

Автор: Д.СУМБУЛАТОВ

2004-чу шеран май беттан 9-чу дийнахь дукха адам дара Соьлжа-г1аларчу стадионехь Толаман Де даздан гулделла. Гуттар а ша ма-вогг1ура, т1еман дакъалацархошца хазахетар декъа веанера Нохчийн Республикан Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Б1аьстенан декхначу дийнахь ямартло, тешнабехк кечбинчара дахаран некъ хадийра Ахьмад-Хьаьжин (Дала гечдойла, Дала г1азот къобалдойла цуьнан). И шийла кхаъ баржийра хаамийн г1ирсаша ярташкахула, г1аланашкахула, пачхьалкхашкахула, мел хезначуьн дог а дохош. Уггаре а хьалха кхолладелла синкарзахе хаттар, массеран а аьлча санна, цхьаъ дара: «Юха а т1ом болало-те, х1ун хила доллу-те?» Иштта хаттар кхолладалар ларамза а дацара, х1унда аьлча Ахьмад-Хьаьжас олуш дара: «Со т1ом сацо г1ерташ вац, со т1ом гуттаренна а д1абаккха г1ерташ ву». Новкъавара Ахьмад-Хьаьжа Нохчийчуьра т1ом ца сацийта, нохчийн къам хьийзо 1алашо йолчарна. Шайн тешнабехкаца, ямартлонца уьш к1езиг бацара. Царна т1амах болу пайда боккха бара. Ахьмад-Хьаьжа санна болу нах наггахь бен ца кхиабо халкъо, ца бовлу халкъана юкъара. Бевлча а, церан сий-пусар дан а, уьш ларбан а кхетам, хьекъал ца тоьаш муьраш дукха баьхкина нохчийн исторехь. Шен доьналла, хьекъал, кхетам болу къонахий бовза, уьш лара, ларбан, церан сий-ларам бан ца хуу къам дехха халонехь, сингаттамехь деха, ша иштта дахаран бахьнах цхьа хан д1аяьлча бен ца кхеташ. Куьйгалхо воцу къам тобанашка декъало. Иза ю къам дакъазадаларан хьалхара г1улч. Шен оьмарехь и г1улч яьккхинчу къомах цхьа къам дан, барт-марзо хилийта г1ерташ, т1еман ц1е д1а а яйина, машар х1отто 1алашо яра Ахьмад-Хьаьжин. «…Со нохчийн халкъан паччахь вац, со нохчийн къоман ц1арах машаран векал ву» — дешнашца шен дахаран некъ машаран, масла1атан некъ хилар ч1аг1динера Ахьмад-Хьаьжас. Иза цуьнан амалан дикачех аг1о яра, и аг1о яра халкъо цуьнгахь гуттар а къобалйийриг – машар кхайкхор. Историн некъан бохаллехь Ахьмад-Хьаьжа нохчийн къоман хиллачу массо а баьччанех, куьйгалхойх дуьххьарлерниг вара дахар масла1атечу, машаречу новкъа даккха араваьлла. Иштта сирлачу вастехь вехар ву Ахьмад-Хьаьжа халкъан дагалецамашкахь, иэсехь а.
Вайн нохчийн къоман историн некъе а, цуьнан кхолламе а б1аьргтоьхча, хиллачун, леллачун леррина ойла йича, гушдерг а, билгалдолург а цхьаъ ду: чолхе а, къиза а дахар хилла нохчийн халкъан. Историн некъан муьлхха а мур схьаэцча, оцу муьрехь хиллачу куьйгалхочун я т1еман баьччан кхолламе хьаьжча, билгалдериг цхьаъ ду: декъаза кхоллам хилла церан а, шайн халкъан санна. Хьалха хилларг, тахана дерг, хьалха хилла а, тахана йолу а юкъараллин-политически хьал вовшех тера ду, вовшех къаьсташ а ду. Вовшех уьш къаьсташ хиларан коьрта билгало: хьалха хиллачарел тахана долу адам кхетам лакхара хиларца къаьсташ хилар. Х1окху халачу хьелашкахь куьйгалхо хила хала ду, х1унда аьлча хийла вайн дайша сийлахь лийринарг сийсаздина, бехкамех бехказлонаш йина, шайна атта а, нахана ницкъ беш ехаш тобанаш хиларна. Нохчийн къам иттаннаш дакъошка, партешка, боламашка декъаделлачу хенахь; къам х1аллакьхиларна а, ша-шен х1аллакдаран а зил т1е кхаьчначу хенахь, йиша-ваша а вовшашца ийг1ина, гергарлонаш хедачу хенахь, доьзалш а бухучу хенахь, стагана ша-шех а жоп дала хала долчу хенахь Нохчийн Республикан Куьйгалхо вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Дукха къахьийгира цо ша куьйгалхо хилале хьалха а Нохчийчохь т1ом ца хилийта г1ерташ. Г1аланашкахь, ярташкахь адамаш вовшахдетташ, гуламашкахь, кхеташонашкахь долуш дерг ма-дарра д1адуьйцуш, зуламан бахьнаш, зуламан дай а бовзуьйтуш, къахьоьгура, болх бора цо. Иза кхоьрура юха а вайн махкахь т1ом баларна, цундела цо кхайкхам бора т1еман ц1ерга халкъ кхосса г1ертачаьрга: «Шуна къа х1унда ца хета х1инцца т1амна бухара дала г1ертачу халкъах? Шаьш ох1ла доцучу г1уллакхех байракхаш йина, вайн дайша б1ешерашкахь лелийна бусулба дин, 1адаташ, ламасташ емал а дина, шу х1ун пачхьалкх кхолла г1ерта? Дита лулара къаьмнаш а шайн ц1ахь, шайн лаамехь даха. Вешан ц1ахь даха хууш доцу, вовшашлахь барт а боцу шу х1ун дика, х1ун дин эцна даха дохку луларчу Дег1астана?»
Цуьнан кхайкхаме а, цуьнан дехаре а ла ца дуьйг1ира. Цуьнан кхайкхаме ладогг1ал а синош а, дог1маш а маьрша дацара зуламан дайн. Историн йохаллехь (1999 шо кхаччалц) нохчийн лаьтта т1ера цхьа тоба ца яхнера кхечу къоме т1ом хьебан. Тайп-тайпанчу къаьмнийн векалех лаьтта т1емалойн тобанаш Нохчийчуьра Дег1астана яхара. Оцу хенахь дерриге а дуьне а ладоьг1уш дара, хьан х1ун олу-те, бохуш. Бух болуш, т1аьхьало а йолуш къоман ц1арах, къомах а, махках а жоп а луш, дош ала стаг хила веза мур бара иза. Доьналла оьшура: харцо харцо ю ала а, бакъдерг бакъ ду ала а. И доьналла шегахь дерг Нохчийн Республикан муфти Ахьмад-Хьаьжа вара. Цо, цхьана а кепара д1а-схьа а те1ар доцуш, ма-дарра массарн а д1ахаийтира: Дег1астана бахнарш нохчийн къоман ц1арах бахна цахилар, къомаца церан цхьа а з1е цахилар а.
Эвлаяашна а луьйчу заманахь куьйгалхо хила доьналла къаьчначух вон дош олурш бовлар цецвала х1ума дацара. Хьаг1, массо хенахь а, шел тоьлла волчуьнца лелайо. Х1ун толам бара Ахьмад-Хьаьжас баьккхинарг? Уггаре а хьалха толам харцонна т1ехь баьккхира цо. Ас-со бахарал хьаладаьккхира (иза-м цуьнгахь хьалха а дацара) цо къоманана вацар, цунна г1уллакхдар, цуьнан лазамаш, лехамаш, сатийсамаш, дегайовхонаш шен а йина. Царех дуьйзира цо шен дахар. Цунна къеггина тоьшалла ду къоме цо референдумехь дайтина хаттар: «Хьуна муьлххачу пачхьалкхехь даха лаьа, нохчийн къам?» – аьлла.
Оцу хаттарна жоп деллачул т1аьхьа, къоман дагахьдерг х1ун ду хиъначул т1аьхьа, шен хьекъал, кхетам, ницкъ, доьналла а т1ехьажийра къоман синкхачан хьостанаш ц1андарна, уьш юхаметтах1итторна. Ахьмад-Хьаьжа куьйгаллехь волуш махка ц1аерзийра иллиалархойн тобанаш, юхакхоьллира, меттах1иттийра ансамблаш: «Вайнах», «Нохчо», «Даймохк»; театраш: Х.Нурадиловн ц1арах ерг, оьрсийн, тайнагийн; музейш, библиотекаш. Меттах1оттийначу телевиденехь нохчийн къоман 1адаташна, г1иллакхашна лерина передачаш д1ахьора. Лоькхура эшарш, олура иллеш. Уьш, къоман синан а, амалан а билгалонаш, хьехор, яржор дихкина дара «нохчийн пачхьалкх» ян арабевллачара. Хиндерг хууш санна, Ахьмад-Хьаьжа сиха вара адамашца цхьаьнакхетарш д1адахьа. Цхьаьнакхетаршкахь ша деш долу къамел, хаттаршна ло жоьпаш, муьлххачу а хаттарна, бух болуш, т1аьхьало йолуш, 1аьвшшина а хуьлура цуьнан. 1аламат дукха болх бира Ахьмад-Хьаьжас махкара арабевлларш ц1аберзо а, уьш Нохчийчохь д1атарбан а г1ерташ, кхерам а боцуш церан дахар хилийта 1алашо йолуш. Цуьнан тергонехь схьайиллира иттаннаш ПВР-аш, г1о-накъосталла дира б1еннашна, эзарнашна г1орасиз, заь1ап долчу адамашна. Цуьнан бала бара 1илманчийн, спортсменийн, студентийн дахар-1ерца, церан сатийсамашца, ойланашца. Цо ца элира 1илманчашка: «Хьостамаш де!», цо ца битира пенсионераш: «Шун пенсех герз эцна…», — аьлла; ца элира хьехархошка: «Шайна лаахь, болх бе, ца лаахь — школашкара д1адовла, шуна дала алапа дац сан…» Ахьмад-Хьаьжас цаьрга массаьрга а кхайкхам бира, ша куьйгалле х1оьттина масех к1ира даьлча: «Махкахь а, махкал арахьара 1илманчаш, кхетам, хьекъал долу, х1окху халкъаца, махкаца а бала болу нах! Шуьгара г1о оьшу халкъана, махкана, суна а Нохчийчохь дахар юхаметтах1отто. Вай массара а лардан деза х1ара къам бохамех, цундела х1ораммо а шен ас-со д1ататта деза, дарба лаха деза къоман лазамечу чевнашна. Нагахь г1о дан шаьш кийча дацахь, новкъарло цаяр доьху ас…» Къам декъа а ца доькъуш, х1ара дика ву, х1ара вон ву а ца бохуш, х1ара дехьа хилла, х1ара сехьа хилла а ца бохуш, барт бан нигат а дина, вехаш хилар гора цуьнан х1ора а дашехь, цо маршонехьа йоккхачу г1улчехь. Нохчийн къоман дахарехь цкъа а цахилларг дара Ахьмад-Хьаьжас динарг: спортсменашна, артисташна, яздархошна деза совг1аташ дира. Гуьмсехь вовшахтоьхна д1адаьхьира А.Айдамировс «Еха буьйсанаш» роман язйина 30 шо кхачар даздаран хьолехь, яздархоша, 1илманчаша, журналисташа докладаш а еш (2002 шарахь). Нохчийн халкъан яздархочунна А.Айдамировна «Волга» машен совг1атна елира. Махкахь а, махкал арахь а дика вевзачу Х.Нурадиловн ц1арахчу театран актеран Д.Омаевн 60 шо кхаьчча даздарш д1адаьхьира Гуьмсерчу Берийн кхоллараллин Ц1ийнехь. И цхьаьнакхетар чекхдаьлча «Волга» машенан дог1анаш д1аделира Дагунна. Иштта «Волга» машенаш елира халкъан илланчина В.Дагаевна, актерана С.Дакаевна. «Терек» командин х1ора декъашхочунна машенаш луш тешаш хилира вай. Б1еннаш заь1апхошна маьхза д1аелира машенаш. Дарбане сатуьйсу эзарнаш адамаш (дуккха а харж еш) Москва, кхечу г1аланашка а хьовсийра; эзарнаша бераша садаь1ира РФ-чу тоьллачу курорташкахь, санаторешкахь. Ахьмад-Хьаьжа куьйгаллехь волуш, цо оьшшучу барамехь ахча хилийтарна, схьайиллира школаш, лакхара дешаран заведенеш. Уьш дерриге а вайна гина, вайна девза дика г1уллакхаш ду. Ткъа мел дара, кхин а вайна ца девза, цо дина диканаш! Халачу, адамийн синошна чевнаш йинчу, адамаш карзахдевллачу заманахь дехаш дара вай. Хала дара ишттачу хенахь куьйгалхо хила, къоман а, мехкан а дуьхьа вехаш хилча муххале а. Ахьмад-Хьаьжа къонах а, хьекъале политик а вара. Цо Россехь а, кхечу пачхьалкхашкахь а дехачу халкъашна д1ахаийтира нохчий террористаш цахилар, зулам Нохчийчу деана хилар, и зуламхой т1еэцнарш нохчашлахь к1еззиг бен цахилар. Ша 1елимстаг хиларе терра, цо ша мел йоккху г1улч, мел олу дош нисдора бусулба динан т1едахкаршца, лехамашца. Муьлххачу а къоман дахаран ойла йича, цуьнан леррина тидам бича, иэсехь карлаюьйлу тайп-тайпанчу политикийн ц1ераш. Царна юкъахь бу зуламан дай, зовкхе, беркате дахар д1ах1оттийнарш, къомана дикане боьду некъ билгалбинарш. Царех уггаре а сий-ларамечу т1ег1анехь ву – адамаша хазачу, ларамечу дашца ц1е йоккхург, иэсехь виснарг. Делахь-х1ета, Ахьмад-Хьаьжа дикачу дашца шех дагалецамаш хилийта, къоман иэсехь виса а кхиъна, ша къоман дуьхьа дина дика дуккха а г1уллакхаш бахьнехь. Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман дакъалацархоша баьккхинчу Толамах цаьрца цхьаьна хазахетар декъа вахханчохь тешнабехк бира Ахьмад-Хьаьжина. Цуьнан дахаран некъ хадийначеран ницкъ ца кхаьчна дикане, масла1ате, НР-ка юхаметтах1отто цо билгалбина некъ хадо. Мостаг1ий ницкъ ца кхаьчна халкъан дикане сатийсар, дегайовхо а хадо. Шен ден некъ ца ходуьйтуш, Нохчийчохь беркате къахьоьгуш ву цуьнан к1ант, РФ-н Турпалхо, НР-н Куьйгалхо Р.А.Кадыров. Дала декъалвойла, шен са а ца кхоош, халкъан дуьхьа ваьхна Ахьмад-Хьаьжа!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

258