Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

02.06.2016 11:16 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 38-39 от 02.06.2016 г.

Школехь цхьаьнакхетар д1адаьхьира (Сумбулатов Абузар дагалоцуш)

Автор: С.БУЛАТОВ

Гуьмсен к1оштарчу школашкахь тайп-тайпана чулацам болуш цхьаьнакхетарш, даздарш д1ахьо, къона чкъор кхетош-кхиоран 1алашо йолуш. Оцу цхьаьнакхетаршкахь дуьйцу Даймахках, яздархойн кхоллараллах, турпалхойх, шайн дахарца юьртан, мехкан дика ц1е яккхийтинчу адамех. Оцу адамийн дахаран некъах масал эца 1амабо дешархой хьехархоша. Иштта 1алашо йолуш вовшахтоьхначу цхьаьнакхетарех дара х1окху деношкахь Сумбулатов Абузаран ц1арахчу юккъерчу школехь хьехархочо Салманиева Индирас дешархошца: Даипова Хедица, Гичикаева Шари1атца, Шовхаева Маккица, Турлаева Дианица, Юсупова Элиница, Шуаипова Амица, Радуева Хьавица, Турпалханов Деница, Абуев Исламаца, Исмаилов Асланаца, Сумбулатов Ибрех1амца – цхьаьна д1адаьхьнарг а. Салманиева Индирас йовзийтира цхьаьнакхетаран 1алашо: «Вайн вовшахкхетар лерина ду вайн юьртахо дагалаца. Вайн школа, цул т1аьхьа Соьлжа-г1алара университет, Ленинградера университетан аспирантура кхиамца чекхъяьккхина, Нохчийн пачхьалкхан университетан оьрсийн меттан кафедран доцент, 1илманча, дика адам дара Сумбулатов Абузар. Абузаран ц1е дика йоккху вайн махкахь, цо ша дуьненахь маьрша яьккхинчу хенахь юьртан, мехкан, шен ц1е а ларъеш, хьанал къахьегна дела. Цуьнан хьанал, ц1ена некъ хадийра 1999-чу шеран апрель беттан 26-чу буса цадевзачу зуламечу адамаша шен чуьра къизаллийца иза д1авигна. Тахана а, шех хилларг ца хууш, т1епаза вайна ву иза. И саннарг лан хала ду йиша-вешина, цуьнца уьйр-марзо мел хиллачарна. «Мехкан меха к1ант вара Абузар: доккха 1илма дара, дин дара, шен меттехь ала говза дош долуш, буьйцучу меттан аьхна 1аь йолуш вара иза», — олуш хеза иза вевзинчара. «Шен г1уллакхашца, ойланашца, сатийсамашца къоман синлазамашца вехаш стаг вара Абузар» — тоьшалла до цуьнца уьйраш хиллачара. Бераш, шу кегий дара Абузар д1авуьгучу хенахь. Вайн школа цуьнан ц1арах еш Омра арадаьллачу хенахь, кегий хиларна, цхьадолчу берашна ца вевзара Абузар, юьртахо вуй а, хьенан ву хаахь а. Шен 1илманца, хьекъалца, оьздангаллица, г1иллакхца, дикачу амалца, адамашца хиллачу ц1еначу уьйрашца ша везийтина, ша ларийтина Абузар шуна вовзийта хьакъволу дела д1ахьош ду вай тахана х1ара цхьаьнакхетар, цуьнан дахар шуна масал хилийта».
Хьехархой, дешархой г1айг1анан, сингаттаман йийсаре а буьгуш, тийналлехь хеза пондаран г1ийла мукъам. Г1айг1ане, г1ийла хезачу мукъамах д1аоь иштта г1айг1ане дешнаш:
Буса со вижа ца вуьтуш,
Белхаран къурдашца кхойкхуш,
Хаддаза сан лерехь хеза
Хеназа беллачийн узар,
Бехкбоцуш байначийн узар,
Каш доцуш байначийн узар,
Беллачех хьеггал гатбелла,
Шаьш тийжа бисначийн узам…
Абузар шен доттаг1ашца, цхьаьна дешначаьрца, белхан накъосташца волчу сурташка г1ийла б1аьрг а бетташ, Юсупова Элинас дуьйцу: «Вуьрх1итта шо ду Абузар шен чуьра зуламхоша д1авигна. Вуьрх1итта шо ду цуьнах дерг ца хаьа. Дукха наха Аллах1-Деле вехна Абузар, ц1аверзор доьхуш. Делан диканах дог ца дуьллуш, деха вай тахана а». Элинас дуьйцург т1едузу Даипова Хедас: «Абу-1елин а, Маккин а ворх1 к1ант вара, Абузар шолаг1ниг а волуш. Кхеран да, Абу-1ела, Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман дакъалацархо, Польшехь а т1ом бина вара, шех заь1апхо а хилла, командираша юхаваккхалц».
Д1адаханчу б1ешеран 80-чу шерашкахь дика девзаш, наха дезаш т1еэцна а дара Абузаран дешнаш т1ехь композиторо Даудов Рамзана мукъам баьккхина, д1аолуш хилла «Ма елха, к1ант вайна нана» — ц1е йолу илли. Ткъе цхьайтта шо хьалха язйина илли, Абузаран дешнаш, тахана ладоьг1ачийн лерсине кхочура, г1айг1ане синмерзаш хьедеш, къаьхьа къурдаш логехь сецош, б1аьрса дуьрачу хиша а кхулуш:

Дуьнен чохь массо а нанна
Шен берел сов дезац х1ума,
Цхьаъ велахь, ворх1 велахь к1ант шен,
Цхьатерра хьомсара ву ненан.

Даймехкан парг1ато хьоьшуш,
Мостаг1а т1елата воьлча,
Цхьаъ велахь, ворх1 велахь к1ант шен
Цу т1аме хьажийна нанас.

Хьо х1унда йоьлху, к1ант вина нана,
Хьан даго кхойкхург вог1ур вуй-те?
Ахь денна белхо бос 1аьржа ши б1аьрг,
Замане хьаьжча, эрна дуй-те?

Шовзткъа шо д1адаьлла, нана,
Цу т1еман г1овг1а д1атийна,
Амма вай г1азотехь белларш,
Бицбийр бац мел зама яларх.

Гулбехьа хьайн ницкъ ахь, нана,
Елхаран къурд логгехь сацабехьа,
Юха а бу цу т1еман кхерам,
Дуьнен чохь к1ентийн барт бехьа.

Абуев Ислама дуьйцу: «Абузара а, Димаев 1елас а д1адолийна, Хаджиев Саламбека и г1уллакх мага а дина, т1амо г1алара ц1енош а дохийна висинчу нохчийн меттан 1илманчина, университетан сийлахьчу профессорна Джамалханов Зайндина Лаха-Неврехь латта а къастийна, 1едалан харжах ц1енош дуьйг1ира. Зайндис юх-юха а баркалла олура Хаджиев Саламбекна, Димаев 1елина, Абузарна а».
Дешархоша дечу къамелаца, тоьшаллин дагалецамашца д1аийна, са карзахдохуш, ойланаш цкъа пана хьош, юха Абузара гездинчу, гезданзачу некъашкахь хедаш, юх-юха а хеза г1айг1ане, сингаттаме пондаран аз-мукъам. Стенна, хьан, х1унда, х1ун 1алашо йолуш? – хаттарша сагатдо, сахьийзадо, садуу, синна а, могашаллина а ницкъ а беш, г1ело а еш. «Тхан керта беанчу бохамах дерг аьлча, нах тхуна дика орцахбевлира. Тахана а хотту тхоьга Абузарх дерг. Уггаре а халаниг ду: х1унда, муха, хьан, х1ун 1алашо йолуш Абузар д1авигна а, иза мичхьа ву а, я иза дийна ву-вац тхуна хууш цахилар… Бакъду, ц1енна дерг цхьаъ ду: ворх1е а дайшкахь дуьйна тхуна т1ехь ч1ир яцара, цхьаьнцца а дов дацара, оха нахана бина вон болх а бацара. Селхана д1авигча санна, наха хоьтту тхоьга иза, х1ора дийнахь бохург санна», — довзуьйту Абузаран вашас Денис дийцинарг Шовхаева Маккас. Нохчийн халкъан поэта Рашидов Шаида Абузар дагалоцуш аьлларг довзуьйту Исмаилов Аслана: «Абузар лаккхара кхетам болуш, нахаца юкъаметтиг ц1ена лелош, хаза, оьзда юьхьсибат долуш вара. Нийса, бакъ дош дезаш, олуш а вара. Дала мукъалахь, иза ц1авог1ур ву, рицкъанаш иштта яздина хилла цуьнан. Шен халкъан дуьхьа вехаш вара иза. Диканиг бен цуьнах ала х1умма а дац сан. 1илма долу стаг кхио хала ду, волуш верг ларван а везара вай…»
Юсупова Элинас, Турлаева Дианас а йоьшу Абузарна лерина поэташа Ш.Рашидовс а, Х-Б.Борхаджиевс а язйина стихаш: «Ма къайлаваьккхи хьо…», «Возвращайся, Абузар!». Цхьаьнакхетаран 1алашонца, чулацамца, амалца а йог1уш яра «Адамаш» — эшар. Цхьаьнакхетар д1адерзош, Салманиева Индирас элира: «Вай а, махко шех дозалла дан хьакъ ву вайн юьртахо Абузар. Вай дог ца дуьллу иза ц1авог1ур хиларх. Цуьнга хьоьжуш нана ю, вежарий, гергарнаш, доттаг1ий, юьртахой, иза вевзаш мел хилларш а бу. Да, Абу-1ела (Дала гечдойла цунна) шен к1антах дерг ца а хууш, бакъдуьнене вирзина. Теша вай – маьрша воьрзур ву иза шен ков-керта. Абузаран ц1арах ю вайн школа, Гуьмсехь урам бу, адамийн дегнашкахь дикачу ц1арца висна «Масла1атан мотт сецча, ц1ий 1аьнний» — хаарна, масла1атечу маттаца адамашлахь барт-марзо ч1аг1ъеш ваьхна Абузар».

Сумбулатов Абузар

Хошкалде
Дагца йина ч1аг1о ю сан,
Хьоьх ца вала, Хошкалде,
Безам бахна, ойла сецна,
Даимна со хьоьца вехар ву.

Хинкоьртехь соьцуш бу
Хошкалдера мехкарий,
Дагарадуьйцуш к1ентий лаьтта -
Церан дахар ирсе ду.

Стигла кхийдаш г1арг1еш лаьтта,
Сийна баххьаш лестадеш,
Мехкарий бу эшарш лоькхуш,
Ирсе дахар хестадеш.

Дай баьхна, Хошкалде,
Сан синан хьомсара ага,
Хьоьца мел дерг хьоме ду,
Нанна шен бер санна.
1968 шо

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

111