Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

11.08.2016 14:17 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 52-55 от 11.08.2016 г.

Адамашна диканиг деш яхар ирс хета…

Автор: Л. Ибрагимова

«Дуьненан уггаре а исбаьхьачу, бецан тхи санна ц1ена шовданаш а, берийн б1аьрхи санна ц1ена х1аваъ а долчу, буьйсанна а хьозарчийн мукъамаш ца совцучу Гуьмсан к1оштарчу Джалкхехь ехаш ю со. X1apa дуьненан ялсамани цхьана а меттигца хуьйцур яцара ас», — бохура Джамалаева (Мадаева) Амината.
Гуьмсехь биъ некъ къаьстачохь, йоккхачу г1овг1анна юкъахь 1ийна йолу иза цецъюьйлура дахаран некъаша Джалкха юьрта ялийна, яха хиъча, цигара 1аламан исбаьхьалла гича.
А.Джамалаевас къинхьегаман некъ д1аболийна Гуьмсерчу №5 йолчу юккъерчу школехь нохчийн меттан а, литературин а хьехархочун болх беш. Шена денанас 1амийна вайнехан г1иллакхаш а, 1адаташ а марздеш кхиийна цо шен дешархой, иштта — Даймехкан дуьхьа къахьега а, баккхийчаьрца ларам хила а, кегийчеран 1уналла дан а. Х1инца а церан кхиамех йоккхаеш а, царех доглозуш а еха иза. Цо дийцарехь, царах дукхахберш дешарехь а, балхахь а хьанал шайн декхарш кхочушдеш бу.
Цхьана ханна хьехархочун болх бинчул т1аьхьа Гуьмсан муниципальни к1оштан дешаран урхаллехь коьртачу говзанчин болх т1елецира А.Джамалаевас. Ткъе шолг1а шо доладелла цо цигахь къахьоьгу. Оцу хеначохь т1екхуьучу т1аьхьенна пайдехьа г1уллакхаш дуккха а дина цо. Масала, къоначеран сагатдечу «Деша мича ваха веза?» бохучу хаттарна жоп луш ю, хьехархошна, дешархошна, дай-наношна лерина 2005-чу шарахь оьрсийн маттахь цо арахецна «Твоя профессиональ¬ная карьера» методикин пособи. Цу декъехь (хоржучу говзаллех лаьцна) психологически тренингаш а йо, хьехарш а до. Дуккха а дешар¬хошна царах пайда а болу.
Адамийн дахар Пайхамаран (1.с.в.с.) т1едахкарш кхочуш а деш, динца бен хила йиш яц, аьлла хета А.Джамалаевана. Нахана пайде а йолуш, дуьненахь хан яккхар ирс хета цунна.
«Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла боху, — дуьйцура Амината, — «Дийнахь кхаа адамо хьуна даггара «Дела реза хуьлда» аьлча, маликаша, вовшашка кхаьънаш а дохуш, шайн т1емаш т1ехь, хьажал Хьан лено, Хьо реза а веш, даьккхина де, бохуш, Аллах1ана т1е д1ахьо боху и де. Дала дезачу вайна иштта денош алсам мел хили а дика ду. Х1окху т1аьхьарчу хенахь x1opa суьйрана ц1а яхча, дийнахь айса диначу г1уллакхийн мах хадабо ас. Маса адамна г1о-накъосталла дина, дог айъина «Дела реза хуьлда хьуна» алийтина хьожуш. Нагахь санна уьш иттаннал сов белахь, де эрна ца даьлла хета суна. Амма суо цу т1е ца кхаьчнехь, цуьнга эццехь иза ала дезаш хиллера, х1окхунна a г1o дан дезаш хиллера, делкъе ян ца йоьдуш я белхан хан д1аяьлча, жимма т1аьхьа а сецна, иза чекхдаьккхинехь, иттанга кхочур ма яра олий, суо-сайна реза ца хуьлу. Т1ейог1учу хенахь и барам совбаккха а хьожу. Иштта, йоьд-йоьдуш, цхьана «б1аьвне» йоьду».
Адамашкахь А.Джамалаевана уггаре а товш дерг ду: вовшийн дезар, говза, комаьрша, бертахь хилар, къинт1еравала хаар. «Диканиг дан сихло!» — бохучу кхайкхамца еха иза.
«Сан пхи-ялх шо долчу хенахь Владимир¬ски академи чекхъяьккхина ненавешин к1ант нана ган а, Соьлжа-г1алахь ша балха х1уттуш хилар хаийта а веанера, — кхид1а а дуьйцура Амината. — Х1етахь цо цунна дина хьехар х1инца а диц ца делла суна. «Деца лойла хьан, Хьусайн, цхьа х1ума эр дара ас хьоьга, дика ладог1алахь, — элира тхан нанас. — Болх массо хенахь а ца хуьлу хьуна, иза ца балуш а, д1авалар а, д1аваккхар а нисло. Адамашца дика хьо хиллехь, новкъахь вог1уш-воьдуш, геннара мохь беттар бу хьоьга: «Хьусайн, хьо вог1уш ву» бохуш. Нагахь санна хьо нахаца вуон хил¬лехь, наха букъбеттар бу. Нехан г1уллакх а деш, хьуо царна везийта хьажалахь. Ахь дина дика г1уллакх цкъа а довр дац хьуна, д1адиллича санна карор ду хьуна»...
А.Джамалаева к1оштарчу дешархошна юкъахь д1ахьочу къовсамашкахь, фестивалашкахь жюрин декъашхо хуьлу. Х1инца масех проект ю цо кхочушъеш. Масала, «Ас ЕГЭ д1алур ю», «Сан хир йолу говзалла», «Массарел хьекъале», «Виъ хуург», «Къона дукхахуург», «Пох1ме бераш». Оцу юкъахь бу школийн, к1оштан, республикин къовсамийн дакъалацархой. Гуьмсан к1оштарчу школашкахь дешархой кхетош-кхиош бечу балхана т1ехь терго латтош а, кхит1е а долчу дешаран учрежденеша беш болу болх, вовшийн дага а бовлуш, байтарна а, дешаран, культурин учрежденийн юкъара (единая) з1ен система кхолларан а керла кепаш юкъаялош а ю Джамалаева Аминат.
Дика говзанча хилла ца 1аш, А. Джамалаева дика х1усамнана а ю. Цуьнан юьйш-ерзош йоккха керт ю, стоьмийн беш а, даьхни а ду. Цундела Джамалаевг1еран стоьла т1ехь йолу дукхахйолу юург «экологически» ц1ена ю.
«Зудчун ирс иза боккхачу доьзалехь го суна, — бохура А.Джамалаевас, — цундела суо ирсе хета суна. Аллах1а (7 бер, 12 берийн бер) ийманехь доьзал белла суна. Школа чекхъяьккхинчу массара а лаккхара дешар дешна. Царна юкъахь ву 1илманийн кандидат. Школехь доьшуш долу жимахдолу ши бер лоьрийн говзалла караерзо лууш ду. Т1аккха доьзалехь юристаш, хьехархой, г1ишлошъярхой, экономисташ, лоьраш хир бу, Дала мукъалахь».

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

61