Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

18.08.2016 14:29 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 56-59 от 18.08.2016 г.

Нохчийн халкъан иэсехь ву Ахьмад-Хьаьжа

Автор: Дени СУМБУЛАТОВ

2004-чу шеран май беттан 9-чу дийнахь дукха адам дара Соьлжа-г1аларчу стадионехь Толаман Де даздан гулделла. Гуттар а ша ма-вогг1ура, т1еман дакъалацархошца хазахетар декъа веанера Нохчийн Республикан Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Оцу хазачу, декхначу дийнахь ямартло, тешнабехк кечбинчара дахаран некъ хадийра Ахьмад-Хьаьжин (Дала г1азот къобалдойла цуьнан). Оцу тешнабехках хаам баьржира ярташкахула, г1аланашкахула, пачхьалкхашкахула, нохчийн къоман кхолламан, кханенан ойла мел ечун дог а дохош. Нохчийчохь бехачийн уггаре а хьалха кхолладелла хаттар цхьаъ дара: «Халла сацийна т1ом юха а болало-те, х1ун хила доллу-те?» Иштта хаттар эзарнаш адамийн кхолладалар ларамза а дацара, х1унда аьлча Ахьмад-Хьаьжас олуш дара: «Со т1ом сацо г1ерташ вац, со т1ом гуттаренна а д1абаккха г1ерташ ву». Новкъа вара Ахьмад-Хьаьжа Нохчийчуьра т1ом ца сацийта, нохчийн къам кхин а хьийзо 1алашо йолчарна, т1епаза адамаш дайа луучарна. Ахьмад-Хьаьжа санна болу нах наггахь бен ца бовлу халкъалара. Церан сий-пусар дан а, уьш ларбан а кхетам, хьекъал ца хиларна бохамаш баьхкина дуккха а мехкашка, вайна т1е а. Шен доьналла, хьекъал, кхетам болу къонахий бовза, уьш лара, ларбан а ца хууш долу къам дехха сингаттамехь деха, ша иштта дахаран бахьнех т1аьхьа бен ца кхеташ. Вайн къоман исторехь яха йисна дуккха а сийлахьчу, доьналла долчу адамийн ц1ераш. Царалахь хилла эвлаяаш, 1еламнах, т1еман баьччанаш. Заманан некъо голатухучу хенахь, дахаран къилбанах тилла, муьлхачу новкъа д1адаха деза ца хууш ша дисначу хенахь, халкъо къобалвеш, шена хьалхавоккхуш хилла тхьамда. Цара шайн хьехаршца, дахаран-1еран масалшца къам вовшахтухуш, махканна а, халкъанна а т1ебеанчу т1амна дуьхьалдоккхуш хилла. Иштта хиллачу баьччанех ву Бух1ан-юьртара схьаваьлла 1еламстаг, т1еман баьчча Шайх-Мансур, т1еман баьччанаш: Таймин Биболат, Симсарара 1аьлбаг-Хьаьжа, Шерипов Асланбек; политик Эльдарханов Таьштамар. Царех х1ора а шен заманан турпалхо ву. Царех х1ораммо а, шайн синош ца кхоош, къийсам латтийна бакъонехьа, халкъан маршонехьа, шаьш деха хан а, юкъараллин-политически хьал а хьесапе а оьцуш. Церан аг1о лаьцнарш а, царна т1аьхьах1иттинарш а дукха хилла, толамийн дай уьш мел бу. Бакъду, церан некъ эшаме бирзича, тайп-тайпана ц1ераш тохкуш, церан сий-ларам лахбан г1ертарш а ца хилла к1езиг.
Тахана а историкашлахь д1абоьдуш бу и къийсам. Царех бакъ-харц дерг замано, кхетам болчу адамо къастор ду, халкъанна а, махканна а оцу баьччанашкара диканиг, пайдениг мел кхаьчна тидаме а эцна. Баккъала а волу 1у-да воцу къам тобанашка декъало. Иза ю къам дакъазадаларан хьалхара г1улч. И г1улч къомо яьккхина масех шо даьлча, эзарнаш адамаш дайича, Нохчийчоь йохийча, къам тобанашка декъаделча, царалахь мостаг1алла даьржича, х1оттийра РФ-н Президента В.В.Путина Ахьмад-Хьаьжа Нохчийчохь Администрацин куьйгалле. Ахьмад-Хьаьжас, ша-шен хьала а ца воккхуш, ша куьйгалхо волуш элира: «…Со нохчийн халкъан паччахь вац, со нохчийн къоман ц1арах машаран векал ву». Иза цуьнан амалан дика аг1о яра, и аг1о яра халкъо цуьнгахь къобалйийриг – машар, масла1ат д1акхайкхор, халкъана а, махкана а диканиг дан лаар. Ахьмад-Хьаьжа нохчийн къоман хиллачу массо а баьччанех, куьйгалхойх дуьххьарлерниг вара дахар масла1атечу, машаречу новкъа даккха араваьлла, дуьхь-дуьхьал лаьттачийн амал, къуьйсург х1ун ду, юкъараллин-политически хьал а девзина. Иза герз карахь ца г1аьттира мостаг1чунна, некъах тиллачарна дуьхьал, ткъа бакъонан дашца г1аьттира, шен дахаран а, 1алашонан а коьрта кхайкхам: «Дала бакъо толайойла!» – болуш. Цундела сирлачу вастехь вехаш ву Ахьмад-Хьаьжа халкъан дагалецамашкахь а, иэсехь а.
Вайн нохчийн къоман историн некъе, цуьнан кхолламе б1аьргтоьхча, хиллачун, леллачун леррина ойла йича, гушдерг, билгалдолург цхьаъ ду: башха а, къиза а дахар хилла нохчийн халкъан. Историн некъан муьлхха а мур схьаэцча, оцу муьрехь хиллачу куьйгалхочун я т1еман баьччан кхолламе хьаьжча, билгалдериг: декъаза кхоллам хилла церан, шайн халкъан санна. Хьалха хилларг, тахана дерг, хьалха хилла а, тахана долу а юкъараллин-политически хьал вовшех тера а ду, вовшех къаьсташ а ду. Вовшех уьш тера ца хиларан коьрта билгало: хьалха хиллачарел тахана долу адам кхетам лакхара хиларца къаьсташ хилар. ХХI-г1а б1ешо долало хан Нохчийчохь а хала хьал долуш мур бара, куьйгалхо хила хала долуш. Х1унда аьлча, хийла вайн дайша сийлахь лийринарг сийсаздина, бехкамех бехказлонаш йина, шайна атта а, нахана ницкъбеш ехаш а, дарж дезаш а, къиза а тобанаш дукха яра. Уьш яра тайп-тайпанчу пачхьалкхийн спецслужбийн векалша куьйгалла деш. И хала, чолхе хьал Нохчийчохь долуш, нохчийн къам иттаннаш дакъошка, партешка, боламашка декъаделча, къам ша-шен х1аллакдаран зил т1е кхаьчча, йиша-ваша а вовшашца ийг1ина, гергарлонаш хедачу хенахь, доьзалш а бухучу, стагана ша-шех а жоп дала хала долчу хенахь вара Нохчийчохь Администрацин куьйгалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Дукха къахьийгира цо ша куьйгалхо волуш а, хилале хьалха а Нохчийчохь т1ом ца болабалийта а, сацо а г1ерташ. Г1аланашкахь, ярташкахь адамаш вовшахдетташ, гуламашкахь, кхеташонашкахь, Дуьненахь, Россехь, Нохчийчохь долу политически хьал ма-дарра царна д1адуьйцуш, зуламан дай бовзуьйтуш, болх бора цо. Зуламан орам мичхьа бу, цуьнан дай муьлш бу а дуьйцура цо, ц1ераш а йохуш. Иза кхоьрура юха а вайн махкахь т1ом баларна, цундела цо кхайкхам бора т1еман ц1ерга халкъ кхосса г1ертачаьрга: «Шуна къа х1унда ца хета х1инцца т1амна бухарадала г1ертачу халкъах? Шаьш ох1ла доцучу г1уллакхех байракхаш йина, вайн дайша б1ешерашкахь лелийна бусулба дин, 1адаташ, ламасташ емал а дина, шу х1ун пачхьалкх кхолла г1ерта? Дита лулара къаьмнаш шайн лаамехь даха. Вешан ц1ахь даха хууш доцу, вовшашлахь барт а боцу, шу х1ун дика, х1ун дин эцна даха дохку луларчу Дег1аста?» – бохуш.
Цуьнан кхайкхаме, цуьнан дехаре ла ца дуьйг1ира «баьччанаша». Историн йохаллехь нохчийн лаьтта т1ера цхьа тоба ца яхнера кхечу къоме т1ом хьебан, 1999 шо кхаччалц. Тайп-тайпанчу къаьмнийн векалех вовшахкхетта т1емалойн тобанаш Нохчийчуьра луларчу Дег1астана яхара. Оцу хенахь дерриге а дуьне а ладоьг1уш дара, нохчийн къоман векалех хьан х1ун олу-те, бохуш. Бух болуш, т1аьхьало а йолуш къоман ц1арах дош ала стаг оьшуш мур бара иза. Доьналла оьшура: харцо харцо ю ала, бакъдерг бакъ ду ала а. И доьналла шегахь дерг Нохчийн Республикан муфти Ахьмад-Хьаьжа вара. Цо, д1а-схьа а те1ар доцуш, ма-дарра халкъанна, махканна а хаийтина ца 1аш, Дуьненахь а д1ахаийтира: Дег1астана бахнарш нохчийн къоман ц1арах бахна цахилар, къомаца церан цхьа а з1е цахилар а.
Эвлаяашна а луьйчу заманахь куьйгалхо хила доьналла къаьчначу Ахьмад-Хьаьжина резабоцурш бара, къам а, мохк а бохамах к1елхьарадаккха иза араваьллий шайна хуъушехьа. Халкъ х1аллакдечарна дуьхьалвала, бакъо толо х1оттар бара Ахьмад-Хьаьжин толам. Кхин а х1ун толам бара Ахьмад-Хьаьжас баьккхинарг? Къоман «маршонехьа» г1евттинчийн 1алашонаш, ойланаш ма-ярра евзича, цо къоманна вацар, цунна г1уллакхдар, цуьнан лазамаш, лехамаш, сатийсамаш, дегайовхонаш шен йира. Царех дуьйзира цо шен дахар. Цунна къеггина тоьшалла ду референдумехь х1оттийна хаттар: «Хьуна муьлхачу пачхьалкхехь даха лаьа, нохчийн къам?» – аьлла.
Оцу хаттарна халкъо жоп деллачул т1аьхьа, адамийн дагахьдерг х1ун ду хиъначул т1аьхьа, шен хьекъал, кхетам, ницкъ, доьналла а т1ехьажийра цо мохк юхаметтах1отторна, синкхачанан хьостанаш ц1андарна. Ахьмад-Хьаьжас бохучух, дуьйцучух, дечух тешна, герз охьадиллина, маьршачу дахаре юхабирзира эзарнаш т1емалой, сацийра ярташ йохор, бехк-гуьнахь доцу адамаш лечкъор. Ахьмад-Хьаьжа куьйгаллехь волуш юхаметтах1отто йолийра культуран, дешаран, 1илманан а учрежденеш. Махка ц1аерзийра иллиалархойн тобанаш, юхакхоьллира, меттах1иттийра ансамблаш: «Вайнах», «Нохчо», «Даймохк»; театраш: нохчийн, оьрсийн, тайнагийн; музейш, библиотекаш. Меттах1оттийначу телевиденехь нохчийн къоман 1адаташна, г1иллакхашна лерина передачаш вовшахтоха йолийра. Лоькхура эшарш, д1аолура иллеш. Уьш, къоман синан, амалан а хьостанаш, билгалонаш, дихкина дара «нохчийн пачхьалкх» ян арабевллачара. Хиндерг хууш санна, Ахьмад-Хьаьжа сиха вара адамашца цхьаьнакхетарш д1адахьа. Цхьаьнакхетаршкахь ша деш долу къамел, церан хаттаршна ша луш долу жоьпаш, муьлххачу а хаттарна, бух болуш, т1аьхьало а йолуш, 1аьвшшина хуьлура цуьнан. 1аламат дукха болх бира Ахьмад-Хьаьжас мух1ажарш ц1аберзо, уьш д1атарбан г1ерташ, кхерам а боцуш церан дахар хилийта 1алашо йолуш. Цуьнан г1оьнца а, тергонехь а схьайиллира иттаннаш ПВР-аш, г1о-накъосталла дира б1еннашна, эзарнашна г1орасиз, заь1ап долчу адамашна. Цуьнан бала бара 1илманчийн, спортсменийн, студентийн дахар-1ерца, церан сатийсамашца, ойланашца. Цо ца элира 1илманчашка: «Хьостамаш де!». Цо ца битира пенсионераш: «Шун пенсех герз эцна…», — аьлла. Ца элира хьехархошка: «Шайна лаахь, болх бе, ца лаахь — школашкара д1адовла, шуна дала алапа дац сан…» Ахьмад-Хьаьжас цаьрга массаьрга а кхайкхам бира, ша куьйгалле х1оьттина масех к1ира даьлча: «Махкахь а, махкал арахьара 1илманчаш, кхетам, хьекъал долу, х1окху халкъаца, махкаца а бала болу нах! Шуьгара г1о оьшу халкъанна, махканна, суна а Нохчийчохь дахар юхаметтах1отто. Вай массара а лардан деза х1ара къам бохамех, цундела х1ораммо а шен ас-со д1ататта деза, дарба лаха деза къоман лазамечу чевнашна. Нагахь г1о дан шаьш кийча дацахь, новкъарло цаяр доьху ас…» Къам декъа а ца доькъуш, х1ара дика ву, х1ара вон ву а ца бохуш, х1ара дехьа хилла, х1ара сехьа хилла а ца бохуш, барт бан нигат а дина, вехаш хилар гора цуьнан х1ора а дашехь, цо йоккхачу г1улчехь. Нохчийн къоман дахарехь цкъа а цахилларг дара Ахьмад-Хьаьжас динарг: спортсменашна, артисташна, яздархошна деза совг1аташ дира. Гуьмсехь вовшахтоьхна д1адаьхьира А.Айдамировс «Еха буьйсанаш» роман язйина 30 шо кхачар даздаран хьолехь, яздархоша, 1илманчаша, журналисташа докладаш а еш (2002 шарахь). И цхьаьнакхетар чекхдаьлча А.Айдамировна «Волга» машен елира. Махкахь а, махкал арахь а дика вевзачу Х.Нурадиловн ц1арахчу театран актеран Д.Омаевн 60 шо кхаьчча даздарш д1адаьхьира Гуьмсерчу Берийн кхоллараллин Ц1ийнахь. Оцу цхьаьнакхетарехь «Волга» машенан дог1анаш д1аделира Дагунна. Иштта «Волга» машенаш елира халкъан илланчина В.Дагаевна, актерана С.Дакаевна. «Терек» командин х1ора декъашхочунна машенаш луш тешаш хилира вай. Б1еннаш заь1апхошна маьхза д1аелира машенаш. Дарбане сатуьйсу эзарнаш адамаш (дуккха а харж еш) Москва, кхечу г1аланашка а хьовсийра; эзарнаша бераша садаь1ира РФ-чу тоьллачу курорташкахь, санаторешкахь. Ахьмад-Хьаьжа куьйгаллехь волуш, цо оьшшучу барамехь ахча хилийтарна, схьайиллира школаш, лакхара дешаран заведенеш. Уьш дерриге а вайна гина, вайна девза дика г1уллакхаш ду. Ткъа мел дара кхин а, вайна ца девза, цо дина диканаш! Халачу, адамийн синошна чевнаш йинчу, адамаш карзахдевллачу заманахь дехаш дара вай. Хала дара ишттачу хенахь куьйгалхо хила, къоман а, мехкан а дуьхьа ваха, къахьега нигат а дина. Ахьмад-Хьаьжа къонах а, 1еламстаг а, хьекъале политик а вара. Цо Россехь а, кхечу пачхьалкхашкахь а дехачу халкъашна д1ахаийтира терроризман орам а, зуламан дай а Нохчийчохь цахилар. Европехь, 1аьрбийн пачхьалкхашкахь шен хиллачу цхьаьнакхетаршкахь, журналисташна еллачу интервьюшкахь Ахьмад-Хьаьжас дийцира политикашна, журналисташна Нохчийчохь долу карзахе, т1еман хьал кхолладаларан бахьнех, халачу политически хьолера халкъ, мохк а баккха шен болу лаам бовзуьйтуш. 1еламстаг хиларе терра, цо ша боккху ког, олу дош нисдора бусулба динан лехамашца. Муьлххачу а къоман дахаран ойла йича, цуьнан леррина тидам бича, иэсехь карлаюьйлу тайп-тайпанчу политикийн ц1ераш. Царна юкъахь бу зуламан дай, зовкхе, беркате дахар д1ах1оттийнарш, къомана дикане боьду некъ билгалбинарш. Царех уггаре а сий-ларамечу т1ег1анехь ву – адамаша хазачу, ларамечу дашца ц1е йоккхург, иэсехь виснарг. Делахь-х1ета, Ахьмад-Хьаьжа дикачу дашца шех дагалецамаш бита а, къоман иэсехь виса а кхиъна, ша къоман дуьхьа дина дика г1уллакхаш бахьнехь. Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман дакъалацархошца цхьаьна хазахетар декъа вахханчохь тешнабехк бира Ахьмад-Хьаьжина. Цуьнан дахаран некъ хадийначеран ницкъ ца кхаьчна халкъан дикане сатийсар, НР-ка юхаметтах1отто цо билгалбина некъ хадо. Дала декъалвойла, шен са а ца кхоош, халкъан дуьхьа ваьхна Ахьмад-Хьаьжа!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

189