Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

19.01.2017 14:20 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 1-2 от 19.01.2017 г.

Поэт, патриот Мамакаев 1аьрби

Автор: СУМБУЛАТОВ Дени

ДIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь тайп-тайпанчу жанрашкахь язйина дуккха а керла исбаьхьаллин произведенеш зорбанера араевлира нохчийн яздархойн. Хууш ма-хиллара, коммунистически идеологин тIеIаткъам чIогIа болуш а, цхьана гурашкахь бен исбаьхьаллин произведенеш язъян ца мегаш а зама ю иза. Кхоллараллин белхан хIора а векал декхарийлахь вара шайн произведенешкахь социализм, Сталин, Ленин коммунистически парти хесто, цара мел бохург къобалдан, халкъана керла дахар хаздарца цхьаьна марздан а. Керла мел язйина произведенешна тIехь само латтош Iедал долуш, массо а дош луьттуш партин идеологин къилбанах кхоллараллин стаг тилла я ца тилла хьовсуш, леррина тIехIиттийна белхалой а болуш, халкъан лерса, дог а хьосту, синна оьшу дош ала доьналла долуш нах оьшура. Оцу луьрачу, иттанаш, эзарнаш адамаш бехк-гуьнахь а доцуш хIаллакдечу хенахь, доьналла гайтира кхоллараллин интеллигенцин векалех цхьаболчара.
Нагахь йоза-дешар цахуучеран Iедална шайн резадацар оьгIазаллица а, сардамашца а дог достуш хиллехь, кхоллараллин адамаша шайн дог-ойла шайн исбаьхьаллин произведенешкахь йовзуьйтура. Зорбанехь араяхар сихха хила йиш йоций хуъушехь, язйинчу произведенешца достура шайн дегнаш цара. Накъосташна уьш ешаро а, цкъа мацца а зорбанехь ара а евлла, дешархошка уьш дIакхочур хиларх йолчу дегайовхано а синтем бора царна.
Оцу поэтех вара Мамакаев 1аьрби. Иза вара нохчийн маттахь вайн къоман поэзехь керла дош аьлларг, шел хьалха аьллачу дашах дикаллийца, говзаллийца къаьста дош аьлларг.
Мамакаев Iаьрбин ялхитта шо бен дацара, цо «Рабфак» стихотворени язйинчу хенахь. 1936-чу шарахь дуьххьара зорбанера араевлира Iаьрбин стихаш. Iилманчас Э.Минкаиловс чIагIдарехь, силлабо-тонически, дактилан кепехь нохчийн поэзехь дуьххьара стихаш язйинарг Iаьрби ву. Хазачу мукъамехь, цIеначу нохчийн маттахь язйина стихаш хазахеташ йоьшура дешархоша, царех цхьаерш иллешка, эшаршка а ерзийна, лоькхура халкъо: «БIаьстенан Iуьйре», «Баркалла хьуна», «Хелхаран бал», «Маржа яI!» БерхIитта-ткъа шо бен дацара поэтан цуьнан дешнаш т1ехь даьхна иллеш а, эшарш а Нохчийчохь, тIаьхьо – Нохч-ГIалгIайн республикехь лоькхучу хенахь. Дукха къона вара 1аьрби, иза везаш поэт а хилла дIахIоьттинчу хенахь. Халкъана вевзаш а, везаш а хиларо цуьнан дахаран сирла, цIена некъ сингаттамо кхуьйлира. Ткъа шо бен дацара поэтан СССР-н яздархойн Союзан декъашхойн могIаршка иза тIеэцча. Кхоллараллин новкъахь итт шарахь бен къахьега ца витинчу, кхоллам ца хиллачу 1аьрбис дуккха а лаккхара исбаьхьалла йолу произведенеш язйира. ХIора дош шен сих а доккхуш поэта яздина дела, керла васташ кхоьллина дела, дешархочун сих кхеташ ду. Сих кхеташ, дог хьостуш а ду, цуьнан хIора а дашехь хесториг Даймохк, безам, Iаламан хазалла, доттагIалла, ша вина, шен бералла дIаяхана Теркайист йолу дела. Говзанчо исбаьхьа хаза диллина сурт бIаьргашна хьалха дIахIутту Iаьрбин «Сарахь Теркан тогIехь» стихотворени ешча (и стихотворении шен I7 шо долуш язйина Iаьрбис):
Ма хаза ю-кх хьо, шера тогIе,
Хьайн бай тIе цIен зезаг даьлча,
Ма хаза ю-кх хьо, Теркан гIайре,
Хьайна тIе баьццара къаж яьлча.

ДIо варшахь къоркхокха бека,
Малх а бу регIа тIе лахлуш.
Мархашлахь кIайн куьйра техка,
Суьйренца чудерза кечлуш.

Iаьрби поэт-лирик вара, уггаре а ховха шен синхаамаш дешархочун сине а, даге а дIакхачо пох1ма долу лирик. Iаьрбис, вай лакхахь ма-аллара, дуьххьара нохчийн литературехь кхоьллира говза исбаьхьаллин васташ. Шен бIаьргашна гушдерг дIаяздар тоаме хетачу поэтех вацара Iаьрби, шена гушдерг куьце, васте дерзийна, хазачу дашца варкъ а даьккхина, бIаьрг хьостучу суртехь дешархочуьнга дIакхачочу поэтех вара:

НIаьнеш кхойкхуш, садаьржина,
Стиглахь етташура ю.
Бутт, сахиллалц ца бижарна,
КIалдан мижарг санна бу.
(«Садаьржаш»)

Цундела пох1ма долчу Iаьрбин тоьлла стихаш цIеяххана бевзаш болчу поэташа Э.Багрицкийс, А.Тарковскийс, Н.Асановс гочйина, 1938-чу шарахь Москвахь арадовлучу «Халкъийн доттагIалла» («Дружба народов»), «ЦIен седа» («Красная звезда») журналийн агIонаш тIехь арайийлар ларамаза дацара. 1940-чу шарахь араелира поэтан хьалхара «Теркан тулгIенаш» цIе йолу стихийн, кхаа поэмин кескех лаьтта гулар. Оцу шарахь дешархошка кхечира «Винчу юьрта» цIе йолу повесть. 194I-чу шарахь араелира «Нохчийн лаьмнашкахь» цIе йолу поэма, Iаьрбин цIе нохчийн литературехь гуттаренна а яха йитина йолу. Поэтан хIора а произведенино керланиг деара нохчийн литературе. Делахь-хIета, вайн хIораннан а дахаре а веана Iаьрби башха, тайп-тайпана, амма беркате тIеIаткъам беш.
Ткъе цхьа шо бен дацара Iаьрбин, шен «Нохчийн лаьмнашкахь» цIе йолу поэма а язйина, нохчийн поэзин лакхенашка иза кхаьчначу хенахь. Вуно къона волуш цIеяххана вевзаш поэт а хилла дIахIоьттинчу Iаьрбица хьагI-гамо йолчара оцу заманахь цуьнан дахарна кхераме мел йолу цIе йоккхура цуьнан цIарна уллехь. Царех Iедалан тидам тIехь сецнарг яра уггаре а кхерамениг: антисоветчик. Харцмотт а бина, йоцу цIе а кхоьллина, поэт набахтехь яккха итт шо хан а тоьхна, чувоьллира. Ростов, Красноводск, Чита, Хабаровск, Магадан гIаланашкарчу лагершкахь, набахтешкахь дIаяхара Iаьбийн дахаран ялхитта шо хан. Оцу ялхитта шарахь дейтта шо Магаданехь даьккхира поэта. Мацалла, шело, шена дукхабезачу Даймахках, йиша-вешех, доттагIех, уьйрех къастар хала лайра поэтан экамечу даго. Цунна цигахь девзира тайп-тайпана кхолламаш болу адамаш.
Оцу уьйраша ваха ницкъ лора цунна, кханенах дог а ца дуьллуьйтуш. СССР пачхьалкхан баьчча И. Сталин веллачул тIаьхьа набахтешкара арабехира цхьаболу тутмакхаш. 1944 чу шарахь нохчийн халкъаца цхьаьна Казахстане дIабигначу шен гергарчех, доьзалх 1956-чу шарахь д1акхийтира Iаьрби. Оцу хенахь «Къинхьегаман байракх» газетан редакце вогIура поэт шен керла произведенеш йохьуш. Нохчийн маттахь газет арадаккха, наггахь радиохула вайнехан эшаршка, мукъамашка ладогIа коммунистийн партино, Iедалан куьйгалхоша а бакъо елла хан ю иза.
Нохч-ГIалгIайн республике цIавеанчу Iаьрбис ша яздархойн Союзехь йоццачу хенахь литконсультант болх беш дуккха а къоначарна гIо-накъосталла дора. Харцонаша, набахтешкахь, лагершкахь лайначу баланаша, дукхаеза йиша Тамара хеназа кхалхарца боьзначу сингаттамо а могашалла эшийнера Iаьрбин. «БIаьргех хиш Iийдало» стихотворенехь шен тиллачу ойланах, салаьцначу баланах, къастаран къахьонах, шен йишин дог хьаста ца хиллачу хенах дерг далхадо, шен бIаьрхиш а ца лечкъош, цIеначу даггара Iаьрбис.
Дуьненахь яьккхинчу йоццачу хенахь шена дукхабеза болх бан, шен йиша-вешех, доьзалх марзо эца а ца витира поэт. Цуьнан иштта кхоллам хиларан бахьана деккъа цхьаъ дара: Iаьрбина шен халкъ, Даймохк безар, пох1ма долуш хилар. Пох1ма долуш хиларна хьагI йолчарна ца везара; халкъ а, Даймохк дукха хазачу нохчийн маттахь хесторна Iедална ца везара. Iаьрби нохчийн литературехь дуьххьарлерниг ву доггах Кавказ, Нохчийчоь, нохчийн къам хестийначех, шен ц1е оцу хастамашца лаьмнийн баххьашка хьалаяккха а ца гIерташ.

Сан лекхий
Я лохий
Хила ца деза:
Юккъера стаг ву со,
Хьан Iин чохь хиъна.
Кхиийнарг
Iамийнарг со нохчий беза,
Кавказ, хьо яра сан
Да-нана хилла.
(«Кавказе маршалла»)

Наггахь бен шен паргIат ца хиллачу хенахь Iаьрбис язйина стихаш вайн поэзин жовхIарш лара мегар ду.
Муьлххачу хьелашка ша хIоьттича а, кхоллараллица йолу зIе, шовкъ ца хадош, ца гIеллуш вехара поэт. 1957-чу шарахь араяьллачу «Орган тулгIенаш», «Нохч-ГIалгIайчоьнан поэзи» (Москва, 1959шо) гуларшна юкъаяхара Iаьрбин стихаш. Iаьрбина дика евзара, дукхаезара тайп-тайпанчу къаьмнийн поэзи. Къаьсттина дукхаезара цунна С.Есенинан, М.Лермонтовн стихаш. Церан стихаш, 30-чу шерашкахь ша радиохь болх беш волуш, хаза ешарал совнаха, нохчийн матте гочйира: «Ангел», «Казачья колыбельная», «Горные вершины», «Прощай, немытая Россия», «Измаил-бей» поэмин дакъа.
Беха бацара Iаьрбин дахаран а, кхоллараллин а некъ. Шен сил дукха халкъ деза, халкъана а веза поэт I. Мамакаев харцонаша дагна бина ницкъ бахьнехь хеназа Iожалло дIаваьхьира шен доттагI А.Айдамиров волчу Мескита хьошалгIа вахханчохь.
Иштта ваьхна, шел тIаьхьа шех лаьцна ала хастаме дош а дитина дIавахара поэт, прозаик, публицист, гочдархо Мамакаев Iаьрби. Iаьрби дIакхелхина шо даьлча дуьненчу ваьллачу Бисултанов Аптис ша Iаьрбина лерина язйинчу стихотворенехь баьстина поэтан Iожалло шен дагна бина хораме шад:

Илланчин куьйгаш пондаран пиллигаша бен ца дохдо.
ГIорийна когаш даймехкан лаьтто бен ца бохбо.
Рояль а ша бу дечигах бина –
Цуьнан а ма хилла цкъа орамаш.
Полонез лакхийтийша,
Даймехкан ноти тIера дIайолаяй,
Къастаран ноти тIе кхаччалц.

Iаьрби винчу юьртахь, Лаха-Неврехь, Эдуардан (Iаьрбин кIентан) дIадолорца схьайиллина болх беш ю литературно-мемориальни музей. Оцу музейхь дIахьо поэтан дахаран, кхоллараллин некъана лерина тайп-тайпана мероприятеш: яздархошца цхьаьанакхетарш, Iилманан-практически конференцеш.
Нохчийн пачхьалкхан университетан, хьехархойн институтан, училищан аудиторешкахь, школашкахь а хеза Iаьрбин стихаш. Цуьнан озехь хаало даймахкана, шен халкъана хьанал ваца цуьнан хилла боккха лаам, дуккха а дика гIуллакхаш дан цакхиарна кхерар:

Суьйренга лестина,
Сан шерийн йорта,
Дог, шек ма далалахь,
Хьалхе ду алий;
Йисинчу хьайн ханна
ГIоза далий,
ЙогIучу суьренан
Беркат а ларий,
Iуьйренна ца динарг
Дан кхиа гIорта,
Кхетаммий,
Безаммий
Хилийта шорта…
Iаьрбин «КIанте» цIе йолу стихотворени муьлххачу а дас шен кIанте дан мегар долу весет санна ю тахана а, иштта хир ю иза кхана а:


Варий, кIант! Нахаца
Тешам берг товш ву,
Хьоме мохк безалахь,
Нанна бер санна.
Стаг волчо во-дика
Цхьабосса ловш ду,
Оьзда гIиллакх ларделахь,
Вайн дайша санна!

Iаьрбин дахаран некъ хилла масал эца, весет санна тIелаца а хьакъ болуш. Цундела ву иза Поэт аьлла цIе яьккхича, дуьххьара дагабогIучийн могIарехь хьалха лаьтташ.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

928