Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

26.01.2017 14:34 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 3-4 от 26.01.2017 г.

Гуьмсехь кислородан станци схьайиллина

Автор: З.ХИЗИРОВА
Источник: («Даймохк», №2 (13097)

Гуьмсан к1оштан коьртачу больницехь кислородан станци схьайиллира 2016-чу шеран г1уран (декабрь) беттан т1аьххьарчу дийнахь. Нохчийн Республикин могашалла 1алашъяран хьаьрмахь доккха маь1на долуш хилам бу иза. Станци йиллинчу «Грасис» компанин куьйгалхочо Сахонов Евгенийс дийцарехь, станцин ницкъ кхочур бу больницин ялх отделенина кислородаца кхачоян. Цул сов, циггахь, техника йоьхна, станции болх юкъарабаьлла меттиг нислахь а, кислород хир ду (т1аьхьалонна). «Грасис» иза x1aвaax ц1ена кислород деш, юха иза яйшна чудерзочу контейнерах лаьтта мобильни стационарни кислородан станци ю. Уьш, яйнаш, баллонаш стандартни блок-контейнершкахь 1алашдо, оьшучу метте сиха а, атта а д1асадахьийта хала а доцуш, — билгалдаьккхира Б.Сахоновс.
Кислородан станци болх бан йолаялийтира Нохчийн Республикин могашалла 1алашъяран министра Сулейманов Эльхана. Медицинин учрежденийн белхахошка цо дийцира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана г1oдар бахьанехь вайн республикин бахархойн медицинин хьашташ кхочушдаран болх де-дийне толуш хиларх лаьцна. Цунна кхин цхьа тоьшалла ду Гуьмсехь кислородан керла станци схьаеллар.
- X1apa санна йолу станци вайн яцара. Вайна ма-хаъара, Гуьмсан к1оштан коьрта больница республикехь яккхийчарах цхьаъ ю. Кислородан станци ч1ог1а оьшуш яра кхузахь. Больницин балхана доккха г1o хир ду цуьнах, — элира Э.Сулеймановс.
Цул т1аьхьа Э.Сулеймановс а, Е.Сахоновс а, Гуьмсан к1оштан коьртачу больницин коьртачу лоьро С.Энгеноевс а б1аьрг туьйхира керлачу станцех. Больницин коьртачу лоьро дийцарехь, тахханналц кислород кхечу станцера дан дезаш дара. А.-Хь.Кадыровн ц1арахчу региональни юкъараллин фондан чоьтах эцначу станцис доккха г1o дина кислородаца кхачояран балхана.
«Стационарехь дарба леладойтуш 400 дархо хуьлу, иштта операцеш яр а алсамдаьлла кху т1аьхьарчу хенахь.
Ч1ог1а оьшуш яра x1apa тайпа станци. Цо болх бар бахьа¬нехь республикин бюджетан ахча кхоадар а хир ду», — элира И.Энгеноевс. Гуьмсан к1оштан медицинин учрежденийн белхахоша доккха баркалла элира А.-Хь.Кадыровн ц1арахчу фондан куьйгаллина а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а шайн к1оштарчу бахархойн медицинин хьашташ кхочушдан иштта мехала г1ирс болу кислородан станци ярна.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

6