Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

11.10.2017 17:02 Среда
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 65-66 от 11.10.2017 г.

Цуьнан амалехь адамалла ю

Автор: ТАИБОВА Лариса

Деза а, сийлахь а ду лаьтта т1ехь адамашна пайденна вахар, адамашка баркаллийца шен ц1е яккхийтар.

Ерриге адамаллин аг1онаш шеца йолчу адамах хастаме дош алар, цуьнах масал эцийтар деза а, мехала а, хета суна.

Иштта волу хьехархо, белхан дика накъост, г1оьнча, доьзална дика да, йиша-вешина дика ваша, тхан хьехамча а ву Гуьмсан к1оштара Комсомольски юьртахь вехаш волу Абдурзаков Ибрах1иман Шертбек.

Абдурзаков Шертбек вина 01.10.1957-чу шарахь Абдурзаков Ибрах1иман а, Йоккин а доьзалехь. Боккхачу, бертахьчу, ийманца, гондахьарчу адамашка лерам бан 1амош -кхиочу доьзалехь ницкъ кхочура ден а, ненан а доьзале дешийта, дахаран нийса некъ харжийта. Шертбекан хьехархочун некъ харжар ларамза а дацара. Цуьнан дас Ибрах1има а бина хьехархочун болх Гезлойн-эвлахь.

Хьехархочун болх цкъа а ца хилла атта,цуьнан белш т1ехь беза, амма сийлахь мохь хиларна. Собар, доьналла, ийман амалца хилча олу адамаша баркаллин дош.

Шертбекан васт, цуьнан дуьнене болу хьежам го цо арахецна йолчу дошам т1ехь далийначу х1окху мог1анашца

«Довза г1орта 1алам, ларде.

Ларде, йоь1ан б1аьрг санна!

Къоман дуьхьа хила каде,

Кхиош дуьне т1екхуьучарна.»

Доккха маь1на ду оцу дешнийн. Бен а доцуш ца хьоьжу Шертбек шен къоман кханене. Меттан кхиарна тидам т1ебохуьйтуш цо билгалдоккху «юкъараллин дахар кхиаре хьаьжжина, вайна гондахьарчу къаьмнийн санна, нохчийн меттан лексика кхиарна». Цо олу: «Довза деза шира дешнаш.Уьш хааре терра девза халкъан шира дахар. Бийцаре терра бен кхуьуш а, бехаш а бац мотт». Оцу темица доьзна арахецна Абдурзаков Шертбека «1аламан совг1аташ» оьрсийн-нохчийн ораматийн, дийнатийн дошам. «Нохчийн маттах нохчийн маттахь» книжка. Цу т1ехь цо вовшахтоьхна ешархочунна г1оьнна нохчийн маттах йолу байташ. Тайп-тайпанчу газетийн, журналийн аг1онаш т1ехь зорбатоьхна ю Шертбекан статьяш. Хаза ламаст хилла схьадог1уш ду к1оштан а, НР-н а олимпиадашкахь цуьнан дешархоша хьалхара меттигаш яхар. Цуьнан кхиамаш билгалбаьхна тайп-тайпанчу совг1аташца.

Цуьнан къинхьегаман некъо гойту: Шертбекан дахаран 1алашо къоманна а, шен махканна а пайденна хилла вахар хилар. Муьлххачу адаман сийлахь а, лара еза а амал ю иза. Шайна чохь к1орггера маь1на долу халкъан поэтан Хатуев 1абдулхьамидан дешнаш дог1у Шертбекан амалца:

Ахь дуьне даларна

Хестийнехь Дела,

Хьо хиллехь даима

Хьайн лаамийн эла,

Чехийнехь, наб йоьху,

Хьайн дег1ан чалх,

Къийсинехь дахарехь

Нийсонан малх,

Кхачор ву Дала хьо

Диканна т1е,

Иштта бен ца йоккху

Къонахчун ц1е.

Шен дахаран къилба къахьегар хаьржина цо.

Шертбекан адамаллин аг1онаш кхин а мехала зета суна. Г1о оьшучохь, хьехар оьшучохь орцахвалар, нийса некъ гайтар ду цуьнан амалехь.

Цуьнан амалехь яц мало а, к1адо а. Ша юьхьарлаьцначу 1алашонна, халонашка эша ца войтуш, т1екхуьу иза.

Гуьмсан к1оштахь а, тхан ишколехь а нохчийн меттан, литературин цхьаьнакхетараллин куьйгалхо ву Ибрах1иман Шертбек.

Сан белхан некъан халачу муьрашкахь хьехамхо хилла схьавеана иза. Суна а, со санна болчу кхечу хьехархошна а, дика а, комаьрша а хьехамча, г1оьнча ву Ибрах1иман Шертбек. И санна болу хьехархой оьшу вайн махканна, кегийрхой нийсачу некъах ца тилийта.

Кхиамаш совбуьйлуш, х1усамехь ийман, беркат лаьтташ, вехийла хьо, Ибрах1иман Шертбек!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

868