Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

19.10.2017 10:41 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 67-68 от 19.10.2017 г.

Къоман синкхетам, иэс а самадаьккхинарг

Автор: СУМБУЛАТОВ Дени

Халкъаца а, халкъан дуьхьа а ваьхнарг Делан 1ожалло д1авигний хаахь а, сингат-там, г1айг1а юссу даг т1е, ойланна а, боккха эшам хаало синна. Карзахечу дахаро, к1урк1манехь хьийзачу ойланаша гатте хьовзийча, цхьаннах дагавала, дагардийца лиъча, хьуна везарг, оьшург, хьох кхета лаам берг уллехь ца хилча, шозза базло син-гаттам. Нехан, халкъан сингаттамаш, баланаш шена т1еэца, цуьнца бекъа, дог хьаста хуучийх, луучийх а вара Айдамиров Абузар. Дала к1еда-мерза мотт, ира а, доккха а хьекъал, кхетам беллачу Абузарна хан карайора дийнахь иттаннаш хьеший т1еэца, ца-рех х1оранга къамел дан а. Цкъа ша волче веанарг, масех шо даьлча юхавеача, цуьнан ц1е а йоккхуш, велалой-векхалой т1еоьцура цо. 1илманчашца, хьехархошца, студен-ташца, дешархошца къамеле вуьйлучу, цаьрга ладоьг1учу, хазачу забаршца хьеший бийлочу Абузара, шен сих чекхъяьхна, халкъе кхачийнера «Еха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц» романаш, кхин а иттаннаш, б1еннаш мехала произведе-неш. Уьш язйинарг вара юьртара хьехархо, халкъана юкъара схьаваьлла халкъан дика к1ант а хилла ваьхна, синкхетаман, иэсан само ларъеш лаьттина Мескитара Ай-дамиров Абузар.

Эзарнаш халкъаш шена чохь дехачу х1окху Дуьненахь кхетамца, цхьана маттаца, хьежамашца, лехамашца, мехаллашца кхиъначу адамийн тобан я къоман шена юкъахь ц1е йоккхуш къаставой, оцу къоман дика-вон шен сица кхобуш, дагца къуьйлуш, эхь-бехкан, доьналлин, собаран а масал хуьлий лаьтташ стаг-къонах хуьлу. И стаг-къонах, шегахь къоман эс лардийриг, эхь-бехкан хехо, замано ха харцарх шен юьхьан чкъор, амал, дог-ойла ца хуьйцуш лаьтта, лаьмнашкахь наж дитт санна, мацах-цкъа дайша йоьг1на бохь лекха б1ов санна, 1у-Да а хуьлий, самонехь. Цуьнан дахаран некъах а, цуьнан Дашах а хан-зама яларца къилба хуьлу, адамаллин, къинхетаман, доттаг1аллин, стогаллин, собаран гечонах тиллачунна нисвала г1о дан ницкъ болу къилба.

Массо а къаьмнийн бу яздархой-хьехамчаш, къонахий, къаной, дешан ох1ланаш, са ц1ена нах. Церан ницкъ кхочу шайн исбаьхьчу Дашца шен къоман лазамах кхечу къамнийн дог лазийта, диканах кхин къаьмнаш даккхийдейта, дуьненахь а шайн дика г1иллакхаш, ламасташ довзийта. Цара шаьш бинчу кхоллараллин балхаца, къахьегар-ца, хьанал хиларца бакъо йоккху бакъдерг ала, мел къаьхьа иза делахь а. Ишттачарех вара 1933 шарахь Нажин-юьртан к1оштарчу Мескитахь вина, къона хан шен халкъаца цхьаьна Г1ум-Азин арахь (Г1ирг1азойн махкахь) д1аяхна волу Айдамиран 1абдулхьаькиман к1ант Абузар. Нохчийн къам Даймахка юхадирзича шен дай баьхначу юьртарчу школехь хьехархо, еххачу хенахь директор болх беш ша волуш Абузара коьрта лорура эхь-ийман, эхь-бехк долуш, къоме, махке безам болуш, кхечу къаьмнашца уьйр-марзо йолуш къона чкъор кхетош-кхиор. Оцу декъехь дика ларош болх барна «Нохч-Г1алг1айн республикан сийлахь хьехархо», СССР-н, РФ-н дешаран серлонан от-личник ц1ерш елира Абузарна.

А.Айдамировга кхаьчнарг, кхаж а баьлла, кхаьчна таж, дарж а дацара, ткъа къоман кхолламах бакъдерг: «Маршонан к1ентий», «Еха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц», «Лаьмнийн некъашкахула», «Кхолламан цхьа де», «Калугера йийсар», «Вайн амалш», «Нохчийн историн хронологи» — статьяшкахь, дийцаршкахь, повесташкахь, ро-манашкахь халкъан дахарх бакъдерг яздарна, дуьненахь йоккхучу хенахь д1асата1а йиш йоцу жоьпалла дара. И жоьпаллин деза къонахчун таж корта айббина лело хьекъ-ал, кхетам, собар дара цуьнгахь. Цундела оьхура тайп-тайпана говзаллаш, корматал-лаш, хьекъал, кхетам, амалш йолу адамаш цуьнах дагадовла, цуьнга шайн лазамаш бийца, цуьнан кхетамах, хьекъалх дуьзначу Даше, к1еда-мерзачу матте ладог1а. Шен сица нохчийн къоман хазахетар, халахетар а ловш хьанал цо къахьегарна, ас-со бахар, тхьамда, хьаькам хила г1ертар цуьнан ц1ийца доцу дела, дахарехь бакъо, нийсо а езаш волу дела хаьржира Абузар 1989 шарахь СССР-н Лакхарчу Советан депутат. Нохчийн литература, истори, культура, къона чкъор, дийнна къам кхетош-кхиорехь юкъадиллина беркате доккха дакъа тидаме а эцна, Абузарна елира «Нохч-Г1алг1айн Халкъан яздар-хо» ц1е. Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан 1илман кхеташон декъашхоша елира цунна «Университетан сийлахь профессор»; НР-н 1илман Академин кхеташон декъашхоша — академик; НР-н Дешаран, 1илман министерствон коллегис – «НР-н халкъан хьехархо»; Культуран министерствон коллегис – «Нохч-Г1алг1айн республикан культуран сийлахь г1уллакххо» ц1ерш. Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн инсти-тутан историко-фиологически факультет, Москвара литературин лаккхара курсаш чекхъяьхна волчу Абузара иттаннаш шерашкахь ша яздрахойн Союзан Правленин декъашхо волуш, дукха а, говза а г1о дира литературехь хьалхара г1улчаш йохучу къо-начарна. Яздархоша шайн гуламехь НР-н яздархойн Правленин куьйгалхо хаьржира Абузар, цуьнан кхетаман, собаран, къомана мел динчун дикан сий-ларам а бина.

Абузаран романаш, повесташ иттаннаш эзарнаш тираж а йолуш арайийлина нох-чийн, г1алг1айн, оьрсийн, украинцийн, туркойн, 1аьрбийн меттанашкахь. Оцу къаьмнийн дешархоша лаккхара маххадийна церан, уьш нохчийн къоман дахаран селханенах дог лозуш, карзахечу таханенна орцахвуьйлуш, кханенга дегайовхонан т1ай а туьллуш, язйина йолу дела. А.Айдамировн произведенийн турпалхой халкъана юкъара бу. Халкъ а, шех цхьа а хьега йиш йоцу цуьнан декъаза кхоллам бара историн бакъдолчун буха т1ехь цо гайтинарг, шен сих чекхдаьккхина дешархочун тидаме, кхиэле диллинарг. Ц1еначу даггара яздинчун халкъо ц1еначу даггара лаккхара маххадийра, цкъа а цхьа а яздархо ца ваьккхинчу сий-лараман лакхене а ваьккхина, Абузаран ц1арна т1етуьйхира халкъо «къонах-яздархо», «халкъан тешаме к1ант», «мехкан къонах».

Нохчийн къоман историн галморзахе некъаш, хилла бохамаш, бина тешнабехкаш бевзачу Абузара 1991-чуй, цул т1аьхьарчу шерашкахь а шен статьяшкахь, интервьюш-кахь олура, яздора: «Х1окху т1аьххьарчу шерашкахь нохчийн къомана т1ех1иттинчу бо-хамаша дукха а ойланаш йойту нахе. Оцу бохамийн хьостанаш, бахьанаш, бехкенаш лоьху. Бехкедо оьрсийн паччахьийн, коммунистийн а 1едалш. Х1аъ, х1окху т1аьххьарчу кхаа б1е шарахь нохчийн къомана хиллачу бохамашна бехке ду иза а, важа а. Амма цаьрга и бохамаш шена байта шегара дуккха а бахьанаш, г1алаташ дийлийтина нох-чийн къомо, оцу бохамех лардала хьекъал, кхетам а цатоарна. Керлачу бохамех, шен г1алатех нохчийн къам лардалийта 1алашо йолуш язйинера ас сайн исторически про-изведенеш…» Хьекъал, кхетам а болчу Абузара халкъ керлачу бохамех к1елхьарадаккха бинчу хьехаме ла ца дуьйг1ира… Ша дуьйцучуьнга ладог1ар к1езиг дуйла хуучу Абузара 2003-чу шарахь (1994-чу шарахь «Даймохк» газетан аг1онашкахь зорбатоьхнарг) коьртте х1ара дешнаш а яздина: «Нохчийн къоман ХХI-чу б1ешарахь т1ейог1учу т1ахьенна», — дешнаш а яздина, «Вайн амалш» — книга араяьккхира, нийса-чу, нахана а, махкана а пайдечу новкъахь хила луучо шен дахаран къилба дан мегар до-лу. Иштта бакъдерг х1инццалц цхьаммо а ца яздинера халкъан цхьана декъан амалх. Со «Даймохк» газетан коьрта редактор волуш (1993-94шш.) еара Абузара шен 1едална, цуьнан т1е1аткъамца карзахдаьллачу халкъан цхьана декъан леламашна, амалшна критика еш, уьш емалъеш йолу статья. «Х1ара статья зорбане яккха ваьхьар варий-те хьо?» — аьлла, хаттар а х1оттош, стоьла т1е охьайиллира Абузара шен статья. Цул т1аьхьа кхин а статьяш еара оццу темина. И статьяш вовшахтоьхна, арахийцира «Вайн амалш» ц1е йолу книга (2003 шо). Цо тидамза ца дуьтура нохчийн къоман кхолламах доьзна цхьа а х1ума, статья ца язъеш, интервьюхь ца хьахош, мах ца хадош…

Халахеташ делахь а, кхин эр дац Абузара, лохха йовхарш тухуш, шен к1еда-мерзачу маттахь: «…вайх х1ораммо а дицдан ца деза адамийн а, къоман а бартбийриг нийсо хилар. И нийсо яр Дала т1едиллина вайна. Оцу т1ехь халкъана масал гайта дек-хар ду уггар хьалха пачхьалкхан куьйгалхойн, динадайн, шаьш ц1ена бусалбанаш ду бохуш лелачу нехан а. Уьш дог, ойла, куьйгаш ц1ена долуш хилахь, я цхьана дашца аьлча – уьш ийманехь хилахь, къоман барт хир бу, адамашна юкъахь нийсо хир ю, мах-кахь машар, беркат а хир ду». Къона волуш, махкана, халкъана диканиг дан ца кхиарна кхоьруш,

…Беза хьо, Нана-мохк –

Дай баьхна латта.

Хьоьца ду сан ирс а,

Ас мел ен ойла.

Хьан дуьхьа къахьега,

1ожал т1еэца

Ца луун долу к1ант

Дена ма войла!

дешнаш аьллачу нохчийн сийлахь-воккхачу яздархочо Айдамиров Абузара шен дахаран некъаца хаийтира ша халкъан, мехкан а тешаме к1ант хилар. Дуккха а диканиг динарг, халкъана хьанал хилларг тергамза витча, дагахьбаллам буьсу. Делахь-х1ета, Абузаран кхоллараллина лерина а, цуьнан сий-ларам беш а вовшахкхетарш к1езиг ца хилира. Абузаран сийнна вовшахтуьйхира суьйренаш, юбилейш, цхьаьнакхетарш; араехира нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь цуьнан произведенеш. Къаьсттана дика а, хаза а хета 2004-2005 шерашкахь цуьнан произведенийн ялх том арахеца карахдаьлла (Москварчу бизнесмена Хь.Джабраиловс г1о а деш, «Центр гуманитарных исследований» цхьаьнакхетараллин куьйгалхочо Н.Эльсункаевс), царна презентацеш ян ницкъ кхаьчна а, Абузарна хазахетар а деш. Т1аьххьарчу шерашкахь (Нохчийн яздархойн Союзан правленин председатель волуш) яздархойн Союзан кхеташонаш «Гумс» газетан редакцехь д1ахьора Абузара. Абузар редакце вог1у де боккхачу кхоаца т1еоьцура редакцин белхалоша, цуьнгара керланиг, хьекъалениг, хазаниг а хезар дуйла тхайна хаарна. Тхан дехха къамелаш хуьлура литературах, историх, культурах, вайн къоман кхолламах. Муьлххачу а яздархочун керла ара мел яьлла произведени самукъ-адаларца т1еоьцура цо. Деган, синан а ц1еналла хаалора цуьнан х1ора а Дашехь. Шен могашалла дика йоццушехьа презентаце веанчу Абузара деган лазамца къамел дира, къам керлачу бохамех лардан а г1ерташ. Иза цуьнан халкъе дина т1аьххьара къамел хиллера. (2005 шеран апрель беттан 9-г1а де). Делан 1ожалло д1авигира вайна юкъара 2005 шеран май беттан 27-чу дийнан 1уьйрана нохчийн халкъан к1ант. Д1авахара Абузар, ша дукхавезачу, шена дукхадезачу халкъе весет дина: «Динашна а, къаьмнашна а юккъе дозанаш деттар; европейцаш, азиаташ, Малхбале, Малхбузе, бохуш, деш долу къамелаш тидаме ца оьцуш, Дуьненахь даха лаьара суна вайн къам. Х1окху Дуьненахь кхайкхо безарг машар, доттаг1алла ду. Уьш долчохь бен зовкхе, ирсе дахар дац».

Шийтта шо хан яьлла Абузар вайца воцу, г1иллакхан, оьздангаллин, хьекъалан, кхета-ман, синан доьналлин масал хилла ваьхна волу, халкъан дуьхьа муха ваха веза шен дахарца гайтина волу къонах вайца воцу. Абузар вайца воцу денош алсам мел довлу, цо мел динчун ойла мел йо а ч1аг1ло нохчийн халкъан яздархочо М.Бексултановс аьлларг: «Зама хала ярий, атта ярий ца бохуш, ша къонах верг даима а къонах хилла чекхваьлла. Ткъа къонах воцчух цхьана а замано къонах ца вина…»

Массо а заманахь къонахаллица чекхвелира Абузар. Цундела цуьнан ц1е, цо шел т1аьхьа вайна мел йитина исбаьхьаллин произведенеш, цуьнан собарх дуьзна Дош а дехар ду нохчийн дог-ойла йолу адамаш мел деха.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

44