Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

01.11.2017 12:13 Среда
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 71-72 от 01.11.2017 г.

Адамаша хийцина зама (я замано хийцина адамаш...)

Автор: С.ДЕНИЕВ

Дуьненарчу б1еннаш пачхьалкхашкахь дехачу халкъаша шайн историх дуьйцуш, билгалдоху тайп-тайпана терахьаш. Биккхийберца, дозаллийца дуьйцу шайн пачхьалкхашкахь хиллачу карчамех, революцех, бинчу т1емех. И т1емаш, г1аттамаш, революцеш шайн пачхьалкхехь хиллехь а, уьш бахьнехь эзарнаш, миллионаш адамаш х1аллакьхиллехь а хастамца дуьйцу цара. Цхьана историкаша шайн хьежамашца язйина муьлххачу а пачхьалкхан истори, бакъ йолуш санна, т1еэца а, 1амо а езаш хилла, оцу пачхьалкхан куьйгалхоша язъяйтина дела. Хан-зама д1аяьлча, пачхьалкхан д1ах1оттам, куьйгалхой хийцабелча, юха а кегайо, юхаязйо истори, юхаязйинарг пачхьалкхан керлачу куьйгалхоша къобалйинчул т1аьхьа бен зорбане а ца йоккхуш. Т1аккха и истори халкъана хьеха йолайо, к1ез-к1езиг а хьоьхуш, берийн бошмашкахь, школашкахь, лакхарчу дешаран заведенешкахь.

Айса х1окху дуьненахь йоккхачу заманахь дуккха а х1ума гина а, хезна а, дешна а ву со. Гинчо а, хезначо а суна делларг башха дукха а дац, ас дешначуьнца дуьстича. Хан-зама д1аяьлча, исторехь керланиг девзича, цхьадолчуьнга керлачу хьежамашца б1аьргтоха воьлча, хийла суна бакъ мел хеттарг харц карий суна, хийла харц мел хилларг бакъ а карий. Уггаре а халаниг хиллера кхетамехь, иэсехь бакъ а, харц а хийцар, оцу шиннах цхьанна хьайн синкхетаман баьрччехь меттиг ялар. И меттиг а шеконца билгалйоккху: «Замано юха а хийцамаш-м бийр бац-те кхетамехь?» — бохуш.

Цхьа б1е шо д1адаьлла Сийлахь Йоккха Октябрьски социалистически революци Петербургехь д1айолаелла, ерриге а Россин имперехула яьржина а, цул т1аьхьа большевикаша хаза дуьйцуш а, адамийн ц1ий 1анош а, шайн 1едал д1ах1оттийна. «Паччахьан 1едало шуьгара схьадаьккхина, г1алг1азкхашна д1аделла латта юхадерзор ду шуна. Шайн г1иллакхашца, ламасташца, бусалба динна маршо а йолуш, шайн мехкан дай а долуш, парг1ат дехар ду шу», — бехира нохчашка а, кхечу къаьмнашка а большевикаша. И къамелаш, кхайкхамаш бина дукха хан ялале, нохчий большевикийн 1едална дуьхьал бу аьлла, харц ц1е а кхоьллина, герз охьадуьллуьйтуш операци ю аьлла, иттаннаш ярташ йоха а еш, б1еннаш нах лецна д1абигнера. «1едало герз охьадуьллуьйтучу хенахь», — олий, хьахайора баккхийчара и хан. И къизалла лайнарш оцу хенах кхин х1умма а ала баьхьаш бацара, шайн синош кхерамо, тешнабехко дахьийна дела. «Колхозаш йохкучу хенахь», — олура баккхийчара. Уьш а ехкина хиллера къизаллийца, реза мел воцург х1аллаквеш, «кулак» ц1е а туьллий, махках а воккхуш. Колхозехь делларг бен кхин х1ума а доцуш 1ачарна (ХХ-чу б1ешеран 70-80-г1ий шераш) ца хаара оцу колхозийн бух мел йоккхачу къизаллийца биллина хилла. Хьоьгучу къине хьаьжжина яла ца лора колхозехь цкъа а. Цаваллал, хене валлал х1ума лора-кх.

Дуьненахь массо а меттехь къелла, харцо ю, ткъа СССР-хь нийсо, токхо ю бохуш, д1ахьош идеологически болх бара. Иза леррина беш идеологически болх буй оцу хенахь суна а, со санначарна а, ца хаара. Дуьйцург шадерриге а бакъ ду моьттура. Дика ду-кх, иза бакъ ду моьттуш хилла, иза харц дуй оцу хенахь хиънехь, цхьаболчийн дегнаш лилхина хир дара. И дерриге а бакъ ду моьттинчарех со а, сан нийсархой а бу. Советан 1едалан хенахь ваьхначарех ву со. Сийлахь Йоккхачу Октябрьски социалистически революци хилла 40 кхочуш, 1957 шарахь, Казахстанехь вина со. Пионерийн а, комсомольцийн а организацийн декъашхо хилла. Октябренок хилла, «Дедушка Ленин» бохуш, ас а, кхечара а мероприятешкахь стихаш йоьшуш. Т1аьхьо, школехь доьшуш волуш, тидам бан вуьйлира со тхайн дас-нанас дечу къамелийн: «Вай Сибрехахь долуш… Казахстанехь долуш…». Боккхачу безамца ц1ераш йохура дас-нанас шайн лула-кулахь баьхначу нехан. Цара къаьмнийн ц1ераш а йохуш, хьахабора шайн хилла лулахой: немцой, балкхарой, кхарачой, оьрсий, г1езалой, казахаш, грекаш…

«Халкъан мостаг1ий» бу аьлла, шайн махкара Казахстане, Г1ирг1азе а д1абигна хиллера уьш Советан 1едало. Даймохк мостаг1чух ларбеш шозза чов хилла тхан да а нохчашна т1аьхьа хьажийна хилла. Шен гергарнаш мичхьа бу, дийна бу-бац итт шо даьлча бен хаа йиш ца хилла цуьнан. Махках баьхначу шарахь Г1ирг1азехь нана, ваша, гергарнаш белла хилла цуьнан. Изза кхоллам бара кхечу нохчийн а. Студент волуш 1амийра ас пачхьалкхан истори, школехь 1амийнарг керлачу хааршца т1е а юзуш. Леррина хьоьхуш, 1амайойтуш яра КПСС-н истори. Зачетехь а, экзаменехь а хаарш толлуш дара, цхьа ц1е, терахь нийса ца аьлча, инзаре доккха г1алат а лоруш. СССР пачхьалкхера адамаш Гимнаца д1адуьжуш дара, Гимнаца самадолуш дара. Х1ора шеран 7-чу ноябрехь массо а школашкахь, кхечу дешаран заведенешкахь, пачхьалкхан кхиамаш буьйцуш, хуьлуш мероприятеш яра, г1аланийн коьртачу урамашкахь демонстрацеш, парадаш хуьлуш. Революцин баьччин В.И.Ленинан х1олламан когашкахь леррина тойина меттиг хуьлура, партин куьйгалхой президиумехь а болуш. Радиокедахула сих-сиха д1акхайкхадора, дуккха а кхиамаш а буьйций, «Да здравствует Великая Октябрьская социалистическая революция!» — олий. Трибунина хьалхахула чекхбовлучара, кхайкхам къобалбеш, ч1огг1а мохь тухура: «Ура!» — олий. Цхьаберш х1аллакбеш, дийна бисначаьрга, човхош, хьостуш, даржаца оьцуш, шаьш къобалбойтуш, дехха лаьттина советан 1едал 1991-чу шарахь дуьйхира СССР пачхьалкхаца цхьаьна. И 1едал долуш мерза диъначарна мерза дагадог1у иза, къаьхьа диъначарна къаьхьа дагадог1у. Ткъа цхьаболчарна, шайн къона хан оцу хенахь д1аяхарна, безамца дагаоьху и зама. Сан хенарчарна советан 1едало, исторех харцдерг дийцар бен, кхин даккхий вонаш ца дина. И «харцдерг» а х1инцца т1аьхьа бен гучу ца даьккхина шаьш «бакъдерг» бен дуьйцуш дац баьхначара. Бакъ а, харц а хено а, замано а къастор ду. Дика елахь а, вон елахь а, вай къобалъяхь а, ца яхь а, вайн истори ю-кх иза. Бакъду, мацах «эрна шок йиттинарг» хила-м ца лаара…

Мацах цкъа Хошкалдера цхьаъ вахна хиллера Хасун-Юрта базара, шена хьашт-езарг а оьцуш. Шена хьашт-езарг эцна ваьлча, ойлане ваьлла х1ара, «Х1инца х1ара х1умнаш ц1а муха хьур яра-те?» — аьлла. Ойлане а ваьлла 1ачу кхунна д1анехьо говран ворданахь г1айг1ане хиъна 1аш цхьа миска гина. Хьаьккхина цунна т1е а вахана, къамеле ваьллачу кхунна хиъна, и миска шена болх лоьхуш, базара веана хилар. Т1еваханчо ша жа1у оьшуш веанера а аьлла, ворданахь волчо ша жа дажо реза ву а аьлла, барт хиллачу х1окху шимма Хошкалде бог1у некъ юьхьарлаьцна. Къамелана юккъехула хошкалдахочо хоттуш а, жа1уьно жоп луш а хилла:

- Алахьа бакъдерг, хьалха-т1аьхьа жа дажийна вуй хьо?

- Дера ву! Со дукха жа дажийна ву.

- Уьстаг1ий т1егулдеш, муха шок туху ахь? Уьстаг1ий хит1а дуьгуш, 1индаг1е дохуш, муха шок туху ахь? Ц1а дуьгуш… бохуш, хаттарш деш хошкалдахо хилла.

Шен ма-хуьллу доггаха, жа дерг резаван г1ерташ, жа1уьно оцу бехачу новкъа шок етташ, х1орш юьрта д1акхаьчна. Шайн да базарара ц1а ван хьевелча, сахьаьвзина, дуьхьалбеанчу доьзало, сихха ворданна т1ера схьаэцна, х1умнаш д1аяьхьна. Ша х1инцца схьавог1у аьлла, цаьрца цхьаьна «жа дерг а» д1авахна. Т1екхаьчна яьлла маьрк1ажхан хилла, пхьоьг1анара д1абоьлхуш нах хилла, «жа дерг» ваханчу аг1ор а хьоьжуш, шен ворданахь хиъна 1аш х1ара миска а хилла. Уллехула т1ехволу цхьаъ, х1ара юьртара воций а хиъна, кхуьнах хьаша ван дагахь, кхуьнца къамеле ваьлла.

Шаьшшинна къамел дерзош, жа дажжол ирс ца хиллачо эли бохура:

- Кхин х1ума-м новкъа дацара суна, оцу Хасун-Юьртара Хошкалде кхаччалц болчу некъан бохалла айса эрна биттина шок новкъа бу-кх.

Цунна а дайна, оцу заманах теша а тешна (шаьш тешийна дела я теша кийчча хилла дела!) «эрна шок биттинчарна» дагахьбаллам битна оцу замано, д1аяхана…

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

55