Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

27.12.2017 11:05 Среда
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 93-96 от 27.12.2017 г.

СОЬЛЖА-ГIАЛИН ИЛЛАНЧА

Автор: Аза ГАЗИЕВА

Поэт, прозаик, журналист, гочдархо, мохкталламхо! Уьш дерриге а шех ала хьакъ ву Нохчийн Республикин хьакъволу журналист Кусаев Iадиз. Дукха хан ю цо къоман журналистикехь хьанал къахьоьгу. Белхаш бина телевиденехь, газеташкахь, радиохь. Радиохь-м похIме журналист тахана а ву болх беш. Цо кечйина передачаш, кхаъ хуьлий, дIахIуьтту радиоладогIархошна. Уьш даима а чулацаме, маьIне ю. Говзаллин лаккхарчу тIегIанехь йолчу корматаллица кечйина хуьлу цуьнан массо а передача, муьлххачу жанрехь иза кечйина елахь а: репортаж, зарисовка, очерк и.дI.кх.а. Шен экамечу синан цхьа дакъа дуьллу журналиста эфире йоккхучу передачина юкъа. Цундела езаш тIеоьцу уьш вайн махкахоша. Журналистикин балха тIехь алссам зеделларг долу Кусаев Iадиз шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь къахьегна Iаш вац. Иза махкахь а, дозанал арахьа а вевзаш поэт, яздархо ву. Цуьнан ткъа сов книга араяьлла. Цо цхьатерра говза болх бо прозехь а, поэзехь а, оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь. Iадизан байташ тIехь даьхна дукха иллеш ду вайн артисташа дIаолуш. Хазахета, заманан йохалла нур ца довш, тахана а уьш концерташкахь, телерадиоэфирехь хаза аьтто болуш. Уьш Даймахках, ненах, безамах ду. Адамалле, къинхетаме, деган комаьршалле кхойкхуш ду уьш. Нохчийн литературехь шатайпанчу башхаллица къаьсташ ю Кусаев Iадизан кхолларалла. Делан къинхетамца могуш-маьрша, семачу хьекъалца, хьуьнарца вирзи иза шен 80-чу шаре, хьаналчу къинхьегаман хIайттаралла ца лахъеш. Иза боккха кхаъ бу Iадиз вевзаш, везаш, цуьнан кхоллараллах самукъадолучу вайн махкахошна.

БЕРАЛЛИН ШЕРАШ

Кусаев Iадиз вина 1938-чу шеран кхолламан (январь) беттан 3-чу дийнахь нохчийн ширачу юьртахь Шоьнахь. Советийн Iедал тIедеанчу муьрехь Сесанан кIоштана юкъайоьдуш яра Шоьна, тIаьхьо иза Нажин-Юьртан кIоштана юкъаяхана, тахана Гуьмсен кIоштахь ю и юрт, ширачу Шоьнахь токхам хилча, керла йиллина. Iадизан да-Жабраил Шоьнарчу школин директор вара. Iадиз школе ваха кхиале немцойн фашисташ СССР-на тIелатар, дина Сийлахь-боккха Даймехкан тIом дIаболабелира, цул тIаьхьа, 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь, Сталинан хьадалчаша вайнах махках бехира. Цундела, хала ду Iадизан бералла ирсе хилла ала. ГIиргIизойн махкарчу Ошски областерчу Ляйлякски кIоштана юкъайогIучу Исфан юьрта кхаьчнера Кусаев Жабраил шен доьзалца. Кхечу вайнехан санна, церан а дийзира мацалла, шело, гIело, мохк хийцаро дебийна лазарш, къизачу мацаллин Iазап лан. И дерриге а бераллехь гина, лайна ву нохчийн поэт. Цунна дика дагавогIу мацалла велла шен ши ваша. Кхин дан амал ца хилла, мацалла ца валийта, дас, нанас берийн цIийне ша дIавалар а дагадогIу. Къаьхьа денош, шийла буьйсанаш яра уьш, 13 шарахь дай баьхначу лаьттах хьоьгуш, вайнаха хийрачу махкахь текхнарш. Мелла а андавала воьлча, берийн цIийнера цIавалийна, юьртарчу школе дIавелира Iадиз. Дукха а къамнийн векалш дIатарбелла юрт яра Исфан. Нохчий санна, шайн махках баьхна немцой, гIалмакххой, гIирмера гIезалой, курдаш, иштта кхечу къаьмнех адамаш дара юьртахь дехаш, аьлча а, хенедуьйлуш.

Школера хьехархой дика бара. Цара ца къестадора берийн къаьмнаш. Цара уьш, Iилманан йовзуьйтуш, 1амадора. Школехь кхоллабелира Iадизан литературе безам. Школа чекхъяьккхина валале цо дукха книгаш йийшира. Исбаьхьаллин литературах чIогIа самукъадолура кIентан. Юккъерра школа чекхъяьккхина волуш, Пушкинан, Лермонтовн, Тургеневн, Толстойн, Достоевскийн, кхечу дуккха яздархойн говзарш ешна ваьллера Кусаев Iадиз. Книгаш ешаро гIо дира цунна, аттестата тIехь дерриге 5 долуш, школа кхиамца чекхъяккха.

ЛЕХАМИЙН ШЕРАШ

Кусаев Iадиз школа чекхъяьккхина волуш, массо а маьIIера лерса хьоьсту мерза кхаьънаш дара схьахезаш. Уьш вайнахана Кавказе цIаберза некъамаршо яларх дара. Дукха сиха, шайн ерг ларчанашка а ерзийна, Даймахка цIабахка кечбелира КусаевгIар а. ЦIа даьхкича, Iадиз Соьлжа-ГIалахь сецира. 1957-чу шарахь Соьлжа-г1аларчу Статистикин техникуме деша хIоьттира иза. Дешарх дика кхеташ, кхиамца техникум чекхъяьккхинехь а, сингаттамечу терахьийн хьаьттахь болх бан ца лиира жимачу стагана. Цуьнан карзахе ойла паналлехь некадеш яра, экамечу синна аьхна социйла лоьхуш. Цундела, техникум чекхъяьккхина ваьллачу шарахь, иза Тамбов гIала воьду. Тамбовн областерчу Кирсанов гIалахь тIеман летчикаш кечбеш авиационни училище хилар хиънера цунна. Цхьана а кепара новкъарло йоцуш, оцу училище деша дIатасавелира I.Кусаев. Кхиамца иза чекхъяьккхина, Соьлжа-ГIаларчу аэропорте балха вахара, техникан дарже. ХIаваан кеманийн Iуналладар дара техникан декхаршна юкъадогIуш. Iадизан декхарш оцу тIехь чекхдовлуш дацара. Вахар-вар алсам хуьлура цуьнан оцу муьрехь. Хетарехь, иза кхачаза наггахь а гIала хир яцара Советийн Союзехь. Цуьнца цхьаьна адамаш довзар, цаьрца уьйр-марзо тасар, гергарлонийн зIенаш чIагIъяр хуьлура. Бер санна, воккхавера иза керлачу гергарлонех, дикачу адамех, церан дикачу амалех а. Делахь а, дукха болх ца бира цо Соьлжа-ГIаларчу аэропортехь. ХIаваан аьхналла Iадизан дог хьостуш яцара. ЧIагIлуш яра цуьнан литературах хьерча ойла. Цхьацца йозанаш дара гулделла. Уьш зорбане даха болу лаам а бара ойланех хьерчаш. Керлачу анайисте дIавоьхуш, дагах гилгаш дохуш, синкIоргенехь тебна поэзига болу ховха безам бара, иза синтемах а ваьккхина, буса наб ца йойтуш, генарчу седанах серлабуьйлуш.

ЛИТЕРАТУРИН ХЬАЬРМАХЬ

Исфанерчу юккъерчу школехь доьшуш волуш дуьйна вара Iадиз поэзин могIанаш яздеш. Дуьххьарлера байт зорбане 1958-чу шарахь елира цуьнан, Нохч-ГIалгIайн Республикин кегийрхойн «Комсомольское племя» газетан агIонаш тIехь. Иза оьрсийн маттахь язйина яра. Дукха хан ялале «ДоттагIалла» цIе йолчу альманахан агIонаш тIехь нохчийн маттахь язйина байт елира зорбане. Цуьнан цIе «11-чу августан урам» яра. Цул тIаьхьа кест-кеста гора поэтан байташ вайн республикерчу газетийн, журналийн агIонаш тIехь. Уьш-м Москвахь арадуьйлучу «Литературная газета», «Литературная Россия» газетийн а, «Дон», «Юность», «Дружба народов» журналийн агIонаш тIехь а гора. Нохч-ГIалгIайн Республикерчу къоначу поэтийн «Седарчий канашкахь», «Вайга кхойкху керла анайисташ», «Новкъахь цхьаьнакхетар» цIерш йолчу а, иштта кхечу гуларшна а юкъахь яра Кусаев Iадизан байташ. Цара гойтура нохчийн къоман литературе похIме поэт веана хилар а, нохчийн а, оьрсийн а меттанаш цунна цхьабосса дика хууш хилар а. Цуьнан байташа тIечIагIдора: къоман литературин хьаьтта иза ларамза нисвелла цахилар, шенначул дахар а, дуьне а девзаш стаг иза хилар а. 1964-чу шарахь, балхана юкъара ца волуш, Кусаев Iадиз деша воьду Дона-тIерачу-Ростоверчу университетан журналистикин факультете. 1969-чу шарахь цо кхиамца чекхйоккху университет.

Журналистикица дахар дозар кхин а хьалхе нисделлера цуьнан. 1966-чу шарахь Кусаев Iадиз Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан телерадиокомитете балха веара. Шовзткъе итт шо сов зама ю, шен са, дегI ца кхоош, нохчийн къоман сирлачу кханене сатесна, цо къахьоьгу. Вайн махкахошна уллера иза вовзар а телевиденехь болх беш волуш хилира. Телевиденин коьрта редактор болх беш волчу Iадиза, дукха хьолахь, кхоллараллин адамех кечйора передачаш. Ткъе итт-шовзткъа минотехь йолчу передачашкахь шен турпалхойн Iер-дахар, церан кхоллараллин хазалла телехьовсархошна йовзийта ларавора автор...

Лакхахь вай билгал ма-даккхара, зорбатоьхначу цуьнан книгашлахь исс поэзин гулар ю. Уьш ю: «Амал», «Некъаш», «БIаьстенан мохк», «Кхоллам», «Сан некъ»… 1адизан дукхахйолу байташ, композиторша мукъамаш а баьхна, иллиалархоша а, эшаршлакхархоша а кхочушъеш ю. Къаьсттина гергарло дара Iадизан композиторца Шахбулатов Iаднанца. Ткъех илли ду церан кхоллараллин гергарлоно вайна делла. Соьлжа-ГIалин гимн хилла дIахIоьттина цушимма даьккхина, Буркаев Мовлада дIаолуш хилла «Соьлжа-ГIала» илли.

Тем боцу бер санна,

Хьо зевне йоьлуш ю.

Iуьйранна гIаьттина,

Хьо балха йоьдуш ю.

Хьан сийна урамаш

Сан деган пхенаш ду.

Сан гIала туьйранел

Уьш хазахеташ ву…

50 шо гергга хан ю Iадизан дешнаш тIехь даьккхина и илли вайца деха.

ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь Нохчийчоьнах буьрсачу тIеман цIе хьарчийначу зуламечу нехан ницкъ ца кхечира и илли вайх дIакъасто. Авторийн къеггинчу похIмин теш хилла деха вайца иза. Соьлжа-г1ала мел ю дехар долчу иллех цхьаъ ду иза.

КIезиг бац Iадиза прозехь бина болх а. Кхин хIумма ца хилча а, цо язйина, зорбане яьхна нохчийн яздархойх йолу очеркаш тоьар ю, цуьнан цIе къоман литературехь яхийта. «Нохчийчоьнан яздархой» цIе ю цо бинчу белхан. Цхьа б1е шовзткъе итт гергга яздархочух ю цо язйина очеркаш. ХIораннах а ала довха дош карийна цунна, дешархойн дегнашкахь нохчийн яздархошка безам, ларам кхолла аьтто а болуш. Яздархочо ца къестийна къаьмнаш. Тахана дийна верг, воцург, жима а, воккха а. Нохчийчоьнах, нохчех дош мел яздинчух а, мел аьллачух а очерк язйина 1адиза. Иза Iаламат мехала ду. Книга пайде хир ю хьехархошна, дешархошна, студенташна, нохчийн литературах дерг хаа мел луучунна а. Хьалха, наггахь бен, вайна цIе йоккхуш а, буьйцуш а ца хезна яздархой а шен мехалчу балхана юкъабало хьуьнар хилла цуьнан. Нохчийн халкъан къаьхьа чам бетталучу исторехь мел хилларг хаа лааро, иза дешархошна довзийта лааро, халкъе, махке болчу безамо байтина яздархочуьнга и мехала болх. Иза цу тIехь дика лара а вина. Яздархойх очеркаш язйина Iаш вац иза. 1.Кусаевс шен белхан накъостех «Говорит и показывает Грозный» цIе йолу книга зорбане яьккхина. Дуккха а шерашкахь радиохь а, телевиденехь а белхаш бинчу Кусаев Iадизана дика девза церан «чуьра» хьал. Цундела, цкъа а радиоца а, телевиденица а бала цахиллачеран а еша дог доуьйтуш ю «Говорит и показывает Грозный» книга. Иза мехала книга ю къоман радион, телевиденин белхан а, кхиаран а некъ бовза луучунна. Iадизан мехалчу белхех цхьаъ лара хьакъ ду цуьнан «Соьлжа-ГIалех» йолу книга. Иза дийнна талламан болх бу. 1818-чу шарахь инарла Ермоловс «Грозная» гIап йоьгIчахьана мел хилларг юкъалоцуш язйина ю иза, дуьххьарлерчу урамийн цIерш йовзуьйтуш, цигахь хиллачу адамийн дахар довзуьйтуш. Дика, говза а гойту яздархочо, архиван бакъдолчунна т1е а тийжаш, буьрсачу гIопера нохчийн мехкан коьртачу шахьаре Соьлжа-ГIала ерзар. ГIалех а, цуьнан зовкх дебийначу адамех а дуьйцуш, яздархочо масалш даладо, йолчу таронца яздийриг суьрташца т1е а ч1аг1деш. Иза къаьсттина мехала хета, 2018-чу шарахь Нохчийн Республикин коьртачу шахьаран 200 шо кхочуш хилар дагадеача. Нохчийчоь а, цуьнан коьрта шахьар а яздархочунна чIогIа дукхаезаш хиларна къеггина тоьшалла ду иза. Цундела, Кусаев Iадизах «Соьлжа-ГIалин илланча» ала догIу. Соьлжа-ГIале, цуьнан бахархошка болчу безаман цIеро хаддаза кийра багош ца хилча, далур доцуш гIуллакхаш ду Iадиза динарш. Нохчийн къоман культурехь, литературехь махбоцу беркат хилла дIахIоьттина цуьнан хьанал къинхьегам. Дегайовхо лаьтта шен йозанашкахь тIаьххьара тIадам похIмечу яздархочо билла хIинца а дукха хан хиларх. Цундела кхиамийн зIаьнаршлахь шен 80 шаре вирзинчу яздархочуьнга ала лаьа: Веза-Воккхачу Аллах1-Дала оьмар яхйойла хьан, тхан лараме Iадиз! Ирсо хьоьстийла, кхоллараллин кхиамаша зазадаьккхина доьду хьан дахар. Диканаша дог хьоьстуш, марзоно шовкъе дог Iабош, кхоллараллин шовда ца лекъаш, дуккха а шерашкахь вехийла хьо!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

29