Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

27.12.2017 11:07 Среда
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 93-96 от 27.12.2017 г.

Зуьнан к1орни

Автор: ДАМАЕВА Има

Бешахь ловзуш вара жима Мохьмад. Массо а х1уманах самукъадолура цуьнан. Зезагаш т1ехула хьийзачу полларчех, олхазарийн декарх.

Керта йистехула схьайог1учу зуьнах б1аьргкхийтира цуьнан. Зуьнна т1аьхьа х1оьттина йог1уш цуьнан ши к1орни а яра. Жима а, хаза а яра и шиъ. Мохьмада цхьа к1орни схьаийцира. Лаза ца вира к1ант. Цуьнан к1охцалш цхьа к1еда, ховха дара. И кара а эцна, чуведира к1ант.

- Мама, хьажахьа, суна зу ма карийна! – аьлла, мохь белира цуьнан.

- Мичахь карийна хьуна и? – хаьттира нанас.

- Вайн бешахь яра-кх! — жоп делира к1анта.

- Ша-а яра иза?

- Яцара. Цуьнца йоккха зу а, кхин цхьа к1орни а яра.

- Вало, наниниг, айхьа схьаэцначу охьайилла иза! — элира нанас.

- Суна ца лаьа, суна х1ара зу сайна йита лаьа. Ас, шура а луш, дика лелор ю х1ара… — бохуш, резавацара к1ант нанас аьлларг кхочушдан.

- И мегар дац, — элира нанас. – Цунна шен нана ма еза, и жима ма ю. Хьуна езий хьайн нана?

- Еза дера, — аьлла, сихха жоп делира к1анта.

Т1аккха, дикка ойла йинчу к1антана дагадеара: «Сайн нана ц1ахь ца хилча, со мел холчух1утту!», — аьлла. Иштта йинчу ойлано ч1ог1а къахетийтира цунна зуьнан к1орнех. Иза а эцна, юха беша велира к1ант.

Зу ша хьалха хилаччохь 1аш яра, «ху-рр» а деш. Меллаша д1ахийцира Мохьмада к1орни. Иза-м чехкка шен нанна т1е хьаьдира. Цунах хьожа йохуш, цунна гондахьа хьийзара нана. Цкъа-шозза к1анте схьа а хьаьжна, шен ши к1орни т1аьхьа а х1оттийна, д1аяхара иза.

Ч1ог1а самукъаделира к1ентан. Иза сихха шен нанна улле вахара.

Эх1, ма хаза а, маьрша а дара-кх ненаца! Юх-юха а шен ненан марахьерчара к1ант. И кхийтира, цхьаьннан а шен ненал деза а, хьоме а х1умма а цахиларх, цхьа а бертаза шен ненах къасто цавезарх.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

7