Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

08.12.2017 11:22 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 88-89 от 07.12.2017 г.

Бес-бесара къоламаш

Автор: ДАМАЕВА Има

Ч1ог1а хазачу г1утакхахь 1ашурина цхьамма совг1атна къоламаш деллера. Ч1ог1а хаза эчиган дара и г1утакх. Г1утакхан нег1ар т1ехь диллина стела1одан сурт дара, ворх1 тайпана бос а болуш. Чохь дуккха а къоламаш дара, дика ирдина а долуш. Ашурас, уьш шена ч1ог1а хазахетарна, кхоош, наггахь бен лела а ца дора.

К1еззиг хан яьлча, г1утакх чохь долу къоламаш вовшашца къийсадала дуьйлира. Ц1ечу къоламо д1ахьедира: «Со коьртаниг бу!», — аьлла.

- И бохург х1ун ду, хьо стенна хуьлуш бу кху чохь коьртаниг? – аьлла, меттахбелира баьццара бос болу къолам. — Цу т1е даьлча, массарал хаза бос сан бу, со хила беза коьрта, — элира.

- Соьца хьалхе къийса ма г1ертийша, соьга кхочуш цхьа а къолам бац кху чохь! — аьлла, кхоссабелира боьмаша бос болу къолам.

- Вай, и бохург х1ун ду? Тхо шул х1ун оьшуш ду! – аьлла, г1овг1а яьккхира вукху къоламаша.

Цу г1овг1анна юккъехь царна ца хааделира 1ашурас шаьш караэцна хилар. Йо1а г1утакх схьадиллира. Тап-аьлла д1атийра къоламаш. 1ашурас схьаийцира баьццара бос болу къолам. Цуьнца бецан сурт диллира. Т1аккха боьмашниг схьаийцира. Цуьнца цхьа хаза, бой коьртахь а йолуш, йоь1ан сурт диллира. Юха схьаэцначу ц1ен къоламца цу баьццарчу арен т1ехь шортта пет1амат зезагаш дехкира.

- Хьовсал, оха элирий, тхо ду кху чохь коьртаниш?! — дозаллица элира ц1ечо.

Массо а, ладоьг1уш, тийна 1ара. Массарна а лаьара йо1а шайца суьрташ дахка. Юха 1ашурас сийначу къоламца х1орд биллира, цу т1ехь 1аьржачу къоламца х1ордан кеманаш а дохкуш. Можачуьнца малх биллира. Цхьа а къолам д1атеттина ца битира цо.

Г1утакхан аг1онах д1а а летта 1ара к1айн къолам.

- Со бац-кх цхьанна а оьшуш, со кху чу х1унда биллина хилла- те? — бохуш, г1ийла ойланаш йора цо. – К1айчу къоламах х1ун до, к1айчу кехат т1ехь и гур ма бац, — бохуш, ша-шен тебора цо. Дегабаам ч1ог1а бара.

Т1аьххьара а йо1а схьаийцира к1айн къолам.

- Вай, со бац цо схьаэцнарг?! – аьлла, хазахетта къолам йо1а охьабиллира. Доккха садаьккхира къоламо: «Х1ун дийр ду? Дан х1ума дац-кх. Иштта бу-кх сан кхоллам! – аьлла. Юха а, дог а диллина, д1атийра къолам.

Йо1а юха а к1айн къолам схьаэцна, стиглахь к1айн мархаш ехкира, х1ордкеманна т1ехь мох лоцу четар диллира. Юха цхьана доккхачу ирзу т1ехь хаза а, шортта а к1айдаргаш дехкира.

- Хьажахьа, со а цхьана х1уманна пайде хилла-кх! — аьлла, доккха са а даьккхина, парг1атбелира къолам.

Дукха суьрташ дехкира 1ашурас. Массо а къоламах пайдаэца хиира цунна. Лекха лаьмнаш, можа малх, сийна х1орд, баьццара аренаш, хьаннаш яра цуьнан суьрташ т1ехь… Цо дехкинчу суьрташка а хьаьжна, нанас хаьттира 1ашуре: «1ашура, уггаре а дукха муьлха бос болу къоламаш деза хьуна?», — аьлла.

И дерриге къоламаш шен мара а доьхкина, жоп делира йо1а: «Суна дерриге дукха а деза, хаза а хета х1орш, мама!», — аьлла.

И массо а къолам, нисбеш, г1утакх чу биллира цо. Цуьнан довхачу дешнаша барт бира къоламашна юккъехь. Вовшах а ийна, тап-аьлла д1атийра къоламаш. Хьажахьа, ма дукха х1ума оьшуш ца хилла барт бан! Хаза, мерза, довха дош, лерам оьшуш хилла-кх. Оццул жимачу йо1ана хии-кх карзахдевллачу къоламашна юккъехь барт бан. 1ашура ловза яхара, баркаллица йо1ана т1аьхьа г1утакх а хьоьжуш. Ткъа къоламаш, вовшашна т1ет1а а те1аш, вовшашка хьал-де а хоьттуш, дукха ч1ог1а сапарг1ат, д1атийра.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

46