Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

10.02.2017 16:10 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 9-10 от 10.02.2017 г.

Поэзин суьйре д1аяьхьира

Автор: С.ДЕНИЕВ

Гуьмсен к1оштарчу культуран а, дешаран а хьаьрмашкахь кегийрхой кхетош-кхиоран 1алашо йолуш кхоллараллин адамашца тайп-тайпана цхьаьнакхетарш д1ахьо. Ишттачарех цхьаъ дара Гуьмсера хьехархойн колледжехь «Гумс» газетан коьртачу редакторца, поэтаца, гочдархочуьнца Х.Борхаджиевца д1адаьхьнарг а. Зал юьззина бара поэт, цуьнан кхолларалла а уллера йовза баьхкина хьехархой, студенташ.
Хожбаудин дахаран а, кхоллараллин а некъ бовзуьйтуш йистхиллачу хьехархочо Асхабова Зараа дийцира цхьаьнакхетар – поэзин суьйре – д1адахьаран 1алашонах: «Тахана хьехархойн колледжехь доьшуш болу кегийрхой масех шо д1адаьлча, школашкахь кхетош-кхиоран болх бан безаш бу. Дуьненан поэзи йовзар вайн махкара, вайн къоман поэтийн кхоллараллина т1ера д1адолийча, нийса хета тхуна. Цундела лиира тхуна дуккха а Даймахках, доттаг1аллах, тешамах, безамах стихаш шен йолчу поэтан Х.Борхаджиевн кхолларалла а йовзуьйтуш, поэзин суьйре вовшахтоха. Дала беркате дойла вайн цхьаьнакхетар!».
Суьйренехь дакъалоцучаьрга маршалла хоттуш вистхиллачул т1аьхьа ша «Февральский набат», «Мы – из СССР», «Последний трамвай», ткъа иштта кхийолу стихаш а маца, муха, х1унда язйина дийцира Хожбаудис. Йийшира уьш а, кхийолу а шен стихаш.
Студенташа Дибирова Жанетас, Ахмадова Радимас «Окончен концерт» стихотворени ешначул т1аьхьа (ала деза, и стихотворени а ешна, оцу студенташа НР-хь д1абаьхьначу къовсамехь толам баьккхина) эшаршлакхархоша Т.Парсановас, Ф.Ахтаевас а д1алекхира Хожбаудин дешнаш т1ехь яьхна эшарш: «Ирс лохьа суна», «Шуьйта», «Песня о Грозном», «Ларамаза цхьаьнакхетар», «Ансамбль Нохчо». Лаккхарчу говзаллин т1ег1анехь лекхира Т.Парсановас Анна Германан репертуарехь хилла «Эхо любви».
Хожбаудина а, поэзин суьйре вовшахтоьхначарна а баркалла олуш къамел динчу хьехархойн училищан директоро Р.Эльдаровс элира: «Иштта цхьаьнакхетарш ч1ог1а оьшу къоначарна, къаьсттана хьехархошна. Дукха хан ца йисна тахана х1окху цхьаьнакхетарехь болчара школашкахь кхетош-кхиоран болх д1аболо а. Со тешна ву, ишттачу цхьаьнакхетарша беркате т1е1аткъам бо кегийрхойн хьежамашна, кхетамна; шордо хаарш, безам кхуллу хазачуьнга, ц1еначуьнга. Баркалла хьуна, Хожбауди, хьехархойн колледже хьошалг1а варна, хьайн кхолларалла уллера йовзийтарна!».
Поэто шен книгаш хьехархошна а, студенташна а совг1атна луш, безамна цхьаьна суьрташ а дохуш, д1адирзира цхьаьнакхетар.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

25