Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

10.02.2017 16:13 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 9-10 от 10.02.2017 г.

ЦКР-хь схьабиллина «Даймехкан косташ» - кхерч

Автор: С.АБУАЛИЕВ

Т1аьххьарчу иттаннаш шерашкахь, СССР пачхьалкх йоьхчахана, инзаре тамашеначу, къизачу г1уллакхийн, хиламийн тешаш хилла ца 1аш, уьш ловш схьадог1у халкъаш к1езиг дац. Даккхий а, кегий а ду и халкъаш. Россия пачхьалкхехь шен дукхаллийн барамехь доьалг1а долчу нохчийн къомо дуккха а тешнабехкаш, ямартлонаш, шиъ т1ом лайна т1аьххьарчу ткъе пхеа шарахь. Даймахкана, адамийн дог1машна йина чевнаш ерзочу муьрехь к1езиг бац къоман кхетамна, ойланна, иэсана, синкхетамна, синмехаллашна тохар дан, чевнаш ян 1алашо йолуш арабевлларш. Иштта тешнабехкаца арабевллачара мерцина, багийна вайн Даймохк юхаденбина, когах1оттийна, ирс-аьттонца вай даха дуьйладелча, юха а гучубуьйлу вайн махкахь ц1е кхарсто луурш, къам дохо, даржо, наной белхо лаам берш. Махкана а, халкъана а г1аролехь лаьттачийн само артъелча, уьш к1еззиг а малбелча, тешнабехк бан кийчча 1аш зуламхой хилар гуш а, хезаш а ду вайна. Дукха хьолахь царех 1ехабелларш кегийрхой хиларна, цара тилийнарш дайн къилбанах, мехаллех, некъах боьхнарш хиларна, НР-н Куьйгалхочо Р.А.Кадыровс боккха тидам т1ебохуьйту кегийрхой кхетош-кхиорна.
Шайн хьуьнаршкахь къовсабала луучарна спортзалаш, корматаллаш, кхоллараллаш гучуяха, кхио, деша, 1илма карадерзо лаам болчарна школаш, хьуьжарш, училищеш, техникумаш, университеташ, культуран кхерчаш схьабиллина. Оцу дерриге а хьелашна букъ тухий, уьш тергал ца деш, 1илманан, дайн некъан, орамийн бух боцучу хабарех 1ехабелла, юха а сингаттамаш баржо арабуьйлу вайн кегийрхойх цхьаберш. Дохкобевллачара телевиденехула дечу къамеле ладоьг1ча, цхьа ойла кхоллало: шайн деца-ненаца, доьзалца уьйр-марзо яц церан, кхетам аьрта бу, хаарш дан а дац, церан «хьекъал» деккъа зуламхоша дийцинчух кхолладелла, шайн къоман, дайн сийлахь-ц1ена дерг ца девзина царна, цундела уьш 1ехийна, 1ехабелла, тилабелла. Кхин цхьа бахьана ду кхузахь: терго йоцуш, тидамза, бен-башха а доцуш, царех цхьаберш школехь, юкъараллехь битина хилар цаьрца болх бан хьакъ долчара. Кегийрхой кхетош-кхиорехь, царна къоман синмехаллаш йовзийтарехула беш болу болх вайн республикехь к1езиг бацахь а, тхуна а лиира оцу декъехь тхайн ницкъ кхочург дан, цхьаьннан кхоллабалийтина а вайн Даймахке, г1иллакх-оьздангалле, сийлахь-дезачуьнга, ц1еначуьнга шовкъ-безам кхоллабалийта, «Даймехкан косташ» ц1е йолу кхерч ЦКР-хь схьабиллина. Оцу хьокъехь со дагавелира культуран урхаллин хьаькамах Р.Бабишевх, ЦКР-н директорах З.Бантаевх «Гумс» газетан коьртачу редакторах Х.Борхаджиевх а. Тхан лаам Гуьмсен муниципальни к1оштан куьйгалхочо 1.А.Оздамировс къобалбинчул т1аьхьа, «Даймехкан косташ» — кхерч схьабелла де билгалдира оха.
Дукха адам деанера Гуьмсерчу «Центр развития культуры» (директор З.Р.Бантаев) ц1ийнахь д1адахьа леринчу цхьаьнакхетаралле. Царалахь бара хьехархой, культуран хьаьрмийн белхалой, педколледжан, аьчканекъан техникуман, школийн дешархой, студенташ. «Даймехкан косташ» — кхерч схьабелларан 1алашо йовзуьйтуш вистхиллачу цхьаьнакхетар д1ахьочу журналиста Сумбулатов Денис элира: «Вайн махкахь дуккха а дика г1уллакхаш дина, деш а ду НР-н Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тергонца кегийрхой кхетош-кхиоран 1алашо йолуш. К1езиг дац вайн къоман г1иллакх-оьздангалла, ламасташ, 1адаташ, бусалба динан мехаллаш йовзийтарехула динарг. И болх хаддаза бан безаш хиларна, х1ора а дийно керла-керла хаттарш, г1уллакхаш х1иттадо дела, кегийрхойн ойланна, кхетамна т1едоьлху керла-керла некъаш а хуьлу леха а, каро а дезаш.
Тахана вай схьаелла леринчу клубехь (кхерчахь) вовшахтухур ду кегийрхойн цхьаьнакхетарш 1еламнахаца, кхоллараллин адамашца, прокуратуран, полицийн, МЧС-н векалшца, латталелорхошца, лоьрашца, хьехархошца. Доцца аьлча, шайх масал эца а, кегийрхошна дахаран некъ харжа а г1о-накъосталла дийр долчу адамашца. Вайн лаам бу: кегийрхойн дог-ойла, уьйр-марзо х1окху кхерчаца йоза. Х1ора кхеташо, цхьаьнакхетар д1адолор ду нохчийн халкъан поэтан Мамакаев Мохьмадан дешнаш т1ехь даьккхинчу, халкъан илланчо Дагаев Валида д1аолучу «Даймехкан косташ» иллица. И илли х1окху кхерчан (клубан) гимн хир ю».
Кхайкхаме, дехаре, хьехаме а дуьйлуш, зевне дека нохчийн халкъан илланчо Дагаев Валида д1аолу «Даймехкан косташ» илли:

Шуьга ду маршалла, хьомсара накъостий,
Дехийла, ирс хуьлда, 1адъ1елаш шу ховший,
Шун оьзда г1иллакхаш – Даймехкан безам бу,
Барт болуш гулдалар – сан дагна хаза ду.

Ц1еххьанчу орцано сихонца айвина,
Кхочучу ницкъаца накъосталла дан лиъна,
Даймехкан декхаро г1аттийна вог1у со,
Шен дикчу к1енташка д1аала, боху цуо:

…Массанхьа а 1у хилла, шаьш хала кхиийна
И къена шайн дада тергалве, боху цуо…
Доьзалан хьашташа хеназа къежйина –
Хьомсара шайн нана йиц ма йиэ, боху цуо…

Бехачохь, дуьйцучохь, боккхучу когаца
Сийлахьчу Даймехкан сий айде, боху цуо…
Бохамна, харцонна юьхь дуьхьал х1иттинчохь
Собарах, стогаллах ма довла, боху цуо…
Хьомечу шайн ненан юьхь-сибат аша дицдахь,
Ша – Даймохк – къинт1ерабера бац, боху цуо.

Сцени т1е кхайкхинчу Гуьмсен муниципальни к1оштан куьйгалхочо Оздамиров 1усмана Ахмаровича шен къамелехь билгалдаьккхира: «Дуьненарчу яккхийчу пачхьалкхаша политикехь а, геополитикехь а шайн даккхий г1уллакхаш кхочушдан мекарчу х1илланех, харцонех пайдаоьцучу, цхьайолу пачхьалкхаш, халкъаш х1аллакдечу заманахь деха вай. Ткъех шо хьалха и тешнабехкаш, ямартлонаш лелочу пачхьалкхийн куьйгалхойн, церан векалийн буйнара, т1е1аткъамера вайн къам Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) даьккхина ца хиллехь, вайх къацахетачийн дегаза дагалецамаш бисина хир бара вайх. Къизачу шина т1амо шен орамах хадийначу, х1аллакдинчу, махкахдаьккхинчу нохчийн къоман верас а, 1у-да а хилла д1ах1оьттинчу Ахьмад-Хьаьжас дов д1ахьедира халкъан мостаг1ашка, дуьненахь а орца даьккхира: «Бехк-гуьнахь а доцу адамаш, халкъ, мохк бу х1аллакбеш!» — аьлла.
Хан-замано кхоьллинчу хьелаша шех политик винчу 1еламстага Ахьмад-Хьаьжас аьлла дош, пачхьалкхийн т1ег1анашкахь, адамашца цхьаьнакхеттачохь, гуламашкахь, конференцешкахь, съездашкахь цо доггаха дина къамелаш шайн 1алашоне кхечира. Цуьнан кхиамех, хуьлучу дикачу хийцамех кхерабеллачу зуламхоша тешнабехк бира Ахьмад-Хьаьжина. Дала декъалвойла иза. Шен ден некъ ца ходуьйтуш, мохк а, къам а зуламех лардеш, къахьоьгуш ву НР-н Куьйгалхо Рамзан Ахматович. Боккха тидам т1ебохуьйту цо кегийрхой кхетош-кхиорна. И болх массо а юьртахь, к1оштахь, доьзалехь бан безаш хилар массеран а декхар лору Рамзан Ахматовича. Оцу 1алашонца вайн к1оштахь «Даймехкан косташ» — кхерч (клуб) схьабеллар ас къобалдо, Дала беркате дойла вайн цхьаьнакхетар!» Цхьаьнакхетарехь дакъалоцучарна хьалха къамел динчу НР-н Парламента депутато Тагиев Мурата дийцира НР-н Куьйгалхочо Р.А.Кадыровс кегийрхой кхетош-кхиош бечу балхана т1ехь хаддаза тидам латтийна а ца 1аш, иза ша а оцу балхахь жигара дакъалоцуш хиларх.
«Нохчийн къоман г1иллакх-оьздангаллехь, ц1енаниг къобалдайта, вониг емалдайта, сийлахьниг т1еэца, сийсазниг д1ататта, т1е ца дита 1амо беза кегийрхой. Аша х1ара кхерч (клуб) кхуллуш шайна билгалъяьхна 1алашонаш, аша шайна т1елаьцна декхарш, дан леринарг а къомана оьшуш ду, къаьсттана кегийрхошна. Церан ойла, са лаьтташ, са парг1атдолуш, самукъадолуш, уьш вовшехдагабовлуш, цахуург хоттуш, хаттаршна жоп карош кхерч хуьлийла «Даймехкан косташ»! Соьгара г1о-накъосталла хир ду шуна. Дала т1аьхье беркате йойла х1окху г1уллакхан!», — элира М.Тагиевс.
Кхерчан (клубан) хьалхарчу цхьаьнакхетаралле кхайкхина баьхкинчу хьешийн: «Гумс» газетан коьрта редактор, поэт, прозаик, гочдархо Х.Борхаджиев, поэт, журналист Р.Юсупов, РФ-н яздархойн а, журналистийн а Союзийн декъашхой; хьехархо, поэт, НР-н хьакъволу хьехархо, культуран белхахо 1-1.Асхабов – бовзийтра ЦКР-н белхалочо Бантаева Хьавас, х1ораннан а дахаран а, кхоллараллин а некъах а дуьйцуш. Хьешех х1ораннан а дахаран некъ кегийрхоша шайх масал эца хьакъ а болуш, ц1ена, хьанал бу. Школехь дешнабевллачул т1аьхьа г1уллакхдина Эскарехь, Даймахкана декхар д1алуш. Хьехархо, нефтяник, автомоляр, журналист – йоза ду Юсупов Русланан къинхьегаман книги т1ехь. Нефтяник, корреспондент, коьрта редактор – йоза ду Борхаджиев Хожбаудин къинхьегаман книги т1ехь, механизатор, хьехархо – йоза ду 1абдул-1азиз Асхабовн къинхьегаман книги т1ехь а. Дуккха а стихийн, дийцарийн, сценкийн, статьян, книгийн авторш хилла ца 1аш, иллийн, эшарийн, назманийн авторш, Нохчийчохь, Къилбаседа Кавказехь, Россияхь а д1абаьхьначу тайп-тайпанчу къовсамийн толамхой бу хьеший.
Поэташа йоьшучу стихашка, цара адамийн юкъаметтигех, дахарх, шайна зеделлачух дечу къамелашка хазахеташ ладуг1ура кегийрхоша. Даймахках, доттаг1аллах, безамах, 1аламах, дахарх яра школашкара баьхкинчу дешархоша: Абубакарова Миланас, Хуржаев Мохьмада, Солтамурадов Мусас, Катаев Амирхана, Умаева Сафияс, Абзотова Джамиляс, Асхабова Мархас и.д1.кх. поэтийн ешна стихаш.
Иллиалархочо Израпов Хьусайна «Оьздачу ден-ненан дика йо1», Баталова Раянас «Сайн Даймохк», Парсанова Таисас «Случайная встреча», «Ансамбль Нохчо», Эльжуркаева Луизас «Мой край», «Даймахке безам» — поэтийн дешнаш т1ехь иллеш а, эшарш а д1алекхира.
«Даймехкан косташ» — кхерчахь (клубехь) д1адаьхьна цхьаьнакхетар д1адерзийра Шарипов Супьяна 1-1.Асхабовн дешнаш т1ехь даьккхина «Нохчийчоь, Дала 1алашйойла хьо!» илли а олуш. Безамна хьешашца цхьаьна суьрташ дехира, совг1аташ дира, нохчийн кхачанан чомехь шун х1оттийра ЦКР-н дайша.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

64