Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

10.03.2017 14:15 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 15-16 от 10.03.2017 г.

Йинчу денца декъалъеш

Автор: АРЗУЕВА Нуржан

Иттех шо хьалха евзина суна Айдамирова Машар. Цхьа тийна-тапъаьлла, к1еда-мерза 1аь, шен 1аьнаре терра, аьхна ю Машаран ерриг а произведенеш. Шен ден некъа д1аяха ницкъ кхечи цуьнан .Иза нохчийн литературе ян хьакъ долуш ю.Ша ма-ярра, иштта тийна-таь1на, къинхетаме, вайна юкъахь мел оьшучунна кхоалур йоцуш, тешаме накъост ю иза. Муха мегар ду, боху, Машарс:
« Бакъдуьнене дIадерза дезачу вайн йиш яц вовшашца бен доцуш даха, ваьшна т1аьхьа дита деза вайх ала Дош . Шайна тIе тидам бохуьйтуш, шайх лаьцна ойланаш йойтуш, хаттарш хIиттош, жоп лоьхуш хир ду цхьа хан яьлча вайн дахарш а. Иштта хирг хиларх шеко яц».
Со теша, Машара а 1аламат дукха аьлла шен заманах, шен дуьненах, шен махках, вайх а, цундела цуьнан синлехамех, сатийсамех кхетар, царна тIаьхьакхиар ду-кх хIинца дисинарг.
Нохчийн яздархоша х1ораммо а шен-шена цхьа хьехархо хоржуш хилла,ткъа аса сайна хаьржина хьехархо-иза Айдамирова Машар ю.
Тхан лераме Машар, оха, дешархоша, тхан белхан накъосташа а даггара декъалйо хьо йинчу денца. Хьан кхоллараллехь кхин а баккхийра кхиамаш, дахарехь могашалла, ирс, аьтто хуьлийла. Массо хенахь а хьайн дахарх, доьзалх, вайн машаречу Нохчийоьнах йоккхаеш хуьлда хьан дахар. Тхуна даггара лаьа хьан массо а дикачу гIуллакхаш т1ехь баккхийра кхиамаш хуьлийла!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

116