Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

10.03.2017 14:21 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 15-16 от 10.03.2017 г.

Зударий декъалбира

Автор: С.АЛИЕВ

Хаза ламаст хилла д1ах1оьттина х1ора шеран март беттан 8-чу дийнахь даздаран хьолехь зударшна лерина цхьаьнакхетарш д1адахьар. Гуьмсера берийн исбаьхьаллин школехь а вовшахтоьхнера иштта 1алашо йолу цхьаьанкхетар. Школан хьехархоша шайн дешархошца цхьаьна кечйинера иллех, эшарех, хелхарех, сценкех а вовшахтоьхна концерт. Школан дешаран декъан доладархочо Ф.Берсановас зударий декъалбинчул т1аьхьа, «Вокал» классан (хьехархо – Цамхаева Карина) дешархочо Оздербиева Данас «Нана – зезаг» эшарца д1айолийра концерт. Оццу классан дешархочо (хьехархо – Арцуева Элина) Баталова Раянас «Мама», Ханмагомедова Миланас «Мама – мое сердце» — эшарш д1алекхира. Азамат-юьртарчу дешархоша – хьешаша цхьа а дезде ца дуьту дакъа ца лоцуш. Хьехархочо Абубакарова Айнас кечдинчу бераша д1алекхира «Де къагаде хьайн серлонца», «Мама, будь всегда со мною рядом!» — эшарш. Хьехархоша Вашаева Айнета, Моцуева Хьавас а 1амийначу дешархоша стихаш йийшира, эшарш лекхира, сценкаш а х1иттийра.
«Дечиг-пондар» классан (хьехархо – Х. Тужеев) дешархоша нохчийн мукъамашца самукъадаьккхира, ткъа А. Джабраиловн а, Х. Дадагован а дешархоша хелхарш дира. Цхьаьнакхетар д1адерзийра хелхарийн мукъамашца.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

18