Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

13.04.2017 17:32 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 25-26 от 13.04.2017 г.

Халкъана ца эшча бен, леш бац мотт

Автор: СУМБУЛАТОВ Дени

(Чаккхе.
Юьхь еша № 23-24 номерехь)
Массо а хIума цхьана барамехь, низамехь а хилча, ларло къам, цуьнан мотт, гIиллакхаш, ламасташ. Халахеташ делахь а, тахана нохчийн маттах пайдаэцаран, бийцаран а (хаамийн гIирсашкахь, юкъараллехь а) хьал дог хьостуш а, бIаьрг белош а дац. Нохч-Г1алг1айн АССР-н телевиденехь, радиохь 1аламат дукха лерина кечйора передачаш. Юх-юха дуьйцуьйтуш, къамел шардой, г1алаташ д1адохий, д1аязйора передача. Цул т1аьхьа бен эфире ца йолуьйтура. Иштта терго латтайора йозанан маттана т1ехь а. Г1алаташ хуьлура, делахь а мелла а к1езиг хуьлура
Ага (нохчийн доьзал) къоман мотт, кхетам кхиоран, гIиллакх-оьздангаллин, кхерчан ладаме цхьа дакъа, хьалхара терхи я къоман школа ю. Оцу аганахь дIаболало беран ненан матте, цул тIаьхьа шен халкъе, махке а безам. Дуьххьара аганахь хеза берана шен ненан мукъам, илли, нохчийн иллин мукъам, шега ша хьоьстуш нанас буьйцу аьхна мотт а. Дуьххьара аьлла дош, кхетачу маттахь хаза аьллехь муххале а, дагахь лаьтта берана, иэсехь, кхетамехь дIаязло гуттаренна а.
ДегIан цхьа меже ца хилча, сакхте лору вай дегI. Халкъо иттаннаш шерашкахь шен дахарх чекхдаьккхина муьлхха а дика хIума вай дIатасахь, халкъ а хуьлу шен сица сакхте. Делахь-хIета, шен олуш аганан илли доцу халкъ сакхте лерина а ца Iаш, заьIап лара мегар ду. Бух ца хилча, бохь хила йиш яц.
ХIокху дуьненахь мел болу мотт Дала кхоьллина бу, хIокху дуьненахь мел долу адам санна. Царна массарна а цхьабосса бакъонаш елла, царах цхьа а цхьаъ хьала а ца айбина, лах а ца бина. Иттаннаш шерашкахь дехира вай: «Ас оьрсийн мотт Iамор бу, оцу маттахь Ленина къамел дина дела...» – бохуш. Юха «нохчийн пачхьалкх» ян арабевллачара дIакхайкхийра: «Нохчий, нохчийн гIиллакхаш дан а дац; бусалба, керста – ши дин ду» – аьлла; кхоалгIанаш бара: «Къоман истори ян а яц», – бохуш. «Нохчо», «нохчийниг» ала луурш кIезиг нисбеллера куьйгаллехь хIинццалц. Хетарш дукха дуьйцурш, хила дезарг, бух а болуш, кIезиг дуьйцурш бара куьйгаллехь. Тахана нохчалла, бусалбалла – и шиъ цхьаьна хилийта Iалашо йолуш болх беш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Р.А.Кадыров. Цу тIехь, вайна хууш ма-хиллара, кхиамаш а бу.
«Бераллехь Iамийнарг тIулга тIе яздина йоза санна ду», – олуш ду. Цундела хIинцца, кханенаш ца йохкуш, нохчийн матте шовкъ-безам болуш кегийрхой кхиор дIадахьа деза дахаран массо а т1ег1анехь. Мила ву уьш кечбан безарг, оцу гIуллакхан жоьпалла шена тIехь дерг а? Уггаре а хьалха – дай-наной, берийн бошмашкара кхетош-кхиархой, тIаккха – школа; уьш дерриге а юкъалоцуш, терго, Iуналла а дан декхарийлахь республикин хьокъалла долчу хьаьрмийн куьйгалхой бу.
Мотт, гIиллакх дIадаьлла халкъ, синош бен ца дуьсуш, мацах цкъа дара, бохуш, къамелаш бен ца дуьсуш, дIадолу, доь доцуш. Оцу aгlop хьаьжча, школа тахана халкъан меттан, гIиллакх-оьздангаллин пхьалгIа, хьоста, орам, лард хилла дIахIотта еза. Хьехархой шайн хааршца, говзаллица, лаамца, юкъ йихкина, кийча хила беза халкъан и сийлахь гIуллакх дIакхехьа а, даржо а, чIагIдан а. Даймахке болчу безаман йовхо кхио а, дIало а кхерч хила беза школа, кхерчан йовхо латториг, ларйийриг хьехархо а волуш. Цо олучу дашах, буьйцучу маттах, цуьнан гIиллакхех, Iилманах доьзна ду къоначу чкъуран хиндерг. Шен къоман маттаца, гIиллакхашца зIе, уьйр, шовкъ-безам боцург кхераме ву шен къомана а, кхечу къаьмнашна а. Халкъ, мохк боцуш хила йиш юй-те адам? Халкъан поэто Л. Абдулаевс шен цхьана интервьюхь боху: «Суна мотт оьшу, олуш хьуна тамашийна хетар делахь а, махкал а чIогIа. Ненан маттана аьхнабоцу мохк – иза мохк хилар а ца хета. Кхерчан йовхо гIийла хаало ишттачу махкахь. Букъ бохбал ерг йовхо яц, дог дохдал яцахь. Вешан маттаца долччул бен дац вай вешан цIахь, вешан къомах. Мотт шен дIахецча, къам – къам долчуьра дIадолу, махках духу. Къоман бен хуьлуш бац мохк».
Къоман цхьа а хIума дац лелорхьама лелийна. Жима хIума дара xlapa-м аьлла, емалдинарг, цхьа хан дIаяьлча, доккхачу зуламе а доьрзий, дуьхьалдолу.
Доцца аьлча, вайн къоман маттах йоьзна оьздангалла ю яржо езарг. Уггаре а хьалха чIагIъян еза нохчийн доьзалан лард. Доьзалан гIиллакхаш дIадевлча, доьзал боьхча, духуш ду къам. Доьзалехь ца ларбелла мотт, бехкамаш, гIиллакхаш юкъараллехь муххале а ца ларло. Юкъараллехь лардан уьш хила а ца хуьлу, доьзалехь дуьйна уьш ца лардинехь. Къоман синмехаллин кхерч бу доьзал, цуьнан бух латториг мотт а болуш.
ХIаъ, доьзал бу коьрта. Доьзалехь дийца деза йиша-вешех, ден-ненан сий-пусар дан дезарх, лулахочуьнца, юьртахочуьнца, махкахочуьнца, кхечу къоман векалшца хила езачу юкъаметтигех. Уьш дерриге а адамашлахь ваха везачу стагана ша велла дIаваллалц оьшуш ду. Ткъа къонах, муьлххачу къомах иза велахь а, къонах хуьлий вуьсу. Къонахчун сий-пусар дан къонахчун амал кхио еза жимчохь дуьйна, ткъа къонахчун мах къонахчо шен хадабайттинарг бу, цул тIаьхьа наха хадийнарг. ТIаккха хир бац нохчашлахь шича, маьхча, верас дешнийн маьIна цадевзарш, гергарлонаш цалорурш а. И гергарлонаш дIадевлча бен ца буху доьзалехь, къомалахь болу барт.
Вайн цIена са, хаза гIиллакхаш, оьздангалла, эзарнаш шерашкара схьайогIу истори дуьненна а йовзуьйту гIирс (оьрсийн мотт) вайгахь ца хилахь, дукха жимачу гIайри тIехь дуьсур ду вай. Ша-шеца висина стаг бIарзло, ша-шеца дисина халкъ сингаттоне, сингаттаме хьаьвза. Дуьненан шорто вайгахь хир ю, нагахь вайниг лардеш, кхечеран дика а, вон а агIонаш а йовзуьйтуш, къона чкъор кхиадахь. Тахана вайн берашна хаза еза нохчийн эшарш, иллеш шайн ц1ахь, берийн бошмашкахь дуьйна. Цигахь дуьйна нохчийн бераш дIадуьйшуш, самадовлуш хила деза аганан иллин, эшаран мукъамца. Царна дуьйцурш хила деза вайн къоман туьйранаш, болийта беза къоман берийн ловзарех, мукъамех. Биэн а цахетар дIадолало шен халкъан а, мехкан а иллешна букъ тохарна тIера. Вайна дукха гина, французийн, ингалсан, немцойн эшарш лоькхуш хезча, гора а оьгуш, шовкъ йогIуш, амма шен къоман йиш лакха йолийча, лергаш чу потт хIуьтту нах. Поэтан А.Сулеймановн дешнаш оцу тайпанчу нахе аьлла ду:
Даймехкан иллига
Шен безам боцург
Ша винчу махкаца
3Iе йоцуш ву.
И зIе меттахIоттор, чIагIъяр уггар хьалха дена-нанна, берийн бошмашна, школашна тIехь хила деза. ТIаккха бевзар бу, безар бу царна вайн Даймехкан иллиалархой, мукъамчаш, халкъан мукъамаш.
Муьлхачу кхетош-кхиоран хьаьрмахь бу и болх леррина хIоттийначу программица дIахьош? Муьлхачу произведенешкара масалш а далош, дIахьош бу (бахьа ма-беззара) классал арахьара болх? Классал арахьара болх муха тухур бу цхьана низамехь вовшах, классехь бан безарг вовшахтоха а хила ма-езза Iаматаш ца хилча? Хууш ма-хиллара, литературо, историно кхиабо адамийн кхетам. Халахеташ делахь а, маттаца, литературица, историца кхетам кхиор ледаро ду школашкахь цкъачунна. Сихха вон хIума ган, цуьнан мах хадо, иза вайн юкъараллера дIадаккха сихдалар дац вайн амалехь, кхечу х1умнаш т1ехь сихалла елахь а. ДIадаханчу бIешерахь дуьйна кхетош-кхиоран болх къоман гIиллакх-оьздангаллех боьзна дIацахIоттор бахьнехь, дийнна цхьа чкъор дешар-йоза ледара хууш, къоман амалца зIе йоцуш а кхиъна вайн.
Iилманчаша далхорах, телевиденехь, радиохь кхайкхадарх гIуллакх хир дац, нагахь халкъана шен мотт дахар-Iерехь хьашт ца хилахь, иза хьашт хинболу хьелаш 1едало ца хилийтахь. Халкъана шен мотт алсамо оьшур бу, нагахь цуьнан мотт НР-н Конституци тIехь дIаяздина ма-дарра, пачхьалкхан тIегIанехь дIахIоттабахь. Массо законаш санна, «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь долу» закон а ду, тIехь терго а латтош, кхочушдайта дезаш. Тахана наггахь а школехь дайн-нанойн гуламехь нохчийн мотт буьйцуш хезаш бац. Цхьайолчу телевиденин, радион передачашкахь иза хаза а, нийса а буьйцуш бац, меттан бакъонаш а ларъеш. Хьал иштта хилча, иза башха къоман меттан сийдар дуй?
Мотт хаар – вовшашка урам-новкъахь хьал-де хаттар хилла ца Iа. Мотт xaap – халкъана хьалха дIахIоьттина, сахьтехь, шина сахьтехь, оьшшучохь кица далош, дустар далош, нохчийн меттан бакъонаш ларъеш, къамел дан хаар ду. Нохчийн меттан бен боцчу мукъамехь. Оцу тайпанчу къамеле, хазачу мукъамехь долчу иллига санна, ладугIу наха. Иштта динчу къамело шайн стаг вийнарг а вуьтуьйту, мел доккха дов а д1адерзадо. Бакъболу халкъан мотт, нохчийн мотт бу, бийца а, хьеха а безарг берийн бошмашкахь, школашкахь, хьуьжаршкахь, светски, исламан а университеташкахь. Дешнаш а, предложенеш а Iамийна ца Iаш, дешархойн сих, т1амарх д1аэйта, болийта беза халкъан мотт. Шайх масал эца хьакъболу нохчийн мотт буьйцу 1еламнаха Кадыров Хож-Ахьмада, Шахидов Адама, Тевсиев Бай-1елас, Ахмедов Анзора… 1аламат хаза нохчийн мотт буьйцура поэто А. Сулеймановс, З.Джамалхановс, М.Мачиговс.
Эзарнаш халкъаш ду хIокху малх кхетачу дуьненахь шайн меттанаш долуш. Царех цхьана маттаца, нохчийн маттаца, схьакхачийна вайга вайн дайша халкъан иэс, амал, гIиллакхаш. Цундела шен халкъан мотт цахуург гена ву шен халкъан диканна, а, вонна а. Ша лазаро хьовзийча беш болу узам, узар, даггара долу доIа, весет, синан мукъам, орца кхайкхар, гIенаш а хила деза нохчийн кIентийн а, мехкарийн а нохчийн маттахь. Царах цхьадерш хилла а кхочуш хир ду, нагахь вай НР-чу школашкахь йоьалгIачу классе кхаччалц мукъане а нохчийн маттахь хьехар дIахIоттадахь. Шайн кханенан ойла еш долу къаьмнаш шайн меттанаш лардеш ду. Вай хIунда дац нохчийн мотт хьехаран сахьташ школашкахь алсамдохуш, РФ-н, НР-н Конституцеша и бакъо вайна елла хилча?
Нохчийчоьнан Iеламнехан кхеташонан куьйгалхочо Х-А Кадыровс ша «Даймохк» газетана еллачу интервьюхь (20I0 шо, I8-гIа март, №28) боху: «…Бусалба дино ца боху вайга Къуръан Iаьрбийн маттахь хилла алий а, Дела Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Iарби хилла алий, шайн къоман хаза гIиллакхаш тасий дуьтуш, Iаьрбийн гIиллакхашна тIедерза. Ма дерза! Нохчий а долуш, бусалбанаш а долуш, вешан къоман хазачу гIиллакхашца дахар а, декъалхилар а лойла вайна вай кхоьллинчу Дала! Ненан мотт къоман йоцуш йиш йоцу хазна ю. Мотт, ненан мотт, байна долу, и бицбина долу адам мотт буьйцучу къомах херадолу. Дала белла вайна вешан мотт. Шен ненан мотт бицбинарг ийманах вухур вац, ала ваьхьар вацара со. ДоIа дар — шена дезаш дерг Деле дехар ду. Ша хIун доьху а хууш, хазачу шен маттахь Далла хьаставелла, дехар тоьлаш хир ду. Вайн хьуьжаршкахь а, исламан институтехь а, университетехь а ненан мотт Iамабар, Iаьрбийн мотт Iамабар санна, лакхарчу тIегIан тIехь хила деза. Ша барта дуьйцург нийса, йозанца дIаяздан хууш Iеламстаг хилар доккха ниIмат ду».
Кегийчу къаьмнийн меттанашца къийсам дIахьош болу ехха хан ю. И къийсам дIахьочарна шера хаьа, мотт дIабаьлча, къам дIадолий. Иза хуучу «идеологаша», шаьш дуьйцург пачхьалкхан д1ах1оттамна, халкъийн юкъаметтигашна мел кхераме, зуламе дуй хуъушехь, пачхьалкхехь цхьа мотт хила беза боху политика дIахьо. И политика дIахьо хIилланца а, нуьцкъаша а, дуьненаюкъара бакъонаш а, законаш а талхош. И политика дIахьочарна ган а, хаза а ца лаьа дуккха а йолчу пачхьалкхашкара бакъдерг: кегийчу пачхьалкхашкахь шиъ я масех мотт пачхьалкхан мотт хилар. Муьлххачу а пачхьалкхан уггаре а боккха, мехала хьал-бахам цунна чохь деха халкъаш, церан гIиллакх-оьздангалла, ламасташ, меттанаш а хилар къобалдан ца лаьа оццу «идеологашна».
Кхузахь дагаоьху Сулейманов Ахьмада дIадаханчу бIешеран 60-чу шерашкахь Москвахь кегийчу къаьмнийн меттанашна лерина дIахьочу конференцехь: «Кегийчу къаьмнийн меттанаш ишколашкара дIадаха деза, уьш хьеха оьшуш дац, шен доьзалехь а, накъосташца а бийцар бен. Кхин мах а, маьIна а доцуш ду кегийчу къаьмнийн меттанаш…», – кхайкхочийн, чIагIдечийн а къамел, дош а кагдан стогалла а, доьналла а тоьъна, нийса бIостанехьа дина къамел. «Кхо хIума ду дуьненчохь даима а цхьаьна а хила дезаш, вовшехдаьхча, кхуьй а леш: Даймохккий, Ненан Моттий, Халккъий. Тхо-м – нохчий, гIалгIай – Казахстанехьчул чомехь даа, цигахьчул дезаниг, хазаниг тIедуха ца даьхкиний тхешан махка, цIа, карахь-куьйгахь а, тIехь а доццушехь. Тхо цIа оьху: Даймохккий, Ненан Моттий, тхешан Къаммий цхьаьний бен мегаш дацарна», – аьллера Ахьмада.
Тахана а ду сийлахь-деза и кхоъ – Даймохккий, Ненан Моттий, Къаммий – вовшехкъасто йиш йоцуш.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

98