Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

13.04.2017 17:31 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 25-26 от 13.04.2017 г.

Хьехархочух дош

Автор: С.АБУЕВ

Гуьмсера №3 йолчу юккъерчу школехь дика хьехархой дуккха а бу, дешархой кхетош а, говза хьеха хууш а. Школехь хьехархой болу уьш, ц1ахь наной а, бевза-безачийн, гергарчийн дика-вонехь дакъалоцуш а, ц1ийнан а, доьзалан а хьашташ кхочушдеш а бу. Школехь а, ц1ахь а дика лара бо уьш шайн декхаршца. Цундела бу уьш тхуна хьоме а, оха сий-ларам беш а. Хазачу дашна комаьрша болчу тхан хьехархоша оха дина дика г1уллакх хастамечу дешнашца билгалдоккху, тхан кхин а диканиг дан дог-ойла а хуьлуьйтуш. Айса лоручу, сайна безачу хьехархошлахь а къастийна ас нохчийн мотт а, литература а тхайна хьоьхуш йолу Мая Жалаудиновна. Х1ора а дешархочун сине, кхетаме шен дош, шен хаарш д1акховдо а, д1адала а хууш, дика, говза хьехархо ю иза. Шен урокашкахь нохчийн матте, халкъе, махке безам кхуллуш, литературах, меттан бакъонех хаарш ло хьехархочо.
Цуьнгара хезна, девзина тхуна вайн къоман г1иллакхаш, 1адаташ, ламасташ. Уьш девзича, уьш маца муха леладо хиъча, мелла а евзина тхуна нохчийн амал, 1ер-дахар, адамийн юкъаметтигаш. Нохчийн г1иллакхаш девзича хиъна тхуна адамашца (кегийчаьрца а, баккхичаьрца) маца, муха юкъаметтигаш лело еза а.
Тхан хьехархочо ша дуьйцург нохчийн яздархойн исбаьхьаллин произведенешкара а, дахарера а масалш далош, говза хьоьху тхуна. Цундела оха лерина, самукъадолуш, ладуг1у цо дуьйцучуьнга, цуьнан хьехамашка, уьш дахарехь тхайна оьшур болу дела. Тхоьх хьекъале дика адамаш хила лууш къахьоьгучу Мая Жалаудиновне ала лаьа, иза Нохчийн меттан денца декъал а еш: Хьайн доьзалан вон ца гуш, хьайн даго ма-бохху ирсе денош хуьлийла хьан! Аллах1-Дала ирс-аьтто болуш дахар хуьлийтийла хьан!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

47