Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

13.04.2017 17:29 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 25-26 от 13.04.2017 г.

Нохчийн къоман дахарехь «Серло» газетан мехалла

Автор: АБДУРАЗАКОВ Шертбек
нохчийн меттан, литературин хьехархо

Элпаш ас ишколехь 1амийнехь а,
оьшучу вастехь со яздан 1амийнарг «Серло» газет ду.
/Мамакаев Мохьмад/

Шераш д1аоьху, зама хийцало, адамаш д1адовлу, амма гуттаренна а яха юьсу халкъан дуьхьа дика г1уллакхаш динчун ц1е. Халкъан исторехь дикачу аг1ор дакъалацар, цуьнан иэсехь турпалхо хилла висар – мах боцуш, деза ду. Историн цхьа дакъа ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Р.А. Кадыровс, итт шо хьалха нохчийн мотт 1алашбаран, кхид1а шарбаран, кхиоран, къоман культура кхиорехь а, къоман башхалла ларъярехь а цо лело маь1на лакхадаккхаран 1алашонца «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин законна куьг яздина, апрелан 25-г1а де Нохчийн меттан Де д1акхайкхор.
Иза ларамаза а дацара. Цкъа шен къамелехь г1араваьллачу журналиста, цхьана муьрехь «Даймохк» газетан редактор хиллачу дешан говзанчо Сумбулатов Денис ма-аллара: «Дархочунна оьшу дарба-молха санна, бан новкъа баьллачу маттанна дарба-молха хилла д1ах1оьттира и указ».
Нохчийн маттахь, нохчийн абатца (алфавитца) д1аязйина литература вайн йолаелла Октябрьски революци хиллачул т1аьхьа, Къилбаседа Кавказехь советан 1едал д1ах1оьттинчул т1аьхьа.
Вайн йозанан литература д1айолаелла халкъан барта кхоллараллин буха т1ехь. Исбаьхьаллин литература кхиарехь беркате хьоста хилла д1ах1оьттина шен к1орггера чулацам болуш йолу нохчийн къоман фольклор.
Г1араваьлла хиллачу кавказоведо П.К.Услара 1862-чу шарахь арахецна «Нохчийн мотт» аьлла йолу монографи. П.К.Услара юкъаяккха х1оттийна нохчийн алфавит вайн маттанна дика мегаш а, йог1уш а хилла йоза лело. Амма Октябрьски революци хиллалц цу алфавитах пайдаэца йиш ца хилла вайн. Нохчий йоза-дешарх кхиийта г1ерташ, даккхий г1уллакхаш дина волчу хьехархочо Эльдарханов Таьштамара 1910-чу шарахь уггар хьалха х1оттийна дуьххьарлера нохчийн абат. Ишколашкахь нохчийн берашна нохчийн йоза-дешар 1амо г1ертарх г1уллакх ца хилира Эльдархановн а, цуьнан накъостийн а: паччахьан администрацис бакъо ца еллера ишколашкахь ненан мотт хьеха. Кхин а цхьамог1а нах г1иртира нохчийн алфавит х1отто.
1925-чу шарахь Нохчийн областан исполкоман сацамца, 1аьрбийн графикин буха т1ехь хилла алфавит юкъара д1а а доккхуш, т1еийцира Ошаев Халида а, Сальмурзаев Мохьмада а латински алфавитан буха т1ехь х1оттийначу нохчийн алфавитан проект. И алфавит, йийцаре а йиллина, къобалйинчул т1аьхьа, 1926-чу шарахь, Горячеводскехь ехкира цуьнца нохчийн мотт 1амочу хьехархойн дуьххьарлера курсаш. Х1етахь дуьйна сихачу боларца д1адоладелира нохчийн исбаьхьаллин литература кхиар а.
Нохчийчохь хуьлучу хийцамашца цхьаьна сиха кхуьуш схьаеара къоман литература. Литература а, ткъа иштта ерриге культура а кхиарехь доккха маь1на дара 20-чу шерийн юьххьехь арадала доладеллачу нохчийн газетан.
«Советская Автономная Чечня» ц1е а йолуш, 1923-чу шеран 23-чу апрелехь арахийцира цуьнан хьалхара номер. Иза оьрсийн маттахь а, 1аьрбийн графикин буха т1ехь хиллачу нохчийн маттахь а арадолуш дара.
1925-чу шеран 18-чу мартехь «Серло» бохучу ц1арца арахеца долийра латински графикин буха т1ехь и газет.
Вайн къоман дуьххьарлера газет арахоьцуш Арсанов Саь1ид-Бейна доккха накъосталла дира яздархочо Исаева Марьяма а, оьрсийн яздархочо Фадеев Александра а, журналисташа Саракаевг1ара: Ибрагим-Бека а, Марьяма а. Яздан корматалла йолу кегийрхой шена гонаха озийра газето. Дудаев 1абдин, Нажаев Ахьмадан, Сальмурзаев Мохьмадан, иштта кхиболчу вайн дуьххьарлерчу яздархойн а говзарш газетехула яьржина адамашна юкъа. Къаьсттина ч1ог1а тидам бора газетан белхахоша исбаьхьаллин литературехь дуьххьара г1улчаш йохучу кегийрхойн. Оцу яздархоша пайдаоьцу шайн говзаршкахь халкъан барта кхоллараллех. Уьш кхийтира фольклоран говзарийн тематика а, чулацам а к1езигчу барамехь хиларх, шайна кхин а шуьйра некъаш иэшарх. Нохчийн дуьххьарлерчу яздархоша шайн литературни мотт а, исбаьхьаллин литературин говзарш а кхолларехь оьрсийн баккхийчу яздархойн: А.С.Пушкинан а, М.Ю.Лермонтовн а, Л.Н.Толстойн а – говзарех 1емаш пайдаэцаро нохчийн литература кхиорехь доккха г1уллакх дира. Прозехь язйийраш, оьрсийн классикийн а, шайн заманан а яздархойн говзарийн дика мел долчух пайдаоьцуш, 1ама буьйлабелира. Ша йолалуш дуьйна а вайн проза поэзел т1аьхьайисира, прозехь язйина говзарш шайна т1ехь дуккха а болх бан дезаш хилар а, дукха яхйина йоцчу стихашца язъян атта хилар а, дика проза язъян хууш авторш цу хенахь к1езиг хилар а бахьана долуш.
Вайн литература кхоллалучу муьрехь яздархой цахилар а, йоза-дешар хууш баккхийнаш к1езиг хилар а бахьана долуш, дукха хьолахь арахоьцура берийн литература:дийцарш а, туьйранаш а.
Нохчийн исбаьхьаллин литературе безам кхоллабалийтарехь доккха г1уллакх дира Бадуев Саь1идан говзарша. Цундела иза нохчийн исбаьхьаллин литературин бухбиллархо лоруш ву.
1926-1927-чуй шерашкахь алсамдевлира нохчийн яздархойн мог1арш. Литературина юкъабаьхкира исбаьхьаллин дешан говзалла йолу кегийрхой: Мамакаев Мохьмад, Айсханов Шамсуддин, Музаев Нурдин, кхиберш а. Оцу яздархойн дуьххьарлера говзарш «Серло» газета т1ехь зорбатуьйхира. Газетан белхахоша гlo дора кхуьуш болчу яздархошна газетаца юххера уьйр латто а, шайн исбаьхьаллин корматалла лакхаяккха а. Гоьваьллачу нохчийн яздархочо Мамакаев Мохьмада оцу газетах лаьцна яздинера:«Элпаш ас ишколехь 1амийнехь а, оьшучу вастехь со яздан 1амийнарг «Серло» газет ду». Шайн балха т1ехь хьехархошна а доккха г1о хуьлура газетах.
Нохчийн литература кхоллаяларехь а, когаяхарехь а жигара дакъалаьцна «Серло» газето. Ша кхиа йолаелла итт шо а кхачале, дуккха а жанрашкахь йолу литература хилла д1ах1оьттира нохчийн исбаьхьаллин литература.
1920-г1а шераш дуьйлалучу муьрехь кхоллаелира керлачу буха т1ехь нохчийн поэзи, драмтурги, араевлира прозин жанрашкахь йолу говзарш: дийцарш, очеркаш, повесташ. 1930-чу шерашкахь зорбанера араевлира вайн литературехь дуьххьарлера Бадуев Саь1идан «Пет1амат», Арсанов Саь1ид-Бейн «Ши т1аьхье» ц1ерш йолу романаш. Вайн къоман литературехь ерриге а жанраш кхоллаелира 20-г1а шераш чекхдовлуш.
Г1араваьллачу яздархочун А. М. Горькийн д1адолорца оьрсийн яздархоша, Нохчийчу а бог1уш, гlo дора вайнехан яздархошна къоман литература кхиорехь.
Цхьайтта шарахь «Серло» ц1е а йолуш арадийлинчу газетан ц1е 1934-чу шарахь 1едало «Ленинан некъ» ц1арца хийцира. 1938-чу шарахь кириллицин буха т1ехь х1оттийна нохчийн абат. Нохчийн йозанан мотт кхиоран пхьалг1а хилла д1ах1оьттинчу газетан болх 1944-чу шарахь, вайн халкъ махках даьккхича, юкъахбелира. Итт шо сов зама елира нохчийн маттахь йоза-дешар доцуш.
1955–1957-чуй шерашкахь Алма-Атахь араделира «Къинхьегаман байракх» ц1е йолу нохчийн газет. Вайн къам дийна дисаран билгало хилла ца 1аш, цо иракарах1иттийна нохчийн дегнаш. Вайнахана т1ера бала д1абериг хиларан тоьшалла а хилла иза.
Нохчийн къам Даймахка ц1адирзинчул т1аьхьа «Ленинан некъ» газет юха а арахеца долийна. Ненан мотт денбарехь, кхиорехь, баржорехь мехала г1улч яккхар дара иза.
«Даймохк» газетан коьртачу редакторан г1оьнчас (заместитело) Дадаев Сайд-Хьасана дийцарехь, 1990-чу шарахь редакцин белхахоша сацам бира нохчийн къоман газетана вайн къомана еза а, сийлахь а йолу ц1е тилла. Цара хаьржина «Даймохк» ц1е къобалъеш, кехат-весет дира нохчийн гоьваьллачу поэта Сулейманов Ахьмада. Цо яздора: «Даймохк»! Эзарнаш вайн дайх бисина кхерчаш бу хьуна д1абайна лаьтташ. Б1еннаш ярташ ю хьуна ломахь елла а, яйна а 1охкуш. Шелбелла лаьтта вайн дайх бисна кхерчаш хьалаг1итто г1орталахь! Уьш хьалаг1иттош къахьегалахь хьайн дог б1аьргийн ц1ийх делххалц! Вайнехан елла а, яйна а 1охку ярташ денъян г1орталахь хьайн хьацарций, б1аьрхишций! Уьш б1еннаш ю хьуна. «Даймохк»! Йо1-б1аьрг санна, ларбелахь вайн ненан мотт …».
1990-чу шеран 12-чу августехь дуьйна, «Даймохк» ц1е а йолуш, арадолуш ду и газет. Оцу газетан аг1он т1ехь зорбатоьхна Сулейманов Ахьмадан кехат-кхайкхамна.
Нохчийчохь лаьттина чолхе хьал бахьана долуш, пхеа шарахь ара ца даьлла газет 2002-чу шарахь юхаарахеца долийра. Газетан коьрта 1алашо хилла д1ах1оьттина ненан мотт к1орггера 1амо а, ларбан а, кхион а безаш хиларх нохчий тешор.
Тахана а нохчийн мотт 1алашбарна, кхиорна, марзбарна юкъа шен мехала дакъа дуьллуш схьадог1у вайн къоман газет «Даймохк».

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

2837