Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

06.04.2017 17:15 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 23-24 от 06.04.2017 г.

Халкъана ца эшча бен леш бац мотт

Автор: СУМБУЛАТОВ Дени

«Нохчийн къам дийна хиларан
мокхазан чIагIо ю нохчийн мотт»
КАДЫРОВ Ахьмад-Хьаьжа

Муьлхачу а пачхьалкхан хьал-бахам цуьнан лаьттах маьIданаш дукха хилар хилла ца Iаш, цунна чохь деха халкъаш, церан меттанаш, ламасташ, гIиллакхаш, оьздангалла а ю. Къаьсттина и хьал-бахам цхьанхьа гулбелла меттиг Дала комаьршша Iаламан хазаллин дакъа шена делла Кавказ ю. Ширачу заманахь дуьйна Кавказехь дехачу къаьмнашлахь цкъа а тIом, дов а цахиларо гойту оцу къаьмнийн меттанаш маслаIате хиларал совнаха, царна юкъахь цхьана орамо чIагIдина вошалла а, доттагIалла а хилар. Диканиг, хазаниг, цIенаниг вовшашкара схьаоьцуш, шайх цхьанна тIелеттачу мостагIчух юкъара мостагI а веш, дика-вон цхьаьна дIадерзош, гергара мукъамаш долчу иллеша, эшарша лерса хьоьстуш, шовкъечу хелхарша дог-ойла иракарахIиттош, бертахь даьхна Кавказехь иттаннаш халкъаш. И дерриге а бакъдерш-тоьшаллаш вайга схьакхачийнарш оцу халкъийн меттанаш ду: ширачу йозанашкахь а (гуьржийн, эрмалойн), барта кхоллараллехь а. Мотт мел бу деха халкъан иэс, кхетам, амал, синмехаллаш а. Шен мотт дIатесча, бицбича, доьза дов халкъ. Доьза дайна а, доьза даран тIегIане кхаьчна а халкъаш ду дуьненахь. Царех цхьадерш Кавказехь а ду…
Iилманчаша чIагIдарехь, xlopa шина кIиранчохь хIокху дуьненахь цхьа мотт леш бу. Беллачу маттаца леш ду дийнна къам а шен амалца, мехаллашца, Iep-дахаран башхаллашца. Мотт кхоччуш дийна лоруш бу, нагахь оцу маттахь лаххара а цхьа бIе эзар адам къамел дан хууш, и мотт буьйцуш делахь. Луларчу ДегIастанара Iилманчаш, бан ма-беззара талламаш бинчул тIаьхьа, Iожаллин киртиг тIехIоьтинчу шайн мехкан цхьадолчу къаьмнийн меттанашна орцахбевлла. ДIадаханчу бIешеран 50-чу шерашкахь дуьненахь а вевзачу нохчийн Iилманчо-профессоро Ю.Д.Дешериевс, меттанаш талла а теллина, монографеш язйира: «Бацбийский язык», «Грамматика хиналугского языка». Бацойн мотт (Гуьржийчоь, Земо-Алвани) гуьржийн мотт, гуьржийн къоман Iep-дахаран тIеIаткъам бахьнехь наггахь болчарна бен бийца ца хаьа. Цара буьйцург а, гуьржийн меттан боккха тIеIаткъам хиларна, керла кхин мотт бу, ала мегар ду. Хиналугийн мотт буьйцурш Азербайджанерчу Хиналург юьртахь бехаш хилла, ДегIастанарчу меттанашца гергарло а долуш. И мотт буьйцуш долу адамаш тахана каро хала ду. Вай лакхахь ма-аллара, бийца а ца бийцича, къомана эша а ца эшча, дIаболуш, леш бу мотт. Цхьацца бахьанашца доьза дайна Кавказера иттаннаш меттанаш, и меттанаш дийцина адамаш кхечу къаьмнех д1ауьйш, царех тарделла.
Муха ду Нохчийчохь мотт ларбеш а, кхиош а динарг? Нохчийн мотт, литература а школашкахь хьехар муха ду хьаьвсича а гуш ду, вайн маттаца йолу уьйр-марзо мел ю, вайна вешан мотт мел хьашт бу. Меттан хьашто к1езиг ю юкъараллехь, 1ер-дахарехь а. Х1иттинчу хьелаша иштта д1ах1оттийна матте йолу хьашто. Iаматаш, хрестоматеш ледаро хиларна, хила деза хаарш а, говзалла а къоначу хьехархойн ца хиларна, кхачаме дац нохчийн мотт а, литература а школашкахь хьехар. Программехь билгалйина исбаьхьаллин произведенеш белхан зеделларг, дика хаарш долчу хьехархошна лерина ю, дика хаарш доцчу хьехархошна шайх лаьцна дийца, йийцаре ян, дахарца йоза хала хир долуш. Уьш еша каро а хала ду, берийн, хьехархойн а уьш еша лаам хилча а. Бакъду, царах цхьаерш «Орга» журналан агIонаш тIехь зорбане йохуш ю, амма и журнал шен рожехь ара ца даларна, тираж к1езиг хиларна а дIакхочуш дац xьexapxoшка. Цхьаболчу хьехархоша яздайтинарг а дац почтехула цаьрга д1акхачош. Цундела наггахь бен вац «Орга» доьшург. Ерриге а тираж «Орга» журналан цхьа эзар бен цахиларо а гойту, вайн мел бала бу нохчийн маттаца. «СтелаIад» журнал, «Даймохк» газет оццу бахьнашна дешар а ду иштта ледара. Бакъду, интернетехула доьшурш алсамо бу.
Нохчаша олуш хеза: «Вай цхьа-ши миллион хилла Iийр дац...» Нохчий дукха хиларх деш долу дозаллаш а дитина, «вай, тхо», – бохуш, бетта мохь а гIелбина, «тхо дерриге а ду нохчийн маттахь язъян, еша, ойла ян а хууш», – xlopa а нохчо ала йиш йолуш велахьара, иза дара дозалла дан хьакъдерг. Масех шо хьалха олура: «Тхоьга коммунистийн Iедал долуш нохчийн мотт ца Iамабойтура, цундела ца хаьа тхуна язъян а, еша а». Иза д1акхийкхо оццул ладаме бахьна дац. Коммунисташа де боххург а деш Iийна ду вай? Дера дац-кха... «Советан 1едал т1едог1уш…», – бохуш, 1ийна ма бу вайн дай, шаьш иза д1ах1оттадарх дийца а ца дуьйцуш, цуьнан тешнабехкаш гучубевлча. Хьелаш мухха хиллехь а, вешаниг а дицдина-кх вай, къаьсттина нохчийн мотт, дуккха а хаза г1иллакхаш, 1адаташ, ламасташ а. Нохчийн мотт Iамийнарш, гIиллакх-оьздангалла дийна латтийнарш, бусалба динца доьзнарг лардинарш шаьш дийриг, дуьйцург, кхайкхориг, хьоьхург пачхьалкхан законна б1останехьа дуйла хуъушехь, г1ел а ца луш, кхера а ца кхоьруш, къахьегна бу. Уьш бахьнехь бен лар ца делла къоман башхалла билгалйо цхьадерг. Хьалха а, хIинца а къоман мехаллаш ларйинчарна, ларъечарна хала ду. Цара, 1еламнаха, 1илманчаша, яздархоша шайна хIумма а ца доьху. Уьш кханенна дита гIерта шаьш хала гулдинарг, лардинарг: Iилма, дахаран зиэделларг, къоман синмехаллаш, шайн дош, шайх аьндолу дика дош а. Царех масал оьцуш къахьоьгуш болчу вайн интеллигенцин векалша лардинарг ду тахана вайга кхаьчнарг. Иттаннаш шераш хьалха дуьйна нохчийн халкъан интеллигенцин векалша: шайн статьяшкахь, интервьюшкахь А. Айдамировс, К. Чокаевс, М. Ахмадовс, Л. Абдулаевс, М. Бексултановс, 1. Вагаповс, С. Умархаджиевс, Р. Дадашевс, Хь. Умхаевс, 1. Арсанукаевс, Ш. Цуруевс, Хь. Бурчаевс, Хь. Юнусовс… дуккха кхечара а чIагIдора: «Школашкахь нохчийн берашна хьехар, уьш дика кхетачу, царна хуучу нохчийн маттахь хила деза», – Iилманан бух болу бакъдерг. «Къоман тептар» романан автор волчу яздархочо Юсупов Iусмана сан шеца хиллачу къамелехь элира: «ДIадаханчу бIешеран 80-чу шерашкахь Башкирерчу школашкахь I-I0 классе кхаччалц дешархошна хьехар церан ненан маттахь дара. Церан хаарш ледара цахилар гойтург уггаре а хьалха цхьаъ дара: лакхарчу дешаран заведенеш чекхъяьхнарш церан дукха хилар. ЦхьамогIа шерашкахь оцу республикехь со болх а беш Iийна дела хаьа суна, кхетош-кхиор муха дIахIоттийна дара церан школашкахь. Матто къомана зиэн дина аьлла, дало масал да-м дац къаьмнийн Iер-дахарехь. Бакъду, шен маттана херадаьллачу адамна, халкъанна а зиэн хуьлий-м хаьа вайна. Хьехар, кхетош-кхиор Дала синош кхуллуш оцу берашна беллачу маттахь хила деза. Нагахь кхечу маттахь хьехар дIахьахь, оцу берийн кхетамна бийриг эшам а, тешнабехк а бу». РФ-н, НР-н Конституцеша бакъо еллехь а, Нохчийчохь оцу декъехь долу хьал ледара ду. Юьхьанцарчу классашкахь нохчийн маттахь хьехар цахиларал а совнаха, юккъерчуй, лакхарчуй классашкахь нохчийн мотт а, литература а хьеха билгалдина сахьташ (урокаш) к1езиг ду. Иттех шо хьалха хиллачул а к1езиг ду нохчийн мотт, литература хьехаран сахьташ школашкахь, училищешкахь, университеташкахь а.
Вай лакхахь билгал ма-даккхара, боккха тидам тIебохуьйту луларчу ДегIастанахь къаьмнийн меттанаш Iаморна. Кхин цхьа хIума а ду шена тIе тидам бахийта безаш: ДегIастанан халкъан Гуламехь тIеэцначу законца бакъо ю шайн къоман мотт 1амо лаам болчу пхеа дешархочунна лерина класс схьаелла. СССР-пачхьалкх йолуш Къилбаседа Кавказерчу цхьайолчу республикашкарчу школашкахь (масала: Адыгея) оьрсийн мотт, Нохч-ГIалгIайн республикехь санна, хьоьхуш бацара. Церан школашна лерина оьрсийн меттан Iаматаш, къаьмнийн меттанийн башхаллаш тидаме а оьцуш, хIиттийна яра. Цундела оцу республикашкара дешархой оьрсийн мотт дикахо хууш а, хаарш дика долуш а бара. Нохчийн маттана тIе а тийжаш хьоьхуш бацара Нохч-ГIалгIайчохь оьрсийн мотт, цундела берийн хаарш а дара ледара. Шайна хьоьхучух кхетар ледара хилла ца 1аш, шаьш халла 1амийнарг (кхета а ца кхеташ, дагахь 1амийнарг) хьехархочунна урокехь д1адийца оьрсийн мотт ледара бара церан. Цхьана классера (25-30 дешархочух) цхьаъ лакхарчу дешаран заведене деша вахавелча а хаза кхаъ кхочура дай-наношка, хьехархошка. Дешаран министерство Москва дIало отчеташ мухха хиллехь а, кхечу республикашца дуьстича, интеллигенцин дукхаллин барам уггаре а лахара бара Нохч-ГIалгIайн республикехь.
Тахана тайп-тайпана цIерш йолу институташ, университеташ дукха хиларна, студенташ а, дипломаш а дукха ду вайн республикехь, делахь а хаарш лахара долу «говзанчаш» алсамо бу. Уьш а, кхидолу а хаттарш гулдаларна, вайн меттан хьал вон хиларна, НР-н Президента Р.А.Кадыровс шен Указца «Нохчийн меттан Де» – дIакхайкхийна апрель беттан 25-гIа де. Нохчийн Республикин Парламентехь тIеэцна, Президента куьг яздина, тIечIагIдина «Нохчийн Республикерчу халкъийн меттанийн хьокъехь закон». Вайн республикерчу цхьайолчу школашкахь юьхьанцарчу классашкахь хьехар нохчийн маттахь дIадолийра (2009 шо), амма 20I0-чу шарахь и болх тидамза битарал а совнаха, лакхарчу классашкахь нохчийн мотт, литература а хьехаран сахьташ эшийна. Нохчийн меттан алфавитехь (графикехь), орфографехь (нийсаяздар) хийцамаш беш, леррина вовшахтоьхна комисси ю. Нохчийн меттан алфавитехь, нийсаяздарехь шаьш бан лерина хийцамаш (леррина кхоьллинчу комиссино) бовзийтина хаамийн гIирсашкахула. Хийцинчу алфавитан, нийсаяздаран проекташ ю зорбанехь араевлла. НР-н Iедалан векалшкара орца кхаьчна нохчийн маттанна. И орца кхачаме дуй-те, нагахь къоман (къаьсттина кегийрхойн!) шен маттаца уьйр-марзо хила ма-езза яцахь?
Пачхьалкхан тIегIанехь леррина хIоттийначу планаца нохчийн меттан сий-ларам хьалабоккхуш бан беза болх дIа ца хьахь, кхане кхин а сингаттаме хир ю. Тахана Нохчийчохь нохчийн мотт боллучу хьолехь бара ткъех шо хьалха ГIалмакхойн республикехь гIалмакхойн мотт а. Пачхьалкхан тIегIанехь бинчу балхо гIалмакхойн матте хьашто хуьлуьйту хьелаш кхоьллира, иза буьйцучарна, цуьнах пайдаоьцучарна билгалдина тайп-тайпана совг1аташ а долуш. Муха, стенна тIера дIадолийча, муьлха хьалха, хIун тIаьхьа дича, дика хир дара Нохчийчийчохь?
Цхьанна а хаа йиш яц, вайна санна дика, вай вешан нохчийн мотт муха буьйцу, вай цуьнан сий-ларам мел бо а. Хууш ма-хиллара, юкъараллехь, пачхьалкхан тIегIанехь а хаамийн гIирсашкахь нохчийн мотт бийцар, цунах пайдаэцар а ледаро ду. Маса стаг ву тахана «СтелаIад», «Орга» журналаш, «Даймохк» газет доьшуш? Нохчийн маттахь зорбанера араевлла исбаьхьаллин произведенеш ешар муха ду вайн? Нохчийн маттахь ораматийн, сагалматийн а цIерш а йохуш, меттан мукъам а ларбеш, къамел деш маца хезна вайна? Нагахь дегIан цхьа меже таза йоцург заьIап лоруш велахь, шен мотт цахуурш заьIап синош долуш ца хуьлу?
Вайн къоман кханалера де тахана вайна хьалха кхуьучу берех а, кхиазхойх а, кегийрхойх а доьзна ду. Цара буьйцучу маттах, царна Iамочу, Iемачу гIиллакхех, церан оьздангаллах хир ду вайн халкъ. Цаьрга хьаьжна, церан хьекъалан, кхетаман мах а хадийна, эр ду къомах олуш дерг кхечу къаьмнийн векалша. Цундела, вайна чIогIа оьшу, кханенаш а ца йохкуш, тахханехь оцу мехалчу гIуллакхна бух кечбар, говзалла йолчу нахе болх а бойтуш. Тахана, дукха бацахь а, болуш бу нохчийн мотт хаза, ц1ена бийца хууш, нохчийн маттахь ойла йийраш, язъян хуурш. К1езиг хан ялахь, школашкахь нохчийн мотт, литература хьеха говзанчаш а боцуш диса кхерам бу хаалуш, школашкара хьал теллича.
Хетарехь, и гIуллакх уггаре а хьалха дIадоло деза доьзалехь аганан иллица, берийн бошмашкахь, юьхьанцарчу классашкахь, берашна лерина книгаш арахоьцуш. Аганан иллица, ненан маттаца ду нохчийн гIиллакхаш, оьздангалла, ламасташ. Ага нохчийн цхьайолчу хIусамашкара дIадаккхарца, дIадаларца дIадевлла дуккха а хаза гIиллакхаш, бIеннаш, эзарнаш иллеш, эшарш, мукъамаш. Xlopa ненан а шен илли, эшар, мукъам ма бу, цо бен ца локхуш, цуьнан сино бен ца кхуллуш. Тахана наггахь а хезаш бац нохчийн доьзалехь мукъам, ага а, гаьнгали а нанас техкош хезаш хилла болу.
…Нахе вахча, гонах хьожий,
Хадабо ас цIийнан мах:
Чохь бер техкош ага долчу
ХIусаман мах бан ма бац.
(А.Сулейманов)
Кхечу къаьмнех тардала гIертачу (я цхьаннах а тера ца хила гIертачу) къоман оьмар йоца хуьлу.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

56