Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

25.05.2017 10:29 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 35-36 от 25.05.2017 г.

Адамашка дохкодовларе кхойкху поэто…

Автор: СУМБУЛАТОВ Дени

Сайдуллаев Хьасан суна вевзина к1езиг хан яц. Бакъду, Хьасан а вовзале дуккха а хьалха девзина суна цуьнан поэзин Дош, цуьнан исбаьхьчу жовх1аршца кхелинчу Дешан са девзина суна. «Ленинан некъ» газетан, «Орга» журналан аг1онаш т1ехь араюьйлу цуьнан стихаш йоьшуш, воккхавийна со цо кхоллараллехь бохучу кхиамех. Ткъа цуьнан «1уьренан нур», «1уьйренан аьзнаш» — стихийн гуларш, поэзиезархоша санна, ас а хазачу кхоаца т1еийцира дикка хан хьалха. Ц1еначу нохчийн маттахь, халкъан синан мукъамехь язйина байташ езаш т1е ца эца цхьа а баьхьана дацара. Ламанах схьадолу ц1ена шовда санна, 1аламан мукъамехь, эшарехь ека Хьасанан стихаш. Оцу эшаран мукъам къаьсттана лерса хьоьстуш бу, безамах, Даймахках, доттаг1аллах, адамийн ц1еначу юкъаметтигех язйинчу стихашкахь, воккхаверан т1ег1анера г1айг1анечу т1ег1ане а буьйлуш. Цкъацкъа зевнечу мерзашца лекхало дош сингаттамечу узаме доьрзу поэтан, «йоьшучун дагна а оццул ницкъ беш долчу х1окху дешнаша поэтан экамчу дагна ма ч1ог1а ницкъ бина а хир бу-кх?», — боху ойла а кхоллайолуьйтуш. Алархьама дош олучу а, яздархьама дош яздечу а поэтех Хьасан цахилар хаало цуьнан стихийн синехь, цуьнан ирачу б1аьрсино схьалецначу васташкахь. Массарна а ган а, хаза а йиш яц поэтана гуш а, хезаш а дерг. Поэт, цундела ву поэт, цунна хица, хьаннашца, тархашца, бердашца, лаьмнашца къамел дан хаьа дела, церан дахар, амалш цунна евза дела. Дала синош кхуллуш, цхьа шатайпана синош делла хиларна бу поэташ х1уманан тидам, тергоян хууш, шайн тидам т1ехь сецнарг дешнашца схьадийца хууш а. И говзалла, пох1ма Дала шена деллачех хиларна ю Хьасанан стихаш говза язйина, йоьшучийн синошка д1акхочуш, хаза, ц1ена ойланаш кхуллуш а. цундела ларамза а дацара 1982 шарахь Нохч-Г1алг1айн Республикехь къоначу яздархошлахь д1акхайкхинчу къовсамехь Хьасанна шолаг1а меттиг ялар а. Оцу муьрехь зорбанера араевлира поэтан стихийн кхин керла гуларш а: «Даймехкан тешам», «Доттаг1ий т1екхойкху кхерч», «Зевне бердаш», «Нана – Нохчийчоь». Хьасанан «Сатийсаман кхоллам» ц1е йолу керла книга Махачкала-г1алахь (Издательство «Юпитер») т1аьххьара араяьлларг ю. Йиъ б1е кхузткъе йиъ аг1о йолчу оцу книгина юкъаяхийтина авторо стихаш, поэма, яздархочун 1абдулхьамид Джуда Ассаххарас язйинчу «Истории о пророках» ц1е йолчу книган гочдина хьалхара дакъа, лирикан эссе, Молла-Несартах забаре дийцарш, дийцарш-этюдаш. Шен «Нохчийн мукъам» стихотворехь доьху поэто:

Мукъам лойша суна,
Нохчийн мукъам лойша –
Сан бераллин туьйра, г1енаш
Хийла хаза хьаьстина!
Дорцан арахь со шелвелча,
Дог сан кхерча кхачийна,
Езачуьнга безам буьйцуш,
Синхаамаш кховсийна,
Бутт йийсарелаьцна марха,
Яшош, лаьтта 1анийна,
К1ант веллачу ненан даь1наш,
Тийжош, хьостуш, дерзийна
Мукъам лойша, Даймохк хесто,
Нохчийн мукъам лойша!

«Доггаха вилхинчун б1аьргех ц1ий даьлла», — кица ду вайн. Делахь-х1ета, поэто доггаха а, говза а дехарна Дала делла жоп ду, аьлла хета, цул т1аьхьа мел йолу стихотворени а. Халкъера ша схьаэцначу ц1еначу нохчийн маттахь, оцу меттан бен боцчу мукъамехь, халкъан синан мукъамехь, язйина стихаш узамехь, назманехь, ненан дехаре аз а хаалуш, вайн синойх д1аоь, вайца уьш еха вайна хийра ца хиларна, уьш вайх, вайн дахар а хиларна. Дега1ийжамечу дешнех хилла хораме къаьхьа къурд бу хеназа кхелхинчу доттаг1чун Умаров Абукъасаман безамна язйина стихотворени:

Дуьненахь шаьш к1езиг хьаьстинарг,
Хьостуш, шу г1ойша,
Х1ара дуьне-м массарех
Дуьсуш ма дай.
Меллаша г1ойша, адамаш,
Меллаша г1ойша,
Ма сихбе доттаг1чун
Т1аьххьара некъ.
Сан дагалецамийн къаьхьа
Да1 парг1ат аша хьойша,
Доьлхуьйтуш, г1ойша шу, чевно сан
1ийжадо дог.

Адамаш дикане, дикалле, адамалле, къинхетаме кхойкхуш, синан а, ойланийн а ц1еналле доьхуш, г1орасиз мел волчунна орцах а вуьйлуш, шена делла цхьа дахар массарна декъа а г1ерташ, х1инцца дуьне довза, когбаккха 1емачу жимачу адамна-берана г1о-накъосталла даре кхойкху поэто лаьтте, стиглане, б1аьстенга, Ал-зезаге, дерриге а адамашка:

Лаьттан букъ, ч1аг1лохьа, ч1аг1ло,
Бер дог1у дожарна кхоьруш,
Стигал, хьо ц1анлохьа, ц1анло,
Бер доьлху, хьан б1аьра хьоьжуш.

Ал-зезаг, даржахьа, даржа,
Беран куьг хьуна т1е кхийда,
Маьлхан нур, къагахьа, къага,
1емаш дуб ер хьоьга хьежа.

Къоналла а, къаналла а дешнашкахь о аз а озе дерзар бен кхин г1айг1а яцахьара, оцу хийцамо ойланаш язйина ца 1аш, когийн голаш язъеш яцахьара, бевза-безачех д1акъастийна, ша цхьа-а вуьтуш вацахьара, «Ойланаш къоьжачу даккъаш т1ехь яжар…» иштта синна чов хуьлуш, лазаме а т1еоьцур дацара поэто. Дахаран цхьана зилан, жам1ан мур хиларна воху цо ойлане, сингаттамечу, г1айг1анечу ойланашка.
Говзачу вастехь аьлла поэто, хан-зама д1аяьлча, т1ееанчу къаналлех:

Ойланаш къоьжачу даккъаш т1ехь ежа,
Суьйренга тевжина оьмаран малх.
Дог, хьуна-м к1ордадац лакхешка кхийда,
Хьайца д1аийеш к1адъелла чалх.

Пох1ма долчу суртдиллархочо, тайп-тайпана беснаш долу басарш а ца кхоош, 1аламан, дахаран диллина сурт хьалха х1оттадо х1окху мог1анашкахь поэто:

Седано 1ома т1ехь латийна буьйса,
Беттан нур муьйлуш ду бецан к1айн тхиш,
Карзахчу ойлано суй туьйсу х1унда,
Ца хезаш, аьхкенан туьйранан йиш?

Д1адаханчу б1ешеран 60-70-г1ий шерашкахь стихаш язъян буьйлабеллачийн кхоллараллехь гуттар а хаалуш ю г1айг1ане тема: Даймахке сатийсар. Генахь, хийрачу мехкашкахь, шаьш хан токхуш, дай-наноша, баккхийчара (М.Мамакаевс, М-С.Гадаевс, 1.Мамакаевс, А.Айдамировс, А.Сулеймановс, М.Сулаевс, М.Дикаевс, С.Гацаевс, Ш.Рашидовс, 1.Юсуповс…) шега сатийсина, мукъамашкахь, узаршкахь, узамашкахь, назманашкахь шайна юхабехначу Даймехкан сурт шайн ойланехь а долуш ц1а баьхкинчара дуккха а, дика а язйора дайн лаьттах стихаш. Дукха ю Г1ирг1азойн махкарчу Ош-г1алахь дуьне девзинчу, шен дай баьхна мохк генахь буйла хууш бералла д1аяхначу Хьасанан а Даймахках стихаш.
Поэтана лаьа, шен са хьистинчу Яьссин-хин тог1енашка вийла, тулг1енашка шен дагарадийца:
Гора я1, Яьссин-хин тог1е,
Бераллехь ихкина берд…, бохуш, шен дог даста.
Ирс долуш ву-кх х1окху дуьненчу хьал-бахам гулбар, даржехь хьалавалар коьрта 1алашо а йоцуш, шена к1езиг а доьхуш, адамашна дуккха а д1алала лууш ваьхнарг. Иштта ваьхначуьн хьаг1 йоцу ц1ена безам хуьлу дахаре а, адамашка а. Оцу ирсан дакъа кхаьчначех ву Хьасан. Цо ца доьху шена х1умма а, иза дерриге а комаьршша д1адала кийча ву, синлазам шена а буьтуш:

Кху дуьненчу со цецвийла веъна,
Дуьне ц1андан, луьттуш дегах чекх.
Комаьршалла шуна, адамаш, екъна,
Сайца буьтуш синлазаман бехк.

Нохчо а волуш дуьненчу ваьлла поэт, дуьненахь йоккхучу заманахь шен къоман г1иллакх-оьздангаллин дозанаш лардеш, чекхвала лууш ву:

Кху дуьненчу со цецвийла веъна,
Не1алт доцуш оьмар яккха сайн.
Нохчийн махкахь г1иллакх лоруш дайн,
Оьздангаллехь нохчи санна ваха.

Шена дукхабезачу Даймахкана йина чевнаш хала лов поэто, уьш шен дег1анна, синна йича санна, т1е а оьцу цо. Хала лов халкъанна т1екхоьллина харцо, юха а юьртах, уьйрех, махках халкъ дала дезаран къиза киртиг т1ех1оттар а. И берриге а сингаттам, бала, г1айг1а шен даг чу къуьйлуш, ша г1орасиз волчу бохамах боху поэто:

Яккхийчу тоьпаша т1е алу 1енош,
Отуш ю, ягош ю сан хьоме юьрт.
Хетало: Яьсси-хин тог1и ю йоьлхуш,
Къинхетам Делехь бен кхин боцуш гуш.

Дуьненахь вехаш цхьа хан д1аяьлча, динарг, дан мел лиънарг шен кхетамехь, ойланехь литтавоьлча, ларамза шех дийлинчу г1алаташа юхаийзоваьккхича, юх-юха а ойла геналле, цкъа а кхин юхаян йиш йоцчу бераллера некъаш гездан д1ауьду. Хеназа къежво, къанво, дагна ов тохуьйту бералле, къоналле болчу сатийсамо, хьалха санна, аьзнаша лерса хьестахь а:

Сан бераллин, сан къоналлин
Аьрха мерзаш лекхна,
Яьссин тулг1е, хьалха санна,
Дог сан уьйбуш ю.

Х1окху дуьненахь мел дукха хан яьккхича а, иза к1езиг юйла хуучу поэто адамашка доьху, вовшашца къинхетаме, дика хиларе, уьйр-марзоне, динчу вонна, дийлинчу г1алаташна дохкодовларе:

Дохкодовла, адамаш, дохкодовла,
Карзахъевлла амалш совцае.
Дегнийн не1арш вовшашна ма къовла,
Дийна мел ду вовшийн хестаде.

Адамийн дегнашна вас а йина, чов йина цхьа де, цхьа минот а х1окху дуьненахь яккха лууш воцчу поэто шен кхечу стихотворенехь а боху:

Дала лардойла вай, к1ентий,
Т1аьхьадисарх дохкодовла,
Г1алатийн оганаш херцош,
Бехкамна ков цакъовларх.

Шена х1умма а ца доьхучу поэто шен «Поэзи» стихотворенехь боху:

Хьоьца ас лехна сайн синна дарба,
Сайн шераш, денош а тешийна хьоьх.

Шена тешаме а хилла схьаеанчу поэзига юха а боху поэто:

Мила ю? Урам бац, юрт яц хьан йийца,
Беттан лар, маьлхан нур хьо йолчохь ду.
Сан иллийн ц1ийх, мерзах син алу йина
Ас юьйцург сан безам – поэзи ю.

Цхьана адаман даг чу цахоъал, цхьанна лан хала хиллал безам нене, Даймахке, йо1е кхоллабелча…, «жимчу даг чохь боккха безам къийла» атта ца хиларна цхьадолчу адамех поэташ хилла. Бакъду, царех цхьаболчийн поэзин суй хан-зама яларца д1абайна, ткъа Хьасан санначеран хан-зама яларца оцу суйнах дуккха а адамийн ойланаш, дог-ойла иракарах1оттош, дахаре безам кхуллуш, ц1ийнан кхерч бовха латтош, ц1е хилла, «Сан иллийн ц1ийх, мерзах син алу йина, Ас юьйцург сан безам – поэзи ю», — бохуш, иза ваьхна дела, веха дела. Оцу поэзин кхерчахь шайн синхаамаш, ойланаш, сатийсамаш бохбайта луучара хазачу кхоаца т1еоьцу Хьасанан кхолларалла.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

155