Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

16.06.2017 15:57 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 39-42 от 16.06.2017 г.

Дахаран куьзга

Автор: Ш.САДУЕВ

Вайн к1оштарчу а, республикерчу а бахархошца дика-вон а доькъуш, нийсонан а, бакъонан а дош адамашка д1акхачош, «Гумс» («Красное Знамя») газет деха 18-чу июнехь 76 шо кхочу. Баккхий хийцамаш, хиламаш, хазахетарш, халахетарш юкъалаьцна оцу хено. Адаман дахаре йиллича, цхьа оьмар ю иза, ткъа дахаран мур схьалаьцча, дуккха а юкъадог1у цунна. Газет арадаьлла диъ де даьлча, Сийлахь-боккха Даймехкан т1ом д1аболабелла. Цул т1аьхьа, 1944-чу шарахь, вайнах Даймахках д1акъастийна кхойтта шарна. Цул т1аьхьа Нохчийчохь къиза ши т1ом хили. Моттадала тарло: «Диканиг хилла а дац нохчийн къоман дахарехь?» — аьлла. Диканиг хилла. Башха дукха ца хилла. Паччахьан заманахь нохчий муха баьхна архивехь лардинчу газеташа, журналаша довзуьйту вайна. Ша т1едог1учу хенахь 1аламат мерза мотт лебина Советийн 1едал, ша кога а х1оьттина, боларна шардала доьлча, нохчийн мостаг1 хилла, нохчех шен мостаг1ий а бина, стимал а къахьделла лаьттина иттаннаш шерашкахь. Нохчийн ц1е йоккхуш хазийтар, и ц1е йозанехь д1аязъяр дихкина хилла. И бехкам бохийнарг маршонах д1ахадош хилла, цхьа а бакъо йоцу нохчийр санна. Долчух бен ца яздойтуш низам дара «советски печатехь». Нохчийн къам, кхин дуьненахь дан а дац аьлла, х1аллакдан махках даьккхинера, цундела цунах яздан ца магадора. Оцу 13 шарахь арадийлинчу газетийн аг1онаш т1ехь нохчий хьахийна бац. Я «Грозненский рабочий», я «Красное знамя» газетийн аг1онаш т1ехь а. Иштта заманаш хилла уьш, къиза куьйгалхой а болуш… Герггарчу хьесапехь, д1адаханчу б1ешеран 60-чу шерашкара 90 шо кхаччалц болчу муьрехь бохамаш а боцуш, парг1ат даьхна вай. Оцу дерригенах а бакъдерг газетийн аг1онаш т1ехь карадо. Газеташ шатайпана мехкан, пачхьалкхан, халкъан истори гулйо, вовшахтуху, арайолу меттиг ю, дахаран куьзга ду.
Ишттачарех ду «Гумс» газет а. Цахуург довзуьйту, дицделларг карладоккху газето. Олуш хеза: «Х1инца интернет ю, кестта газет я журнал арадер дац». Газет, журнал арадаккхар, цадаккхар 1едалехь болчу нахах доьзна ду, бакъду, интернетал тоьллашха хета суна газет а, журнал а.
Ток ца хилча, з1е ца хилча, я цхьа «кнопка» т1е ма-те11ийна, доьза довш ду интернет чуьра йоза. Кехат т1ехь долу йоза т1аьхьало йолуш ду. Шен рожехь «Гумс» газета арадолуш хилар ч1ог1а дика ду. Къона волуш а, х1инца а «Гумс» («Красное знамя») газет дешна а, доьшуш а ву со. Говза журналисташ бу газетан редакцехь болх беш. «Гумс» газетан хьалхара номер араяьлла 76 шо кхачарца суна даггара уьш декъалбан лаьа.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

9