Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

16.06.2017 15:58 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 39-42 от 16.06.2017 г.

Газета а, юкъаралла а

Автор: С.АБДУЛЛАЕВ
Гуьмсера вахархо

Дукха хан ю ас газеташ, журналаш доьшу. Хьалха, СССР йолчу хенахь, балха т1ехь яздойтуш, «Киоскаш» духкуш а хуьлура уьш. Хьайна дезарг, оьшург къасто йиш яра. Боккхачу Даймахкахь дерг довзар д1адолалора вайн к1оштахь арадолучу «Красное знамя» газет а доьший, цул т1аьхьа «Учительская газета», «Грозненский рабочий», «Ленинан некъ», кхидолу газеташ а доьший. Бакъдерг х1унда ца олу, говзачу, пох1ма долчу журналисташа язйина чулацаме а, маь1не а статьяш хуьлура газетийн аг1онаш т1ехь зорбатоьхна. Лаккхара говзалла йолуш журналисташ бара «Красное знамя» газетан редакцехь болх беш. Царна дика девзара к1оштарчу бахархойн 1ер-дахар, церан хьашт-дезарш. Сих-сиха зорбане юьйлура, бахархоша динчу дехаршна жоп луш, журналисташа дикка талламаш а бина, язйина заметкаш, хаамаш, статьяш, фельетонаш. Шайх лаьцна вониг яздарна кхоьруш, шайн балха т1ехь хьанал-ц1ена хила г1ертара хьаькамаш. Массо а х1уманна т1ехь куьйгалла деш компарти яра, ткъа газет цо х1оттийначу низамца даха дезаш дара. Доцца аьлча, зорбанан дош ницкъ болуш дара.
Вайн к1оштан газет «Красное знамя» («Гумс») ц1е йолчу хенахь дуьйна доьшуш ду ас. Д1адаханчу б1ешаран 90-чу шерашкахь, СССР пачхьалкх йоха а йоьхна, керла пачхьалкхаш кхоллалучу хенахь, х1ора а дош кхетамца луьттуш, юкъараллехь хуьлучух ма-дарра дуьйцуш, статьяш юьйлура «Гумс» газетан аг1онаш т1ехь зорбане. Адам некъах тило, харцо яржо Нохчийчу баьхкина дукха «говзанчаш» хилла ца 1аш, герзаца баьхкина зуламхой а бара. Говзанчашна-политикашна, журналисташна дуьхьал статьяш язйина ца 1аш, герзаца Нохчийчу баьхкинчарех а оза ца белира газетан журналисташ. Дош ала а адам кхоьручу хенахь, махках, халкъах хастаме дош аьлла а ца 1аш, яккхий статьяш язъян доьналла оьшура. Х1ора статьяна буха шайн ц1е а, фамили а язъеш. И доьналла дара «Гумс» газетан редакцин белхалойн.
Тахана атта ду къамелаш дан: «Оцу хенахь… х1окху хенахь», — бохуш. Олуш ма-хиллара, къемат-де х1оттийнера цхьаболчу нохчаша а, кхайкхаза баьхкинчу хьешаша а Нохчийчохь. Оцу хенахь а ала дезза дош олуш бар-кх нохчийн журналисташ. Царна юкъахь шайн меттиг д1алаьцна «Гумс» газетан редакцин журналисташ бара. Дахарх баккхийбуьйш, шайн деца-ненаца, йиша-вешица, доьзалшца цхьаьна, вайца цхьаьна баха безаш болу дуккха а журналисташ къизачу т1амо йинчу чевнаша вайна юкъара д1абигира. Дала гечдойла царна. Массарна а товшдерг ца яздо журналисташа. Массарна а товшдоцу дела ду цара яздийриг бакъдерг.
Х1окху деношкахь, 18-чу июнехь, 76 шо кхочу «Красное знамя» («Гумс») газетан хьалхара арадьлла. Тахана «Гумс» газетан редакцехь болх бечийн кхиамаш хила лаьа суна балха т1ехь. Ирс-аьтто болуш дахар хуьлийла шун, шех лаьцна яздан вайн дахарехь дуккха а диканиг долуш!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

13