Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

16.06.2017 15:53 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 39-42 от 16.06.2017 г.

«Гумс» редакцих дагалецамаш…

Автор: АЛИЕВ Мохьмад

Адамна хийлазза дагаоьху лаьтта шен дахарехь хилла дика-вонаш. Вонех къаста г1ерта иза, амма шен дог хьостуш, шен дагна цхьа аьхна, даге синкъерам кховдош хилла диканаш, даим а дагахь латтадо цо, уьш цунна диц а ца ло. Шен жималлехь, къоналлехь хилла уьйр-марзонаш, гергарлонаш гуттар а мерзачу, цунна бен ца евзачу къайленашкахь латтайо цо.
Сан уьйр-марзо, гергарло а долуш, дахарехь ас сайн ойланаш шех тешош схьадеана ду «Гумс» газет. Цундела цуьнца сайн йолчу марзонех, гергарлонех ца хедаш, даим а цуьнца долу сайн гергарлонах воккхавуьйш, тахана а и гергарло схьадохьуш, цунах ца хедаш схьавог1у со. Дукха газеташца уьйраш тийсина ас, тахана а цаьрца йолуш ю сан уьш, делахь а «Гумс» газетаца долу гергарло цхьа шатайпана ду сан. Керла, шекъанан хьожа т1ера д1а а яланза долу газет кара а эцна, и кего хьо воьлча, синна парг1ато юссу. «Гумс» газета гуттар а боккхачу безамца дешна ас.
Со дуьххьара «Гумс» газетан редакце вахар, цуьнца сайн гергарло тасадалар а дагадог1у суна. И дара 1985 шо. Со стихаш язъян волавелла хан ю иза. И сан «цамгар» евзинчу сан хьешо, х1инца воцуш ву иза (Дала цунна гечдойла) Хадисов Рамзана, х1инца «Гумс» газетан коьрта редактор волу Борхаджиев Хожбауди волчу вигира со. Ас арахь, Хожбауди т1евале, язбина цхьа барх1 мог1а бара. Тхойшиннан къамел д1адирзича, и мог1анаш деша а дешна, Хожбаудис со «Гумс» газетан редакце кхайкхира. Цу дийнахь Хожбауди вовзар а хилира сан, редакцица долу гергарло д1адоладалар а хилира. «Гумс» редакцехь гуллуш хиллера х1ора беттан т1аьххьарчу шоьтан дийнахь Гуьмсан к1оштара къона поэташ. «Шовда» ц1е яра литцхьаьнакхетараллин, вайн халкъан поэт Рашидов Шаид коьртехь а волуш. Литцхьаьнакхетараллин кхеташонехь вовшахкхетара цуьнан декъашхой, дахарехь а, «Гумс» газетан редакцехь а шайх ала хастаме дош дитина Абзотов Бухари, Турлоев Роман (Дала гечдойла царна), ткъа иштта газетехь хьанал тахана а къахьоьгуш схьабог1у: «Гумс» газетан коьрта редактор волу Борхаджиев Хожбауди, Хавас Акбиев; тахана а редакцица з1е ца хадош схьабог1у поэташ Саиев 1умар, Цуруев Шарип, Касумов Сайд-Мохьмад, Асхабов 1абдул-1азиз, Юсупов Руслан. Со а нисвелира-кх цу баккхийчу говзанчашна юкъа. Цу чохь цара шайн стихаш йоьшура, ткъа кхечара, дикка ла а дуг1ий, церан дика-вон аг1о билгалйоккхуш, мах хадабора. Шайн дика мах хадийна стихаш газет т1е а тухура. Пох1ма долчу поэташа къонанаш цакхетачух кхетабора, цахуург 1амадора. Ткъа со, тап-аьлла, ладоьг1уш 1ара цу наха йоьшучу байтех цецвуьйлуш, «соьга еша ма алахьара кхара», — бохучу ойланца. И со кхийрина минот т1е-м кхечира суна а. Борхаджиев Хожбаудис соьга элира: «Мохьмад, хазийтахьа хьайн аз», — аьлла. Суна т1аьхьо хиира, и цо х1оранга а, ша дош луш, олуш хиллера: «Хазийтахьа хьайн аз, дукха хан ю тхуна хьан аз хазанза!» — олий. Ишта соьга а элира цо. Ас муха ешна а, х1ун дийцина а ца хаьа суна, делахь со ешна ваьлча, чохь тийналла х1оьттира. Иза-м дагадог1у суна. Дуьххьара вистхиллачу Рашидов Шаида элира: «Жимма, тоян а г1ерташ, къахьегча, мегар ю хьан стих». Кхечара а шайна хетарг элира. Абзотов Бухарис: «Схьалол х1ара стих соьга, ас шена т1ехь дан дезарг а дина, литаг1онна т1е йохуьйтур ю х1ара», — аьлла, соьгара стих схьа а эцна, шен кисана йиллира. Бакъ дуй-те х1ара? Дуьххьара веанчу дийнахь сан стих газет т1е ялар суна хаза кхаъ бара. Бан а бара цу хенахь газет т1е стих тохар боккха кхиам. Абзотов Бух1арис 1985-чу шарахь «Гумс» газет т1е тоьхна сан дуьххьарлера стих тахана ас юха а шун кхиэле юьллу.

Хир юй хьо соьца?
Алахьа, хир юй хьо соьца,
Дахарехь мерза дош олуш,
Лаьар-кха ирс доза хьоьца,
Шеконийн татолаш отуш?

Суьйрене хьо йоьхуш вог1у,
Сатийсам хьулбина кийрахь,
Ткъа суна-м сирла де дог1у,
Вай вовшийн ца хетча хийра.

Шовданехь ца гича хьоьжуш,
Дог 1ийжаш, хьостане хьоьжу,
Лаарна сайна ган йоьлуш,
Юх-юха, ца тешаш, соьцу.

Хиндолчу дахарах кхетий,
Стигларчу 1аьршашка довлий,
Вовшийн вайн ойланех теший,
Чекхбаккхий цатешам тховссехь.

Тахана а боккхачу безамца, марзонца, дегайовхонца воьду со «Гумс» газетан редакце. Муьлххачу а хенахь со редакце кхаьчча, белабелла, бекхабелла, селхана со цу чохь хиллехь а, шайна со ганза дикка хан яьлча санна, ц1еначу дагца т1еоьцу газетан коьртачу редакторо Борхаджиев Хожбаудис, Акбиева Хаваса, Сумбулатов Денис, Абзотов Нурдис, Падаров 1аьрбис, Эмзаев Хьусайна, Сусуркаев Расулас, Касумова Хьавас, Хункерханова Айналс а оьшу г1о-накъосталла а до. Со воккхавоь и к1ентий цу газетехь болуш. Уьш цигахь къахьоьгуш мел бу, со тешна ву, вайн «Гумс» газет дехар хиларх.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

21