Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

22.06.2017 16:08 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 43-44 от 22.06.2017 г.

«Ахь, велча, хьайн кийра тарвелахь со…»

Автор: СУМБУЛАТОВ Дени

Со лийр велахь, вала лаьа, цкъа
цхьа дика нохчийн маттахь
Нохчийчоьнах назма аьлла.
Ш.ЦУРУЕВ
Халкъан дахарехь а, цуьнан маттахь а цхьа а х1ума дац маь1не доцуш, цхьана г1иллакхца, ламастаца доьзна доцуш. Не1саг1ин а, ц1ийнан баьрчан а ду халкъан дахарера дог1у маь1на. Цунна тоьшалла до нохчийн маттахь долчу барч, баьрчче, баьрчче ваккха, баьрчче вала, баьрчче довла – дешнаша а, дешнийн цхьаьнакхетарша а. Ц1ийнан баьрччерчу пена т1ехь кхозуш топ, тоьпан г1ап, шаьлта хилла вайнехан. Нагахь х1усамда илланча велахь, баьрччехь лаьтташ я пенах кхозуш дечигпондар хуьлуш хилла.
Хьошалг1ахь илланчийн а, дечигпондаран а меттиг гуттар а вайнехан х1усамехь баьрччехь хилла, цара халонаша, сингаттамаша г1елвинарг, са хьостий, айвеш хиларна, дег1ан а, синан а лазарш дайдеш хиларна. Халкъан турпалхойх, сингаттамах, баланах, г1айг1анах иллеш олу илланча халкъо шен лоруш хилла, цунна «халкъан илланча» ц1е а туьллий. Иллеш олурш дукха хиллехь а, халкъан илланчаш к1езиг хилла, и пох1ма наггахьволчунна бен Дала ца делла дела. Илланчийн иллешкахь вайга схьакхаьчна вайн халкъан историн цхьайолу аг1онаш, турпалхойн ц1ераш а. Ницкъ бу иллехь – къенаниг къоналле виггал, заь1апчунна шен заь1апалла цхьана ханна дицдалийттал, г1орасизчунна г1ора дала а. Нохчийн илли олуш хезна, б1аьргех хиш девлла къаной гиний шуна? Шуна хезний, гиний нохчийн йиш локхучу, илли олучу хенахь: «Маржа дуьне я1!» — бохуш, доггаха мохь беттарш?! Шуна гиний, шена дукхавеза доьзалхо, шен сица са доьзнарг дахарх къаьстича а сатоха ницкъ къаьчнарш иллино, эшаро собарх бохош а, собаре кхойкхуш а?! Шуна уьш гинехь, шуна гинарш нохчийн меттан мукъам шайн сица, ц1ийца, т1амарца берш хилла шуна. Ца гинехь, лерса а, б1аьрса а артделларш… Нохчийн дечигпондаре ладуг1уш, цуьнга дагарадуьйцуш хилла вайнаха, са гаттонехь хьовзийча, маьлхан дуьненахь орца кхача йиш йоцуш шаьш дисча а. Хийла к1ант, йо1 шайна луург а, бохург а ца хуьлуш, сатийсамаш кхочуш а ца хуьлуш, эхарта бирзина, шайн ойланаш йийца а, ялхо а пондар бен боцуш. Шайна т1е яккхий халонаш, баккхий бохамаш х1иттинчу хенахь вайнаха цуьнга ялхийна, цуьнга ялхаяйтина синхааме а, экаме а, ховха а шайн ойланаш. Шен к1ентий, шен йо1арий шех херебахар лан а ца делла, Даймохк тийжамечу узаме баьлча, цуьнан тийжарх д1аийна, г1орг1ачу аьзнашца, зевнечу мерзашца декна илли, назма, мукъам. И илли – дечигпондар – тийжина, билхина баккхийчийн, кегийчийн, нанойн, йижарийн – дерриге а халкъан аз хилла, цуьнан мукъам, узам, тийжам, г1иг1, мехкан илли хилла, шен халкъан гатте хьаьвзинчу сица цхьаьна. Иза билхина Туркойн махка, Гуьржеха, Г1ум-Азе, Казахстане бахийтинчу нохчашца цхьаьна набархадовлаза новкъа даьхначу берийн лазам хилла, нанойн, баккхийчийн къаьхьа б1аьрхиш хилла. Бекна вайн пондар, декна вайн илли генарчу Туркойн махкахь, Шемахь, Иракехь, Иорданехь, Г1ум-Азин арахь. Тахана а бека иза, самукъане а боьлху иза, сатийсаман аз хилла, Нана-Нохчийчоь, Малхбузерчу пачхьалкхашкахь… Х1аъ, ницкъ бу иллигахь, пондарехь, мукъамечу озехь. Иза иштта хиларх юха а тешадо вай халкъан илланчин Дагаев Валидан исбаьхьчу кхолларалло.
Дагаоьху Валидан дахарера цхьа де. Нохчийчоь т1еман ц1ергахь, к1уьрлахь ю Валидан кхоллараллина лерина цхьаьнакхетар Гуьмсера №3 йолчу школан зала чохь д1ахьош. 2002-чу шеран октябрь бутт бу иза. Илланчина лерина суьйре вовшахтохар Нохчийчоьнан кханенах дегайовхо хиларан тоьшалла дара. Илланчин озо, доггаха д1ааьллачу иллеша а иза иштта хилар ч1аг1дира.
Сцени т1е, г1о а деш, хьалабехира «Беркат» ц1е йолчу тобанан декъашхой. Царна ца гора шайга ладуг1учеран яххьаш, ца йовзара церан амалш, ца хаара уьш муьлш бу, уьш муьлхачу къомах бу. Церан синошна гург, хуург а деккъа цхьаъ дара: шаьш б1аьрзе хилар, х1ара Маьлхан к1айн Дуьне шайна гуш цахилар, шайга ладоьг1урш, шаьш санна, машаречу дахаре сатесна адамаш хилар а. Цундела цара доггаха Эльмурзаев Бекас даьккхинчу иллийн мукъамца, дегнашца дехар дора: 1ожалла керта йохьуш беана т1ом сацабахьара бохуш, «т1ом кхайкхийнарг, шаьш санна, б1аьрзе вуьсийла», — бохуш. Тийналла яра зала чохь х1оьттина. Илланчийн дешнаша, б1аьрзечу илланчийн мукъамечу аьзнаша, легашкахь, шийла т1улг хилла, гулделла къаьхьа, г1орасиз къурдаш мелачу б1аьрхишка дерзийра ладуг1учеран. Б1аьрхиш вовшех лечкъа ца дора махкана а, халкъана а т1ех1оьттина бала, тезет д1адаккхар доьхучара, цхьаъ бен воцу к1ант а вийна йисначу нене куьгбехкениг витар доьхуш санна, доггаха т1ом сацор цара доьху дела, шайна оццул деза б1аьрса а ца доьхуш.
Баьрчче охьахаийна халкъан илланча, б1аьрзе илланча – Дагаев Валид а вара б1аьрхиш охьаоьхуш. Халкъан илланчин б1аьрхиш дара уьш. Ц1ена б1аьрхиш… сингаттам а, бала а 1аьткъина, девлла б1аьрхиш. А.Сулеймановн цхьана иллехь ду: «Доттаг1аша олу соьга, хьо даимна воьлхуш ву», — дешнаш. Цкъа цхьана концертехь, Валида и илли ша аьлла ваьлча, масех дош элира зала чохь болчаьрга: «Йижарий, вежарий! Вай сема ца хилахь, вай вешан г1иллакхаш, оьздангалла хьеша дуьйлалахь, къизалла яржахь, къинхетам охьата1абахь, воьлхург со а, Ахьмад Сулейманов а хилла 1ийр вац шуна. Т1аккха вайн халкъ дерриге а доьлхур ду шуна». И бакъ дешнаш Валидан иллеш дезачарна хезира, ткъа къиза дегнаш дерш башха иллешца, эшаршца уьйр-безам болуш ца хуьлу, уьш нацкъаро лела къоман дикачу ламасташна. Цундела царна уьш ца хезира, я хаза ца лиира.
Т1аьхьо илланчин дешнаш бакъ хилира Нана-Нохчийчохь… «Воьлхург» поэт Сулейманов Ахьмад, илланча Дагаев Валид а хилла ца 1ара, къаьхьа къурдашца х1инца йоьлхург Нана-Нохчийчоь яра. Вайн махкахь а, кхечу мехкашкахь а дика вевзаш, везаш а волу Дагаев Валид 1940 шарахь Бух1ан-Юьртахь (Алды) да Шит1а, нана Кулсум а йолуш дуьненчу велира. Жималлехь, махкана генахь, Валидана хазара шен ненан сингаттаме мукъам, узам, назма; гора ден а, ненан а сингаттаме, г1айг1ане яххьаш… Генарчу, хийрачу махкахь 1уьйренаш, суьйренаш г1айг1анца яхъяла йоьлча, баланаш базбала боьлча, бевза-безарш, гергарнаш херабовла боьлча, Даймахке сатийсарна дог лазамца деттадала доьлча, ненан тийжаме узам дешнашка болура. Г1ийлачу мукъаме дирзинчу дешнашка…
«Дукха жима волуш баккхийчара шайца цхьаьна синкъерамашка, белхешка вуьгура со. Цигахь цхьацца эшарийн мукъамаш олуьйтура соьга. Шийтта шо кхаьчначу хенахь сан вашас беана дечигпондар дуьххьара караэцна, сихха 1амийра ас», — дуьйцура Валида цкъа ша Хошкалде хьошалг1а веача. Ловзаргахь, синкъерамехь бен лакха йиш яцара пондар, эшар. Нохчийн мел дерг дихкина, нохчийн къоман ц1е яккха а ца магадо зама ю иза. Нохчийн интеллигенцин векалша дуккха а кехаташ Москва яздинчул т1аьхьа бакъо елира вайнехан синъоьздангаллах цхьадерг хьахо, довзийта а. Вайнехан иллеш, эшарш радиохь лекха юьйлира, вайн маттахь «Къинхьегаман байракх» газет араделира. Вайнахана боккха кхаъ бара Димаев 1умаран, Сулейманов Бауддин, Цицкиев Идрисан, Хамхаев Ахьмадан иллеш, эшарш, мукъамаш радиохула хазар. Даймехкан кхайкхам санна т1еийцира вайнаха и мукъамаш. Цул т1аьхьа дукха хан ялале Даймахка бахка бакъо елира нохчашна. Цу хенахь пох1ма долчу кегийрхойх ансамбль вовшахтуьйхира яздархочо 1-Хь.Хамидовс. И ансамбль Даймахка еара. 1957 шарахь дуьйна шен дахар шен къоман культураца дуьйзира Валида, шен ден весетах: «К1ант, ахь схьаоьцург деза а, луьра а, нахана дезаш герз а ду хьуна. Нагахь хьайга и оьзда д1акхехьалур дацахь, схьа ма эцалахь. Халкъана оьшу, халкъо лерина пондар бу хьуна ас буьйцург. Нехан хьашташ царна луъучу хенахь айхьа кхочушдийр дацахь, г1уллакх долуш а, доцуш а и пондар караэцна хьо лелар велахь, и кара ма эцалахь. Пондаран а, иллин а сий довр дац хьуна – хьан довр ду хьуна сий» – шен дахаран къилба а дина.
Кагерманов Доккин «Сан Кавказ» ц1е йолчу дешнаш т1ехь дуьххьарлера мукъам баьккхина, и илли д1аэлира Валида, т1аккха Дадуев Абун «Бацалахь ц1ен зезаг санна…» ц1е йолу илли дара. Илланча дикка вовза а, веза а волавелира махкахь дика бевзачу поэтийн стихашна мукъамаш дохуш, иллеш ала иза волавелча. Халкъалахь даьржина, дезарца т1еэцна иллеш дара М.Мамакаевн «Даймехкан косташ», «Шовдане», «Т1улгаша дуьйцу», А.Сулеймановн «Лойша суна шийла шовда», «Календаран т1аьххьара лист», «Дог дохдо ц1е», «Хьаг1 йоцу сан безам», А.Айдамировн, М.Дикаевн, Ш.Рашидовн, Хь.Сатуевн, М.Сулаевн дешнашна т1ехь даьхнарш. Нохчийчохь наггахь а юрт яцара Валидан доттаг1 воцуш. Иза массанхьа а т1еоьцура «Дела ва хьо могуш, маьрша…», — олий, илланча шайга варе масийтта шарахь шаьш хьоьжуш 1ийча санна. Иза цхьана а х1усамехь кхайкхаза хьаша вацара, везаш хьаша вара, массо а нохчийн х1усамехь цуьнан баьрччехь меттиг яра. Делахь а Хошкалдера шен доттаг1чун Абдурашидов Вах1идан х1усаме вар сих-сиха хуьлу цуьнан. Илланча юьрта веача, «Вах1ид волчу Валид веана!» — бохуш, вовшашка кхаьънаш дохура юьртахоша: цуьнан иллешка ладог1а шайн а йиш хир юйла хууш. Гуллора баккхийнаш, къонанаш. Валида иллеш олу, уьш даьхначу х1ора а поэтах довха дош олуш. Казахийн, г1ирг1азойн меттанашкахь Валида олучу иллина т1аьххье г1ийла мукъам болабо махкана генахь бералла д1аяхначара. Самукъане бека, г1айг1анца боьлху, тийжа пондар… Цо кхайкхабо машар, барт, халкъашлахь вошалла, доттаг1алла, 1аламан хазалла, цо базбо, балхабо безам, «Илланча сох винарг, хьоь бахна безам бу», — мук1арло а дойтуш, яхь йолчу к1енташка д1акхачадо «Даймехкан косташ», хоьтту: «Хьаг1 йоцу сан безам хьанна бу новкъа?» – бохуш. Шен сица дерг нехан сица дуйла хуучу илланчо, лерина пондаран мерзех п1елг тосий, ладуг1учийн деган сине кхачадо шен илли. Нанас шен бер санна, дукха лерина, дукха хаза шен карара пондар охьабуьллий, илли олуш санна, ц1еначу озехь, мукъамехь къамел доладо Валида: — «Ас х1инцца д1ааьлла илли Мамакаев Мохьмадан дара. Сол ткъе итт шо воккха вара иза, делахь а доттаг1алла дара тхойшиннан. 1едало хьийзийна, набахтехь ехха хан яьккхина вара. Нохчий а, Даймохк а ч1ог1а лерина 1алашдора цо. Цундела иштта чулацам бу цуьнан иллийн», — аьлла, дерзийра цо шен къамел.
Илланча нахана иллеш олуш вехаш велахь а, цуьнан а хуьлу ша-шен сатедеш, дог тедеш олу илли. Наггахь, шен сагатделча, олу Валида ша-шена илли:
И сийна стигланаш
т1ейоьлхуш лаьтта,
И 1аьржа латтанаш
духдуьйлуш ма лаьтта,
Йижарий, вежарий
хербелла ма бог1у –
Хьо муха ловр-техьа
яхь йолчу к1енташа? —
Дукха концерташ елла Валида хиллачу СССР пачхьалкхехь а, кхечу пачхьалкхашкахь а. Иорданехь, Шемахь, Ливанехь бехачу нохчашна: «Маржа Дуьне я1! Маржа Даймохк я1!» – цигахь бехачу вайнахе бохуьйтуш, доггаха мохь беттийтина илланчин озо. Казахстанехь д1ахьочу цхьана даздаршкахь аьллера Валида: «Хьомсара казахаш! Бертаза Даймахках къастийна, шун махка кхаьчча, мацалла беллачу сан къоман векалийн даь1ахкаш ю шуна шун лаьттахь д1айоьхкиний, д1айохказий. Шаьш охьабуьллу ког байн биллалаш…» Нохчийчуьра массо а х1усам, кхерч, массо а доьзал, шен болуш санна, дукхабезара Валидана, церан дика-вон шен хетара цунна. Валидан кхоллараллин лаккхара мах хадийна 1едало а, халкъо а: цунна елла НР-н халкъан, РФ-н сийлахь артист ц1ераш, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин орден. Х1окху махкахь мел йоьлхучу ненан елхар, шен йолуш санна, сих кхетий, дагна лазаме чов хуьлий, т1еоьцура цо.
Адамашлахь уьйр-марзо, доттаг1алла, безам д1акхайкхош; хьаг1-гамо емал а еш ваьхна халкъан илланча 1ожалло вайна юкъара д1авигна (Дала гечдойла Валидана) мехкан тезет дара Нохчийчохь, х1ораннан а лерсинехь, зов а хилла, схьахезаш Валидан аз а долуш:
Геналлехь хан яларх
хетац хьо хийра –
Хьан массо маь1иг а
хета сайн ц1а.
Берриг хьо тарби ас
жимачу сайн кийра –
Ахь, велча, хьайн кийра
тервелахь со…
Хьо а хетара, Валид, х1оранна а шен. Иштта хетар а ву, нохчийн къоман синкхетам а, са а мел деха.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

1397