Гуьмсан муниципальни к1оштан администрацин куьйгалхочо ОЗДАМИРОВ Ахьмаран 1усмана марханаш къобалдар
Хьомсара бусалба вежарий, йижарий!
Аллах1-Дала бусалбанашна совг1атна баийтина парза мархин бутт чекхбели. Аша йина 1амалш, аша хьегна къа, аша дина 1ибадат Аллах1-Дала къолбалдойла шун!
Шун массо а къиношна гечдина, вон мел дерг д1адаьккхина, ирс а, беркат а, ийман а, ислам а шун доьзалшкахь а, вайн махкахь а ч1аг1деш, чекхбаьлла хуьлийла х1ара беза мархин бутт. Дала массо а аьтто мел боцчуьнан аьтто беш, массо а могуш мел воцчунна г1о деш, сингаттамо а, г1айг1ано а мел хьийзориг сингаттамах а, г1айг1анах а хьалхавоккхуш, д1абоьдуш хуьлийла х1ара беза мархин бутт.
Аллах1-Дала марханаш къобалдойла шун, аша хьегна къа меле яздойла шун!
Добавить комментарий
Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.