Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

01.08.2017 11:44 Вторник
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 49-50 от 01.08.2017 г.

ИЛЛИЦА ШЕН ДАХАР ДОЬЗНАРГ

Автор: ГАЗИЕВА Аза

Кочара и туьтеш сийна
Дийца, йо1, хьан делла хьуна?
Сийсара седарчий стиглахь
Ца тоьуш хийтира суна…
Нохчийчохь г1араваьлла вевзачу поэтан Рашидов Шаидан дешнаш т1ехь даьккхина и башха илли ХХ-чу б1ешеран 70-чу шерийн юьххьехь дуьххьара д1аэлира. Зевнечу озаца, говза суртх1оттош, иллиалархочун экаме са хаалуш дека и илли массарна а дезаделира. Иза кест-кеста хезара радиоэфирехь, телевиденехь. Бакъду, к1орда-м ца дора иза, мел дукха цуьнга ладег1арх. Иллин лирически турпалхочух тарбала лууш вайн махкарчу дукха мехкарша сийна туьтеш ийцира шайна,уьш кочахь леладар цхьана ханна ламасте а дирзира. «Сийна туьтеш» иллина мукъам баьккхинарг а, сел тамехь и д1аолуш верг а тахана Нохчийн Республикин халкъан артист волу Абдукаримов Ильяс вара. Хьалха иза вевзарш дукха ца хиллехь, керлачу иллино дуккха а вайн махкахошна вовзийтира къона артист. Цуьнан ц1е ц1еххьана г1араелира Нохч-Г1алг1айн республикехь. К1езиг бацара иза уллера вовза луурш а…
Шен дукхахболу нийсархой санна,Сталинан хьадалчаша вайнах къинхетамза махках баьхначу муьрехь, оцу хийрачу махкахь дуьнент1е ваьлла ву Абдукаримов Ильяс. Иза дара Г1ирг1изойн махкарчу Ошски областана юкъайог1учу Узгенски к1оштарчу Ильичевка ц1е йолчу юьртахь 1952-чу шеран хьаьттан (август) беттан 26-чу дийнахь.Ильясан ден-Идрисан доьзалехь дуьххьарлера доьзалхо вара х1ара. Т1аьхьо-м цуьнан кхин а ворх1 ваша,ши йиша хир ду. Бераллехь дуьйна иштта ирс долуш стаг хилла вайн хьомсара иллиалархо. 1959-чу шарахь, шен боккха доьзал балош, ворх1е дай баьхначу Нажин-Юьртан к1оштарчу Мескита ц1авоьрзу Идрис. 1960-чу шарахь Мескитахь воьду Ильяс юккъерачу школан хьалхарчу классе деша. Бераллехь дуьйна вара к1ант нохчийн къоман зевне иллеш, эшарш дукхаезаш. Школехь доьшуш волуш хаало кхуьнгахь иллиалархочун пох1ма. Вайна массарна хууш ма-хиллара, советийн заманахь боккха тидам т1ебохуьйтура кхетош-кхиоран балхана, ткъа ламанхой культурин хьаьрма ийзор къаьсттина х1айттараллица д1ахьош дара. Бакъду, Нажин-Юьртан к1оштара бахархой, цхьаммо цхьанхьа ца ийзича а, шаьш бара, х1ора а бохург санна, илли ала, хелхавала а корматалла йолуш. Тамашийна хетара дара, и беркате «х1уо» хьакхаделла Абдукаримов Ильяс ца хиллехь. Мескитарчу юккъерачу школан лакхарчу классашкахь доьшуш волуш дуьйна а илли олуш вара кхиинавог1у жима стаг.Цунна ч1ог1а хазахетара Мамакаев Мохьмадан дешнаш т1ехь ша мукъам а баьккхина, Дагаев Валида д1аолуш хилла «Даймехкан косташ» ц1е йолу илли.
Шуьга ду маршалла, хьомсара
накъостий,
Дехийла, ирс хийла, 1ад1елаш
шу ховший!
Шу оьзда г1иллакхаш
Даймехкан безам бу!
Барт болуш гулдалар
сан дагна хаза ду…
Иштта Ильясана дукхадезачарах дара, Дикаев Мохьмадан дешнаш т1ехь Эдисултанов Шит1ас мукъам баьккхина, «Кавказан 1уьйре» ц1е йолу илли а.
Ламанан баххьашкахь дешица
къега хьо,
Аьрцнашкахь пепнашца,
бегаш беш,лепа хьо,
Шийлачу шовдан чу з1аьнаршца
хьоьжу хьо,
Малхаца г1аьттина Кавказан
1уьйре…
Нажин-Юьртан к1оштахь а, Нохч-Г1алг1айн Республикехула х1ора шарахь д1ахьочу дешархойн хьажаршкахь, къовсамашкахь, фестивалашкахь Абдукаримов Ильяса кхиамца кхочушдеш дара и ши илли. Дукха дика х1окхо и иллеш д1ааларна, даима бохург санна, толаман меттиг кхочура х1ара доьшуш волчу школана. Доцца аьлча, Мескитарчу юккъерачу школан дозалла дара Абдукаримов Ильяс. К1ентан дахарехь уггаре а ирсе хан яра школехь доьшу хан. Дуьне цецдаккхал хаза 1алам: шен бен боцчу мукъамехь, яйн тулг1е етташ, охьадоьду Яьсси, са ц1ена нийсархой, могуш-маьрша да-нана, аьхна йиша-ваша. Кхин х1ун оьшу жимчу стагана ирсе хила? Дависарг, дукха сиха чекхъэккха и мерза зама! Ишта сиха чекхделира Абдукаримов Ильясан бералла. 1970-чу шеран б1аьстенан юьххьехь велира иза юккъера школа чекхъяьккхина, ткъа гурахь иза Даймехкан декхар д1адала эскаре вахара. Х1инца Самара олу,цкъа мацах Абдукаримов Ильяс эскарехь г1уллакхдеш хиллачу Куйбышев г1алех. Эскарехь вара аьлла, берахь дуьйна дезаделла иллиалар дита ца делира жимчу стаге. Делан къинхетамца кхеран гарнизонерачу эпсарийн ц1ийнехь исбаьхьаллин самодеятельность хиллера. Цу тобанна юкъавахара вайн махкахо. Амма, Куйбышевхь вара аьлла, Кавказах а, Нохчийчоьнах долчу иллешна хера-м ца велира иза.Эскарехь г1уллакхдеш Абдукаримов Ильяса Куйбышевехь даьккхиначу шина шарахь масех илли дара къоначу артистан репертуарехь. Оьрсийн маттахь делахь а, уьш дерриге Кавказах а,1аламат дукхаезачу Нохчийчоьнах дара.1972-чу шеран гурахь эскарехь г1уллакхдина а ваьлла, ц1авирзира вайн Ильяс.
Шийла деана и 1а,деца,ненаца марзо оьцуш, Мескитахь даьккхинехь а,1973-чу шеран б1аьстенан юьххьехь Гуьмсан к1оштан Культурин Ц1ийне балха х1оьттира иза. Концертмейстер-дара кхунах дуьххьара тешийна дарж. Шена т1едехкина декхарш кхиамца кхочушдеш, масех шарахь цигахь олх бира Ильяса. Цу муьрехь мукъам а баьккхина д1аэлира цо «Сийна туьтеш» ц1е йолу илли а. Ишта-м, Абдукаримов Ильяса поэташа дешнаш яздина иллеш д1ааьлла ца 1аш, ша дешнаш а, мукъам а боккхуш, д1ааьлла иллеш а к1езиг дац. Цо дуьххьара ладог1архойн кхиэле диллинарг шен «Нохчийн йо1» ц1е йолу эшар яра.Иза хазахетарца т1еийцира вайн махкахоша.
Ламанийн баххьашка вуьйлуш,
Ярташка со хьоьжур ву,
Мехкаршка иллешца кхойкхуш,
Шовданехь со соьцур ву...
Ц1еначу озаца, къеггиначу пох1мица,говзаллин лаккхарчу т1ег1анехь йолчу корматаллица артиста д1аолу зевне эшарш а, иллеш а дезаделира халкъана. Самодеятельностехь болх беш велахь а, нохчийн къоман тоьллачу иллиалархойн мог1арехь яккха йолийра Абдукаримов Ильясан ц1е. Гуьмсехь концертмейстер волу къона артист 1978-чу шарахь Нажин-Юртан к1оштарчу Культурин Ц1ийне, дехарш а дой, балха д1авуьгу методистан дарже. Бакъду, цхьана-шина шарахь бен Нажин-Юьртахь болх бар ца хуьлу Ильясан. 1980-чу шарахь керла тоба вовшахтухучу Нохч-Г1алг1айн халкъан артиста Эдисултанов Шит1ас шеца болх бан Соьлжа-Г1ала охьавалаво пох1ме жима стаг. Ужахов Мохьмад хьалха а волуш, исбаьхьаллин куьйгалхо Нохч-Г1алг1айн Республикин халкъан артист Эдисултанов Шит1а а волуш вовшахтоьхнарг «Илли» ц1е йолу божарийн вокальни тоба яра. Нохч-Г1алг1айн Республикин ярташкара кхайкхина балийна, 1аламат пох1ме кегий нах бара тобанехь: Янаркаев Пинта, Абдул-Азимов Шахьрани, Пашаев Султан,Дадаев Хьамзат, Ясаев Мохьмад, Чакараев Рамзан,Зубайраева Тумиша, Абдукаримова Малика, Чакараева Маьлх-Аьзни. Т1аьхьо «Илли» ансамблана юкъабаьхкира Дидигов Билухьаьжа, Усманов 1имран,Магомадов Сайд-Ахьмад, йижарий Айдамировг1ар Аймани а, Малика а. Цхьа тайна аьзнаш церан дара.Цхьа башха иллеш цара олура, ладог1архойн ойла т1омайоккхуш, дегайовхо ч1аг1ъеш, даймахке безам кхуллуш, хьуо нохчо хиларх дозалла дойтуш.«Илли» тобанан иллиалархо-солист вара Абдукаримов Ильяс. Цуьнца цхьана къамелан жанрехь болх бан а ларавора иза – забаре дийцарш дуьйцуш хуьлура иза. И дийцарш дерриге а къоман дахарера схьаэцна, бокъдолчун бух т1ера хуьлура. Бакъду, цкъа а вайнехан г1иллакхийн гураш кегдина, къоман оьздангаллин доза хадийна ца хаавелла артист. Цо цкъа а ца лехна атта некъ. Вайнахехь товшйоцу забар а йина, хьовсархойн самукъадаккха ца г1иртина иза. Олуш долу дош говза, ира, ладог1архойн синк1оргене д1акхочуш хилла цуьнан даима. Балхана юкъара а ца волуш, 1илманан к1оргене а кхийдина Ильяс шен йолчу таронца. «Илли» тобанца болх бан ша д1аволалуш кхийтира иза корматаллин хаарш шен к1езиг хиларх. Амма иза воьхна ца хьаьвзира. 1981-чу шарахь Ильяс деша вахара Соьлжа-Г1аларчу музыкальни училище. Цигахь дешар очни кепехь дара, ткъа цу муьрехь шен доьзал кхоллабеллачу Ильясан болх д1атосийла дацара. И дерриге тидаме а эцна, Соьлжа-Г1аларчу культпросвет училище дехьавелира иза, дешар юкъах ца дуьтуш. 1985-чу шарахь кхиамца культпросвет училище чекхъяьккхина, диплом схьаийцира цо. Иза кхин а цхьа толаман терхи яра корматаллин лакхенашка боьдучу новкъахь. Цунах юьхьк1оме чекхвала собар,доьналла,хьуьнар хилира вайн турпалхочуьнгахь. Юьхьарлаьцначу 1алашоне хьаналчу къинхьегамца д1аг1ертар, халонашна хьалха къар ца луш, даима сих дуцаделла, ц1ийца дехаш хилла Абдукаримов Ильясан. Цундела дукхавезна артист даима махкахошна, хаддаза сий-ларам хилла цуьнга. Доггах къахьоьгург а, корматаллина муьт1ахь верг гуш хуьлу халкъана,махкана,денна зурманашкахь иза кхайкхацаварх. 1едало тидамехь латтош хиллера Ильясан хьанала къинхьегам а. Девзаш хиллера цуьнан доза доцу хьуьнар а,корматаллин таронаш а. 1987-чу шарахь «Иллин» тобанан куьйгалле х1оттаво Абдукаримов Ильяс. Корматаллин лакхенашка боьду некъ атта боцийла хууш,1аламат доккхачу жоьпаллица шена т1едехкина декхарш кхочушдеш, шина шарахь гергга «Иллин» тобанан куьйгаллехь болх бо цо.
Кегабелла беана мур бара Нохчийчохь ХХ-чу б1ешеран чаккхе а, ХХ1-чу б1ешеран юьхь а. Хийцамийн «хорша» «Илли» ансамблах хьаьрчира. Амма политикина мелла а гена волчу Абдукаримов Ильясана товш дацара къоман г1иллакхашна, искусствона 1аламат гена долу и шовкъе къамелаш. Шен бакъо т1еяккха йолчу 1алашонца эрна къамелаш ца деш, иза керла вокальни тоба а кхоьллина, юьстахвелира. «Дарта» яра Абдукаримов Ильяса кхоьллиначу керлачу тобанан ц1е. Халкъана,махкана дика бевзаш болу пох1ме артисташ бара тобанна юкъабог1уш; Аздамиров Сар-1ела, Абдулкеримов Хьусайн, Тепсуркаев 1елампаша, Щербина Светлана, Мазиева Раиса, Тарамова Марха. Бакъду юкъ-кара керла ц1ерш хаалора царна юкъахь Ахмадова Сейда (Дала гечдойла цунна), Идрисов Ризван, Мамаев Исмаь1ал иштта кхин берш а. Йоккха а, чулацаме а репертуар яра «Дартин».
Нохчийн г1арабевлла бевзачу поэтийн Арсанукаев Шайхин, Рашидов Шаидан, Юсупов 1азиман дешнаш т1ехь даьхна иллеш дара тобано д1аолуш. Даймохк беза 1амош, къоман кханенах дегайовхо ч1аг1ъеш, адамалле, къинхетаме кхойкхуш дара и иллеш. Вайн махкахь 1аламат ч1ог1а езаш т1елоцура «Дарта» ансамблан концерташ. Сий-ларам бара ансамблехь болх бечу артисташка, «Дарта» тобанан куьйгаллехь волчу Абдукаримов Ильясе. Бохамаша г1елдинчу шен къомаца хилла Абдукаримов Ильяс даима.
2000-чу шеран асаран (беттан) 12-чу дийнахь Россин Президентан В.Путинан омрица Нохчийн Республикин куьйгалле вайн мехкан хьалхара Президент, Россин турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа х1оттийра (Дала г1азот къобалдойла цуьнан). Цо уггаре а хьалха тидам т1ебахийтиначарех яра вайн махкара спорт а, культура. Ахьмад-Хьаьжин дозадоцчу комаьршаллин беркат «Илли» тобанна кхечира. Ахьмад-Хьаьжа дарже х1оьттина дукха хан ялале духарца, мукъамийн г1ирсашца, кхидолчу хьашташца кхачо йира культурин белхалошна. Цхьайтта шарахь сов болх бира Нохчийн Республикин халкъан артиста Абдукариов Ильяса «Илли» ансамблан куьйгаллехь. Репертуар карлаяьккхира,пох1ме артисташ схьагулбира, вайн махкахь кест-кеста хуьлучу мероприятешкахь жигара дакъалоцуш, башхачу иллешца Нохчийн Республикин бахархойн самукъадаьккхира. Абдукаримов Ильяса куьйгалладечу шерашкахь говзаллин лаккхарчу т1ег1анехь корматалла йолуш, Нохчийн Республикин генна дозанал арахь евзаш, лоруш божарийн вокальни тоба хилла д1ах1оьттира «Илли» ансамбль. Халкъана 1аламат ч1ог1а дезаш а, вайн махкарчу ладог1архойн дегнаша т1елоцуш иллеш дара тобано кхочушдеш. Цундела вайн т1еч1аг1дан бакъо ю «Илли» ансамбло кхиамийн зовкх хьегна мур иза хилар. Абудукаримов Ильясан хьуьнар а, корматалла бахьнехь кхаьчнера «Илли» ансамбль цу зовкхе аьлла хета.
Абдукаримов Ильяса яздинчу дешнаш т1ехь мукъамаш баьхнера Димаев 1елас, Усманов 1имрана, Мусхабов Исмаь1ала, Дадашева Тамарас, Дидигов Билу-Хьаьжас, Мазаев 1альвис, иштта кхечу композиторша.Вайн махкахь наггахь а артист вац Абдукаримов Ильясан дешнаш т1ехь даьккхина илли репертуарехь доцуш. Пох1ме стаг иза массо аг1ор а пох1ме хуьлу. Цунна улле а г1ерта пох1ме адамаш. Ильясан х1усамнана Малика яра эшарш локхуш, «Илли», «Дарта» ансамблашкахь белхаш бина. Ильясан а, Маликин а пхиа доьзалхо ву иллица, мукъамийн г1ирсашца уьйр-марзо йолуш. Бакъду, дена а, нанна а лаа-м ца лиира уьш цхьа а шайн лорах даийта. Цара кхин говзаллаш караерзина. Ткъа Абдукаримов Ильяс мацах цкъа безаш ша къастийначу говзаллийна тешаме волуш чекхволуш ву шен дерриге а дахарехула. Иза цкъа а къар ца вина кхолламан шогалло. «Илли» ансамблера д1аваларх напха даккха меттиг йоцуш ца висира пох1ме иллиалархо. Гуьмсан к1оштан культурин Ц1ийнехь «Нохчийн аз» ц1е йолуш керла ансамбль кхоьллира артисто. «Илли» ансамблал вон яцара вовшахтоьхна керла тоба. 1аламат хаза аьзнаш а, белхан зиэделларг долуш адамаш дара Абдукаримов Ильяса «Нохчийн аз» тобанехь вовшахтоьхнарш: Израпов Шемал, Мишидаев Амхьад, Шарипов Супьян, Мадашев Адам, Умаров 1ела. Г1араелира «Нохчийн Аз» ансамбль.Иза кест-кеста гойтура телевиденехь, цо жигара дакъалоцура вайн махкахь хуьлучу хьажаршкахь,конкурсашкахь,мукъамийн фестивалашкахь. Дукха хьолахь «Нохчийн аз» тобано хьалхара меттиг йоккхуш д1адоьрзура и тайпа кхоллараллин цхьанакхетарш. Ярославль-г1алахь 2012-чу шарахь д1аяьхьначу Ерригроссин мукъамийн фестивалехь хьалхара меттиг яьккхина ц1айирзира «Нохчийн аз» тоба, лауреатан диплом дохьуш. Щелковской к1оштан куьйгалхойн дехарца 2012-чу шарахь «Теркан аре» ц1е йолуш керла вокальни тоба вовшахтуху Абдукаримов Ильяса. И тоба иштта б1аьрлачу кхиамашца болх беш хуьлу. Владикавказехь,Нальчикехь хиллачу Кавказан къаьмнийн мукъамийн фестивалашкахь дакъалоцу «Теркан Арено». Нохчийн Республикин халкъан артистана хьанала болх барна сийлаллин грамоташ,барккаллин кехаташ ду. 2010-чу шарахь «За заслуги перед Чеченской Республикой» мидал елира цунна НР-н Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана. Нохчийн Республикин халкъан артиста Абдукаримов Ильяса хьаналчу къинхьегамца яьхна кхоллараллин ирхенаш ю уьш. 65 шо кхаьчнехь а, бакъволу артист даима хуьлу кхоллараллин ницкъах вуьззина. Ткъа Абдукаримов Ильяс шен сица,ц1ийца бакъволу артист ву. Цуьнан дерриге а дахар ду сценица, иллица доьзна. Иза тахана ву керла иллеш дохуш а,муьлххачу хенахь а сцени т1е вала кийча. Ма дика ду, иштта пох1ме а,хьуьнаре адамаш вайн махкахь долуш.Церан нуьцкъалчу амало а, синаондалло а денна серлайохуш, хазлуш схьайог1у Нана-Нохчийчоь.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

265