Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

14.09.2017 17:00 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 57-58 от 13.09.2017 г.

НОХЧИЙН ЛАР – ХОНКАРАН МАХКАХЬ

Автор: ГАЗИЕВА Аза
«Даймохк», №48, 2017 шо

Юкъаяьлла дукха хан яцахь а, Нохчийчохь шуьйра евзаш ю Хонкаран махкарчу киноговзанчаша яьккхина «Великолепный век» исбаьхьаллин фильм. Хонкаран махкахь евзаш яздархо, сценарист хилла Окай Мораль дикка хан яра шен Даймехкан историх цхьа йоккха говзар кхолла лууш, цу хоршахь цхьацца йозанаш деш йолу. 2008-чу шарахь бен нахала ца даьккхира цо шен дагахь дерг. Дуьххьара фильман продюсерах Саджи Тимурах дагаелира иза, язйина сценари гойтуш. Продюсера, дог резадина, тIелецира яздархочо дIадолийнарг.ТIелаьцна ца Iаш, Хонкаран махкахь гIарабевлла вежарий-режиссераш, Талан Дуру а, Ягмур а юкъаозийра мехалчу кинопроектана. Дукха харж йина, алссам актераша дакъалоцуш яьккхина фильм ю «Великолепный век». Хонкарахь 2011-чу шарахь дуьххьара гучуелира иза, коьртачу ролехь похIме актер Эргенч Халит волуш. XVI-чу бIешарахь шовзткъа шарахь сов Хонкаран паччахь хиллачу Сулейманах, цуьнан хIусамнене Хюреме хиллачу безамах ю фильм. Узерли Мерьем яра Хюреман васт кхоьллинарг. Схьабовларан орамаш Кавказера долу артисташ а дукха бу «Великолепный век» фильмехь дакъалоцуш. Гуьржийн, чергазийн, гIебартойн орамаш долуш бу Хонкарара цхьаболу артисташ. Къаьсттина мерза кхаъ беара царна юкъахь нохчех схьаваьлла актер хиларо. Иза Селиман васт кхоьллина киноартист Озтюрк Энгин хиллера. Бакъду, Энгинна нохчийн мотт ца хаьа, да а, нана а нохчех схьадаьлла делахь а. Иза XIX-чу бIешарахь оьрсийн паччахьан дIаьвшечу политико махкахбаьхначу нохчийн тIаьхьенех ву. Актера ша даре дарехь, цуьнан дай нохчийн ГIоьрдала юьртара схьабевлла бу. Шаьш нохчий хилар бен цунна кхин хууш хIумма а дац. Озтюрк Энгин похIме актер ву. «Великолепный век» фильмехь дакъалацале хьалха кхин масех фильмехь дакъалаьцна цо. Хьовсархошна дукхавезаш артист ву иза. Озтюрк Энгин дуьнентIе ваьлла Хонкаран махкарчу Эскишехир цIе йолчу гIалахь 1986-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 28-чу дийнахь. Да эскарехь гIуллакхдеш хилла, нана доьзал кхиош цIахь Iаш хилла. Кхаа йоIана тIе вина доьзалехь цхьаъ бен воцу кIант ву Энгин. Стамбулехь чекхъяьккхина цо театральни институт. Хьоло букъбиначу доьзалера волчух тера дац актер. Институтехь доьшуш волуш бармен болх бан дезна цуьнан, шена напха, тIедуха-когадуха латто. Бакъду, халонашка къар ца войтуш, юьхьарлаьцначу Iалашоне кхаьчна кIант. Тахана иза гIараваьлла вевзаш киноартист ву. Шен 29 шо кхочуш, боккхачу безамо йийсаре лаьцна, нускал далийна актера. Нускалан цIе Фырат Идиль яра. Бакъду, безаман цIе нийсса цхьана шарахь яггал бен ницкъ болуш ца хилла. 2016-чу шеран мангалан (июль) беттан 15-чу дийнахь уьш дIасакъаьстина. Тахана Озтюрк Энгин могаш-маьрша, безаш хаьржинчу балхахь ву. Кестта цуьнан керла кинобелхаш ган аьтто хир бу вайн, Дала мукъ лахь.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

10