Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

21.09.2017 17:55 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 59-60 от 21.09.2017 г.

Зударий декъалбира (Гуьмсера Берийн исбаьхьаллин школехь)

Автор: СУМБУЛАТОВА Радима

Хаза ламаст хилла д1ах1оьттина сентябрь беттан кхоалг1ачу к1ирандийнахь НР-хь «Нохчийн зудчун де» — даздаран хьолехь билгалдаккхар. НР-н Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Ахьмад-Хьаьжин Рамзана 2009-чу шарахь шен Буьйраца д1акхайкхичхьана, пачхьалкхан массо а хьаьрмашкахь даздеш ду и Де. Ярташкахь, г1аланашкахь вовшахтуху зударшна лерина цхьаьнакхетарш, совг1аташ до балха т1ехь билгалбевллачарна, г1иллакх-оьздангалла йолуш доьзалш кхиийначарна. Иштта 1алашо йолуш вовшахтоьхначарех цхьаъ яра Гуьмсера берийн исбаьхьаллин школехь д1аяхана мероприяти а.
Б1аьрг хьостуш яра кечйина йоккха чоь. Куьцехьчу духаршца кечделла, кечам а бина, белабелла-бекхабелла мероприяте баьхкинера дешархой а, церан наной а, хьехархой а. Гуччохь д1аяздина зударий декъалбаран дешнаш, схьахезаш самукъане мукъамаш, зезагаш а карахь хьехархой-зударий.
Дешархоша Батаева Миланас, Закорьяева Хадижас а, мероприятин дакъалацархошна рог1ехь дош а луш, говза д1аяьхьира мероприяти. Зударий декъалбеш къамел динчу БИШ-ан директоро Бабутаева Майса Ахмедовнас, зударий декъал а беш, элира: «НР-н Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Р.А.Кадыровн Буьйраца «Нохчийн зудчун де» дезде дина д1акхайкхийна барх1 шо ду. Оцу барх1 шарахь лаккхарчу т1ег1анехь д1ахьош ду вайн республикехь и Де билгалдаккхар, зударшна совг1аташ дар а. Зударийн сий-ларам бича, мехкан а, халкъан а сий-ларам хьалаболий хуучу вайн мехкан Куьйгалхочо, ша дакъалоцуш д1ахьо Соьлжа-г1алахь даздарш. Даггара баркалла боху ас Р.А.Кадыровна, цо тхан, зударийн, Де д1акхайкхорна. Берриге а зударий декъалбо ас. Ирс-аьтто болуш дахар хуьлийла шун!».
Хьехархочо Х.Тужеевс 1амийначу дешархоша (класс «Дечиг-пондар) д1алекхира вайнехан мукъамаш. Нохчийн зудчун, ненан, йишин сийлаллах, уьш лара безарх, цара доьзалехь, юкъараллехь, дахарехь а д1алаьцначу меттигах ша дош аьлла ваьлча, хьехархочо Асхабов 1абдул-1азиза йийшира ша оцу Денна лерина язйна стихотворени. Цул т1аьхьа дешархочо Шарипов Наиба д1аэлира «Бусалба дин» (автор 1-1.Асхабов) назма. Хьехархоша Арзуева Элинас, Абубакарова 1айнаа, Асхабова Мадинас а кечбинчу дешархоша Баталова Раянас, Оздербиева Данас, Оздербиева Пет1амата, Турпалханова Мархас, Ханмагомедова Миланас, Арцуева Сабинас, Касумова Жайнас а эшарш а лекхира, стихаш а йийшира.
Мероприяти д1аяьхьначу М.Батаевас, Х.Закорьяевас зударий юха а декъалбеш, дешархойн шовкъечу хелхаршца д1адерзийра цхьаьнакхетар.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

91