Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

11.01.2018 15:36 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 1-2 от 11.01.2018 г.

Замано хийцина амалш я амалша хийцина зама?

Автор: СУМБУЛАТОВ Дени

Бакъдерг, сахуьлуш малх санна, меллаша гучудолу

(Нохчийн кица)

Т1аьххьарчу ткъе ворх1 шарахь нохчийн а, кхечу къаьмнийн а журналисташа, яздархоша, историкаша 1аламат дукха статьяш, книгаш язйина, радион а, телевиденин а передачаш хазийтина, гайтина Нохчийчоь хиллачу шина т1амах а, адамийн юкъаметтигех а. Царех цхьаболчара, царна хетарехь, к1орггера талламаш а бина, бахьанаш а карийна, бехкениг а, бехке воцург а къастийна, х1оьттинчу хьоле халкъ муха кхаьчна, оцу хьолера халкъана хьалхадала некъ хьоьхуш, язйина шайн статьяш а, книгаш а. Ткъа цхьаболчара-м нохчийн къомах диканиг к1езиг яздеш, алссам вониг яздина. Мел яздинарг а т1аьхьенна дуьсур ду, цхьа хан д1аяьлча, х1окху заманан теш хилларш д1абевлча, историкаша шайна луъучу аг1ор маь1наш а, хьесапаш а деш. Иштта хилла заманан йохаллехь, иштта хир ду кхул т1аьхьа а, мел яздинарг бакъ хеташ, иза хьан, х1унда яздина талла а ца толлуш. Яздинарг дуккха а хилча, хаарийн а, 1илманан а к1орге йоцучунна хала хуьлу бакъ-харц къасто. Цундела оьшу, къаьсттина кегийрхошна, бакъдерг довзийтар. И 1алашо йолуш язйина нохчийн халкъан яздархочо Айдамиров Абузара шен «Вайн амалш» ц1е йолу книга. Нравственно-философски жанрехь трактат ю иза, нохчийн амалан цхьайолчу сиркхонех, къинойх, лазамех. Абузара шен «Вайн амалш» ц1е йолу болх «Нохчийн къоман ХХI-чу б1ешарахь т1ейог1учу т1аьхьенна» лерина язбина бу, керлачу бохамех нохчийн халкъ лардаран 1алашонца. Кхин 1алашо Абузаран яцара. Иза иштта хилар суна хаьа, и книга язъяле тхойшиннан Нохчийчохь долчу хьолах (1991-94 шераш) Мескитахь а, Соьлжа-Г1алахь а дехха къамелаш хилла дела. Муха хьал дара Нохчийчохь, муха яра нохчийн юкъаметтигаш. Абузара «Вайн амалш» язъечу хенахь?

* * *

Нохчийчохь хьалхара т1ом болабале йолу хан оцу хенахь баьхначарна, оцу хенан теш хиллачарна (тахана царах эзарнаш дийна бац, Дала декъалбойла уьш) ехха иэсехь лаьттар ю. Харцо бакъонал, эхье мел дерг г1иллакх-оьздангаллал, эхь-бехкал, тешамал стешхалла, комаьршонал сутаралла, къинхетамал къизалла тоьлла, харц мел дерг хьаладаьккхина хан ю иза. Зуламхойн тобанаша, талархоша, къуйша халкъах, махках кадетташ, шайна луъург вуьйш, шайна луъург лачкъош, дийна адамаш а, декъий а нохчаша нохчашкара оьцуш а, хуьйцуш а, еана зама ю иза Нохчийчоьнан дахарехь. И хан т1екхаччалц (Советан 1едал долуш) къоман кхолламца, цуьнан дахар-1ерца, маттаца, литературица, историца цкъа а бала цахилларш, цуьнан г1иллакхийн, г1уллакхийн пусар цадинарш яртийн а, к1отарийн а, г1аланийн а майданашкахь, пхьоьг1анашкахь хьехамаш бан буьйлабелла, верасаш а, дай а хилла, д1ах1иттина зама ю иза. ХIХ-чу б1ешарахь имам Шемала ма-беттара: «Шул майра, доьналле къам дац х1окху лаьмнашкахь, исламан б1ог1амаш ду шу!», ХХ-г1а б1ешо долалуш, С.Орджоникидзес а, С.Кировс а: «Майра, кура г1алг1ай, нохчий, цхьаъ санна, массо а Советийн 1едалехьа г1евттина. Терка т1ехь Советийн 1едалан кхоллам Нохчийчохь а, Г1алг1айчохь а къастош бу», — бохуш, ма-хесттора, ХХ-г1а б1ешо чекхдолуш, Советийн 1едал доьхча, юха а нохчийн хесто баьхкира Москвара «демократаш», луларчу республикашкара «хьеший», нохчийн къоман дуккха а верасаш а.

Къаьсттина царалахь билгалвелира Иорданера 1абдулбакъи Джамо, Москвара веана т1еман историк, профессор Ибрагимбейли, Г1ебартойн-Балкхарера Шанибов. «Кавказан кхоллам Нохчийчохь къастош бу, шаьш схьалаьцначу некъа т1ера духа ма довлалаш, майра нохчий!» — бохуш, цара Соьлжа-г1аларчу майданахь, телевиденехь мохь бетта хан ю иза. Оцу муьрехь Нохчийчуьра б1еннаш к1ентий Абхазе, Азербайджане, Нагорни Карабахе, цигахь дехачу халкъашна «маршо» яккха д1акхийла векалш схьаоьху, нохчийн к1ентий цига д1аоьху зама ю иза. Хийла нисбелла нохчийн к1ентий бели цу хенахь, Нохчийчохь а, кхечу республикашкахь а, шаьш цхьамма д1ахьовсийна некъ нийса бу а моьттуш. Оцу х1оьттинчу хьолехь (х1оттийначу хьолехь!) харцо гучу ца ялийта, эша ца яйта, оцу некъа бевллачийн дегнашкахь шеко ца кхоллаялийта, цара мел дийриг, мел лелориг а нийса ду моьттуьйтуш, каде болх беш идеологаш бара. Къуьйсург дарж, ахча дара, дахкарлахь гуш а йоцу маршо а хьехош. Йоккхачу политике диллича, кхечу пачхьалкхийн лаам бара кхочушбийриг. Нохчийн куьйгашца. Нохчийн къоман тахане ларъеш а, кханехьа йоккхуш а г1улч яцара цхьана а дахаран т1ег1анехь хаалуш. Москвахь дарж къуьйсуш М.С.Горбачев а, Б.Н.Ельцин а вара, ткъа Нохчийчохь, оцу шиннан аг1о а лаьцна, вовшашца къийсалуш нохчийн халкъан ши тоба яра. Оцу шина тобане бекъабелла нохчий вовшашна герз тоха кечбинера, де-буьйса ца къестош, хаддаза къамелаш дечу идеологоша. Нохчийчохь герз а дитина д1адахара эскар. И герз, дукха хан ялале, нохчийн кара а кхачийтира, Нохчийчохь чрезвычайни хьал х1оттош, бахьана а кхоьллина. И герз, нохчашна бала, сингаттам бохьуш, иттаннаш шерашкахь дийлира, цкъа цхьана 1едало схьадоккхуш, юха кхечу 1едало юха а д1адоькъуш. Юьртара юьрта ваха стаг ца х1утту, зуда ца юьту, 1уьйранна араваьлларг суьйранна ц1а ца ван тарлуш хьал дара х1оттийнарг герзах йоьттина лелачу г1еранаша.

И хьал шерашка делира. Оцу хенахь (1993-чу шеран июнь баттахь дуьйна) х1окху мог1анийн автор «Даймохк» газетан редактор вара. Оха х1ора оршотан дийнахь кхеташо д1ахьора редакцехь, Нохчийчуьра юкъараллин-политически хьолах дуьйцуш, язъян езарг билгалйоккхуш. Вовшахдагадовлуш, газетехула керланиг довзуьйтура оха, «масла1атан мотт сецча, ц1ий 1анар» — тхаьшна коьртаниг а лерина. Соьца цхьаьна болх беш корматалла, пох1ма долуш, белхан зиэделларг долуш журналисташ бара: Магомаевг1ар – Салавди, Леча, Дадаев Сайд-Хьасан, Цугаев Сулейман, Газиева Аза, Джанаралиев 1имран, Юнусов Хьамзат, Барзанукаев Ахьмад, Уциев Абу, Ахматукаев Адам, Чалаев Билал, Темирсултанов 1алис, Темирханов 1аднан, Исмаилов 1имран, Дудаев Султан…

Беттанашкахь алапа а доцуш болх бечу оха редакцехь сих-сиха горга столаш, цхьаьнакхетарш д1ахьора сий-ларамечу адамашца: 1илманчашца, яздархошца, хьехархошца, культуран белхалошца. Цхьаьнакхетаршкахь дуьйцура юкъараллин-политически хьолах, къоман таханенах, кханенах, маттах, литературах, историх. Газета доьшучаьрца з1е яра тхан. Оха бо болх къобалбеш, шайна хетарг а довзуьйтуш, кехаташ дохкуьйтура тхоьга г1аланашкара а, ярташкара а бахархоша а. Царна а дагабовла меттиг яра «Даймохк» газетан редакци. Оцу хенахь тхан редакце веара, ша хьалха вог1уш ма-хиллара, халкъан яздархо А.Айдамиров. Сих-сиха хьошалг1а вог1учу Абузарца оха дийцаре дора Нохчийчохь х1оьттина карзахе хьал. Халахетарца дуьйцура цо историн йохаллехь нохчаша шаьш кхечу къаьмнийн векалшка 1ехадайтарх, церан х1илланечу къамелашна т1аьхьа а х1уьттий, х1аллакдайтарх, цхьаболчу баьччанийн а, политикийн а халкъана балехьаевллачу вочу амалех, исторера масалш а далош. Цул т1аьхьа иттех де даьлча, Абузар редакце веача, тхойшиннан дехха къамел хилира Нохчийчуьрчу хьолах а, нохчий тобанашка, тайпанашка бекъабаларх, партешкахь, боламашкахь вовшахбеттабаларх а. Тхойшиннан къамел дерзийра Абузара, диъ-пхи де даьлча, ша волчу, Мескита, хьошалг1а ваг1ахьара, х1етале со цхьа статья язъян ларор ву, аьлла. Цо аьллачу хенахь со Абузар волчу Мескита вахара. Соьца болх бечийн, х1ораннан а бохург санна, ц1е а йоккхуш, хьал-де а хаьттина, соьга ша язйина статья схьакховдийра цо, «цкъа х1ара статья еша, т1аккха х1ун дан деза хуур ду вайшинна», — аьлла. Статья д1айолалуш яра: «Нохчийн къоман ХХI-чу б1ешарахь т1ейог1учу т1аьхьенна» — дешнашца. Статьян ц1е: «Вайн амалш» (сиркхонаш, къинош, лазамаш).

Лерина еша волавелира со Абузаран статья: «Стаг цомгаш хилча, цкъа хьалха цуьнан цамгар а къастайой, оцу цамгаран бахьанаш карадой, т1аккха цунна дарбанаш леладо лоьраша.

Х1окху т1аьххьарчу шерашкахь нохчийн къомана т1ех1иттинчу бохамаша дуккха а ойланаш йойту нахе. Оцу бохамийн хьостанаш, бахьанаш, бехкенаш лоьху. Бехкедо оьрсийн паччахьийн, коммунистийн а 1едалш. Х1аъ, х1окху т1аьххьарчу кхаа б1е шарахь нохчийн къомана хиллачу бохамашна бехке ду иза а, важа а. Амма цаьрга и бохамаш шена байта шегара дуккха а бахьанаш, г1алаташ дийлитина нохчийн къомо, оцу бохамех лардала хьекъал, кхетам а цатоарна. Керлачу бохамех, шен г1алатех нохчийн къам лардалийта 1алашо йолуш язйира ас сайн исторически произведенеш: «Еха буьйсанаш», «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц», «Кхолламан цхьа де», «Калугера йийсар», «Хронология истории Чечено-Ингушетии», газеташна т1ехь зорбатоьхна цхьамог1а публицистически статьяш а.

Иттаннаш статьяш яра, мичхьа, маца зорбанехь араевлла а хоуьйтуш, шайн ц1ерашца йовзуьйтуш. Мел йолу статья а къоман кхолламах, цуьнан маттах, историх, литературах, культурах, динах; тайпанашка, тукхамашка халкъ декъа цадезарх, къоман кхане 1илманехь, дешарехь бен цахиларх, къоман кхетам коьрта хиларх…

Кхид1а яздора Абузара: «Д1адахнарг ца хиъча, таханлерниг а, кханалерниг а кхолла, диканиг лардан, г1алатех лардала ца хаьа адамашна. Вайна вешан къоман истори к1орггера ца хаьа, вешан къоман дуккха а дика, оьзда г1иллакхаш дицдина вай, ваьш масазза а дийлийтина г1алаташ юха-юха а дуьйлуьйту вай. Х1окху т1аьххьарчу масех б1е шарахь нохчийн къоман барт хила ца буьтуш, цунна керла-керла бохамаш бохьуш, цхьа вон, зуламе амалш ю вайн. Оцу амалийн бахьанаш дохку вайн къам мелла а кхечу къаьмнел кхетамна т1аьхьадисина хиларх. Ас иштта аьлча, ма моттийла, вайн къам хьекъал доцуш, сонта ду, боху. Нохчийн къам хьекъале хиларан тоьшалла ду цунах дуьненна а бевзаш 1илманчаш, политикаш, пачхьалкхан, т1еман, культуран деятельш бовлар.

Хьекъална а, кхетамна а юккъехь йоккха башхалла ю. К1орггера хьекъал а долуш, амма кхетам лахара болуш нах нисло, оцу шайн хьекъалх пайда а оьцуш, уьш 1илманан некъашца дуьне а, дахар а довза цаг1ертарна. Масала, стаг мел хьекъале хиларх цунна бусалба динан к1оргенаш евзар яц, нагахь цо 1аьрбийн йоза-дешар, мотт а 1амийна, т1аккха Къор1ан, жайнаш а ца дешча. Лор, инженер, архитектор, политикан, пачхьалкхан, т1еман деятель хир вац стагах, нагахь цо оцу а, кхечу а говзаллин 1илма ца 1амийча. Вайн къам кхетамна т1аьхьадисаран цхьадолу бахьанаш цунах шех дозуш ца кхолладелла. Уьш кхоьллина паччахьан 1едало а, советски-коммунистически 1едалан харцонаша а, иза кхойтта шарахь махкахь даьккхина лелоро а. Уьш дерриг а дийцина г1иртина со лакхахь ас йийцинчу исторически произведенешкахь а, публицистически статьяшкахь а. Амма вешан бохамашна бахьанаш вай ваьшша кхуллу, цхьаболу бохамаш вайн вешан бехкенна а хуьлу. Я, нийсса аьлча, ваьшна и бохамаш хилийта, вай дуккха а бахьанаш леладо, г1алаташ дуьйлуьйту. Шайна кхетта цамгар нахана хиъча, эхь ду моьттуш, иза къайлаяккха г1ерташ, лоьрашна т1е ца боьлхуш, дарбанаш ца лелош, к1елбуьсуш а, леш а нах хуьлу. Амма, стаг шен цамгар мел лечкъо г1ертарх а, нахана хаьа, иза цомгаш вуйла. Ишттачу цомгашчу стагах тера ду нохчийн къам а. Вайна ца лаьа вешан сакхташ, г1алаташ, къинош дийца, царах д1акъаста, ц1андала г1орта».

Ас дешначу статьян декъо ойлане ваьккхира со. Со сайн ойланех вохийра Абузара динчу хаттаро:

- Стенна реза вац хьо?

- Кхузахь хаттар кхолладелла сан, Абузар. Изза хаттар кхечеран кхолладала а тарло.

- Х1ун хаттар?

Масала, аьлла, охьайийшира ас х1ара предложени: «Шена кхетта цамгар нахана хиъча, эхь ду моьттуш, иза къайлаяккха г1ерташ, лоьрашна т1е ца боьлхуш, дарбанаш ца лелош, к1елбуьсуш а, леш а нах хуьлу».

- Вайн махкахь буй нохчашна оьшу дарбанаш а, говзалла а шайгахь йолу лоьраш? – аьлла, хаьттира ас.

- Шортта бу, нагахь шен хеннахь цаьрга хатта а хаттахь, цаьрга дарбанаш а леладайтахь. Нохчашна дикахо карор ду дарбанаш. Нагахь вайн цамгарх ун а хилла, иза даржа долалахь, вайга вайн х1ун лозу а ца хоьттуш, «дарбанаш» лело буьйлалур бу кхин «лоьраш». Цамгар уьне ерззалц 1ен ца веза. Ша-шаха д1а ца йолу цамгар, цхьамма д1а ца яьккхича. Я халкъо ша д1а ца яьккхича. Орам хецале. Тахана ерш оцу цамгаран з1ийдигаш бен яц, — элира Абузара. Хьекъал а, кхетам а болу халкъ ша д1ац1анло цамгарх.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

232