Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

17.01.2018 16:44 Среда
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 3-4 от 17.01.2018 г.

«Орга» журналан аг1онаш хоьрцуш…

Автор: С.ДЕНИЕВ

Шеца уьйр-марзо йолчу дешархошка д1акхаьчна рог1ера №4 (2017 шо) нохчийн литературин-исбаьхьаллин журнал «Орга». Журналан аг1онаш т1ехь «Проза», «Юбилей», «Поэзи», «Гочдарш», «Культурин дахар» — рубрикашкахь д1анисйина исбаьхьаллин произведенеш. Журналан коьртачу редакторо Алиева Заринас «Редакторан аг1о» рубрикехь ша дешархойн тидаме биллинчу хаамехь боху: «Ши миллион гергга долчу нохчийн къоман цхьаъ бен доцчу журналан тираж 1 эзар бен яц. 2017-чу шеран декабрь баттахь журналана язвелла 300 стаг вац х1окху денна. Ойла ян дуккха а х1ума ду кхузахь. Мича яхана нохчийн яхь, сий? – хаттар кхоллало. Х1ора нохчи ву ша бохуш, ц1е лелочуьнгахь х1унда яц-те яхь, вайн варх1е дайшкахь дуьйна нохчичух нохчи вина йолу, шен къомах долчух доглазар х1унда дац-те хаалуш?!

Шина т1амах хьалхадаьллачу къоман иэс дан ца дайта, синъоьздангаллин бух кхолла ч1ог1а оьшуш а, мехала а ду нохчийн маттахь арадолуш долу журнал, киншка, газет. 1968-чу шарахь тираж 3500 хилла, 1971-чу шарахь 5850 экз. т1ера 8050-на т1е кхаччалц. 1980-чу шерашкахь 5950 экз. Советан 1едал ч1аг1делла зама ю иза, нохчийн мотт а, нохчийн истори а 1амо, йовза луучунна дуьхьал хилла, къоман культура хьаьшна хилла йолу зама. «Нохчийн мотт беза, оьшу», — боху къамелаш до, хабарш дуьйцу вай, амма г1уллакхца ца ч1аг1до аьлларг. Бехказлонаш лоьху, амма бехке вай ваьш ду, нохчий. Кхечу къаьмнех болчу нахана оьшур бац вайн мотт, вайн журнал, газет; цара шайчеран сий-ларам бийр бу. Цундела ду церан меттан а, культурин а хьал-де дика. Х1ора нохчочун доьзалехь, доьшуш цхьа а вацахь а, нохчийн маттахь газет а, журнал а хила дезара. Нохчийн меттан йоза-дешар хууш х1ора а нохчи хила везара. Нохчийн маттахь деша ца хиъча, эхь дуй хаъал синкхетам хила а безара х1ораннан а. Вайн дайша весетана битина вайн Нохчийн мотт доьза ца байта оьшу нохчийн маттахь арадолуш долу журнал, газет, киншка. Ша вехачу а, т1ейог1у йолчу а заманийн дикка ойла а йина, къоман историн некъ, цуьнан дика-вон шен ойланех, сих чекхдаьккхина, аьлла х1ара доккха маь1на шайца долу дешнаш поэто-къонахчо Мамакаев Мохьмада:

Шен ненан мотт халкъо,

Сий ойбуш, 1алашбахь,

Цу халкъан парг1ато

Цхьаммо а хьошур яц!

Уьш вайн дахаран къилба ца хилахь, мотт а боцуш, сий а доцуш, синна парг1ато а йоцуш, вай муьлш хилла а, муьлш ду а ца хууш, диса кхерам бу вайн т1ех1оьттинарг». «Сан ц1а догуш ду, шуьгара орца оьшура суна!» — бохуш, кхойкхуш яц Алиева Зарина. Нохчийн меттан а, литературин а хьал шена девза дела, и хьал тодала шена лаьа дела, иза хила ма-дезза хилча бен къоман синкхетам, патриотизм, синъоьздангалла ца хуьлу дела, долуш дерг ма-дарра довзуьйтуш ю.

Эзарнаш хьехархой бу Нохчийн республикерчу школашкахь, кхечу дешаран хьаьрмашкахь хьоьхуш, эзарнаш дешархой, студенташ бу доьшуш. Халахеташ делахь а, ца аьлча ца долу: царна ца евза нохчийн литература, церан уьйр-марзо яц нохчийн маттаца. Царна муха евза литература, церан муха хуьлу уьйр-марзо, нохчийн маттахь арадолуш долчу журналан тираж 1 эзар бен ца хилча, язвеллрг кхо б1е бен ца хилча? Вай массара а ойла йина, дукхе-дукха сиха хийца дезаш, нисдан дезаш, тодан дезаш ирча хьал ду кхолладелларг. К1иранчохь телефонехула деш долу къамелаш (цаоьшурш мукъане а!) дацдича а аьтту хир бара «Орга» журнале яздала, нохчийн маттаца а, литературица а з1е таса, уьйр-марзо ч1аг1ъян, цхьаболу яздархой а, церан произведенеш а йовза. Х1инцца дешна вели со «Орга» (№4) журнал. Дуккха а керланиг девзи, диканиг схьаийци ас яздархойн произведенешкара, дахар девзачара уьш язйина дела. Ишттачарех ду Бексултанов Мусан «Невцан ц1ент1е – нана йолчу» — дийцар. Дахарера, дахарх дийцар ду иза, шозза инсульт а хилла, мотт а сецна 1уьллучу шен нана 1алашъечу, цуьнан г1уллакхе хьожучу к1антах, шен «доьзал» юьхь1аьржонах ларбан а г1ерташ:

«Х1окху шоллаг1чу шарахь иштта, шен х1усамера юьхь1аьржо араяларна кхоьруш – нахана гарна, д1ахазарна (шен йижарий а кхетарна кхоьруш, марехь йолу ши йиша) – бала хьоьгуш воллура х1ара, ма-дарра бакъдерг хиъча, йижарша нана шаьш долчу д1аюьгур юй а хууш, невцан ц1ент1е шен ненан хьал-де хаа ца иха г1ерташ, шегара бала хьул а бина – зуда а, йо1 а шен нене цахьажар, — нана юьлуш, иза лийчош, зудчо дан мел дезарг шен куьйга ша деш: нана шозза инсульт а хилла, мотт а сецна, 1уьллуш яра, цхьа куьг бен меттахъхьовш а доцуш. Цуьнга цхьа а дош а ца алалора, цхьа «бур-бур» а деш, б1аьргаш д1асакерчор бен». И дийцаран кийсак еккъа цхьана 1алашонца йовзийтина ас: дийцар дешийта, цуьнан ойла яйта, цхьана доьзалан дахар довзийта.

Т1аьххьарчу хенахь журналан аг1онаш т1ехь арайийла юьйлаелла Джунаидов Аюбан произведенеш. Аюбан «Амма… дог1а ца деара» — дийцар ду х1окху номерехь дешархойн тидаме диллина. Юьртарчу бахархойн цхьа де ду авторо гойтург: Деле дог1а доьхуш, шурин саг1адаккхар. Тахана дуккха а нахана дицделла и хаза ламаст ша говза яздинчу дийцарца карладаьккхина, довзийтина Джунаидов Аюба. Иштта говза яздина ду Арсанукаев Мусас «Декхар», Кацаев Сайд-Хьасана «Брэдбери Рэй», Эльдиева Марета «Нана ю йоьлхуш», Исраилова Луизас «Хьо а д1аг1о хьо…» — дийцарш.

«Юбилей» рубрикехь еша аьтто бу нохчийн вевзашволчу поэтан, прозаикан Окуев Шимин 80 шо кхачарна лерина поэто 1.Кусаевс язйина «Шима волчохь» — стихотворени, ткъа иштта нохчийн халкъан яздархочо Ахмадов Мусас Окуев Шимин дахарх а, кхоллараллах а язйина «Жимачу лаьттан доккха дахар» — статья а.

«Поэзи» рубрикехь еша йиш ю Окуев Шимин «Сан некъ» — стихаш, Дакаев Са1идбекан нохчийн поэтана Мамакаев Мохьмадана лерина язйина «Къонахчух дош» — поэма, Ахматукаев Адаман «Са дайна – х1унда?» — стихаш, Арцкхин Гарин «Синхаамийн мукъамаш» — стихаш, Хабаев Исма1илан «Сайн къоман иэс деха соьца…» — стихаш а.

Т1аьххьарчу шерашкахь гочдаран декъехь дукха болх беш бу яздархой. Нохчийн маттера оьрсийн матте а, ткъа иштта оьрсийн маттера нохчийн матте а гочйо цара исбаьхьаллин произведенеш: стихаш, баснеш, поэмаш, дийцарш, повесташ, романаш. Гочдар дика хиларца дешархоша билгалъяьхна Ахматукаев Адама оьрсийн маттера нохчийн матте гочйина М.Ю.Лермонтовн «Мцыри» — поэма; Э.Минкаиловс гочйина Л.Н.Толстойн «Хьаж-Мурд» — повесть; Маргошвили Султана гуьржийн маттера нохчийн матте гочйина Н.Думбадзен, Важа Пшавелин, Александр Казбегин роман, стихаш, поэмаш, дийцарш, повесташ а; Борхаджиев Хожбаудис гочйина К.Симоновн, Р.Гамзатовн, К.Хетагуровн, М-С.Гадаев, Ш.Арсанукаевн, А.Айдамировн, Л.Абдулаевн и.д1.кх. (нохчийн маттера оьрсийн матте, оьрсийн маттера нохчийн матте) – стихаш а.

Х1окху номерехь а ю дешархойн кхиэле ехкина нохчийн матте говза гочйина исбаьхьаллин произведенеш «Гочдарш» рубрикехь. Яздархочо Алиев Мохьмада оьрсийн маттера нохчийн матте гочдина Борхаджиев Хожбаудин «Суна т1аьхьа ма хьажалахь» — дийцар, Домбаев Хьамзата гочдина И.Тургеневн «Сагалмат», «Чорпа», «Шоршал», «Со г1аьттира буса», «Кхана! Кхана!», «Хьо вилхира», «Вахаран хьесап», «Хьаьнца къовса», «1алам», «Г1амаран сахьт», «Хьенан бу бехк?», «Ж1аьла», «Т1аьххьарлерачу хене вахар», «Резахилла стаг», «Ши хьолахо», «Воккха стаг», «Йоккха стаг» — дийцарш; Хасханов Самрадис нохчийн матте гочйина Сийдолчу нехан сийлахь ойланаш а еша таро ю «Гочдарш» рубрикехь.

«Культурин дахар» рубрикехь Мусаева Асета шен статьяхь йовзуьйту доккха пох1ма долу нохчийн йо1 Газиева Мадина, дарин йовлакхашца халкъан васт гайтина йолу.

«Нохчийн бустамаш — халкъан кхоллараллин уггаре а хьалдолчу дакъойх цхьаъ ду, цуьнан орамаш генна, эзаршерийн к1оргенашка, доьлху. Муьлххачу а бустамехь шен ойла, чулацам, дийцар хуьлу, билгалонийн а, хьаьркийн а маттаца шен халкъах лаьцна дуьйцу цо: цуьнан амалх, кхолламах, башхаллех. Нохчийн халкъан дахар бустамийн т1амаршца кхузаманан кепехь гайта 1алашо йолуш дина ду автора «Бустамаш» ц1е йолу йовлакх. Бустамашца кечдинчу истанган сурт хилла ца 1аш, вайнехан зударийн г1абали кечйо бустамаш а, къоман синкхетамца йог1уш йолу тайп-тайпана т1амарш а ю цу т1ехь» — яздо шен статьяхь Мусаева Асета.

Г1оза доьшийла аша «Орга» журнал!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

150