Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

17.01.2018 16:43 Среда
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 3-4 от 17.01.2018 г.

Замано хийцина амалш я амалша хийцина зама?

Автор: СУМБУЛАТОВ Дени

Бакъдерг, сахуьлуш малх санна, меллаша гучудолу

(Нохчийн кица)

(Юьхь еша 1-2 номерехь)

Кхечу къаьмнашна церан хьекъалечу адамаша масалш дуккха а дитина, хилларг а, долуш дерг а талла а теллина, бохамех халкъ лардан. Къуй а, зуламхой а набахтешкара арабохий, цаьрга д1а ца ло халкъан кхоллам. Нохчийчохь тахана маршо оцу нахана а, уьш санна кхетам, амал йолчу нахана а ю. Царна-м дера товр дац вай дуьйцург. Церан дахаре болу хьежамаш а, адамашца йолу юкъаметтигаш а кхин ма ю. Царна товш дерг яздан ца г1иртина вай, къоман кханенан ойла ян г1иртина. Кхуллучу пачхьалкхехь уггар а хьалха набахти йо, набахтера зуламхой ара ца боху, 1917-чу шарахь санна, х1орш кхечу 1едало чубоьхкинера, олий. Т1аккха, шеха а вела а къежна, стоьл т1ехь 1уьллучу кехаташка а хьаьжна, хаьттира цо соьга: «Х1ара статья а, кхуьнан т1аьхье а «Даймахка» т1е тоха х1уттур вуй хьо? Вайшимма хьалха Нохчийчуьра хьал дуьйцуш, вайшинна хаа йиш яцара, х1ара статья иштта чулацам болуш хир я цахир. Ас бехке лорур дац, нагахь ахь х1ара зорбане ца яккхахь».

Къастам бан со маьрша витира Абузара. Оцу маршонах ас буьззина пайда ийцира массо а х1уманах маршаяьллачу Нохчийчохь. Тхойшиннан къамел хилла цхьа к1ира а далале «Вайн амалш» ц1е йолу Абузаран статья «Даймехкан» аг1онаш т1ехь араелира.

«Кхин дуй Абузаран статья т1ехь йолу газет?» — бохуш, хетта а хоьттуш, д1асадаьхьира и газета. Цул т1аьхьа оццу темина язйина иттех статья яийтира Абузара редакце. Уьш а зорбанехь араевлира. Ала деза, майра дош ду аьлларг, к1орггера таллам бу Абузара бинарг. Боцца, амма к1орггера, халкъах дог а лозуш, бина таллам. Шена дукхадезачу адамера баьккхина бехк санна, шена 1аламат дукхадезачу халкъе вистхилар ду и книга. Абузара шен киншкина «Цхьаболчийн амалш», «Шун амалш», «Нохчийн амалш», «Церан амалш», «Вайн вон амалш» — аьлла, ца тиллина ц1е. М1аьргонехь а ша юкъара а ца воккхуш, ша халкъаца цхьаьна а волуш, «Вайн амалш» — аьлла, тиллина. Цу хенахь цхьаболчара «юрт йоккхуш кхосса йитина йоккха топ санна», шайн дош-х1оъ кхоийнехь, Абузара аьлларг, доккхачу ловзаргахь, шаьш бен кхин цхьа а ца гуш, шайн даьлла самукъа дуьненан а даьлла моьттучарех, шаьш дуьзча, дуьненахь мел верг а вуьзна моьттучарех цхьаболчарна бен ца хезира. Дуккха а дерг цаьрга аьллера цо: «Х1ай адамаш, х1ай! Ловзар, той дац махкахь х1отто дезарг, тезетан барам бу ларбан безарг! Ца го шуна х1ора а дийнахь х1аллакьхуьлу халкъ, мохк, леш долу г1иллакхаш, адамийн б1аьрхиш, баьржина баланаш, сингаттамаш? Шайн синош ц1анде, дегнаш к1аддалийта, амалш хийца!» — бохуш, мохь а бетташ, дуккха а бакъдерш дахарера а далош. Хезнарш-м бацара къинхетамо меттахбаьхна, ткъа мелхо а бакъдерг сацо арабевллера…

Статья араяьллачул т1аьхьа редакцин масех чоьнан не1арш кегйира, журналисташна кхерамаш тийсира «кхайкхаза баьхкинчу хьешаша». Районашкара газеташ арадовлуш дацара, ткъа Соьлжа-г1алахь дерш наггахь бен ара ца довлура. Наггахь арадовлучарех дара «Даймохк» газет а. Журналисташна алапа даланза ялх-ворх1 бутт бара, оццул ханна типографина декхар яра редакци. Кхуллуш ерг «Нохчийн пачхьалкх» йолу дела, нохчийн «Даймохк» газет цхьаъ бен доцу дела, 1едало «чу са ма дог1ийла хьуна, делла д1а а ма долийла хьо!» — аьлла, цхьана ханна тергамза дитира тхо. Абузаран оццу темина язйина статьяш т1ехь йолу газеташ, цхьаболчу наха г1о-накъосталла а деш, арадехира. Т1еман хьал дара Нохчийчохь. Ирча хабарш, хаамаш бара Нохчийчохь баьржина: вийна, лачкъийна, вайна, чевнаш йина, йиттина; Соьлжа-г1алина юккъехь, микрорайонехь, Теркйистехь, Хьалха-Мартант1ехь т1емаш хилла, яккхий тоьпаш а етташ, дайина, чевнаш хилла дуккха а адамаш ду бохуш. Уьш санна ирча хабарш, хаамаш ярташкара а, к1ошташкара а кхочура тхан редакце. 1едалера г1о, орца доцу халкъ партешкахь вовшахдеттаделла ца 1аш, тайпанийн съездаш ян доладелира. 1едална оппозицехь долу халкъан цхьа дакъа маьршачу митинге араделира, шайца цхьаьна 1991-чу шарахь Нохчийчохь революцин карчам вовшахтухуш жигара дакъалаьцначарех цхьаберш а болуш. Адамийн дуьхь-дуьхьал латтар, оьг1азло, декъадалар к1арглуш а, даьржаш а дара. Шайлахь бакъ-харц а къестош, цхьаболу доьзалш а бекъабеллера, ваша вешина, к1ант дена дуьхьал а волуш.

Х1оьттина юкъараллин-политически хьал 1едалан векалийн урхаллера даьлла дукха хан яра. Оцу хьолах шайна дикка пайда беш, хьал-бахам гулбеш, 1едалан цхьаболу векалш бара, шаьш юьхьанца д1акхайкхина «Маьрша Нохчийчоь» д1акхайкхийнарш шаьш хилар диц а делла я ц1еххьана карадеанчу хьал-бахамо дицдалийтина. Царна бен-башха а дацара Нохчийчохь дерг а, хила тарлург а. Шаьш лелочуьнна реза а ца хилла, оппозицехь вовшахкхетачарна оьг1аз а оьхуш, Россина а, цуьнан куьйгалхошна а кхерам тийса буьйлабелира цхьаберш. Оцу муьрехь адаман кхетам самабаккха, рог1ерчу бохамех халкъ а, мохк а ларбан 1алашо йолуш язйина яра Абузара мел язйина статья. «Нохчийн къоман барт бац, х1ораммо а шена аьтту лоьху. Нагахь санна, Россис Нохчийчу агресси яхь, б1е шо хьалха санна, къам цхьабарт а болуш, цунна дуьхьал г1оттур дац. И, барт а хилла, г1аьттича а, цуьнан ницкъ хир бац кхузаманан тоьлла герз а, т1еман техника а йолчу масех миллион российски эскаршна дуьхьало ян. Хьалха заманахь нохчашна ч1аг1о хилла лаьттинчу лаьмнаша, хьаннаша, ч1ожаша а ларбийр бац. Шайн салтий х1аллак ца байта, масийтта километр генара схьа яккхий тоьпаш, х1аваэра охьа бомбанаш т1е етташ, ярташ а, г1аланаш а отур ю, халкъ х1аллакдийр ду. Оцу цхьаболчу нехан сонтачу хабарший, эладитанаший бохам бийр бу вайн халкъана. Дицдан ца деза, Германица т1ом д1абоьдуш, фронтехь х1ора салти оьшучу хенахь, Нохчийчу 150 эзар салти а валийна, шина сахьтехь шайн ярташкара ара а даьккхина, ялх дийнахь вагонаш т1е а доьттина, нохчийн халкъ махках даккхар. Махках даьккхина халкъ нийсса ах мацалла, цамгарх х1аллакьхилар, Даймахке сатуьйсуш цигахь вай текхна кхойтта шо хан. Иза дицдинарг иэсах ваьлла ву. Цундела, вай Россица девнах, т1амах лардала деза, вай машар лаха беза цуьнца а, лулахошца а, массо а къаьмнашца а», — бохура цо шен статьяхь.

«Абузар озавелла, Абузар кхеравелла», — олурш бовлура карзахбевллачарлахь. Цхьа а бух боцу статьяш дуьхьал язйийраш а бара. Иза а, Абузара аьлла кхидерг а, цо бо хьехамаш, нохчийн къоман дахарера масална далош долу бакъдерш тидамза дуьтура, махкахь т1улга т1е т1улг биллина а, цхьа х1ума ца динчара, питанца араяьллачу зуламечу тобано. Царна шайн аз а, шаьш дуьйцург бен ца хезара, цара шаьш-шайга бен ла ца дуг1ура. Шаьш санна ойла цайийриг, шаьш бохург къобал мел цадийриг аьшнашвора, сийсазвора, халкъан а, мехкан а мостаг1 ву, олий, кхайкхавора. Нийсо ян, «пачхьалкх» ян арабевлларш нийса мел доцург а деш бара, нохчийн халкъ дийна а, нохчашна «пачхьалкх» ян арабевлла а бара.

1991-94-чу шаре кхаччалц йолчу хенахь Нохчийчохь дуккха а гулбеллера хьал-бахам дукха болу нах. Уьш ларбеш нах бара, церан т1ек1елдина ц1енош, хоьхкуш тоьлла машенаш яра. Цара ца йира Нохчийчохь цхьа больница, школа, ца тиллира цхьа т1ай, тодина некъаш дацара. Шайн берриге а бахам Нохчийчохь гулбинехь а, церан хьал-бахамах цхьа х1ума дацара нохчийн халкъана кхочуш. И дерриге а гучу Абузара яздора: «Адамийн барт, машар а бийриг нийсо ю, ткъа нийсо йоцчохь, харцо, ямартло лелочохь адамийн цкъа а барт, машар ца хуьлу.

Нагахь санна хилахь а, цуьнан оьмар гена ца йоьду. Ницкъ болчу цхьак1езигчу наха халкъан рицкъ, хьал шайн долалле а хьийзош, г1ийлачийн, къен-мискачийн, буоберийн, заь1апхойн хьакъ а дууш, царна ницкъаш бечу, уьш 1азапехь баллочаьрца къоман барт хуьлийла дац. Стаг хьоле вехаш хилар новкъа дац вайна. Дала боху: дуьненан хьал лаха, шайна оьшшучул, амма Ша а, Къематде а ма дицде. Массеран цхьатерра хьал-бахам, масех г1аттехь т1ек1елдина ц1енош, фабрикаш, заводаш, туьканаш, машинаш, ахча а, кхин ерш а хир яц. Муьлххачу а нохчочун и дерриге а хилча, хазахетар ду ц1ена бусалба дог долчу нохчочунна, амма и хьал-бахам Дала гайтинчу хьанал некъашца, хьаналчу къинхьегамца гулбан беза стага, цуьнах дозалла а ца деш, кураллаш а ца еш, шена иза беллачу Далла хастам а беш, цунна т1ера закат а, саг1а а луш, г1ийла-мискачарна г1о а деш. Нагахь шен аьтту белахь, маьждиг, хьуьжар, школа, больница йина, некъ тобина, хи далийна, т1ай тиллина я и г1уллакхаш дечарна г1о дина, шен халкъана а, махкана а пайдехьа г1уллакх деш хила веза оцу хьолан да».

Оцу хенахь наггахь а арайовлуш нохчийн маттахь книгаш яцара. Ахча дац а аьлла, зорбанехь арадоккхуш берийн журнал «Стела1ад» дацара, литературин-исбаьхьаллин журнал «Орга» а, наггахь бен арадолуш а доцу, зорба а ца тухуш, сацийра, лахдинера школашкахь нохчийн мотт а, литература а хьеха билгалдина сахьташ-урокаш, театрашкахь х1иттош спектаклаш яцара, болх беш цхьа Культуран Ц1а дацара. Кхиош яцара культура. Цхьа а х1ума дацара къоман 1илма, синкхетам кхиорна деш. Шайн декхарш кхочушдеш 1едалан векалш бацара, цара бохург деш халкъ а дацара. Царна юккъехь к1орга 1ин дара. Дуккха а законаш, распоряженеш, омранаш, буьйранаш дара 1едалан ц1арах зорбанехь арадуьйлуш. Уьш кхочушдеш я ша 1едал, я халкъ а дацара. 1едалан векалшна ца девзара я цара дицдинера шен заманахь (Шира Китай, вайн заманал хьалха VI-V-чу б1ешарахь) Лао-Изыс (Ли-Эр) аьлларг: «Т1ом, парг1ато яккха 1алашо йолуш беш белахь, иза зулам ду. 1едалан законаш, омранаш дебачохь къуй а, талорхой а деба».

Цу хенахь шен статьяшкахь Абузара бохура: «Вайн къоман барт хила а, зуламех ц1андала а, машаре маьрша даха а лаахь, нийсо а езахь, Дала бусалбанашна т1едехкина декхарш а, пачхьалкхан законаш а, къоман оьзда г1иллакхаш лера а, лардан а, кхочушдан а деза вай. Уьш, уггар а хьалха, шаьш лера а, лардан а, кхочушдан а, халкъе лерийта а, лардайта а, кхочушдайта а декхарийлахь бу лахара хьала лакха кхаччалц пачхьалкхан, 1едалан коьрте халкъо хаьржина а, я халкъо хаьржинчу 1едало х1иттийна а нах. Оцу наха шаьш пачхьалкхан законаш талхош хилча, динадайша нахана бусалба динан хьехамаш беш, ткъа шаьш оцу бусалба динан некъашна нацкъарбуьйлуш а хилча, халкъ нислур дац. Нагахь санна, цара законаш а, бусалба дин а ларахь, галваьллачунна пачхьалкхан законашца дог1у та1зар а дахь, т1аккха хир ю вайна маршо а, нийсо а, т1аккха хир бу вайн махкахь машар а, барт а».

Рог1ера статья араяьлча, хаамийн г1ирсашна т1ехь тергам латточу министерствон векалш бог1ура редакце. Цара дехха къамелаш дора юкъараллин-политически хьолах, спецслужбех, Нохчийчуьра хьал карзахдаьккхинарш и спецслужбаш хиларх. «Шу хьанал-хьарам хьехош, законаш, низам дуьйцуш, халкъ карзахдоккхуш ду. Шуна ца хаьа, тахана хьехархошна алапа дала 1едалан аьтту цахилар? Стенна юьйцу аша юккъехула школаш, газеташ, журналаш? Стенна хьехадо пенсеш?» — хаттарш а х1иттадой, «кхерамаш» туьйсий, шаьш резадоций а хоуьйтий, д1абоьлхура 1едалан векалш. Уьш резабара оха бечу балхана, делахь а шаьш 1едалан ц1арах даьхкина хиларна, шайн декхарш кхочушдо моттийта дезаш бара. Тхуна санна, царна а ма гора Нохчийчуьра хьал. Цхьадерг, 1едалехь хиларна, тхуначул а дика гуш бара уьш. Цхьа а х1ума дацара къоман кхетам хьалабаккха деш. Мелхо а т1е, хьалха хилла школаш йохош яра, цхьаерш д1акъовлуш яра. Беттанашкахь, шерашкахь алапа ца делла хьехархой, кхин дан амал а ца хилла, школашкара д1абевллера. Нохчийн къомана «пачхьалкх д1ах1оттораш» тидаме эца а, ладог1а а дагахь бацара Абузара шайга бохучуьнга: «Муьлхха а цивилизованни къам, пачхьалкх беа б1ог1ам т1ехь лаьтта – дешарна, могашаллина, культурина, экономикина а. Царех коьртаниг – дешар, 1илма ду. Дешаро, 1илмано къоман хьекъал, кхетам к1аргбо, шорбо, къомо эзарнаш шерашкахь кхоьллина, гулдина диканиг, пайдениг, оьзданиг, хазаниг, 1илма, истори, мотт, культура, говзаллаш т1аьхьарчу т1аьхьенашка д1алуш, ларйо, кхин т1е а кхиайо, дуьне довзуьйту, дахарна 1амадо. Вайн къомана тахана а, кхана а, гуттаренна а оьшург ши 1илма ду – къам ийманехь кхио бусалба динан 1илма а, къоман дахар кхолла – дуьненан 1илма а».

(Чаккхе еша рог1ерчу номерехь)

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

48