Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

19.10.2018 16:24 Пятница
Категории (2):
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 80-81 от 19.10.2018 г.

Поэтан «Ойланийн дуьне»

Автор: Сумбулатов Дени

Мацах цхьа г1еметтах1оьттина стаг
хилла, суьйренца шен х1усаме а вирзина,
маьнги т1ехь набарна тевжина
1аш. Чохь шийла а хилла, пеша
тилла дечиг ца хилла. Коьрте сингаттам
бохьуш, наггахь екаш цаьпцаьлдиг
хилла шийлачу ц1ийнан сонехь.
Цаьпцаьлдиган екар д1а ма тийнна,
1еха болабелла ц1ийна т1ехьарчу божалара
етт а, цуьнца цхьаьна еса а.
мацалла. Пеша тилла дечиг а, аттана
дала докъар а доцчу оцу малончо,
шен коьрта т1е юрг1а а озош, эли,
бохура: «Ма к1орггера ойла ян езаш
х1ума а дара хьо, ма йийр а яцара-кх
ас хьо». И стаг санна, шайна
атта бехаш нах а бу х1окху дуьненахь,
1уьйренийн, суьйренийн ойла ца
еш, шаьш дан леринчун, динчун хьесап-жам1
а ца деш. Шайна атта беха
уьш, дахаран зеделларг долчу халкъо
кхоьллина кица делахь а: «Дийнахь
т1ераберболчу бехко шарахь
некъ байтина». Ишттачарах терадоцуш,
нехан а, шен а сингаттамашна,
г1айг1анашна сагатдеш, дахаран адамийн
амалийн, церан юкъаметтигийн
ойланаш еш, и ойланаш яккхийчу я
кегийчу говзаршкахь д1анисйой, вайн
тидаме йохкурш а бу. Уьш Дала иштта
баха кхоьллина, пох1ма а делла. И
пох1ма шена деллачарах цхьаъ поэт
Саиев 1умар а ву.
1умар бераллехь стихаш язъян волавелла.
Цуьнан стихаш арайийлина
«Красное Знамя» («Гумс»), «Даймохк»,
«Васт», «Вести Республики»,
«Молодежная смена», «Советский
писатель», «Объединенная газета»,
«Халкъан дош», «Хьехархо», «Орга»,
«Вайнах», «Стела1ад», «Нана»,
«Культура Чеченской Республики»
- газетийн а, журналийн а аг1онаш
т1ехь, ткъа иштта Москвахь араяьллачу
«Нохчийн поэзин антологина»
юкъахь а.
1умар автор ву «Синтем байна
мохк», «Дагарадийцахьа, Нохчийчоь!»
- поэзин гуларийн. Нохч-Г1алг1айчохь,
Нохчийчохь а арайийлинчу поэтийн
гуларшна («Шерийн гонан шерашкахь»
- 1989 шо, «Малх лаьцначохь» -
1990 шо, «Седарчийн гулам» — 2011
шо) юкъахь а араевлла 1.Саиевн
стихаш. Поэто шен деган а, синан а
мукъамца кхоьллина байташ композиторша
хала ца ерзайо иллешка а,
эшаршка а. Поэтан а, композиторан а
мукъаме девллачу синоша кхоьллина
иллеш, эшарш а доггах д1алокху,
д1аолу: И.Абдулкеримовс, И.Эбиевс,
М.Ясаевс, И.Кагермановс, Ш. Исмаиловс,
М. Хайдаровс, Р. Абдулмуслимовс,
1. Анасовс, М.Султаевс, М.
Межиевас, Т.Исраиловас, Т. Адамовас,
М. Ибрагимовас, Кх. Межидовас.
1умаран байташ т1ехь даьхна а, цара
д1аолу а иллеш, лоькху эшарш а Даймахках,
доттаг1аллах, безамах ю.
Нохчийчу шина т1амо беана бохам,
бала, сингаттам, адамийн доьхна
дахар, хийцаелла амалш, хедда
гергарлонаш, т1епаза, доьза байнарш,
белларш; Нохчийчоь кога а
х1оьттина, кхоллаелла уьйр-марзонаш,
1аламан хазалла, аьхналла,
дегайовхонаш, тешам, тешар, безам
– уьш дерриге а ду поэтан поэзехь.
Сингаттамо, балано сине байтина
г1айг1ане мукъам а, токхечу дахаро
даге байтина самукъане мукъам
а вайга схьакхочу поэтан стихашкара.
1умар стихашца цхьаьна афоризмаш
а язъеш ву. Цуьнан афоризмаш
НР-хь арадуьйлучу газетийн а, журналийн
а аг1онаш т1ехь арайийлина.
Ала деза, афоризм литературехь атта
жанр яц. Лаа ма ца аьлла яздархочоафористо
В.Голобородько: «Афоризм
– шена т1ехь дикка болх бина, зорбане
кечйина роман ю». Афоризм (афорисмос)
желтойн (грекийн) маттахь –
«доцца алар» бохург ду.
Муьлххачу а доццачу аларх афоризм
вай аьлча, нийса хир дацара.
Афоризм – шена чохь доккха
маь1на а долу хьекъале а, доцца а
аьлларг ду. Ишттачу афоризмех вовшахтоьхна
ю Саиев 1умаран араяьлла
рог1ера «Ойланийн дуьне» книга.
Шен афоризмаш 87 декъе (тобане)
екъна авторо. Массо а дакъа дахарехь
хиллачух, лайначух, гинчух, хезначух
лаьтташ ду, доцца аьлча, дахаран
зеделларг, хьехам, хьехар ду. Цхьана
1умарна хезна а, гина а ца 1аш, кхечу
адамашна а хезнарг, гинарг ду афоризмашкахь
хьахийнарг, дуьйцург.
1умара оцу хиламийн, шена гинчуьн,
леррина тидам бина, шен ойланца,
Поэтан «Ойланийн дуьне»
хьекъалца, кхетамца, мехаллашца
литтина, оьзна, кицанан кепе а далийна,
вайн тидаме а, кхиэле а диллина,
вайга вешан къамелехь царах пайдаэцийта,
кхул т1аьхьа вай дахаре хьоьжуш,
хьекъал а, б1аьрса а мелла а
ирдина, сема хилийта. 1умаран масех
б1е йолу афоризмаш йовзийта 1алашо
яц сан. Сан 1алашо: «Ойланийн
дуьне» — книга араяьлла аьлла, шуьга
кхаъ баккхар, и книга ешахь, шуна
дуккха говза а, хьекъале а аьлларг
девзар хилар д1ахаийтар ду. 1умаран
афоризмашца дерзор ду вай вешан
къамел:
Дахар – театр ю, ткъа адамаш – актераш,
х1ораммо а шега коьрта роль
кхачаре сатуьйсуш;
Мостаг1чунна къежа везаш хилча,
дахар шен маь1ни т1ера духу;
Стага: «Адам ду со!» — ала, уггар
хьалха цуьнан кийрахь детталуш адаман
дог хила деза.
Саиев 1умаран «Ойланийн дуьне»
книга пайде хир ю, нохчийн маттахь
ойла а еш, нохчийн мотт буьйцуш
мел волчунна. Г1оза йоьшийла аш
«Ойланийн дуьне» книга! Кхоллараллехь
кхин а кхиамаш хуьлийла хьан,
1умар!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

202