Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

26.10.2018 14:37 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 82-83 от 26.10.2018 г.

Вайн историн цхьа аг1о

Автор: Газиева Аза

СОВЕТИЙН 1ЕДАЛАН ЖИГАРХОЙ
ХХ-чу б1ешарахь СССР ц1е йолчу
йоккхачу пачхьакхехь бехачу кегирхойн
синб1ов яра комосомол. Цуьнан
ц1арца йохура 1аламат яккхий ирхенаш,
б1аьхьаллин некъашца, хьаналчу
къинхьегамца бохура цкъа а дагахь
ца хилла толамаш. Комсомолах даьхна
1аламат дукха зевне иллеш дара, кхин
а алсам комсомольцийн доьналла,
хьуьнарш довзуьйтуш язйина романаш
яра. Советийн 1едална, КПСС-на
муьт1ах1ь хиларан къеггина тоьшалла
дара 14 шо кхаьчна кегирхой комсомолан
мог1аршка д1ах1иттар. Деша ваха
а, балха д1ах1отта а дахарехь мелла
а новкъарлонаш хуьлура комсомолан
мог1аршкахь воцчу жимчу стагана. Советийн
1едалца цхьаьна бохург санна
кхоллаелла яра комсомол а. Нохчийн
маттахь комсомол бохучу дашах – къоначу
коммунистийн союз – хуьлура. Советийн
1едалан а, КПСС-н а 1аламат
муьт1ахь жигархой бара комсомольцаш.
ЮЬХЬ
1918-чу шеран эсаран (октябрь) беттан
29-чу дийнахь Москвахь шен болх
д1аболийначу кегирхойн гуламехь
д1акхайкхина комсомол кхоллаяларах
болу дуьххьарлера хаам. Тайп-тайпана
йолу Россин кегирхойн тобанаш
цхьана куьйга к1ел яло йолчу 1алашонца
к1орггера 1илма долчу коммунистийн
идеологино бина болх бара иза.
Россин комсомолан ЦК-н дуьххьарлера
секретарь Цетлин Ефим хилла. 1919-
чу шеран эсаран беттан 5-8 деношкахь
революционни шовкъах сийсачу Петарбухехь
д1ахьо комсомолан шолаг1а
гулам. Гулбеллачу кегирхошна хьалха
бистхуьлу Л.Троцкий, А.Коллонтай.
Цара шайн къамелашкахь билгалдоху
Ерригероссин кегийрхошна хьалха
лаьтта декхарш. Делахь а комсомолан
исторехь уггаре а коьртачарех лоруш бу
кхоалг1а гулам. 1920-чу шеран эсаран
баттахь Москвахь д1абаьхьначу комсомолан
кхоалг1ачу гуламехь дакъалоцу
В.Ленина. «Кегирхойн союзан декхарш»
ц1е йолу цуьнан доклад массо ханна
коьрта документ хилла д1ах1оьттира
Ерригероссин комсомолан. К1еззиг бац
оцу документан мехалла х1инца а 1аламат
йоккха хетарш а.
Соьлжа-Г1алахь комсомол кхоллар
1920-чу шарахь д1адолийна Ширачу
мехкдаьттанехь (Старые промысла).Комсомолан
3-чу гуламехь
д1акъалоцуш хилла Соьлжа-Г1аларчу
комсомольски цхьанакхетараллин
векал – А.Андреев. 1920-чу шеран
х1утосург (май) беттан 21-чу дийнахь
кхоллаелла Соьлжа-Г1алахь дуьххьарлера
комсомолан райком. Цуьнан куьйгаллехь
хилла Хрипович Владислав,
Шведов Виктор, Строков Павел. Нохчех
дуьххьарлера комсомолан жигархо
ларалуш ву Казалиев Саь1ид. 1920-чу
шеран охан (апрель) баттахь Керлачу
мехкадаьттанехь вовшахтоьхначу комсомолан
ячейкин куьйгаллехь лаьттина
ву иза. Цо жигара дакъалаьцна 1920-
чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь
хилла Соьлжа-Г1алин окружной комсомолан
дуьххьарлера конференци
кечъеш а, д1ахьош а. Кадечу замано
генаяьккхиначу селхане б1аьргтоьхча
билгалдолу, Соьлжа-Г1аларчу комсомолана
юкъа Казалиев Саь1ид ларамза
озийна цахилар. Тахана Нохчийчоьнан
коьрта шахьар хилла д1ах1оьттина
Соьлжа-Г1ала ХХ-чу б1ешеран юьххьехь
вайнехан г1ала ю ала х1уттуш дукху
нах бацара. Дукха хьолахь Соьлжа-Г1алара
комсомольцаш а оьрсийн
къомах бара,юьхьанца наггахь а вацара
царна юкъахь нохчий хаалуш. Ткъа
коммунистийн 1едал генна хьалхахьа
хьоьжуш дара. Цуьнан коьрта 1алашо
хилла д1ах1оьттира нохчийн ярташкара
кегирхой комсомолана юкъаозар. 1921-
чу шеран кхолламан (январь) баттахь
Соьлжа-Г1аларчу комсомолан окружкоман
бюрос Шведов Владимирна, Елиссев
Тимофейна,Казалиев Саь1идана
т1едуьллу нохчийн ярташкара кегирхой
комсомолана юкъаозор. Цара, хьием
боцуш, жигара д1аболабо шайн мехала
болх.
Казалиев Саь1идан а, цуьнан белхан
накъостийн а хьуьнар бахьнехь 1921-чу
шеран х1утосург (май) баттахь Шелахь
вовшахкхета Нохчийчохь дуьххьарлера
комсомолан ячейка, Беймурадов 1умар
коьртехь волуш. Т1аьхьо иштта болх
бан йолало Йоккхачу Атаг1ара комсомольцийн
ячейка, Чемиев Мохьмад,
Муслиева Деши, Садыкова Гезу иштта
кхин болу кегирхой юкъахь болуш.
Шелахошца, Атаг1ошца яхье а бовлий,
1алхан-юьртара, Гихтара, Г1ойт1ара кегирхоша
кхуллу шайн ярташкахь комсомолан
ячейкаш. Г1ойт1ахь комсомолан
болх жигарабаккхаран декхарш шайна
т1елецира Ц1ечу эскаран б1аьхой
хиллачу Мидаев Дашас, Моллаев Супьяна,
Митаев Сулеймана. Г1ойт1арчу
комсомолан ячейкин председатель Мидаев
Даша вара. 1921-г1а шо чекхдолуш
Нохчийчохь комсомолан 15 цхьанакхетаралла
яра,шайна юкъавог1уш
500 сов декъашхо волуш. 1921-г1а шо
чекхдалале церан каелира дуьххьарлера
нохчийн комсомолан конференци
д1аяхьа а,дан деза г1уллакхаш билгалдаха
а. Вайн махкахь дуккха а шерашкахь
1ийна,белхаш бинчу В.Филькина
т1еч1аг1дарехь, 1аламат халачу хьелашкахь
къахьега дезна Нохчийчуьрчу
комсомольцийн. Контрреволюционни,
уголовни, политически зуламхоша даржочу
питанашца луьра къийсам латто
дезна церан. Вер-ваккхар нислуш меттигаш
яьхкина, къинхетамза етташ меттигаш
кхин а алсам хилла. Амма Ленинан
къаьмнийн политикех дог тешна болу
вайн къона махкахой, къарбелла, юхам
ца бевлла. Шайгахь йолчу таронца
хьанал къахьоьгуш, вайнехан халкъан
зовкх дебон йолчу 1алашонца хьалхахьа
д1аг1иртина уьш, шайна мел хала
делахь а. Шело, г1ело, мацалла лайна.
Зуламечу мехашца луьра къийсам латтийна
вайн махкара цадешаран бода эккхо
лууш. Дуьххьарлера комсомольцаш
ц1еначу даггара тешна нохчийн къоман
сирлачу кханенах, халкъашна юкъахь
долчу вежараллин доттаг1алах. Луьрачу
къийсамехь амалш яхчаелла церан,
шаьш схьадевллачу халкъан дуьхьа
даца лаар совдийлина х1ора денна.
Цунна тешалла ду де-дийне мел долу
стамлуш хилла церан шовкъе мог1арш.
Шо-шаре даларца вайн махкарчу комсомоло
дебочу диканаша йохье бохучу
кегийрхоша хаддаза т1едузуш хилла
церан мог1арш. 1924-чу шеран
кхолламан (январь) беттан 21-чу дийнахь
къизачу лазаран бала текханчул
т1аьхьа д1акхелха коммунистийн баьчча
В.Ленин. Хала лов советийн адамаша
и эшам. Ленине болчу лерамна,
цуьнга болчу 1аламат боккхачу безамна
дукха адам КПСС-н мог1аршка
д1ах1итта сихло цу шийлачу деношкахь.
К1еззиг бац цу деношкахь комсомолан
мог1аршка д1ах1итта шайна лаам
хилар хаийтина кегийрхой а. Ерриге а
Россехь 1924-чу шеран кхолламан баттахь
РКП(б) мог1аршка д1ах1оьттина
240 эзар стаг. Нохчийчохь иштта шайн
лаам бовзийтинарг 2 эзар сов стаг вара.
Царах 900 сов стаг Нохчийчоьнан комсомолан
мог1аршка д1ах1оьттира. Бохамо
ч1аг1йина халкъан цхьаалла яра
иза, керлачу 1едалх ч1аг1ъелла дегайовхо
яра. Къаьсттана самукъадолура
керлачу 1едалх, цуьнан жигарчу накъостах-комсомолах
– къиехойн. РКСМ-н
6-чу гуламехь комсомолана Ленинан
сийлахь ц1е тилларо а совбаьккхира
кегийрхойн цхьанакхетаралле болу лерам.
Цундела нохчийн кегийрхой жигара
комсомолан мог1аршка д1ах1итта
сихбелира. Иштта 1928-чу шарахь нохчийн
комсомольцийн терахь 11 эзарне
хьалакхаьчна. Церан дика г1уллакхаш
денна алсамдовлуш хилла. Комсомольцаш
1аламат жигара къахьегна клубашкахь,
ликбезашкахь, махкахошна
йоза-дешаран къайленаш йовзуьйтуш,
ломарчу к1отаршкахь ишколаш йохкуш
а. Вайн мохк ц1инбан лууш, кест-кеста
субботникашкахь къахьоьгуш хилла
цара. Цхьана а кепара шеко яц, и дерриге
а диканаш комсомольцаш коммунистийн
семачу 1уналлехь д1акхоьхьуш
хилла хиларан. Бакъдерг билгалдаккха
дог1у: комсомольцийн деган комаьршонах
вайн халкъана, махкана 1аламат
доккха беркат даьлла. Церан доза
доцу хьуьнар бахьнехь дуккха а нахана
йоза-дешар 1емина, дуккха а кегирхой
рабфаке деша бахана, цхьацца корматаллаш
караерзийна. Хууш ма-хиллара,
корматалла йолу адам цкъа а меца
хир дац. Цунах лаьцна яздора 1932-чу
шеран кхолламан (январь) беттан 3-чу
дийнахь дуьххьара зорбанера арадаьллачу
«Чеченский комсомолец» ц1е йолчу
кегирхойн газетан аг1онаш т1ехь.
НОХЧИЙН КОМСОМОЛО
ЗАЗАДАЬККХИНЧОХЬ
ХХ-чу б1ешеран 30-чу шерашкахь хьаналчу
къинхьегамца беркате заза хецна
серлаюьйлуш яра нохчийн комсомол.
Хьаналчу къинхьегамца, нуьцкъалчу
амалан хьуьнарца ерриге а СССР-хь
г1арабевлла турпалхой а бара вайнехан
комсомольцашна юкъахь. Царах цхьаъ
вара Хьалха-Мартант1ерачу «Ленинан
некъ» («Путь Ленина» ц1е йолчу колхозан
жигархо Гуьчк Аюбан к1ант – 1али.
Шен дейтта шо кхочуш веанера иза колхозе
балха. Хьаьжк1аш лелош баьхначу
1аламат баккхийчу кхиамаша вайн
махкахь г1араяьккхина ца 1аш, ерриге
а пачхьалкхехь йовзийтинера цуьнан
сийлахь ц1е. Комсомольско-кегирхойн
бригадин куьйгалхо вара Гучигов 1али.
Сада1ар х1ун ду ца хууш, хаддаза шен
нийсархой яхье бохуш хьанал къахьоьгуш
вара иза. Цуьнан 17 шо бен дацара,
цунна къинхьегамехь гайтамаш лакхара
хиларна «Знак почета» орденца Кремлерачу
хьаькамаша совг1ат дича. Гучигов
1али СССР-н Лакхарчу Кхеташоне нохчех
дуьххьара хаьржина депутат вара.
Комсомоло кхиийначу жимчу стагана
лерина мехкарша эшарш яьхнера. Колхозан
арахь кест-кеста хезара мехкарша
шайн хьуьнаречу бригадирана яьхна
зевне эшарш. Иштта хьуьнаречу комсомольцех
цхьаъ вара Г1ойт1ара Габаев
Докка. Соьлжа-Г1аларчу мехкадаьттан
говзанчаш кхиочу институтан студент
волу Габаев Докка кегийрхошца къамел
дан а,царна комсомолан сийллала йовзийта
ца кхочуш Нохчийчохь цхьа а юрт
яцара. Мукъа еанчу м1аьргонехь Шелахь,
Мартант1ехь, Веданахь, Нажин-юьртахь
хуьлуру и къонах, нохчийн ярташкарчу
кегийрхошца Ленинан комсомолах
къамелаш деш, уьш яхье бохуш, цаьрца
политически кхетош-кхиоран болх
д1ахьош. Кегийрхоша цуьнга ладог1ара,
цо дина къамел еххачу ханна церан дегнашкахь
дуьсура. Иза данне дац, нохчийн
дуьххьарлерачу комсомольцашна
шайн жигаралла д1акхехьа атта дара
бохург. Советийн 1едал ца дезачара
хаддаза кхерамаш туьйсура, вер-ваккхар
нислора, зуламхойн тоба вовшахкхетий,
цхьалха висинчу комсомольцана
етташ меттигаш йог1ура. Габаев Доккина
цкъа а, шозза а т1е1оттаеллера и
тайпа киртиг. Б1аьчин-юьртара комсомолан
ячейкин дуьххьарлера куьйгалхо
Сулейманов Идрис къиза йиттина вийнера
зуламхоша.1аларойн эвлара комсомолан
ячейкин куьйгалхо а, юьртарчу
школан хьехархо волу Рябов Алексей а
иштта къиза вийнера зуламхоша. Амма,
луьра халонаш шайна т1ех1иттарх, зуламхойх
озабелла, къарбелла нохчийн
комсомольцаш цхьана м1аьргонна а
дохкобевлла, д1а-м ца тесира шаьш,
дог резадина, юьхьаралаьцна г1уллакх.
Уьш йилбазалла доцуш, ц1еначу даггара
Ленинан къаьмнийн политикех тешаш,
нохчийн къоман кхане сирла,
зовкхе хила лууш адамаш дара. ХХчу
б1ешеран 30-чу шерашкахь нохчийн
комсомолан мог1аршкахь дукха бара
дозаллийца шайн ц1е яккха хьакъдолу
яхь йолу к1ентий. Уьш бара: А.Алероев,
И.Багрянцев, С.Казалиев, О.Кулаева,
С.Куркиев, Д.Мидаев, М.Гайрбеков, АХ.Саламов,
Т.Мещерякова, К.Хохлова,Х.
Вахаев, Н.Музаев, В.Хрипович,
Э.Эсмурзиев, А.Авторханов, Сулейманов
Ахьмад, иштта дуккху кхин берш а.
Церан яхь, доьналла, нуьцкъала амал,
синаондалла ю вайн махкахь комсомол
когаяхийтинарг а, хьаналчу къинхьегаман
толамашца кхиамийн беркате
заза хецийтинарг а. Ма-дарра хьал
ца девзачунна моттадала тарло, ХХ-чу
б1ешеран 30-чу шерашкахь комсомолан
мог1аршкахь вайнехан мехкарий
ца хилла, аьлла. Иза аьттехьа дац. Нохчийн
мехкарех дуьххьара комсомолан
мог1аршка д1ах1оьттиначарех цхьаъ ю
Хасаева Умисат. Цо дукха къахьегна нохчийн
зударшна йоза-дешар 1амо лууш
а,дешаран серлонна уьш т1аьхьакхиийта
лууш а. Иштта г1араяьлла комсомолан
жигархо хилла ю Анзорова Балкан а. Хьехархойн
курсаш чекхъяьхна, юьхьанца
зударшна хьоьхуш хилла Балкан а.
Т1аьхьо цо схьайоьллу бедарштоьгу артель.
Цигахь нохчийн мехкаршна говзалла
1амайо хьуьнаречу йо1а. Иштам
Балкан дукха говза пондар локхуш,ша
эшарш йохуш а хилла. Кест-кеста радиоэфирехь
хезаш хилла йоь1ан зевне аз а,
пондарца цо мукъам т1аьхьа а балош.
Комсомолан мог1аршкахь хилла ю нохчийн
зударех дуьххьарлера юрист – Батукаева
Халисат а, хьалхарчийн мог1арех
къоман журналистике еана цуьнан йиша
Асет а. Иштта дуккха а кхиболу хьуьнаре
мехкарий бара нохчийн комсомолан
мог1аршкахь. Цундела, цхьана а кепара
шеко йоцуш, вайн тешалла дан бакъо ю,
ХХ-чу б1ешеран 30-чу шерашкахь комсомолехь
нохчийн мехкарийн къелла ца
хилла аьлла.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

38