Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

21.12.2018 16:20 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 99-100 от 21.12.2018 г.

Даймахкаца з1е

Мацах цкъа, цхьана ширачу заманахь (оцу хенахь х1окху Лаьтта т1ехь акхарой,
дийнаташ, сагалматаш бен ца хилла) цхьа ч1ог1а мох баьлла хилла. Дитташ
охьадеттаделла, кегий а, даккхий а х1ордаш, хиш лаьтта т1ехула даьржина,
лаьмнаш охьахерцийна къематде х1оьттина хилла. Шена чохь са мел долу х1ума, шен са дадийна, д1асаедда. Еккъа цхьа борз йисна цу махана дуьхьал а йирзина, биъ ког а г1ортийна. Мера т1ера ц1огане кхаччалц шена т1ера схьаяьлла ц1ока махо ловзош а, хиъна 1аш хилла и гила борз, шек д1а ца йоцуш. Кхано, цхьа хан яьлча, мох д1атийна,
сирла малх а хьаьжна, цхьа а х1ума ца хилча санна, тийналла д1ах1оьттина Лаьтта
т1ехь. Дийна мел йисина акхарой т1е а гулъелла, хаттарш дан юьйлаелла барзе:
- Даккхий дитташ охьадетташ, лаьтта т1ехула хиш даьржина, лаьмнаш охьахерцаш,
массо а садолу х1уманаш шайн синош довдийна, евддий-хьаьддий лелачу хенахь,
хьо меттах а ма ца елира, ва борз? — аьлла. Дег1а т1ера охьаледаш ц1ийн
т1адамаш а долуш, генна д1ахьажийна ши б1аьрг а болуш, кура охьахиъна
1ачу барзо жоп делла:
- Сан когашна бухахь дерг сан дайн латта ду, мел къематде т1едарах, Даймохк
а битина яха меттиг болуш яц со х1окху Лаьтта т1ехь. Д1аяха меттиг хилча а, д1аг1ур яцара со… Когийн айрашн т1ехь д1а ца бахьало Даймохк… Ойлане кортош а охкийна, юьхь1аьржа а х1иттина, шайн-шайн бенашка д1асадахна акхарой. Ткъа борз-м йисна, ша хиъна 1аччохь,
царна т1аьхьа а хьоьжуш, шена хиллачу чевнаша дег1 а 1ийжош, кога акха
яла кхин Даймохк а боцуш...

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

73