Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

21.12.2018 16:16 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 99-100 от 21.12.2018 г.

Дайн 1адат

Мацах цхьана юьртахь ловзар хилла. Луларчу ярташкара кегийрхой, баккхий нах а
баьхкина, ч1ог1а тамехь д1ах1оьттинчу цу ловзаргахь шина жимхин хиллачу дар-дацарехь,
цу шиннах цхьаъ, шаьлта а кхетта, велла. Велларг ша цхьалха вехаш-1аш волчу воккхачу стеган к1ант хилла. Т1аьхьадаьлла орца а долуш, ведда вог1у xlapa куьгбехкениг веллачу
к1ентан уьйт1а нисвелла. Къоьжа маж а йолуш, хено дакъийна куьйгаш 1асанна т1е а дехкина, шена хьалха лаьттачу воккхачу стаге дехна шен къона са дадийна
веанчо:
- Воккха стаг, ларамза, ца хууш, сан карах стаг вели-кх оцу ловзаргахь... Хьайн
таро елахь, къайлаваккхахьара ахь со, орца ду-кх суна т1е кхуьуш! — аьлла.
- Схьавола сан xlусаме, ас лардийр ду хьан дег1 а, са а! — аьлла, жоп делла цуьнан дехарна воккхачу стага. Йоккхачу г1овг1анца воккхачу стеган ков-керта кхаьчна куьгбехкечунна т1аьхьадаьлла орца. Воккха стаг, — аьлла, д1адолийна шен къамел царах цхьамма, — дош дашера а даьлла, иза девне а дирзина, шаьлта тоьхна хьан цхьаъ бен воцу к1ант вий-кх
хьенехаг1еран ловзаргахь… Куьгбехкениг хьан керта оьккхуш гира тхуна. Бехк ма
биллахьара ахь, х1окху г1ара-г1овг1анца тхо хьайн керта лелхарна. Галдевлла
хилла тхо, хьан керта иза вог1ийла а дац. Дала гечдойла хьан к1антана! Дала собар
лойла хьуна! Церан къамел ма-дарра хезаш хилла шен са дадийна веанчунна.
Шена гобина лаьттачу адамашка собаре хилар а дехна, шен ц1ийнан не1арехьа
а вирзина, кхайкхина воккха стаг:
- Хьаша, схьагучувала! Хьан синна кхерам бац х1окху х1усамехь, х1окху кертахь
а, — аьлла. Корта охьа а бахийтина араваьллачу к1анте юха а вистхилла воккха стаг:
- И цхьа г1ортор, и цхьа т1аьхье яра сан, со велча, сан тезет схьаэца йисина. Сан
дег1ах са къаьсташ, сан б1аьрнег1арш д1акъовла виснарг и цхьаъ вара. Йохий
ахь сан синан г1ала, д1аяьккхи ахь сан г1ортор, хадий ахь сан орам... Х1инца
маьрша ву хьо, цуьнан ч1ир лохуберш юха хьайна т1е кхаччалц! Зиярт чуьра араволуш санна, г1ийла лаьттачу воккхачу стагана а, гулделлачу адамашна а шен букъ ца гойтуш, къайлаваьлла кхайкхаза веана хьаша.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи.

4285